ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таджик хила хала ду Москох


Оьрсийчоь -- Таджикистанера Москох балха баьхкина болу мигранташ арахьожуш бу цхьана хасстоьмаш бухкучу базаран кертахь лаьттачу лаппагIан корах, 11Лахь2011
Оьрсийчоь -- Таджикистанера Москох балха баьхкина болу мигранташ арахьожуш бу цхьана хасстоьмаш бухкучу базаран кертахь лаьттачу лаппагIан корах, 11Лахь2011

ХIара бутт болалуш цхьамоггIа тIелатрш дина Оьрсийчохь Юккъерачу Азера схьабоьвллачу нахана. И бахаьана долуш мел-лаххара а цхьа стаг вийна, масийтта чолакх витина ву. Цу тIелетарийн бухе диллина ду кхечу къаьмнашка цабезам хилар.


Азерачу мигранташна дуьхьал Оьрсийчохь дIахьуш тIом бу, аьлла, хета бакъонашларярхошна. Кхин баш гIолечу хьолахь бац кхечу къаьмнех болу Оьрсийчу деша а, болх бан а баьхкина болу нах а, шайна юкъахь Кавказера бахархой а болуш.

Кху Охан-беттан 15-чу дийнахь Москохана гена йоццуш йолчу Звенигород олучу гIалахь вийна жижиг духкучу туьканахь киранча болх беш хилла волу Таджикистанера вахархо Пиров Кудратулло.

Кхин а ши кIира хьалха къиза йиттира Москох шен машенахь некъахой дIасалелош къахьоьгуш волчу Гоибов Расулана. Цхьа стаг а, зуда а тIелетта хилла цунна карахь отвертка а, электрошокер а йолуш.

Сайд-Iела цIе йолчу Пиров Кудратуллон доттагIчо дийцарехь, Звенигородехь уьш Iаш болчу цIа чохь электросерло дIаяьлча иза ара ваьлла хиллера, хилларг хIун ду хьажа. ЦIеххьана муьлуш бу ца хуучу наха иза юханехьа чу а теттина, урс диттина цунна. Пиров Кудратуллон дара 32 шо.

50 шо долчу Гоибов Расула дийцарехь, цунна тIелатар дина кху беттан 2-чу дийнахь. Открытое шоссе олучу урамехь чу а хьовзий, машен сацае, аьлла, дехар а дина, тIехьа хиина Iаш йолчу зудчо электрошокер Iоьттина Гоибовна логах. Ткъа уллехь хиина Iаш хиллачу зудчо бIаьрга отвертка тоьхна. ТIехьа йолу зуда стаг хилла, зударийн духар а доьхна.

ХIинца Гоибов Расул цхьана баьргана са гуш вац. Аьтто куьг дIадаккха дагахь а хилла лоьраш, амма иза къелхьара даккха аьтто баьлла. Чолакх висинчу Гоибовна шена тIелатар дар ша кхечу къомах волун дела дина ду, аьлла, хета. ХIунда аьлча цу шимма хIумма а дIа ца яьхьна цуьнан.

Ша велла моьттуш дIабахана уьш, ша кхетам чохь а воцуш Iуьллуш волуш, бохуш, дуьйцу Гоибовс Би Би Си-на ша еллачу интервьюхь.

Таджикистанера и мигрант Москох веана хилла кху шарахь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь, шен цомгуш йолчу йоIана дарба дан ахча даккха дагахь. Мехах лело машен а эцана, нах дIасалело волавелла иза.

Хьалха цу тайпа кхерам бацара Москох, хIинца хIора денна хеза цхьаъ вийна, я лазийна, бохуш, латкъамаш бо Таджикистанерачу мигранто.

Карарчу хенахь дарбанцIийнера араваьлла иза. Амма цхьа а кехат дIа ца делла цунна, уьш дарбанцIийне охьавуьллуш цуьнгахь хиллехь а. ХIинца цIа ца водахь, кхин дан амал доцуш висина ша, бохуш, дуьйцу цо.

Гоибов Iиллинчу дарбанцIийнехь Iуьллуш ву гIишлош еш белхаш дан Москох веана волу Бобеков АбдугIани. Цунна а тIелатар дина муьлуш бу ца хуучу наха. Метро чура араволуш цхьана шина стага, тIе е вена, сигаьрка ехна цуьнга. Ша тонка узуш вац, аьлла, жоп деллача церах цхьаммо гайх урс тоьхна Бобековна.

Iаьржа белхаш деш лелаш волу и стаг ца хIутту хIинца шена тIелатар дина ша кхеча къомах волун дела бохуш дийца. Делахь а къамелехь цуьнгара эккха, ша кхечу къомах хилар бахьана долуш цу тайпаниг хир ду, аьлла, хеташ вацара ша, олий. Бобеков АбдугIани а дагахь ву шен даймахка цIа ваха.

Таджикистанера болх лохуш Оьрсийчу оьхуш болчу нехан терахь алсам долуш ду де-дийне мел-долу. Цхьаболчу хаамашца, хIора шарахь 2-4 миллиард доллар барамехь ахча хьажа до цу наха шайн Таджикистанехь бехачу гергарчу нахана.

Цу рицкъах вехаш ву Таджикистанехь цхьа миллион сов стаг. Цхьаболчу хаамашца, хIора кхоалгIа таджик ву Оьрсийчохь белхаш лоьхуш а, шайна хилча болх беш а лелаш.

Мигранташ совца ца бо контракт ца хиларо а, болх беза хиларо а, оьрсийн националисташ тIелетарш дар бахьана долуш шайн дахар кхерамехь хиларо а. Амма билггала Таджикистанера гастербайторийн терахь мелла ду хууш дац.

Маршо Радион Таджикийн сервисан редактор Сафаров ТахIир ву цу гIуллакхана терго еш. Официала кепара 800 эзар стаг ву, бохуш, дуьйцу цо махках ваьлла Оьрсийчохь, коьртачу декъана, Iаьржа белхаш деш лелаш.

Сафаров ТохIир: Официалан терахьашца, Оьрсийчохь болх беш ву 800 эзар гергга таджик. Кхечу терахьашца уьш цхьа миллион бу. Коьртачу декъана и нах г Iишлош еш болх беш бу. Цигахь царна луш долу алап дукха ледара ду. Цхьаболчарна и ахча а дIа ца луш дуккха а хан йолу.

Тхоьга телефонехула дуьйцу наха шайна алап схьацало бохуш. Царна юкъахь бу 8 баттахь кепек эцанза болу нах а. 100-200 эзар стаг цигахь бакъо а йолуш болх беш бу. Вуьйсаш 700-800 эзар стаг, цхьа а кехат а доцуш, къахьоьгуш бу. Церан бакъонаш къаьсттина алсам талхош ю.

Сафаров ТохIира дийцарехь, вуно онда бала ловш бу Оьрсийчу, ша аьлча, Москох болх бан оьхуш болу церан махкахой.

Сафаров ТохIир: Дахаран хьелаш церан инзаре вон ду. Цхьаберш подвалаш чохь бехаш бу. Шайгахь кехаташ далахь а, арабовла кхоьру хуьлу уьш. ХIунда аьлча полицин белхахо тIеIотталахь цаьргара вуьшта а къезиг долу ахча дIадоккхур ду.

Цулсовнаха, уьш арабовла ца баьхьа, националисташ бахьана долуш. Даханчу шарахь Оьрсийчохь вийна 700 сов таджик. Таджикистанерачу Iедалийн векалша дийцарехь, царах 200 стаг вийна националисташа.

Москох, масала, кхин маьршша лелар долуш бац Кавказера схьабоьлла болу нах а. Цхьаболу нохчий а хуьлу Iедалан белхахойх ийзалуш, бохуш, дуьйцу Коммерсант газетан корреспонденто нохчийн вевзаш волчу журналисто Мурадов Мусас.

Мурадов Муса: Кхузахь бехаш дуккха а нохчий бу. Тайп-тайпана лелар а ду церан. Милцоша кехаташ хаьттича иза бале долуш берш дуккха а бу. Со санна волчуьнан а, сан а лелар гайтам бац. Кхузахь гIалахь цхьаъ иккхича чIогIа ийзалуш, Iедалан белхахой бу бохучарах гIеххьа кхоьруш дуккха а вайн къомах болу нах бу кхузахь.

Скинхедаш олуш болчу наха а, националисташа а тIелатарш деш болчу нахана юкъахь вайнах дукха бац, амма цуьнан бахьана царах къахетар дац бохуш дуьйцу Мурадов Мусас.

Мурадов Муса: Цу тIелетарш ловш болчарна юкъахь нохчий дукха бац. Нохчех цара къинхетам бо, нохчий царан дукха беза, аьлла, дац аьлла хета суна иза. Юьхь тIе хьаьжца, уьш кхечу къомах хилар дукха гуш ца хиларца дуза аса иза. Дукха хьолахь Азера схьабаьхкина нах,таджикаш а, эрмалой а, уьш хьулу-кх и бала хьоьгуш берш.

ХIара шо долалуш Таджикистанан миграцин сервисо дIахьедар дира, шайн махкахошка вон хьежар хийцар Iалашонца леррина центр кхолла дагахь ду шаьш, аьлла. Душанбехь дIахьедарш до цу Iалашонца Оьрсийчурча националистийн тобанийн лидерш шайн махка кхайкха дагахь ду шаьш, шайн культура царна йовзийта, бохуш. Амма мелла гIо дийра ду цу гIулкхо, кхечу къаьмнашка цабезам хилар гайтар шайн политика а йина, лелаш болчу нехан ойла хийца, хууш дац.

Кхин цхьа хIума а ду. Цхьа шо сов хьалха Оьрсийчурча Левада-центро Оьрсийчурча бахархойшна юкъахь таллам бира, муьлха къаьмнийн векалш чубита мегар дац, аьлла, хета шуна, аьлла, хаттар а хIоттийна.

Шу хIинцале а кхетна хир ду уьш муьлаш бу. ХIа-хIа, таджикаш бац! Кавказера схьабоьвлла болу нах бу. Уьш цабезаш, царна дуьхьала болчу нехан терахь алсам ду, кийтахошна дуьхьала болчу нехан терахьелла а. 100 процентах 37 процент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG