ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магас – Прага, ХIинжа-ГIала – Будапешт. Хьан боху уьш вовшех тера ю?


Талламчаша довзийтина шаьш дина зераш. Боху, Чехех тера ю ГIалгIайчоь, Венгрех - Дагестан

Адамийн Дахаран Индикатор (Human Life Indicator) цIе йолчу юкъаралло хIоттийначу рейтингехь хьалхарчу итт меттигна юкъаяхана Къилбаседа Кавказера 5 субъект. Талламчаша ГIалгIайчоь тарйо Чехех, Дагестан – Венгрех. ЖамI дIакхайкхийна хIора шеран юьххьехь Iилманчаш, Iедалхой, совдегарш дIагуллучу РАНХиГС-н (президентан цIарах говзанчаш кхиочу Оьрсийчоьнан халкъан бахаман, Iедална гIуллакхдаран академин) барамехь.

ХIан-хIа, дац иза токхе, хьал-бахам Кавказерчу шина махкахь Чехинний, Венгринний барамашка кхаьчна бохург! Рейтинг дахаран цхьана агIонах бен а яц хьакхалуш – мел еха ю мехкашкахь адамийн оьмар бохучух.

РАНХиГС-н Къилбаседа Кавказерчу институтан профессоро Киселева Натальяс бахарехь, " стаг мел дукха веха зийна ца Iаш, оьмаран индикаторо тидаме оьцу дахар дацдеш йолу дуьхьалонаш а, оцу стагна ваха бисинчу муьрехь хуьлу халонаш а ".

Талламан жамIаш нийса ду аьлла ца хета экономикан Iилманийн кандидатна, БуьритIерачу пачхьалкхан университетан менеджментан кафедрин куьйгалхочунна Коберты Нодарна.

" Вайн бахархойн оьмар, тоьшийла доцуш, вуно сиха яхлуш гойту кху тIаьххьарчу шерашкахь. ТIетаIIийна алалур дац, амма суна хетарехь, пенсин хан дIататта кечлуш, халкъ цунна кечдеш, Iедало кхоьллина моттаргIа ю, оьмар яхъелла бохуш, къамелаш даржор. Гой шуна статистика, нах мел дукха беха, боху вайга, 10 шо хьалха вай ГIалгIайчоьнал тIаьхьа дара – цигара оьмар вайнчул 8-9 шо лакхара яра, ткъа хIинца вай тIахьакхиина оцу респуликанна".

Делахь а экономикан Iилманча Кулова Маргарита теша индикаторх. "Оьмаран яхаллица ГIалгайчоь, Нохчийчоь, Дагестан йиллина хьалхарчу кхаа меттехь ю. Къаьсттина дукха беха божарий. Цуьнца доьзна лакхахь лаьтта оьмаран юкъара терахь а. Бусалба нехан регионийн башхалла ю иза – маларш кIезиг муьйлу божарша, ламасташ лардо".

Куловас дийцарехь, Европехь а, Кавказехь оьмар яхъен хьелаш кеп-кенпара ду. "Шинхьа а еха ю оьмар. Амма Европехь кIезиг бераш до, ткъа Кавказехь – даима санна – дукха", элира Iилманчас.

Кулован тидам тIебахана форумехь оппоненто бинчу хаамашна. Масала, къамел диначех цхьамма, Iилманчас Малева Татьянас бохура, яц Кавказера регионаш оьмаран йохаллица лидершлахь, мелхо а – аутсайдерш ю.

"Бахарехь, Къилбаседа Кавказера мехкаш уггаре къенаш бу. ТIедогIу рицкъ лерича-м бу. Амма нюансаш маю й цигахь – масала, тидаме ца оьцу коррупцин битамаш. Вай долчу богIу арахьара нах цецбуьйлу, къен беха ма олура кавказхой, ткъа кхузара машенаш ма ю тоьллачех, олий. Статистике диллича, нисло вайн регионаш къен йолуш санна, ткъа кIоргга теллича – кхин сурт го", дуьйцу Куловас.

Дукхахйолчу рейтингийн тептарийн чаккхенехь ю Къилбаседа Кавказ. Масала, дахаран хьелашца 83-чу меттехь ю Кхарачой-Чергазийчоь, цунна тIаьхьайогIу ГIалгIайчоь - 85 регионан кочарахь тIаьххьарчул лакхахь.

Алапан барамашца 81-рчу меттехь ю Нохчийчоь. 82-гIаниг – Дагестан. 84-гIачу меттехь ГIебарта-Балкхаройчоь. Амма оцу юкъанна, банкашкара уггаре дукха ахча эцна, тIехь декхарш долчу Оьрсийчоьнан бахархошлахь кхоалгIачу меттехь ю ГIалгIайчоь. БоьалгIа меттиг шегахь латтабо Дагестано. ПхьоьалгIаниг – Нохчийчоьно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG