ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Суо лоьхуш вуй хьожу со хIора Iуьйранна"


Нохчийн мухIажир Удугов Зеламха
Нохчийн мухIажир Удугов Зеламха
Михальченко Лидия "Кавказ.Реалии"

Интерполо лехам сацийча, шайн дахарехь хуьлучу хийцамех лаьцна дуьйцу нохчийн мухIажирша

Шаьш цхьана а зуламна бехке боцийла а хаийтина, Интерполан базанера дIабовларх, чекх ца йовлу шайн проблемаш, боху Оьрсийчоьнан бахархоша.

Стаг вийна ала а сахьт дац

Кадыров Рамзанан гергарчу стагца конфликт иккхича, Нохчийчуьра ведда, Полше кхаьчна веха вевзаш волу блогер Абдурахманов Тумсо.

"Документашка а хьаьжна, со лехар сацийна Интерполо. Официалехь схьа а аьлла, соьца шен дац цхьа а гIуллакх. Лаьцна меттиг ягIахь, полицина дIагайта кехат а делла. Цундела йиш хилла сан Гуьржийчуьра Европе кхача а. Iедалша хьийзориг даима а новкъахь хила везаш ма вуй", дуьйцу Тумсос "Кавказ.Реалиига".

Амма ша юха а лаца кхайкхаван тарло, аьлла хета цунна. "Оьрсийчуьрчу ницкъхошна кхин цхьа зулам суна тIехьарчо а хала дац, ткъа Интерполо дуьхьало ца йо царна иза дан. Низамехь йоцчу тIеман тобанехь ца хилла аларх ца тоьу, гаранти яц, экстремист я террорхо ву, аьлла, Оьрсийчоьне юха а хьо лаца ца кхайкхавайта", боху Абдурахмановс.

"Кавказ.Реалиино" яздина ма-хиллара, Польшера араваккха тарло Тумсо – ца туьгу цигара миграцин урхалла тховкIело яла.

Оьрсийчоьнна хьалхара гIуданаш токху кхечу мехкаша

МухIажир Ломаев Муса Финляндехь веха. Масех шо хьалха аьтто баьлла цуьнан Интерполан лехамах мукъавала.

"Оьрсийчоьнан "цIен ордерш" бахьанехь (Интерполан базехь цIен язбина бу кхераме зуламхой) туху гIуда кхечу мехкийн бахархоша охьадуьллу. Дуьненаюкъарчу инструкцица а догIуш, доза хадош лоцу Интерполан базе язвина стаг. Ткъа тIаьхьа гучудолу, иза Оьрсийчоьно бехк-гуьнахь а доцуш кхайкхийнийла лаца. Иштаниг сацийначу пачхьалкханна гIуда туху, бехкейо стаг лацарна. Финляндехь дуккхаза а нисделла ишта", боху Ломаевс.

Бехкебоцурш лецар пачхьалкхашна деккъа дIа эхье хIума хуьлий ца дуьсу, ахчанца таIзар а лов цара - цундела шогга луьтту Европерчу мехкаша Оьрсийчоьно Интерполе делла тептарш.

Ломаев маьршша лела Европерчу дозанех чекх. Амма ца хIутту, масала, Цхьанатоьхначу Штаташка ваха – дозанехь дуккхаза а нисделла базера дIабаьхна Оьрсийчоьнан бахархой лоьцуш.

Финляндера мухIажир Ломаев Муса
Финляндера мухIажир Ломаев Муса

Нохчийчуьра кхерам

Терроризмца возавелла ву аьлла, Оьрсийчоьно лаца кхайкхийначу Удугов (Байсагуров) Зеламхин зуда Акуева Аминат лецира Германехь.

"Аминат дIахецна, амма сан доьзал кхидIа йолчу ханна маьрша бац. Юха а гIатта тарло и бала", боху Зеламхас.

Интерполан коьрте Оьрсийчуьра Прокопчук Александр хIотта мега, аьлла, кхайкхийра хьалхо. "Интерполо шен базера дIабаьхна кавказхой юха а цу чу баха Iалашо яра цуьнан (Прокопчукан)", аьлла хета Удуговна.

"Аминат яхначу аьхка дIаяьккхина Интерполан базера. Цул хьалха Нохчийчуьра кхерамаш туьйсура тхуна, тхо цига юхадахкийта гIерташ", боху Оьрсийчоьно Интеполехула кхайкхор тахана а тIерадаьлла воцчу мухIажиро.

"Муьлхачу бахьаненна со Интерполехула лаца кхайкхийна ца хаьа суна, соьга иза аьлла дац цхьаммо а. Суо лоьхуш вуй хьожу со хIора Iуьйранна", аьллла къадийра Удуговс шегарчу сингаттам.

Нах бехбойту лецначаьрга

Украинехь Дудаев ЖовхIаран батальонан буьйранча лаьттина Осмаев Адам герз лелорна а, пачхьалкхан векал вен гIортарна а бехкево Оьрсийчоьно. Тахана а ву иза Интерполан базе язвина.

"Кеп даима а цхьаъ ю Оьрсийчохь: цхьаъ лоцу, иза кхечарна тIелоьйту. Цо иза дича, лаьцна латточохь къизалла малйо, я набахтина кхайкхийна шераш дацдо. Лецна нах кхоьру чIогIа, цундела яздо хIуъа а, хийра нах буьгу шайн декъа. Iедал доладерзийна хьийзачу тобанна ецаш ю Оьрсийчохь низамаш лардан декхаре йолу система", боху Адама.

Лаьцна латточу стага мотт бина шена, оцу стеган "тоьшалла" доцург, кхин цхьа а, ша бехке ву ала, бух ца белла Оьрсийчоьно Украинерчу низамхошка, дуьйцу Осмаевс.

Иза тешна ву Оьрсийчоь Интерполан декъера яккха еза бохучух.

Дозанал арахьара Iедалш вон хьежа доьлла Кавказерчу мухIажиршка, боху адвокато Оболенец Алексейс. "Абдурахманов Тумсо Полше 5-6 шо хьалха веана хиллехь, цуьнгахь оцу пачхьалкхан паспорт хир дара тахана. Цо лелочу YouTube-канале дукха нах хьовсу, цуьнца гамвелла ву ша Нохчийчоьнан парламентан спикер а… Амма Польшера Iедал "аьтто" ницкъийн карахь ду, цундела деза тхан массарна а хууш долучух уьш кхето гIерта – вац Тумсо террорхо", дийцира "Кавказ.Реалига" адвокато Оболенеца.

Юристо хаамбарехь, гIо доьхуш хьийза кху муьрехь Швецера а, Германера а мухIажирш. Германерчу цхьана адвокато гIо дехна шен клиентна цигарчу Amnesty International юкъараллан декъе, "оха террорехь дакъалацарна бехкебечу наханна гIо ца до", аьлла цуьнга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG