ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а – Эмираташка. Стенна леста Кадыров Малхбале?


Кадыров Эмираташкахь
Кадыров Эмираташкахь

Оьрсийчоьнна реза дац бусалба къаьмнаш, и хьал хийца гIерта Нохчийчоьнан куьйгалхо

Ша Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмираташка воьду, хаамбира Кадыровс. Официало цуьнан рогIера визит юьйзира инвестицеш леха араваларца. Абу-Даберчу дуьнено шен герзаш гойтучу "Айдекс-2019" барамехь а хир ву иза, бохура прессо.

Амма цхьаболчу хаамийн гIирсаша Кадыров махкара аравалар дуьйзира иза даржах воккху бохучу эладитанца. Дуьйцург эрна доцчух тера ду, цо шен метта куьйгалла дIакхехьа бухавитина премьер-министр Хучиев Муслим, бохура хаамхоша.

Делахь а, дацара кхечу махка хьошалгIа воьдучу Кадыровс шегара мукъ ханна кхечуьнга баларх цецвала хIума: дирзинчу шарахь цо шен метта дуккхаза а витина махках жоп дала премьер (хьалха и дарж Эдельгириев Русланехь дара).

ТIаьххьарчу массех шарахь Кадыровн мелла а гергарло таса аьтто баьлла паччахьан дарж караэца хьакъ бинчу Малхбалерчу эланашца - Абу-Даберчу бен Зейд Мухьаммадца, СаIуда Iаьрбийчуьрчу бен Салманца, иштта БахIрейнан а, Къатаран а, Урдунан а паччахьийн доьзалшца.

Эрна дац Кадыровс гергарлонаш Малхбалехь лехар: Европе а, Iамерка а цунна лела доьхку цо шен махкарчу бахархойн бакъонаш талхорна иза санкцийн тептара язвина хиларо.

Кхеташ ду, Кремло бусалбанийн мехкашца зIе чIагIъян иза стенна хаьржина а. Афганистанехь а, Нохчийчохь а тIемаш барна, Шемарчу диктаторна Асад Башарна шен къам къардан аьтто барна бусалбанаша шайн мостагIийн могIара йиллира Оьрсийчоь. Москвана и хьал хийца араваккха оьшу стаг вара шена муьтIахь а вуьсуш, бусалбанаш къамелдан а бешар болу бусалба. Нохчийчоьнан сенаторна Сабсаби Зиядна а го Кадыровн меттиг ишта. Цо бахарехь, Малхбалехула шен гIуллакхаш эцна лелаш вац Кадыров, Оьрсийчоьнан массо а бусалбанийн цIарах лела.

Стенна боьжна кхаж Кадыровна, стенна ца делла вояжеран-векалан дакъа ГIезалойчоьнан президенте Минниханов Рустаме? Кхузахь мехаланиг дара Оьрсийчоьнан эскарша аьхьначу, аьттачу нохчийн къомах волчу стага Кремл хестор а, цуьнан цIарх дийцарш дIакхехьар а. Цуьнгахула атта ду Нохчийчоь бусалба хиларна ца хьийзийна, цига XX-чу бIешеран 90-гIачу шерашкахь "дуьненаюкъара террорхой" биссинера, Оьрсийчоь, ма-дарра аьлча, шен бусалбанаш безаш а, цаьрца вуно дика а ю баха.

Малхбаленний, Нохчийчоьнний юкъадоьлла гергарло цхьа шатайпа ду аьлла хета Вашингтон Джорджан университетерчу политологна Жемухов Суфьянна.

"ТIемийн заманашкахь Нохчийчоьнан сепаратистийн Iедало гергарло теснера Малхбалерчу мехкашца. Ткъа хIинцалерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан аьтто баьлла и гергарлонаш меттахIитто а, шордан а. Оьрсийчоьннна атта ду шен политика цуьнгахула дIакхехьа. Кремлан тIегIанашка кхечу лидерел дика дIатарвелла Кадыров, атта ву иза лелон ГIезалойчоьнан куьйгалхочул а – Минниханов, масала, Кремлна лиича а реза ца хилира ша шен цIарца цхьаьна лелайо "президент" цIе охьайилла.

Ша схьаэцначу регионехь лела чоьхьара политика а ю шен болх беш. Нохчийчохь динан элита дIаийна хьесап ду политикан элитех. Аьр вай, луларчу ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо ца оьзна шена герга мехкан муфтий, иза цунна оппозицехь ву мелхо а. Нохчийчоьнан политикан элита алссам вовшахйозаелла а ю, лакхарчу Iедална юьззина муьтIахь а ю, ткъа иза алалур дац Дагестанерчу я Кхарачой-Чергазийчуьрчу элитех – оцу мехкашкахь цIейолу нах тобанашка бекъабелла, вовшашца къийсалуш беха. Оцу факторша Кремлна аьтто бо, бусалбанийн кхин мехкаш а битина, Оьрсийчоьнан Малхбаленца йолу юкъаметтигаш Нохчийчоьнан гIоьнца чIагIъян", элира "Кавказ.Реалиига" Жумуховс.

Путина тIедиллина декхар кхочуш дечу юкъанна, Гергарчу Малхбалехь шен гIуллакхаш хила а тарло Кадыровн. Федералан бюджето къовзийна кхачадо цунна ахча кху тIаьххьарчу муьрехь – аьтто бала мега шайхаша, паччахьаша, шайга дика дехча, Нохчийчу инвестицеш яхка а. Социалан машанашкарчу агIонаш тIехь Кадыровс кест-кеста яздо ша цуьнга догдохуш хиларх лоций. Соьлжа-ГIалара аэропорт шоръян, хьелашца хазъян оьшучу ахчанах 50 миллион доллар Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкара инвестицийн кепехь кхачаре сатуьйсу цо, масала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG