ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Санкцеш йаьхна Украинехь Нохчийчоьнан премьер-министрна а, Дагестанера а, Донера а берийн омбудсменашна а дуьхьал


Кадыров Рамзан а, Хучиев Муслим а
Кадыров Рамзан а, Хучиев Муслим а

Нохчийчоьнан премьер-министрна Хучиев Муслимна а, Ростовн кIоштара цхьа могIа хьаькамашна а, Дагестанера омбудсменна а дуьхьал керла санкцеш йаьхна Украино. Президенто Зеленский Владимира санкцеш тоьхна Оьрсийчуьра 164 стагна а, юридикан 85 компанина а.

Дозанаш тохар хьакхаделла украинхойн бераш лечкъош юкъахь хиллачу Оьрсийчоьнан бахархойх а, иштта тIамехьа хиллачу спортхошна а, тIеман доларчу компанешца гIуллакх долчарна а дуьхьал, билгалдаьккхина Зеленскийс.

Хучиевца цхьаьна санкцийн тептарехь нисбелла Ростовн кIоштара а, Дагестанера а берийн бакъонаш Iалашйийраш – Черкасова Ирина а, Ежова Марина а, губернаторийн хьалхара гIовсаш Гуськов Игорь а, Гончаров Виктор а, юьртбахаман, спортан, экономика кхиоран министраш а.

Иштта санкцеш дуьхьалйаьхна Пригожин Евгенийца йоьзначу "Конкорд М", "Конкорд менеджмент а, консалтинг а", "Комбинат питания, "Федераьное агентство новостей", "ЧВК Вагнер Центр" компанешна а. Бизнесхо ву церан коьрта директор, йа компани юкъайаьккхинарг.

"ЧВК Вагнера" кхоьллинчун доьзалнх а хаькхало тоьхна дозанаш – санкцийн тептарехь ю бизнесменан ши йоI, Вероника а, Полина а, иштта Пригожина Екатерина, "ЧВК Вагнеран" кхин цхьа директор Уткин Дмитрий а, йаздо "Настоящее время" проекто.

  • Хьалхо Украинан президенто Зеленский Владимира куьг йаздира Оьрсийчоь шайн пачхьалкхе гIортарна бехке хетачу нахана дуьхьал санкцеш йохуш. Оцу тептарехь вара Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Делимханов Адам а, цуьнан кхо ваша а.
  • Украинан кхерамзаллин урхалло (СБУ) хьалхо дIахьедира, юхататта йиш йоцу тоьшаллаш гулдина шаьш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан куьйгакIелара шина стага, Мартынов Даниила а, Межидов Хьусейна а тIеман зуламаш лелийна хиларх. Лахьан-баттахь СБУ-но лехамашка велира Кадыров, къиза тIом болорна а, барна а, хаа а хууш, Украинан дозанаш хийца а, конституцин къепе йохо а Iалашонца дуккха а маьрша нах бойуш, кхинйолу къиза тIаьхье юьту зуламаш дарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG