- Дерриг а указаш тIе куьг таIийна ду. Вай барт бина ма-хиллара, дерриг а дийцина чекхдаьккхина ду хIора кандидатаца, - элира Путин Владмира Оьрсийчоьнан премьер-министре Медведев Дмитрийга керлачу Iедалан хьлхара кхеташо дIахьуш. Керла кхоьллинчу министрийн кабинетан коьртачу декхарх лаьцна а элира цо.
Путин Владмир: Дуьненан экономикан хьал кхеташ дац. Билгалдаьлла доцу хьал хIоттарш дукха ду. Цу хьелашкахь дезар ду шу кхочуш ян Оьрсийчоь кхиаран программа.
Министрийн кабинетан хIоттаманна тIе къаьсттина тидам бахийтирна Оьрсийчоьнан президентана баркалла а аьлла, Медведевс билгалдаьккхира, Iедалан деа декъан кхо дакъа керлачу нахах лаьтташ хилар. Уьш керла нах бу, дуьххьара министрийн кабинетехь болх беш болу бохуш, вара иза.
Керлачу Оьрсийчоьнан Iедалехь вице-премьераш бисина Сурков Владислав (иза куьйгалхо хIоттийна Iедалан аппаратан), Шувалов Игорь (иза ша цхьаъ бен вац керлачу Iедалехь хьлхара вице-премьер), Козак Дмитрий, Хлопонин Александр ткъа иштта Рогозин Дмитрий.
Иштта вице-премьер хIоттийна Оьрсийчоьнан президентан гIоьнча хилла волу Дворкович Аркадий. Социалан хаттаршкахула йолчу вице-премьеран дарж делла Москох мэрехь болх беш хиллачу Голодец Ольгина а.
Финансийн министран даржехь висина Силуанов Антон. Коновалов Александр висина юстицин министран даржехь. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан хьалха санна куьйгалла дийра ду Лавров Сергейс. ТIеман министр висина Сердюков Анатолий.
Финансийн министран когаметта хилла Новак Александр энергетикан министр хIоттийна. Ткъа могашаллан а, социалан кхиаран а министран когаметта хилла волчу Топилин Максима куьйгалла дийра ду къинхьегаман а, социлан тергонан а министраллана. Могшаллан министр хIоттийна Скворцова Вероника.
Экономика кхиоран министраллан коьртехь хиллачу Набиуллина Эльвирин метта хIоттийна Iедалан аппаратан куьйгалхочуьнан когаметта хилла волу Белоусов Андрей.
Мутко Виталий висина спортан министр. Чоьхьарчу гIуллакхийн министр хIоттийна хьалха Москох гIалин чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан куьйгалхо хилла волу Колокольцев Владимир. Хьалха зIенан министр хиллачу Щеголев Игоран метта хIоттийна Никифоров Николай.
Транспортан министраллан куьйгалхо хир ву Соколов Максим. Иза хьалха Iедалехь йолчу транспортан департаментанна куьйгалла деш вара.
Регионаш кхиоран министр хIоттийна Говорун Олег. Цулхьалха иза вара Оьрсийчоьнан президентан Юккъерчу федералан гонехь волу векал.
Трутнев Юрийн метта Iаламан министран дарже хIоттийна Донской Сергей. Ткъа Чувашин куьйгалхо хилла волу Федоров Николай хIоьттина хIинццалц Скрынник Еленас куьйгалла деш хиллачу юьртабахаман министр.
Индустрин а, йохка-эцаран а министр хIоттийна Мантуров Денис. Дешаран министран Фурсенко Андрейн меттиг дIалаьцна Ливанов Дмитрийс. Иза вара хьалха МИСиС олучу Москох йолчу болатан а, лаламийн а институтан ректор.
Шойгу Сергейн когаметта хиллачу Пучков Владимира шен куьйгалле эцна Оьрцаллин министралла.
Културан министр хIоттийна «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин Пачхьалкхан Думехь йолчу фракцин цIарах депутат волу, Москох дуьненан юкъаметтигийн пачхьалкхан институтан профессор волу Мединский Владимир.
Ша куьйгалла дечу министрийн кабинето болх муха бийра бу хьахийра Медведев Дмитрийс, Iедалан кхеташонехь ша вист хуьлуш.
Медведев Дмитрий: Iедалан сацамех лаьцна йолу проекташ йийцаре яр дIахIотто деза вай, аса гергарчу хенахь вовшахтухур йолчу экспертийн кхеташонехь а, ткъа иштта хIора кху стоьлана гонах хиина Iаш волчу хIора а министран хила езачу юкъараллан кхеташонашкахь а.
Ткъа хIун мах хада бо Медведевс куьйгалла дечу Путина кхоьллинчу Iедалан политикан говзанчаша?
Шевцова Лилия Москох Карнеги центран политолог ю. Баккъалла а болу Iедалан болх дIахьуш верг Медведев хир вац аьлла, хета цунна.
Шевцова Лилия: Путина юха а тIечIагIдина цу Iедалехь Медведев координатор хиларх ша тешаш ца хилар. ХIунда аьлча, техникан премьер цу Iедалехь Медведев хир вац, зеделларг долу Шувалов Игорь хир ву.
Ткъа политологана Белковский Станиславна хетарехь, Путин Владимира кхоьллинарг ахча декъаран Iедал ду.
Белковский Станислав: ТIейогIучу финансашна урхалла даран Iедал ду иза. Я, вайн оьрсийн къомо ма-аллара, ахча декъаран Iедал. Ахча къезиг хир ду, нагахь мехкадаьттан мах охьа балахь, ткъа иза гергарчу хенахь хила мегаш ду.
ТIаккъа цунна компенсаци йийра ю, цкъа далахь, махкал арахьара иза юхалург а оьцуш, ткъа иштта шуьйра приватизаци а еш, коьртачу декъана эенргетикан комплексехь, шолгIа далахь. Иза бен яц Iедалан идеологи. Ткъа иза хийцалуш яц цуьнан хIоттам мухха а белахь а.
Критикан хьажар долуш ву керлачу Оьрсийчоьнан министрийн кабинете ИНДЕМ центран куьйгалхо Сатаров Георгий а.
Сатаров Георгий: Жоьпалла долу министрш, жоьпалла долу министраллаш боху кхетам хилар а дац. Жоьпалла долу вице-премьераш олу кхетам хилар а дац вайн. Цундела вайн дац жоьпалла долу Iедал боху кхетам хилар а. Ткъа и эвсаралла йоцу структура хийцина яц.
Ткъа хIун хийцамаш хир бу керла Iедал кхолларца Къилбаседа Кавказах хьакхалуш болу? И хаттар делира Маршо Радионо Къилбаседа Кавказера хьал шен тидамехь латточу политологе Кутаев Руслане.
Кутаев Руслан: Хийцамаш ца хилла. Царна таханлерчу дийнахь цигахь долуш долу сурт мегаш ду. Кхин дика хир ду иза ала меттиг яц. Амма Къилбаседа Кавказехь хийцамаш бан безар бу. Оьрсийн регионашкахь, нагахь санна, нах ара а бевлла, «гуляниш» йо шаьш бохуш далахь, Кавказера къаьмнаш гIоьвттича иштта хир дац. Цигахь цIий Iенар ду. Дала ма Iана дойтийл иза. Амма цу тIе доьдуш ду иза.
Дерриг а тидаме оьцуш аьлча, говзанчашна хетарехь, керла Iедал хIинццалц хилчуьнца дуьстича, хьалха яьккхина гIулч ю иза. Амма генна кхоьвдича, хиллачулла а сов даьлла хIума хир ду аьлла, ца хета царна.