ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулба ...Оьрсийчоьнан президент ... Кадыров Рамзан!


Путин Владимир а (аьтт), Кадыров Рамзан а.
Путин Владимир а (аьтт), Кадыров Рамзан а.

Дуьненаюкъарчу «Пью Центро» (Pew Forum) теллина деьнентIерчу динийн кхане муха хир ю. Гучудаьлларг ду бусулба дин лелочу нехан терахь 73 процент алсам дер хилар. Керстанаш - 35 процентна, иштта дIа кхин а. Бусулбанийн терахь цхьатерра ала мегар долуш, дIахьуттур ду керстанийн терахьца.

Ткъа цхьаболчу Оьрсийчура эксперташна хетарехь, Оьрсийчоьнах исламан пачхьалкх хила мега кхин а хьлха – 10-15 шо далале. Цунах лаьцна яздо Дийна Журнал социалан машанехь йолчу шенг агIон тIехь публисцисто Подосокорский Николайс. Цу хьокъехь масийтта хаттар дира оха цуьнца.

Хьан артикл «Оьрсийчоьнах исламан пачхьалкх хила мега 10-15 шо даьлча» аьлла цIе йолуш ю. Мел бух болуш ду ахьа дуьйцург, хIунда хета хьуна Оьрсийчоьнах кестта бусулба пачхьалкх хир ю аьлла?

Подосокорский Николай: "Иза цхьа юкъара тенденци ю. Цунах лаьцна Англехь а дуьйцу ислам шорлуш долу дин ду бохуш, Францехь а дуьйцу кестта и пачхьалкх бусулба хир ю бохуш. ХIинца вайна гуш ду вайн юкъаралла радикалан хуьлуш.Ткъа ницкъаца идеологи а, дин а даржош хилча мелла а фанатикаш болу нах тоьлу.

Ткъа, суна хетарехь, таханалера Оьрсийн Правосавин Килса накъосталла деш ю ислам даржош. Вайна хаьа шариIатан гIортор еш волчу Чаплин Всеволода динчу дIадарех лаьцна а, шайна юкъахь хиджабаш лелорах лаьцнарг а долуш. Цо дIахьедар дира, Кадыров Рамзанна критика йина волу муьлхха а стаг оьрсийн къоман мостагI ву аьлла.

Ткъа тахана вайна гуш ду ша бусулба нехан турс долуш санна лелаш волу Кадыров Рамзан цхьаъ бен политик цахилар Оьрсийчохь цхьа миллион стаг урамашка араваккхалур волуш. Кхин цхьанге а далур дац иза. Цуьнан амбицеш а гуш ю вайна. Уггаре а наха лоручу а, наха хьехочу а 5 политикана юкъахь ву иза. Ткъа, суна хетарехь, иза Путинан метта хIотта мегаш ву 2024-чу шарахь».

Ткъа вон ду иза, я дика ду?

Подосокорский Николай: «Иза вон а дац, дика а дац. Со мах хадош вац. Кхузахь оьшуш ду аьлла цахета суна мах хадо. Амма вай юьйцург маршо елахь, тIаккха, шеко йоцуш, хIинца хуьлуш долчо вай дуьгуш ду тоталитаран пачхьалкхана а, юкъараллана а тIе. Дера, цу тайпа юкъараллехь ваха вуно аьхна ма-дац. Амма, юха а хаттар ду, хьанна дац аьхна? Дуккха а нах бу цу тайпа хьолана реза болуш а, иза аьхна хеташ а. Цундела, даиман а иза хуьлуш ма-хиллара, кIайниг а, Iаьржаниг санна, цхьанна дика хуьлу вукхунна вон хуьлу.

Ткъа нохчий хIинцале а бу аьлла-м ца хета хьуна цу хьолехь бехаш?

Подосокорский Николай: "Цхьаммо забар йина-кх, Оьрсийчоь Нохчийчоьнах дIатоьхна аьлла. Со кийча вац мах хадо нохчийн дахаран хьелашна. Суна дика ца доьвзу цигара хьал. Амма тIаьххьара цигахь Къизаллаш лелорна дуьхьал йолчу комитетаца лелийнарг а, кхин дерг а тидаме эцча, тенденцеш радикалан ю цигахь. Амма кхузахь, суна хетарехь, ерриг а Оьрсийчоь тIеозор ю кхин а къоршамечу хьолана. Суна хетарехь, Оьрсийчура бахархой цунна кийча бу".

Хьо хьой баккъалла а тешаш-м хир ма вац хьайн сценарий кхочуш хир ю бохучух?

Подосокорский Николай: "Гой шуна, 100 шо хьалха а ма-моттара нахана Николай ШолгIачуьнана Iедал доьхча дерриг а дика а хир ду, Iедале либералаш а богIур бу, иштта дIа кхин а. Амма бахархошна юкъахь тIом болабелира, тIаккха йоккха террор хилира, юха Сталин веара. Суна хетарехь, и хиламаш юха а цу кеппара хила мегаш бу. Путин дIаваьлча Путинан култ юкъайоккхур ю, Ленинан культ санна. Ткъха Кадыровх, нохчочух, хьалха сийлахь гуьржий ма-хиллара, керла Сталин хила мега, кхузамахьлера хьал тидаме а оьцуш".

Маршо Радион хаттаршна жоьпаш делларг вара «Оьрсийчоьнах исламан пачхьалкх хила мега 10-15 шо даьлча» цIе йолчу артиклан автор публицист Подосокорский Николай.

XS
SM
MD
LG