Саратова Хеда: «Нохчийчохь хиллачу шина а тIамехь ишшта зуламаш дуккха хилира. Царах суна уггаре а чIогIа дагадогIург, Дудушев Зайнди цIе йолчу стеган доьзал бер дара. Со а, Эстемирова Наталья а кхечира цига.Оцу стеган вешица къамел а дира. Кешнашкахь а хилира.
И сурт чIогIа ирча дара. Уггаре а, тамашена суна оцу хьолехь хеташ дерг дара, зударий боьлхуш бацар - церан дегнаш чIагIделлера. Пхи кIант вийна нана йолчу тхо доьлхучу хенахь, ойла йора ас, цуьнга муха, хIун аьлча нийса хир дара теша бохуш».
И тайпа кIоршаме зуламаш динарш а, цаьрга омра делларш а жоьпе озабайтарехь, мало а ца еш, нийсо леха еза нохчаша а, кхечара а, и хIуманаш юха ца хилийта, бохуш, дийцира Саратова Хедас.
Саратова Хеда: «Тахана вайн къоманна тIе мел кхаьчна долу хIума, хьаьнга-хьаьнга а лалур долуш хIума дац. Цундел,а и саннарш ца хилийта а, и лелийнарш тIаIзаре баха а, бала лайначеран дог хьастийта а, кхелашка кхачо деза и аьрзанаш.
Тамаше далахь а, Къилбаседа Кавказера шайн бакъонаш йохош ю, бохуш, оццул дукха аьрзанаш бахархоша дешшехь, оцу хIуманна башха саготта долчух тера дац Оьрсийчоьнан Iедал. Амма дуьненарчу хьолах шена пайде хуьлург схьаэца гIерта иза.
Цхьа кIира хьалха, Шема пачхьалкхехь меттигерчу Iедалша гобинчу Аль-ХIоул гIалахь, яьккхий тоьпаш а йиттина, 100 сов стаг вийча, Оьрсийчоьнан Iедалхоша, шаьш чIогIа саготта ду, бохура, цигахь хуьлучунна. Царна кхин гена баха а ца оьшу, нагахь санна бехк а боцуш нах байъина меттиг царна ган лууш делахь, Соьлж-ГIала йистехь йолчу БугIан-юьрта бахчхьана. Цигарчу бахархойн хIинца а бIаьргаш дакъаделла дац, оьрсийн низамхоша 12 шо хьалха цхьа бIе герга маьрша стаг вийначул тIаьхьа».