Ша президентан дарж къовса воллу харжамашкахь аьлла массех де даьлча, иза наха дийцаре деш а лаьтташ, хIоттийна Путин Владимира ша шарахь цкъа луш йолу "йоккха пресс-конференци".
Хеттаршлахь дара Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх – экономика, политика, социалан хьелаш, харжамаш, оппозицина болхбан пачхьалкхо буьту некъаш, иштта дIа кхин а.
Иттех хаттар дира тIебаьхкинчу журналисташа а – Iамеркан Штатийн, Китайн, Польшин, Украинан, Иракъан, ОвхIанистанан прессин векалша.
Тергам къаьсттина тIеберзош дара Путинан цхьамогIа жоьпаш.
Харжамаш а, демократи а
"Пачхьалкх хиндолче йирзина хила еза, кхузаманца йогIуш, политикан система кхетаме хила еза, экономика лаккхарчу технологин буха тIе яккха еза".
"Ас харжамашкахь айса-суо хьалхататтарца лоцур ду дакъа. Пачхьалкх кхиор айса санна кхетадечу, сайх тешачу нахера а, политикан ницкъашкара а догдоху гIо хиларе".
Оьрсийчоьнан меттанийн политика
"Iоттабаккхаме хIума дац вайн къаьмнийн проблемашлахь. Маттаца дерг цхьаъ ду – массо а берашна цхьатерра старт яла еза хиндолуче . …И старт, оьрсийн мотт къаьмнийн юкъара мотт буйла а хууш, берашна ялар ду коьрта. Делахь а, массо а берашна кхачо еза шайн-шайн ненан мотт Iамо таро".
"Суна цхьаьннан плаката тIехь гира "Путин бай-бай" (Журналисташлахь белар оьккху – "Путин бабай" дара маттах хаттар динчу гIезалойн журналистан карарчу плаката тIехь, "тхан махкахь бераша хьох "бабай" (денда) олу", аьлла, цакхетам серлабаьккхира хаттар деллачу йоIа).
Пачхьалкхан бахам кхиина 30-зза
" Хьал кхиина. Кегийнахана хаа хала ду 90-чу шерашкахьчул вайн мел хийцамаш бина Оьрсийчохь. Бахам 75 процентна кхиийна, индустри - 70 процентна. Демографи тойина. Хьалха стаг юккъерчу барамехь 65 шарахь вехара, хIинца – 73. Иттех шарахь чоьхьарчу тIемашкахь даьхна вай. Ткъа хIинца хьовса, мел ницкъ болуш ду Эскар. Паxхьалкхан бахам 30-зза дебна".
Герзаш кхиорах
"Дас-эпсаро хаьттина воIе: "Сан урс дайний хьуна?" КIанта ша урс арахь берашца хийцина сахьтах, аьлла. "Гайтал, сахьт, …дика ду. Ткъа кхана баьхкина, со а, хьан нана а, вежарий а байича, йиша хьийзийча, ахь бандиташка хIун эр ду? "Суьйре дика хуьлда, Москвара хан 12 сахьт 30 минот ю, эр ду?!" ...Тхуна ца лаьа иштта хьал хIуттийла"
Iамеркахошка: Шу кхетамчохь а дуй?
"Аш тидам биний, оццул хазачу духарахь, хьекъале болуш санна, Iечу шайн сенаторийн, конгрессменийн. Цара тхо а, Къилбаседа Корей а, ГIажаройчоь а цхьана могIара хIиттийна, оцу юккъехула тхоьга доьху Корейца а, гIажаройн зарратан программица а боьзна къовсам берзош гIодар. Шу кхетамчохь адамаш а дуй?"
Саакашвилин хьокъехь Украине: шун цигахь лартIахь украинахой бан а бац?
"Гуьржийчохь президент а Iийна, Одессехь губернатор а лаьттинчу Саакашвилис шеташ тоьхна украинахойн а, гуьржийн а яххьаш тIе. Иза йозуш йоцчу Гуьржийн пачхьалкхан президент вара, хIинца майданашкахула ведда лела,"Со украинахо ву", бохуш. Шун цигахь лартIахь украинахой бан а бац?"
Смоленскехь Польшин куьйгалхой кхалхарх
"Тхо кIаддела шун тидарех. ГIурт буьйцу. Со премьер вара, декъахь вацара. Кема иккхинехь, иза Москох гIаьттина ма ца деана, Варшавера деана! Шайн цигахь леха. …Доцург ма кхолла! ДIалиста и агIо, даккхий хила!".
Къовсаяла таро йоцу оппозици
"Ас айса кхио-х ца безий сайна дуьхьал конкуренташ. Делахь а, ойла йо ас, муха кхолла деза экономикехь а санна, политикехь а конкуренци лалуш долу хьелаш. Политикан системехь баланс хIотто гIертар ву со".
"Оппозицех дерг аьлча, арахь маьхьарий а ца хьоькхуш, цхьа пайдениг хьеха, диканиг дархьама. Дукха нах реза бац Iедална а, уьш бакъ а бу – дина диканаш кхин а алсам хила дезара вайн".
"Дуста воьлча, хIун боху-те системехь йоцчу оппозицино, олий, шеконаш кхоллало. МаьIна долу, хIонах кхоьллина йоцу, нах тешар боллу программа кховдо еза цо".
"Сечина низам ца талхийна"
"Со реза вац пачхьалкхехь низам массарна цхьаъ дац бохучунна. Сечина низам ца талхиийна. Сечин ваха а тарлора кхеле. Цавахарх а хIун ду? Цо дIааьлла ала дерг, цавахаро ца дохийна хIумма а".
Собчак Ксенияга
"Оппозици нах кхетачу программица араяла еза харжамашка, хьо "массарна а дуьхьал ю". Хьуна вайн урамашкахула уьдуш саакашвилигIар лелийла лаьа? Пачхьалкх карчо гIертийта лаьа? Дукхахболчу бахархошна-м ца лаьа, я цара иза могуьйтур а дац. Оппозици-м хир ю, …демократи хIун ю? …Iедал цхьаннех а ца кхерра, кхера ца кхоьру. …Iедал лаьттар дац, малонча-муьжги санна, копаста мажа юкъара а йохуш, …ца лаьа, ца оьшу тхуна шолгIа Украина, хир а яц".
"Рамзана дерриг а нийса до"
"Бераш Малхбалера даймахка дерзор, зударий тIамах къелхьарбахар …Рамзана (Кадыровс - М.Р.) дерриг а нийса до. Оха гIо а латтор ду цунна" ("Грозный" телекомпанин хаттарна жоп луш).