ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбурго гучуйоху харцонаш ахчанца «дIаюкъу» Кремло


Европерчу адамийн бакъонийн кхело шена детта гIуданаш охьадахка къастийна бюджет совъяккха йоллу Оьрсийчоь.

Оьрсийчоьнан министрийн кабинето кхушаренна и ахча хьаладузур ду, 1 млрд соьме а кхачош. Цунах хаам баржийнарг ю «Ведомости».

Хьостано бахарехь, кхушара Еврокхелехь эшарна охьадилла догIу ахча ду хьалха бюджето къастийначул 600 млн. соьмал шозза дукха.

"Коммерсант" газето дийцарехь, стохка Оьрсийчоьнна Страсбурго ах миллиард сом бен ца тоьхна шен сацамашкахь гIуданаш. Ткъа дерраш а Европан кхело оцу пачхьалкханна диттина гIуданаш кхочуш лаьтта 5 млн евроне.

Европан адамийн бакъонийн кхелаца болхбар сих-сиха нислучу адвокато Москаленко Кариннас дийцира Кавказ.Реалига, бюджет совъяккхаро гойту Оьрсийчоь, «пессимисташна кхин хеттехь а», Европан Кхеташонах дIакъаста дагахь йоцийла, аьлла.

Делахь а, Оьрсийчоьнан делегацино Европан Кхеташонан Парламентан ассамблея дIатасаро хоьтуьйтура пачхьалкх йита гIерта Европан Кхеташо, аьлла. Цу тIе, стохка дуьйна ассамблеяхь шен аккредитаци яхъяза йисина Оьрсийчоьнан делегаци. Бахьана ГIирма яккхар дара - ассамблеяно буьззина, декъашхочуьнга санна, болх ца бойтуш, бакъо хадийра Оьрсийчоьнан.

Ткъа кхушара аьхка Кремлан дипломатин лидеро Лавров Сергейс дIахаийтира Европан Кхеташонан инарла секретаре шаьш Европан лакхарчу хьукмате массо декъашхоша охьадуьллучу ахчанах шайгара догIу дакъа кхин дала лерина доцийла.

Делахь а, хIинца гучудаьлла Кремл Старсбургерчу кхелехь эшча шегара дала догIучу гIуданийн бюджет юзуш юйла.

Иштта хаалуш ду кхин цхьа бакъдерг а – Оьрсийчохь есташ ю протестхойн хьунаш – жигарала 60 проценте кхаьчна, цунна кIера хилира зорбанехь Путинан пресс-гIоьнча Песков а тIехь. Кремл кхета, президентан харжамаш тIекхочучу муьрехь шен тан торучух доцийла протестан хьал.

- Кремль ша хьийзор болчу протестхоша дендолчу аьрзнашна а, Европан кхело шена дуьхьал бенболчу сацамашна а кечлуш юй-те? – хаьттира Москаленко Кариннига Кавказ.Реалиино.

- Бахьана и хилла а ца Iа. Цунна тIехь Страсбурго кхушара бинчу сацамех а ду охьадилла дезаш дукха ахча, - элира юристо.

Оьрсийчоь лидер ю Страсбурган сацамех гIуданаш охьадохкучаралахь. Стохка, масала, Европан кхелан 47 декъашхошлахь-пачхьалкхашлахь еанна кхочу тоьхначу гIуданийн ах барам (Оьрсийчоьнна – 25%).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG