ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIазакхийн Кавказехь бехаш болу гIазакхий, цигахь бехаш болчу кавказхошна тIехь хила беза"


Оьрсийчоь -- президент Путин Владимир ву Москох гIалина йистехь керла биллинчу некъе бIаьрг тухуш, 12Мар2013
Оьрсийчоь -- президент Путин Владимир ву Москох гIалина йистехь керла биллинчу некъе бIаьрг тухуш, 12Мар2013

Оьрсийчохь юкъ-кара «хьекъалчаш» бовлу мохь-орца доккхуш, Къилбаседа Кавказ Оьрсийчоьнах херлуш ю, дIайоккхуш ю, цигахь «гIазакхийн» урхалла маллуш ду, бохуш. Коьртачу декъана, муьлхха а цу кепара дIахьедар дечеран коьрта лазам – Къилбаседа Кавказан латта Оьрсийчоьнах дIа ца къастийцарца боьзна бу. Амма кавказхойх бац цхьа а лазам. Уьш цу латта тIехь хьашт бац «ГIазакхийн Оьрсийчоь» юьйцучарна.

«ГIазакхийн Кавказ. Йоккха проблема ерзоран йоккха план» боху йоккха цIе йолуш артикл юкъа итт шо дулуьйтуш арахецна Ломоносовн цIарахчу Москохара Пачхьалкхан Университетехь телевизионан Лаккхарчу Школин декана Третьяков Виталийс.

"Къилбаседа Кавказ карара ца ялийта Оьрсийчоьно цигахь «гIазакхийн» центр-гIала ян еза. Цигахь баха охьаховшон беза гIазакхий. Цигахь белхаш гIазакхашна бен бала ца беза," боху цо. Бакъду, цуьнан планаца а догIуш, цу кепарчу гIалахь динчу дезачу хьешан цIеношкахь, сакъоьручу меттигашкахь, казиношкахь а хи санна ахчанаш дайъа кавказхошна бахар магадо цо.

ГIазакхийн Кавказера гIазакхийн гIала

Третьяков: «2003-чу шарахь, таханлерчу хенахь долу хьал (Кавказехь) доцчу хенахь кховдийнера аса и план. Хлопонин куьйгаллехь волуш кхоьллинчу Кавказан гоно мел пайда бохьу, мел цунна муьтIахь бу Къилбаседа Кавказера республикийн куьйгалхой, цуьнга шайн маьIне гIулчаш юьйцу-ца юьйцу - масала Кадыровс - ца хаьа. Суна хетарехь, нийсса Путинца къамел дар гIоли хета Кадыровна. Со гIалат хила а тарло.

И план, буьззинчу барамехь, кхочушъйина яц. Ца ялуш хила а тарло иза. Аса дийцинарг жимма кхечу кепара а дара. (Къилбаседа Кавказехь динарг) дукхах дерг, Сочера Олимпиадина кечам беш дина ду. Экономикан маьIна долу центр, цуьнан сакъеран меттигаш а, кхин дерг а Сочехь дина. Вуно дика мела хиш долчу Пятигорскехь ца йина.

Экономикан полисхо, тIехьажархо федералан центрера хила везаш ву. Иза нийса ду. Кхиаме дуй иза? Карарчу хенахь башха кхиаме дац. Цигахь йолчу билгалчу структурех лаьцна аьлча, уьш вай массанхьа а хуьлу. Цхьана декъехь дика болх бо ала мегар ду цара. Проблемаш шортта ю, амма хаттар ца го суна.»

Третьяковс лечкъа ца до, Къилбаседа Кавказера элита, аьлча а, республикийн даржой Москохана бохкабелла хиларх.

Третьяков: «Кавказехь центран урхалла хилийта, Iедал карахь латторан ши некъ бу. Кхин цхьаъ некъ бу - ялсмане а хIоьттина, массо а массо хIуманна реза берг. Я элита йохкалуш ю - Iедалера дикачу меттигех, даржех, ахчанех а йохкалуш йолу элита центран муьтIахь хуьлу, аьлча а, Москохана. Шайн караеллачу республикашкахь метиггера бахархошна юкъахь а, дахарехь а къепе латтайо.

Нагахь санна, цхьана бахьанца элитано шен амал хийцахь, Кавказехь шайн ловзар доладахь, иштта дIа кхин а - тIаккха оккупацин Iедало (аса массо хIуманан шен-шен цIе йоккху)... Масала, Къилба ХIирийчоь а, Абхази а йозуш йоцуш ши республика ю олу. ХIаъ, ю. Ма-дарра аьлча, тIеман ницкъашца гIо а деш, политикехь а, экономикехь а Оьрсийчоьно коьрта дакъа лоцуш меттигаш ю. Ма дарра долу бакъдерг ду иза. Хаза а хета, хала а хета. Соьга хаьттича, иза ишта ду. ... меттигерчу элитано лелочух жоп ло тIеман а, полицин а, федералан ницкъийн а арбитро.»

Къилбаседа Кавказах лаьцна дуьйцуш, иза Оьрсийчоьнан ахчанах ехаш, ежаш ю бохуш чIагIдечу кхечу шовнисташа санна, Третьяковс шен артиклшкахь билгалдоккху, Къилбаседа Кавказ Оьрсийчоьнан бюджетах дIахада ца лууш хиларх. Цул сов, бюджетера ахчанаш лечкъочу кавказхойн менталитет муха ю аьлча, «царна эхь ца хета» боху цо. Ткъа Москохарчу хьаькамаша «эхь хеташ» лечкъадо, боху.

Третьяков: «Коррупци а, хIума лачкъор а Москох а, Къилбаседа Кавказехь а долуш ду. Кхеташ ма-хиллара, Москохо Къилбаседа Кавказе ахчанаш хьовсочу хенахь иза доькъуш дакъа лоцу Москохо ша а. Оьрсаша а, тхан финансийн хьукхаматашкахь белхаш бечу кхечу къаьмнийн векалша а. Дуккхаза а дийцина, яздина цунах лаьцна. Цхьанхьа дукха лечкъадо, вукхузхьа кIезга лечкъадо - суна хаац. Говзанчаша эр ду иза.

Амма бюджетан ахчанаш лечкъочу хенахь Кавказехь а, Москох а болчеран низаме долу хьажар къаьсташ хилар билгал ду. Кхузахь болчарна, шаьш лачкъочу хенахь, шаьш низам дохадой хаьа, кхераме гIekx йоккхий хаьа шаьш. Ткъа цигахь, (Кавказехь) Европерчу метинталитетана генахь болчу нахана, ишта хила а деза моьтту. Лачкъорна хьашт ду Iедал, боху кхетам бу церан. Эхь дац церан сагатдеш. Оцу агIора шаьш низам дохош ца хета царна. Бюджетера ахча лачкъорца доьзна эхьан доза дац церан. Иза гуш ду. Тайпанаш долу меттиг ю иза. Стаг Iедале веъча, шен гергара мел волчу стагана Iедалера даржаш а, меттигаш а, алапаш а дала деза аьлла хеташ бу. Москох Iедале веанчу стага а дIанисбо шен гергарнаш балха. Амма кавказхоша санна, вархIа дайшна тIекхаччалц ца до иза.»

Третьяковн къамеле ладоьгIча дагадеара суна Ильфа а, Петровс а даханчу бIешерахь яздина «Дашо эса» жайна. Цу тIехь вара цхьа мискачу нехан интернетан хьаькам. Авторша ма-язддара, "чIогIа эхь хеташ" стаг вара иза. «Иэхь а хеташ, къола дора цо интернатана. Шен доьзал а, шен зудчуьн доьзал а кхабара.»

Оццул ехачу заманахь Москохо Къилбаседа Кавказехь дIакхоьхьу политика чекхйолуш ца хилча, чIагIлуш ца хилча, иза харцонан политика ю. Цкъана цкъа а, меттигерчу бахархойн хьелаш а тодина, шена и мохк тIекIабан ца хьаьжна. Даржех куьйгалхой а оьций, уьш баха а ховшабой, цаьрга къизалла, харцо латтайойту цу кога ирахIитта ца туьгчу республикашкахь. БIешарашкахь Къилбаседа Кавказехь хIумма а хийцалуш дац бохучунна реза ца хилира Третьяков.

Кавказ шех дIа ца хадийта боккха тIом бан кийча ю Оьрсийчоь

Третьяков: «ХIумма хийцалуш дац а, иэшам хуьлуш бу бохург а - тайп-тайпана хIума ду. Оьрсийчоьнан арахьарчу политикана реза вац со. Ишта, чоьхьарчу политикан а, цу юкъахь, Кавказерчу политикан а вац.

Кавказана тIехь ойла йича, аса ишта эр дара. Иэшам хилла алалур дара, Оьрсийчоь Кавказера аратеттича. Оьрсийн Федерацина юкъайогIуш йолу Къилбаседа Кавказ ша дIакъаьстича а. И саннарг а хила тарло. Амма, и саннарг хила деза бохург дац. Хьалха а хила тарлора иза, хуьлуш хилча. Амма ца хилла. Елцино Путинна мел баланаш битина аьлча, кхин волчу муьлхха а политик цу юкъара еххачу хенахь ара вер вара. Массо а къаста ца бина Путинас. Амма, дукхах дерг дина Къилбаседа Кавказехь а, арахьарчу политикехь а.

Цундела, иэшам хилла олийла дац. Карахь мел болчу аьттонех пайда ца эцна, ала мегар ду. Мел болу кхерам дIабаьлла бац. Оьрсийчоь екъаяларца боьзна кхерам а цхьана.

Кхузахь кхин цхьа хIума а ду. Аса сайн кхин цхьана артиклех дийцина цунах лаьцна. Оьрсийчоьнна буьззинчу барамехь иэшам хилла алалур ду, нагахь санна Кавказехь кхолагIа ницкъ бАлахь.

И кхоалгIа ницкъ - Оьрсийчоь йоцуш, Кавказера йозуш йоцу кхо пачхьалкх а йоцуш - Азербайджан, Гуьржийчоь, Эрмалойчоь. Уьш я Iамерка, НАТО, Европан Барт - тIаккха Кавказ дIакъаста тарло Оьрсийчоьнах. Амма, боккха Кавказан тIом хир бу, хи санна цIийш Iенаш. Оьрсийчоь цунна дуьхьала хIунда лаьтта? ХIунда аьлча, цигахь боккха Кавказан тIом хир бу. Со мел Москохан Кавказерчу политикана реза вацахь а, тIаьхьарчу иттех шарахь цунна Къилбаседа Кавказехь иэшам хилла ала хIуттур вацара. Елцин веъча хIиттина йолу проблемаш, иза валале хьалха хилларш а, мелла а къастийна.»

Веккъа Третьяковн ойла яцара вайна хIинцца хезнарг. Массо а бохург санна Оьрсийчура хаамийн гIирсашкахь, телевизионехь, радиохь юх-юха дуьйцург ду. Ма-дарра аьлча, телевизионехь цу тайпа ойла хазарх цецволийла дац. Москохарчу коьрта телевизионан белхахой кечбечу Пачхьалкхан Университетехь йолчу факультетан хьаькам ву Третьяков Виталий.

Амма бакъдерг ишта дац. Бакъдерг кхечу тайпана ду. Иза генна хьулдан, цкъа а цхьанна ца хазийта лаам бу Кремлан а, «ГIазакхийн Кавказ» бохучу политикийн а, Третьяковн тIегIенрчу нехан а.

ГIазакхийн Кавказ - Советан заманан сирла гIан

Францехь вехачу историн Iилманча, аналист волчу Вачагаев Майрбеке хаьттира Маршо радионо Оьрсийчоьнан Къилбаседа Кавказехь йолчу политиках лаьцна.

Къилбаседа Кавказехь «ГIазакхийн Центр» ян гIерташ Советан Iедал а дара аьлла долийра цо, тхан телефонехула хилла къамел.

Вачагаев: «И гIазакхийн центр Советан Iедало юкъаяьккхина яра. Третьяков Виталий Тагиевичо юкъаяьккхина яц.
Ростов-гIала къастийнера Советан Iедало гIазакхийн центр санна. Къилбаседа Кавказера мел йолу республика, кIошт, ша ерриг а оцу Ростовна юкъаяха езаш яра. "Москох дIагIерта шун гIуллакх дац. Тбилисин агIора шу дIа а ма хьежа. ХIокху Ростовхь хир йолуш ю шун центр. ХIокху центро боххург чекхдер ду вайн аьлла, Къилбаседа Кавказан центр санна кхоьллина яра иза. Церан Iалашо цхьаъ бен яцара. Ростов, Аштаркхне, цкъа а лам гина боцуш болу ГIалмакхойн мохк а тIаьхьа, уьш ерриш а цхьанатоьхна, Къилбаседа Кавказехь бехаш болу нохчий, гIалгIай, суьйлий, чергазой, гIебартой, балкхарой - церан процент жимъян деш дара иза. ХIунда аьлча, уьш миллионашкахь вовшахкхетара, Къилбаседа Кавказехь ворхIе дайшкахь даьхна къаьмнаш 4 проценте ца кхачара.»

Оьрсийчоьнан вуно хаза а, нийса а Конституци ю. Амма боккъал долчу дахарца цхьа а уьйр яц цуьнан. Куьцана кхоьллина яцахь, цунах эца пайда бац. Цкъачунна-м хIете-вете а.
Къилбаседа Кавказ Оьрсийн Федераци бохучу пачхьалкхана юкъайогIуш елахь а, цуьнан аьттехьа догдохийла яц кхечу субъекташца цхьаьна шен бакъонаш хир бохучух.

Вачагаев: «Уггар хьалха вай къасто деза - "оьрсий", "гIазакхий" цхьа дош ца хилар. Оьрсийн Федераци хиларх гIазакхийн федераци ма яц иза. ГIазакхийн пачхьалкх яц.
Цара (гIазакхаша) боху, "тхо 50% а, кхин сов а ду, цундела и тхан пачхьалкх ю, керста динца а ду тхо" олу.

ХIан-хIа, цунах гIуллакх ца хуьлу. Къилбаседа Кавказехь бехаш алсам бусулба нах бу. ГIазакхий Краснодаррий, Ставрополлий ю. Иза а цхьана хенахь цара цигахь бехаш хилла нах лаьмнашка дIа а лаьхкина (дисина ду царна). ХIинца и латтанаш ворхIе дайшкахь дуьйна шайн хилла баха буьйлабелла уьш. Цара и баьхча а цаьрга бохуш хIума дацара. Амма тIаьхьарчу хенахь цара хIун боху? "И латта тхан ду, амма цу латта тIехь тхуна шу оьшуш дац," боху цара. "Шу тхоьца дехар долуш дац. Шуна тхоьца даха ца лаьа. Хаа а ца хаьа" боху цара. Ткъа иза ямартло ю. ХIунда ю иза ямартло? Оьрсийн Федераци ца олу цара. Изза Третьяковс бохург хIун ду? Галваьлла ма яздой цо иза. Хьекъал долуш стаг ву иза. Виталий Тагиевичана "оьрсийн", "гIазакхийн" бохучу дешнашна юкъахь йолчу билгалонаш хаьа цунна. Амма шен йозанашкахь цо хIун яздо?

Оьрсийн Кавказ ца олу цо. "ГIазакхийн Кавказехь гIазакхийн гIала хила еза. Цу гIазакхийн гIалахь гIазакхий хила беза. Цу гIазакхийн гIалахь бехаш болу гIазакхий, Кавказехь бехаш болчу нахана тIехь хила беза." Цо нах карзахбоху. Цо юкъа питана тосу. Цо буьйцуш болу некъ Советан Iедалан хенахь дуьйна хилла бу.

Советан Iедал долуш муха дара вайн цIахь? Цкъаллиг цкъа нохчийн къомаха волу стаг коьртехь хила йиш яцара. ГIазакхийн зуда хила езаш яра. Хьан паспорт дара иза. ГIазакхийн ялийна велахь хьо интернационалист алара. Амма хьан гIазакхийн зуда яцахь, хьо националист вара. Цундела нохчочуьн урхаллехь хила йиш яцара.»

Советан пачхьалкх 20 шарахь кхаьбна йолу Къилбаседа Кавказ

Москохара мел ахча кхочу Къилбаседа Кавказана? Мел йозуш ю иза цу ахчанах?

Вачагаев: «Кавказехь йолчул а дукха дотацех ехаш ю оьрсийн яккхий, кегий кIошташ.
Къилбаседа Кавказера республикаш дотацехь хиларан бахьана хIун ду аьлча, Нохчийн республикехь маьхкадаьтта карийнера. Цу маьхкадаьттана тIехь шайга далург ша-дерриг дира Советан пачхьалкхо. 70-чу шерашкахь 2I миллион тонна маьхкадаьтта чекхдаккхара Соьлж-гIаларчу шина заводо. Вайн экономико хаза нехан санна боккха пайда бина Советан Iедална. Вайгара цара схьадаьккхина маьхкадаьтта вайна хьовх, вайн тIаьхьенан тIаьхьенна а тоьар долуш дара. Уьш вайна баркалла баха дезаш бара. Амма цара иза эр дац, хIунда аьлча иза царна хаза нехан санна овкъа ду. ХIунда ду?

"Хьажахь, цаьргара схьаэцнарг бен ян а йоцуш, тIом бина-кх вай," боху цара. "Хьажахь, цаьргара схьаэцнарг бен ян а йоцуш, 2-гIа Дуьненан ТIом чекхбаьлча I945-чу шарахь дуьйна 20 шарахь вай уьш баца а беш, цара вайна ахча латтийна-кх ала", царна доккха эхь хета. Цаьрга ца лало иза.

"Ваааа, тхо миллионашкахь ма ду. Тхо хIетахь 100 миллион ма вара. 120 вара, 140 вара, 200 миллион ма вара! I миллион ца хиллачу Нохчийчоьно вай муха кхаьбна?" боху цара. Иза ду цаьрга ца лалург. Ткъа тахана шаьш схьалуш йолу кепек... "хIан-хIа, оха хIара кепек шуна луш ю. Шу деш хIума доцуш Iаш ду" боху цара.
Вай, и бомбанаш-м ахьий, асий кхийсина ма яц. Ах миллион адам чохь дехаш хилла гIала йохийнарг нохчийн кеманаш ма дацара. Йохийна гIала дIаьяккхинчо меттахIоттон езаш ма ю иза.

Цкъа а Iамеркахочо олуш хезний цхьаннена а: "Оха Япони меттахIоттош ахчанаш дайъина."
ХIоттийна дера, шаьш иза йохийнан дера.
Шаьш цунна тIехь динарг дина бевлча, иза меттахIоттон езий ма хаара царна. И цара луш йолу кепек хIумма а йоцург ма ю, цара яла езачуьнга хьаьжча.

ЦIенош ирахдахийтарх, цигахь дехаш адам ма ду. Оцу адаманна хаза нехан санна ницкъ бина. Тахана дукхах верг леш верш "цIийнан Iаткъам хьалабаьлла веллий,", "вуон цамгар йолуш дIавелирий" олу. Ша дерриг тIом ма бу иза. ТIом болабале хIунда яцара вайн и цамгарш? Тахана санна къаьхьа де хIунда дацара вайн?

ТIамо дина ду иза. Цундела оцу нахана гIо дан дезаш берш (гIазакхий) уьш бу.
Иза ца гархьамма (яздеш ду иза0 Третьяковс, и санначара а. ТIаккха могIарерчу нахана ца го СердюковгIар, Олимпикан комитето лечкъош долу ахчанаш ца го царна. Цара ца гойту кхузара Ниццехь, Каннашкахь, хIурдан йистехула маситта эзар (хьоладайша) гIазакхаша схьаэцна долу деза латтанаш. Францехь вехачу цхьаннега ца эцало уьш (деза хиларна). ГIайренаш цхьаьна схьа а эцна, бехаш нах бу уьш. ГIазакхий бу уьш.

Вистхила ца хаьа оцу гIазакхийчунна. Ши элп вовша тоха ца хууш, шайн гIазакхийн мотт бийца ца хууш болу нах бу уьш. Уьш гучубевр бу, цара уьш вайна коча ца тийсахь.»

ГIазакхаша эцна Европера уггар деза латтанаш, петарш

Москох а, Къилбаседа Кавказехь а кхаьънаш эцаран башхалла йийцахь аьлла делира Маршо радионо Вачагаевга рогIера хаттар.

Вачагаев: «Кхузахь цхаьъ садаIа воьдучу хенахь коьрта хаттар хIун ду аьлча "гIазакхий боцу курорт юй шун?" олий хотту. Цу хьола тIе даьлла ду дуьнентIехь долу адам. Дуьне мел ду дIасабаьржина бу уьш.

Къилбаседа Кавказера, Нохчийчура уьш дIабахаран бахьана цхьа бен дацара. Иза а церан Iедалан (советан) бехк бара. ХIунда аьлча, Дуьнена ШолгIа ТIом дIаьллачу шараххьий, цул тIаьхьий ша йолу экономика муха йора аьлча, цхьана регионехь... схьаоьцур вай, Кавказ. Маьхкадаьттанца йоьзна яра иза. Бакох, Соьлж-гIалий схьаоьцур вай. Цунна уллехь химин завод йора, биологин завод йора. Маьхкадаьттанчца мел доьзна хIума оцу кIажа доьллинера. 70-гIа шарахь дуьйна 77-гIа шераш кхаччалц Уренгойхь, ГIезалойчохь царна (гIазакхашна) керла маькхадаьтта даккха меттиг карийра. Оцу хенахь Соьлж-гIара Уренгой лелаш хIора дийна кема дара. Вайн гIалахь бехаш хиллачу говзанчийн оццу Уренгой, ГIезалойчу а, Сибреха а дIабаха дийзира. Цу хенахь дуьйна доладелла дара иза.
Ичкери йолу хан яцара иза. И гIуллакх шайна ца хууш санна IадIа уьш.

ШолгIа дерг хIун дара?

Дукхах берш, вайн республике богIуш хилларш "ханна бохкуьйтуш болу говзанчаш" бара. Уьш хаа а хууш богIура, вайн республикехь уггар дукха Iийча а, шаьш итт шарахь, шийтта шарахь бен Iийр доцийла. Цул тIаьхьа дика меттиг Москох я цунна улле шаьш дIадохуьйтур дуй хаара царна.
Коммунистийн партин гIуллакх галдала доладелча и нах дукха сиха дабахара. "Коммунизм" доцург кхин хIумма а хууш боцу нах бара уьш. 40 эзар ца кхоччуш адам ма дара иза.
Вай долчехь масех тIеман дакъой дара туп тоьхна. 90% (уьш дIабахаран) бахьана экономикица доьзна дара.

Вай, уьш боцурш-м, вайн нохчий а ма бахана дIа. ЦIе яьлча санна, нохчий а ма ихна дIа.
Вайн махкахь мел дерг оцу маьхкадаьттанца доьзна хилча, и гIуллакх галдаьлча, махкал ара а бевлла, шайна керла меттиг лаха безаш ма бара.
Цундела нохчий Казахстане болхара, Сибреха, Москоха, кхеченхьа болхара. Цара (советан Iедало) гIазакхий Нохч-ГIалгIайчу схьабахкийтара хьаькамийн даржашка.
Ткъа нохчий, и Делан мисканаш, шайн доьзалш кхаба гIерташ, ара а бовлий, Казахстане божалш дан болхара. И кепек цо яьккхича, цунна тIехъеттар тоьар дара. ХIора школехь хуьлуш дара иза.
"Хьан да стенгахь ву?" "Балха вахана ву." "Стенга вахана ву иза балха?" "Казахстане вахана". "Ууууу, боьха хIума ю хьан да. Деха сом даккха вахана ву иза" алара. Ца алара кхузахь даккха меттиг ца хилча, стенга ваха везара?

"Советан Iедал доьхначул тIаьхьа Нохчийчура "хIоккхул" гIазакхий дIавахана" олу цара. ГIазакхий ца бахана дIа. ГIазакхел дукха нохчий а дIабахара. Тахана а и гIазакхий хIунда бовдуш бу? - боху цара.

Вай, цара хIун дан деза цигахь, тахана цигахь бан болх ца хилча? Университетехь уьш оьшуш хьал дац. Дагестанехь хIун аьлла Iийр бу уьш? Нохчийчохь хIун аьлла Iийр бу уьш? ГалгIайн махкахь хIун аьлла Iийр бу уьш? Церан хелхарш хазахета аьлла Iан безаш бу уьш цигахь?
Шайн бераш Москох хилча, Воронежехь хилча, Омскехь хилча, шен берашна тIеваха ца мега иза? Стаг цига дIавахча, иза вадар санна хIунда лору? Цхьаъ Париже вахана ву. Важа Iамерке воьду. Важа Японе воьду... Шайна луъуче дIабаха йиш йолуш ма бу уьш.
Цундела и нах чуьра арабовларх, шайна дика лоьхуш бевлла бу. Шайна аьтто лоьхуш бахана бу. Бухахь болчеран цхьана кепара иза бехк ца хета суна.

Тахана уьш цхьаммо лохкуш бац. Тахана цхьа да цаьрга вуон вистхуьлуш бац. ГIазакхий вай долчехь бехачу хенахь, цIан ца дина долу кешнаш тахана нохчашка цIандойтуш ду. Царах пIелг ца Iоттуьйтуш латто ду уьш (Москохана муьтIахь долчу Соьлж-гIалара Iедалша). Шарахь шозза цIандойтуш ма ду уьш-м. Харцо ма ю уьш вай лаьхкиний, лохкуш буй бохург. Бац уьш лаькхина. ГIазакхаша яссош ерг Кавказ яц. ГIазакхаша бассош берг оьсрийн мохк бу. Суна хIокху Францехь схьагучу суьртаца Ниццехь, Каннашкахь, Марселехь ша верриг гIазакхий ву. Уьш Кавказера бевдда баьхкина бац. Москохара, Питерерий бу. Изза Испани гIазакхех йоьттина ю. ХIурдаца йолу дукхах йолу меттигаш цара дIаэцна. Уьш Кавказера бевдда бахана бу цига? Дера бац. Шайн Россиера бахана бу.
Цара шаьш боху, хIора шарахь Оьрсийчуоа 100,000 стаг водуш ву. Царна тIаьхьа бовла безак-х уьш, вайн цIера водуш волу ши-кхо стаг Iад а витина.»

Кхузахь дагадаийта деза аьлла хета, ПрахIа-гIалахь цхьа иттех шо хьалха даьлла хилла дов. Чехехь оьрсийн маттахь арадолуш дара «ГIазакхийн Чехи» цIе йолу, кхузахь бехачу гIазакхийн мотт буьйцучарна хаамаш а, керланаш а, йохка-эцарх лаьцна информаци а тIехь йолу газета. Реза боцчу бухара чехаша «аша хIунда хоьцу "гIазакхийн чехи" цIе йолу газета? Цуьнан маьIнех тхо нийса ца кхета» аьлла, юьхь-дуьххьала хаттар хIоттийра. Г1азакхийн долахойн дан хIума ца хилира, цIе хийцар бен. Кхузахь кхин ара ца долу и тайпа цIе йолу газета.
XS
SM
MD
LG