ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тодашев ИбраьхIим вер хьокъехь Iамеркан Iедалшка таллам бар дехна цуьнан дас


Оьрсийчоь -- Тодашевн а, Царнаевн а гергарчеран Москох хилла зорбан конференци, 30Стиг2013
Оьрсийчоь -- Тодашевн а, Царнаевн а гергарчеран Москох хилла зорбан конференци, 30Стиг2013

Iамеркехь, Флоридехь, ФБР-н агенто герз диттина вийна волу Нохчийчура вахархо Тодашев ИбраьхIим цхьана а хIуманна бехке вацара бохуш чIагIдо цуьнан дас Тодашев Iабдулбакъис. Цо дехар дина Iамерки Iедалшка хиллачунна кхоччуш таллам бахьара аьлла. Шен уггаре а хьалхара лаам, шен къант цIа а веана, дIаволлар бу элира Тодашев Iабдулбакъис Маршо Радионна ша телефонехула еллачу интервьюхь.

Шай кIант Iамеркехь вийна аьлча дуьйна, тезет ду дIахоьттина Соьлжа-гIала йистехь бехачу ТодашевгIеран кертахь. Амма, нах хIинца а дукха оьхуш бац цаьрга, уллера гергарниш боцурш бен. Дакъа неIарга даллалца, тезет шен хила безачу барамехь ца хуьлу. Оцу хIуманна тIехь къахьоьгуш ву вийначу ИбрахIиман да Iабдулбакъи.

ХIинца иза Москохахь ву, шен вешийца. Ца хуучу бахьанашца, цу шинна хIинца а виза луш яц, шай кIента дакъа цIа дан. Iамерка векалалле ваханчуьра араваьлча, машена чохь воггIучу хенахь аьтто белира Маршо радионна Iабдулбакъийца къамел дан. Шен кIант Iамерке муха, хIун Iалашонца кхаьчна вара дийцира цо.

Тодашев Iабдулбакъи: «Университетехь доьшучуьра, практике Iамерке воьду аьлла вахнера иза. Цигахь жимма соцура вара ша, спортаца а дика дара цигахь, юха мотт а шарлура бара шена, цхьана шина кIирнахь цигахь Iийчхьана, ша цIа а веана, дешар чекх а доккхура дара аьллера цо. Университетан 5 курсе хьалваьллера иза. Ишшта вахана вара иза цига. Кхин хIума долуш вахана а вацара иза».

Ша велле, Тодашев ИбрахIима, шен деца зIене волуш дийцина хилла, Бостонехь эккхар дина бохучу Царнаев Тамерланца, уьйра юйла хьожуш ша наггахь тIекхойкхуш ву бохуш. Цхьанна а хIуманца, иза, саготта волуш ца хааделлера шена бохуш, кхин дIа а дуьйцу Тодашев Iабдулбакъис.

Тодашев Iабдулбакъи: «Къамелаш дан дера динера охашиммо. Кхин хIара ду аьлла хIума дацара цигахь. Вукху оцу накъостийн телефон тIехь карийна хилла кхуьнан лоьмар. Цуьнана хIун уьйранаш ю хьожуш, цкъа а, шозза тIекхайкхина ша, аьллера цо. Хилларг суна хаа-м ца хаа, схьадийцина доцург бен.

Чу а баьхкина, бархI сахьтехь ле вина цара иза. Суна гина а дац, мел чIогIа зуламхо хилча а, оццула дукха стаг ле веш. Цхьа а теш а воцуш, адвокат а воцуш, вен а вийна дIабахна-кх уьш».

Цкъачуьнна, цхьанна а тайпа Iалашонаш хIиттош яц Тодашев Iабдулбакъис. Коьртаниг, шен кIента дакъа цIа дерзор а, иза Даймахкахь дIадоллар а ду, аьлла тидам бира цо.

Тодашев Iабдулбакъи: «Цкъа долчуьнна цхьаа Iалашо яц сан. И кIант цIа а веана, иза дIаволлар ю. Бакъо а, нйисо а къасто хан еза, иза яц сан. Уггаре хьалха, виза лахь, цига ваха а вахна, юха схьаван дагахь ву со а, сан ваша а».

Шен кIанта вийначуьнна кхин догIуш хIума дац, нийсонца кхел яр бен, аьлла хета Тодашев Iабдулбакъина.

Тодашев Iабдулбакъи: «ТIаIзарах лаьцна аьлча, кхел а йина, чуволла веза и динарг. Кхин хIумма а дац. Цхьа а герз а доцуш, йина доьхьало а йоцуш, зуламхоша санна герз а диттина вийна-кх цара иза., цуьнгара даьлла хIума а доцуш. Хазахета вийна-кх цара иза».

Тодашев ИбрахIим Iамеркехь вийначулла тIехь, тамашийна хетахь а, Оьрсийчоьнан Iедалшкара цхьанна а тайпа дIахьедарш хилла дац, тхан вахархо вара иза, ур-аттала хиллачуьнна хьокъехь кхоччуш таллам бан беза аьлла а. Иза чIогIа тамашийна хета, оцу гIуллакхан саготта а хилла араяьллачу журналистан, бакъонашларъярхочуьнна Саратова Хедина.

Саратова Хеда: «Вийнарг Оьрсийчоьнан вахархъо ма ву.ТIаккха, важа Царнаев Тамерлан а, махкахь ваьхна а, Оьрсийчоьнан вахархо ву. Кхаьргара цхьана агIора гIортор хира ю бохуш яра со. Кхуза Москоха схьадаьхкина тхо. Цхьанна а тайпана, арахьарчу гIуллакхийн министраллийн неIарга тхо дахча, тхо тергал деш стаг вацара.

Нах санна рагIехь а лаьттина, араваьллачу белхахочуьнца къамел дира оха. Тхо сиха дуйла а хаийтира оха. ХIара кIира чекхадолуш жоп хира ду элира тхоьга. Iамерка векалалле а аьлла дуо ха. Цара а шай лаккхарчу хьаькамашка аьлча а, тIелаца цкъачуьнна аьтто бац аьлла жоп деллера.

Селхана оха журналисташка а дIахьедар дича, цигара тхоьга шаьш телефон а тоьхна тIелецира. Кхин хIара ду аьлла хIума ца аьллехь а, тIелацар а доккха хIума хеташ ду-кх тхо».

Нохчашна хилларг, шалхеланшца дустарна шорта масалша дара, амма, дуьненаюккъерачу бакъонашларъяран цхьанатохаралшкара гIо-накъосталла оцу ТобашевгIарна а, ЦарнаевгIера доьзална а ца хиларх цецъяьлла Саратова Хеда.

Саратова Хеда: « Дукха а наха гIо дира тхуна кхузахь. Шевченко Максима а, Федотов Михаила а. Цара шай далучулла накъосталла дина тхуна. Амма, суна тамашийна хеташ дерг ду, дуьненаюккъерачу цхьанатохаралша хIара гIуллакх терго ца ярна. Суна хетарехь, Iамерко луш йолу гранташ хадарна кхераш,шай гIуллакх галдаларна кхоьруш бу аьлла хета суна».

Маршо радио: «Хеда, цхьа хаамаша баьржира Царнаев Жовхар, шен ненаца Зубейдатца, зIене ваьлла аьлла. хIун дийцина цу шиммо, цуьнах лаьцна хIумма а хаий хьуна?

Саратова Хеда: «Со Зубейдатца ХIинжа-гIалахь яра и къамел хилчу хенахь. Жовхар вистхилийтира цо. Шен чоьвнаш дIайоьрзуш ю, куьг кагдина ду шен, са ма гатта де, аьлла цо. Хиллачу гIуллакхах цхьа а хIума ца хьахаде аьлла бохура адвоката. Аз а гIийлу дара бохура ЖовхIаран. Цуьнана да Анзор а , доьххьара суна гина верг санна вац. ХIинца суна вовза а ца воьвзира иза. Къежвелла, къанвелла, хаза нехан санна, хала ловш ду цу шиммо и хилларг».

ДIадаханчу Еарин дийнахь Москохахь зорбан конференци дIаяхьара Iамеркехь вийначу Тодашев IибрахIиман де Iабдулбакъийн. Цо Iамерка лерина сервисаш бехке йира, шен кIантра бехке боцуш вийна хиларна. ТIедогIучу кIирнахь, Царнаев ЖовхIаран а, Тамерланан а гергарчу наха цхьанакхетара бу Москохахь журналисташца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG