ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно "элп алале" во стагах экстремист


2018-гIа шо а, экстремистийн могIарш а

"Сова" Центро теллина, стохка маса стаг озийна эсктремизм бахьанехь кхеле, мел харц ю пачхьалкх нах оцу зуламна бехкебарца. Иштта Пачхьалкхан Думано низамаш хийцарца бух биллина экстремизм толлуш кхелаша кхидIа бен болчу белхан, билгалдоккху талламан авторо Кравченко Марияс.

Цхьана агIор, Думано Бехктакхаман кодексера дIаяьккхина 282 артикл (цабезам гIаттор) – оцо дIакъовлуьйту, я юха луьстуьйту Оьрсийчохь бIеннаш девнаш. Лакхарчу Кхело пачхьалкхерчу кхелашна хьоьху "экстремизца догIу къамел" низаман керлачу кепехь тидар. Думано кечйина, масала, магош доцу васташ суьрташкахь даржорна деш хуьлу таIзар малдечу низаман проект.

"Нагахь санна Iедало ша экстремизмна дуьхьалдаьхна низамаш кхидIа а хуьйцуш хилахь, аьтто бер бу адамийн бакъонаш хьешар лахдан, боху Кравченкос.

Вукху агIор, стохка а, кхушара а Пачхьалкхан Думано тIеэцна "интернетера жигаралла гура ерзош долу" низам. Иштта, чIагIдина "экстремизмца, терроризмца уьйр йолучарна" ден таIзар. Оцу шина низамо аьтто бо Iедална интернетах пайдаоьцучарна тIехь урх латто а, юкъараллашна хетарг шен лаамехь хьаша а, аьлла го "Сова" Центран экспертна Оьрсийчохь хиндерг.

Хьанна дуьхьаллаьтта экстремизмах долу низамаш?

"Сова" Центро шен талламехь гойту, экстремизмна дуьхьалдаьккхинчу низамах пайда а оьцуш, Iедало харцонца лоьцурш, набахтешка хьийсораш доккхачу декъанна нахалара жигархой хиллийла.

Цхьана агIор, дIакъевлина кхушара "дин лелочийнмехаллаш аьшнаш ярца" доьзна гIиттийна девнаш. Амма вукху агIор, пачхьалкхо жигара хьийзо баьхна динан цхьацца гаранашка бевлла беха нах – дозанал арахьара чукхаьчначу динан кепашка бирзинарш.

Бакъоларъярхоша харцо лору пачхьалкхо Нурси СаIидан тоба а, "ТаблигI ЖамаIат" а Оьрсийчохь цамагочу боламашка яхар. Церан а, иштта, террорхойн ю аьлла йолчу "Хьизб-ут-ТIахIрир" тобан алссам декъашхошна таIзарш дина пачхьалкхо тIаьххьарчу шерашкахь. Уьш санна хьийзабо Оьрсийчоьно керста динан ЕхIован Тешаш (Свидетели Иеговы) гарин векалш а.

"Къаьсттина и нах хьийзабаро совъяккхина, экстремизмна бехке а беш, 2018-чу шарахь Оьрсийчоьно харцонца таIзарш динчу нехан статистика", боху "Сова" Центро.

Харцонца хьийзочу нехан "бехкех" коьртанаш

Iедалан идеологин оппоненташ бу пачхьалкхо харцонца хьийзочех дукхахберш: сепаратизме я "экстремизман жигаралле" кхойкхурш; Iедална я цуьнан векалшна луьйруш; Украинехьа кхайкхамаш бийраш, иштта дIа кхин а.

Масала, 2018-гIа шо доьрзуш ши шо цхьайтта бутт хан ьуйхира, 50 эзар соьманна гIуда а тухуш, оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна. "Герзаш лелорна" а, "Iедалан векал сийсазварна" а, "нахалахь цабезам баржорна" а дира цунна таIзар.

Делахь а, цуьнан бехкашна бухадиллинарг дара цо Евкуров Юнус-Бек а, кхелан а, ницкъхойн а векалш харцонаш лелорна емалбар. И тIаьххьара "бехкаш" харцонца хьерчийна Хазбиевна тIе, аьлла хета бакъоларъярхошна.

2018-чу шеран аьхка лецира Соьлжа-ГIалахь студент Янгульбаев ИбрахIим. Цунна бехкедира "ВКонтакте" машанехь "Оьрсийчоьнан эскархой" сийсазбар – Нохчийчохь тIемаш боьлхуш байинчу маьршачу нехан суьрташ дара уьш.

Iедало наханна тIехьерчабен кхиболу харц "бехкаш" бу, "Сова" Центро бахарехь, "экстремизман" могIара яьккхина йолу символика яржор. Ткъа теллича гучудолу, Iедалера я цуьнан векалшкара юьйлу аьлла хета харцо Iораяхар ца тайна полицино, я къайлахчу сервисо интернетхой лоьцуш хилар.

Дин бахьанехь вуно дукха бу Iедало харцонца набахтешка хьийсораш.

ТIех луьра дара, масала, Нурсин тобанах ву аьлла, 21 шо бен кхаьчна а воцчу дагестанхочунна Алиев Илгарна Избербашерчу кхело набахтехь даккха 8 шо кхайкхор. Берриг а "бехк" бара цо Нурсин жайнеш дешар, кегийчу наханна уьш довзийтар, Нурсин тобанерчу динан вешарех иза юкъ-кара веттавалар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG