ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин Декъашхошна ТIехь Кхелаш ДIайолийна Москох


Оьрсийчоь -- Полицино дIалоцуш ву Москох Пушкинан майданахь хиллачу митингехь дакъа лоцуш хилла Навальный Алексей,05Заз2012
Оьрсийчоь -- Полицино дIалоцуш ву Москох Пушкинан майданахь хиллачу митингехь дакъа лоцуш хилла Навальный Алексей,05Заз2012

Оппозицино Москох Пушкинан майданахь дIаяьхьна йолу митинг гIалин Iедалшца дага а доьвлла дIаяьхьна яра. Тайп-тайпанчу хьосташа дийцарехь, цу акцехь дакъа лоцуш вара 14 эзар тIера 30 эзаре кхаччалц стаг.


Цу митингехь бист хилира бевзаш болу Оьрсийчура оппозицин лидерш а, политикаш а, юкъараллин жигархой а Навальный Алексей а, Явлинский Григорий а, Рыжков Владимир а, Немцов Борис а, Каспаров Гарри а, Гудков Геннадий а, кхин берш а.

Рыжков Владимирца цхьаьна митинг дIахьуш яра Оьрсийчохь евзаш йолу актриса Лазарева Татьяна.

Коьрта лозунгаш дуьхьала хьажийна яра Путин Владимирна а, цуьнан Iедалехь миллиардашк долларшкахь рицкъ даьккхинчу нахана а.

Оьрсийчоьнан чоьхьарачу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, митинг чекхяьллачулла тIаьхьа Пушкинан майданара дIа ца боьлхуш дуьхьал бевллера цхьаболу нах. Цара дIахьедар динера парламентан а, президентан а харжамашна реза ца хилар гойтуш хан тоьхна йоцу дуьхьалонан акци дIайолайо шаьш, аьлла.

Полицино ницкъаца дIасалаьхкира цу майданахь гулбелларш. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Москох-гIалехула йолчу коьртачу урхаллин зорбан сервисо бинчу хаамца, ша-верриг а дIалаьцнарг вара 250 сов стаг.

Царна юкъахь бара оппозицин лидерш Навальный Алексей а, Яшин Илья а, Удальцов Сергей а. Сахилале уьш ша-берш а дIахийцира, митингаш а, гуламаш а дIабахьаран низам дохийна, аьлла, протоколаш а хIиттийна. Административан зулам дина, аьлла, царна гIуда тоха догIуш ду 200 туьма гергга барамехь.

«Тверское» олучу полицин декъехь ша дIахецначулла тIаьхьа Навальный Алексейс журналисташна хьалха дIахьедар дира, шаьш кхин дIа а дуккха а наха дакъа лоцуш йолу акциш дIакхоьхьур ю, аьлла. Шаьш совцур дац толам баккхалц, бохуш вара иза.

Цу хеннахь Москох Пушкинан майданахь маьрша акци дIахьуш болу нах дIалийцар емал дина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Иштта Iамеркан Москох волчу векло Макфол Майкла ша саготта хилар дIахаийтира, Москох демонстранташ дIалийцар бахьана долуш.

Ша сагатдо Пушкинан майданахь маьрша демонстранташ дIалийцарна. Гуламаш дIабахьа а, маьрша вист хила а йолу маьршонаш массера а долу дозалла ду, аьлла, яздина цо шен Твиттерехь йолчу микроблогехь.

Шинарийн дийнахь дуьйна кхелаш дIайолийна Пушкинан майданахь дIалийцина хиллачу оппозицин декъашхошна тIехь. Навальный Алексейн адвокато Кобзев Вадима хаам бина РИА Новости олучу хаамийн агенталле цуьнан гIуллакх листа долор долуш ду кху беттан 15-чу дийнахь, аьлла.

Оццу дийнахь кхечу меттехь къастор долуш ду Лубянка олучу майданахь дIалаьцна хилла волчу оппозицин лидерех цхьаъ волчу Лимонов Эдуардан дов а.

Навальныйн дов луьстуш хир ю хьалха цунна чохь даккха 15 де кхайкхийна йолу суьдхо Боровкова Ольга. Дукха хан йоццуш цо шен фамили хийцина. ХIинца иза Затомская ю. И зуда евзаш ю оппозиционерашна тIехь луьра кхелаш ярца.

Оьрсийчоьнан талламан комитето бехк-такхаман гIуллакх схьаделла мегаш ду Пушкинан майданахь митингехь дакъа лаьцначу нахана дуьхьала, аьлла, хаам бина цу комитетан векло Маркин Владимира.

Цо дийцарехь, карарчу хенахь уьш хьовсуш бу оппозицин декъашхоша Оршот-сарахь цу майданахь лелийначуьнга. Талламхоша къастор ду цу акцин декъашхоша къепедацаршка кхийкхина нах, я ца кхийкхина, бохург.
XS
SM
MD
LG