ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2010-чу шеран Оьрсийчохь бахархой лараран рогIера бIаьрла гайтамаш


Оьрсийчоь -- 2010-чу шарахь Оьрсийчоьнан Федерацехь хиллачу бахархой лараран кехатан агIо,16ГIад2010
Оьрсийчоь -- 2010-чу шарахь Оьрсийчоьнан Федерацехь хиллачу бахархой лараран кехатан агIо,16ГIад2010

2010-чу шарахь Оьрсийчоьнан Федерацехь хиллачу бахархой лараран кхин а юкъан жамIаш довзийтина Оьрсийчоьнан пачхьалкхан статистикан федералан сервисан куьйгалхочо Суринов Александара. ХIинца цо дийцинарш дара махкарчу къаьмнийн векалийн дахаран социалан а, экономикан а хьелаш. Суриновс дийцарехь, бераш дарехь хьалхара меттиг йоккхуш ю Кавказ а, Якути а.


Росстатан куьйгалхочо Суринов Александара дийцарехь, 2010-чу шарахь дIадаьхьначу бахархой ларарца а догIуш, Оьрсийчохь ду 400 эзар стагал сов векалш болу 22 къам. 2010-чу шарахь цу цIейозана юкъарабевлла немцой. 2002-чу шарахь Оьрсийчохь вехаш вара 597 эзар немцо. ХIинца цу къомах волу 394 эзар стаг а бен ца висина цигахь.

Оьрсийчурча бахархойн терахь шо-шаре мел долу лахлуш ду. 2002-чу шарахь хилла чуьнца дуьстича, иза лахделла 2 миллион стагана. Амма Оьрсийчохь цхьамогIа къаьмнаш ду, билггала аьлча 10 къам ду, тIаьхьарчу хенахь мелхо а дебаш долу. Царна юкъахь бу гIумки а, даьргIой а, лязгой а, суьлий а, якуташ а, гIалгIай а, нохчий а, эрмалой а, буряташ а, хIирий а.

Гуш ма-хиллара, бахархой тIекхеташ бу Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнашна юкъахь. Кхечу Оьрсийчохь дехачу къаьмнашна юкъахь уггара дукха бахархой тIекхетта гIиргIазошна юкъахь. 2002-чу шарца дуьстича, церан терахь алсамдаьлла кхузза. Цу шарахь Оьрсийчохь вехаш хилла 32 эзар гIиргIазо. Ткъа 2010-чу шарахь церан терахь хилла 103 эзар стаг.

2010-чу шарахь Оьрсийчохь вехаш хилла 290 эзар узбек. 2002 чу шарахь уьш хилла 123 эзар. Амма лараро ма-гайттара, уьш тIекхетар хуьлуш ду миграци бахьана долуш.

ГIаланашкахь, даиман а санна, алсам бехаш бу оьрсий а, украинахой а, беларусаш а. Амма цIеххьана йоьалгIачу метте бевлла азербайджанхой. Ярташкахь бахар гIоле хеташ бу нохчий а, казахаш а, даьргIой а, суьлий а, гIалгIай а, якуташ а.

Юккъерчу барамехь схьаэцча, хIора эзар стагана кхочуш ю 1163 зуда. 2002-чу шарахь и хьал жимма хийцаделла дара. ХIора эзар стагана кхачара 1147 зуда.
ТIе тидам бохуьйтуш ду, массо а къаьмнашна юкъахь зударий алсам хилар божарелла а, азербайджанахой а, эрмалой а, лязгой а дIабаьхча.

Къахьега аьтто болчу бахархойн терахь а лахделла Оьрсийчохь цхьа миллион стагана. Уггара дукха болх бан хан йолчу нехан терахь лахделла белорусашна юкъахь а (42%), украинахошна юкъахь а (41%), удмурташна юкъахь а (38%). Къахьоьгу хан йолчу оьрсийн терахь лахделла 4,4 процентана. Уггара къена нах болу къаьмнаш ду карарчу хенахь беларусаш а, украинахой а, мордвинаш а.

Жимма алсам долуш ду махкахь бераш дар. Карарчу хенахь хIора 1000 зуда схьаэцча цаьрна кхочу 1469 бер. Уггара боккха и гайтам бу гIалгIашна юкъахь а (2257 бер), нохчашна юкъахь а (2196 бер), даьргIахошна юкъахь а (1975 бер), ткъа иштта якуташна а, буряташна а юкъахь. Уггара ледара хьал ду цу агIора оьрсашна юкъахь (1405 бер).

Лаккхара дешар дешна нах уггара дукха бу оьрсашна юкъахь. ХIора 1000 стагахь лаккхара дешар дешна ву 243 стаг. И гайтам алсам болуш хIирий а (299 стаг), буртяш а (297), украинахой а (258), якуташ а (245) бен бац. Уггара ледар хьал ду цу агIора казахашна а, нохчашна а, марихошна а юкъахь. ХIора 1000 казахах лаккхара дешар дешна ву 113 стаг. Нохчашна а, марихошна а юкъахь и терахь ду 118-тта.

Болх а беш, хенах бовлуш бу 48 процент Оьрсийчоьнан бахархой. Цул лакхара гайтам болуш украинахой а, удмурташ а, белорусаш а, оьрсий а, гIезалой а, мордвинаш а бен бац. Уггара лахара гайтам бу нохчашна юкъахь -- 20 процент.

Амма Росстатан куьйгалхочо дийцарехь, пособиш оьцучу нахана юкъахь уггара лакхара гайтам бу нохчашна а, гIалгIашна а юкъахь. Нохчийчохь – 53 процент, ГIалгIайчохь – 41 процент.

Цу кепара, Суринов Александара дуьйцург баккъал а бух болуш далахь, хIуттуш долу сурт томехь хир ду кху тIаьхьарчу хенахь къаьстина кавказхошна луьш болчу нахана. Нохчий, масала, доьшуш а бац, болх беш а бац, пособиш а оьцуш, бераш а дойтуш, Iаш бу.

Амма шех статистикех нах баш тешаш Iедал дац Оьрсийчохь. Цундела Суриновс дуьйцучунна комментариш еш болчу наха билгалдоккху, статистика Iедалан хьашташ кхочуш деш хилар.

Кхин дIоггара тешам болуш тIеоьцуш яц иза махкал арахьа а. Масала, Iамеркан вевзаш волчу яздархочо Твен Марка олуш хилла, аьшпаш боттар кхаа тайпана ду олий – аьшпаш боттар а, эхь дайна аьшпаш боттар а, ститистика а...
XS
SM
MD
LG