ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хуьсигех беха Шемара чергазийн мухIажирш


Чергазийн суртдиллархочуьнан Гучепшоко Шеомиран сурт., 24Стиг2013.
Чергазийн суртдиллархочуьнан Гучепшоко Шеомиран сурт., 24Стиг2013.

Кху деношкахь, телевизионехь шуьйра гайта а гойтуш, Украинера мухIажирш бу тIеоьцуш Оьрсийчоьнан регионашкахь, коьртачу декъана Къилбаседа Кавказехь. Украинин куьйгалхошца ийгIинчу Оьрсийчура Iедалша, иза политикан хаттар хиларе терра, вуно дика хьелаш кхоьллина царна. Амма оццу хенахь вуно вочу хьелашкахь бохкуш бу Шемарчу тIамах бевдда даймахка баьхкина болу нах.

Украинин малхбалехь антитерроран операци хилар бахьана долуш, шайн хIусамаш а юьтуш, Оьрсийчу дIаоьхуш бу цигара бахархой, коьртачу декъана оьрсийн къомах болу нах. Уьш вуно комаьрша тIеоьцу, масала Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь. Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIебартойн Балкхаройчохь а иштта дIа кхин а. Арахь висина цхьа а стаг а вац. ХIора денна лерина луш ахча ду. Санаторешкахь а, хьешан хIусмашкахь а, тоьллачу петаршкахь а дIатарбина бу и нах.

Оьрсийчоьнан Iедалша цу кепара политика лелор кхеташ ду. Украинин Iедалша ницкъ беш болу нах бу шаьш тIеэцна хьоьстурш ала гIерта уьш. Масала, ГIебартойн Балкхаройчохь дIатарвина ву Украинера 443 мухIажир. Церан дахарх лаьцна иштта дуьйцу цу республикан миграцин урхаллан мухIажиршца болх бечу декъан куьйгалхчо Журтов Мурада.

Журтов Мурад: "Украинера ГIебартлойн Балкхаройчу баьхкинчу нахаца дерг иштта ду: Нальчикера "Лебедь" а, "Калмыково" а санатореш ю уьш. Верриг а миграцин чоьте эцнарг ву 443 Украинера веъна стаг".

Ткъа Украинера нахе санна хьовсий Iедалш Шемара бевдда баьхкинчу мухIажиршка? Цу хаттарна Журтов Мурада иштта жоп ло.

Журтов Мурад: "Башхалла яц. Шемахошка а иштта хьовсу. Массо а цхьабосса дIатарбо".

Эфендиева Ольга ГIебартойн Балкхаройчу Шемара баьхкинчу мухIажиршна шен лаамехь гIо деш ю. Цу нахах къахеташ араяьлла ю иза. Коьртачу декъана цара Iуналла деш бу Шемара чергазий. Ткъа уьш 2000 гергга стаг ву. Журналисташна шайн балхах лаьцна дуьйцуш, ша цецъяьлла яра Iедалша и нах тесна битина хиларх бохуш дийцира цо.

Эфендиевас билгалдаккхерехь, Шемара чергазойх цхьаберш санаторешкахь бехаш бу. Налчикехь цхьацца хIусам карийна дIатарвелла ву 221 стаг, царах 46 бер ду. МухIажиршна 20 цIа делла хиларх лаьцна хаа шена аьлла дийцира Эфендиева Ольгас, ша "Кавполит" интернет-сайтана еллачу интервьюхь.

Амма шаьш мухIажирш дийцарехь, церан коьрта проблема ю чубаха меттиг цахилар. Цул сов бан болх бац. Уьш хенара бовлу наггахь ахча даккха аьтто хилар бахьана долуш а, меттигерчу юкъараллан жигархоша сагIа далар бахьана долуш а.

Уджуху Адель Шемара мухIажир ву. Реза дуй шу Оьрсийчохь шайна бинчу аьттонашна аьлла хаьттича, иштта жоп делира цо.

Уджуху Адель: "Хьалхо тхо виъ вара цхьана чоьна чохь вехаш. Со а, сан зуда а, воккха ши кIант а. Зудчуьнан шекаран лазар ду. Ас дехха дийхира гIо дар. Тхо дехьа даьхча хьал мелла а тоделира".

МухIажиран кхоллам дукха декъаза бу. Дахар хьовха, дерриг а дуьне доьхна арваьлла ву иза. Цундела кхеташ ду цара, Iедалийн оьгIазаллах озалуш, шайн хьал мел ледар делахь а латкъамаш ца бар.

МухIажиршна гIо дан араяьллачу Эфендиева Ольгас дийцарехь, уьш дIатарбинчу снаторешкахь а, хьешан хIусамашкахь а хилла иза. Цо дечу тоьшаллица, уьш беха меттигаш дукха тиша ю. Сих-сиха хи дIадоккху, электросерло а, йовхо а дIайоккху.

Масала, «Терк» санаторехь чохь бехъаш мухIажирш а болуш, хIусамаш тоеш ю. Оцу ченалахь баха безаш бу уьш, кхача а кечбеш, бераш а кхобуш.

XS
SM
MD
LG