ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Са-бода тасало Iуьйкъанна". ХIун дохьур ду 2022 шаро?


2021 шеран тIаьххьара мур боьрзуш бисина дагалецамаш бозу репрессеш чIагIъяларца. Уггаре хьалха иза хаалора федералан тIегIанехь: кхелан сацамашца дIакъевлира адамийн бакъонаш ларъен "Мемориал" а, "Дуьненаюкъара Мемориал" а (Оьрсийчохь арахаьарчу агентийн стусехь яра цхьаьнакхетаралла, амма цо тIе ца ийцира шена и цIе), кхин а шорбира "арахьарчу агентийн" го, хьийсира политикийн хIусамех, лийцира керла нах. Кхин тоьлла дац хьал Оьрсийчоьнан къилбанехь а. Коьрта хилам бара цигахь гIалгIайн жигархой набахтешка хьийсор а, Нохчийчохь оппозицерчу эмигрантийн-блогерийн гергарнаш лечкъор а, Иеговн Тешашна хенаш еттар а.

Оьрсийчоьнан Къилберчу а, Къилбаседа Кавказерчу а политикашка, жигархошка дIадахначу шеран жамIаш дар, тIедеъначу 2022 шаре болу сатийсамаш бовзийтар дийхира Кавказ.Реалиино, хаьттира, лаьттачу хьолехь хIун дан догIу ши куьг охьа ца дахийта, доьналлах ца воха, жигаралла лах ца ян.

Молотков Санал, жигархо, Пачхьалкхан Думин ГIалмакхойчуьра экс-кандидат:

2021 шарахь Оьрсийчохь протест аьхьна дIаяьккхинехь а, вайна гира протестан рогIера тулгIе гIоттуш. Хетарг дIаала керла кепаш лоьху наха, цхьаьнакхета лахарчу тIегIанашкахь. Iедал доьллачу, цо ларъечу кепехь ца беттало нах хIинца вовшах. Гира вайна стохка, политикан кхетамаш кеп-кепара болу нах массарна а юкъара йолчу мехаллашна гонах бертабоьлхуш а, консенсусе боьлхуш а, царна компромиссаш карош а – гражданан юкъаралла кхуьуш хилар ду иза.

Кест-кеста хеза, пачхьалкхехь лидер вац протестна хьалхаваьлла, олий. Цхьана агIор иза дика а хета суна, Китайхь олуш ма-хиллара,"кхуьийла цхьана аренгахь бIе бес-бесара зезаг". Хенан йохалла вер ву протестан лидер а. Коьртаниг протест дIалекъна цахилар ду. Иза худалуш йоцийла гойту хьоло, латтар ю 2022 шарахь а.

Бакъонаш къовсуш вай латтош йолу дуьхьало, керла кепаш, хьесапаш ду гучудуьйлуш – къарлур дац вай

2021 шеран кхин цхьа битам а – нах кIезиг теша телевизорх, дукха бац пропаганда тIеоьцурш. Суна бевзачу бахархойх дукхаберш, оппозицигахьа боццушехь, иза шаьш тIе ца оьццушехь, юхабевлла телевизорна хьалхара, царна кIордийна Оьрсийчоьнан пропагандо яржош йолу агресси, оьгIазалла, цабезам. ХIинца ца йолу иза чекх.

Дахаран низамаша ма-бохху, дийна вуьсу дуьхьаллаьттарг, къарцалург. Къийсам битахь, бераш а, церан бераш а хIаллакьхуьлучу хьелашкахь дуьсур ду. Ойла южуш хуьлу хьеннан а, вай адамаш бен дац. Амма вайна го вешан бакъонаш къовсуш вай латтош йолу дуьхьало, керла кепаш, хьесапаш ду оцу новкъахь гучудуьйлуш – къарлур дац вай.

Коровайный Александр, Ейскан Депутатийн кхеташонан экс-декъашхо (Краснодар-мохк):

ДIадахначу шаро дитинчех уггаре коьртаниг – пачхьалкхера ериг а оппозици дIахьашар. Цхьаверг чувьллина, кхиверг махкара аратеттина, кхечуьнгара харжамхочун бакъо дIаяьккхина. Лелаш долчу низамаша кIезиг аьтто битина нийсонца харжамашкахь тола. Цу тIе, харжамашка воьдуш финансаш вовшахтуху аьттонаш адIабаьхна вайгара Iедало. Тергамхо санна харжамашкахь дакъалаца а ду кхераме. Шера чохь харжамашкара хьал тергалдан шаьш гIур бу аьлла, дIаязбеллачу нахах 10% а ца бахана харжамийн каппашка.

Наханна оццул совдаьлла Iедал дукха дехар дац

2022 шарахь резабоцчу наханна бен Iеткъамаш совбевр бу, кхин а дукха адамаш нислур ду санкцийн, репрессийн хьера кIел. Ца лаьра цунах теша, амма хиндерг иштта бен ца го суна. Цу тIе, керлачу шарахь меттигашкара урхаллан а ю хIаллакъян кечъеш, яртийн, гIаланийн Iедал, цундела кIезиг ницкъ буьсур бу нахехь Iедалх доладан.

Амма хаа деза, вониг а кхачало цкъа мацца а. 70 шарахь лаьттар яц хIара режим – резабоцурш дукха бу, совбуьйлу баттера батте хан мел йолу. Наханна оццул совдаьлла Iедал дукха дехар дац. Iедало Iаткъам мел бестабо а лакхадуьйлу резабоцчийн терахьаш – репрессеш Iаьткъа гергарчарна, накъосташна, коллегашна, оцо нах кхин а чIогIа дарбо Iедална. Хало хир ду тедеъна шо, амма куьйгаш охьадахийта йиш яц. ХIораммо а дан деза дерриг а хьомечу Оьрсийчоьнан хинйдерг хаздеш.

Муцольгов Руслан, "Яблоко" партин ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхо:

Халахеташ делахь а, дIадахначу шаро вайн халкъанна дуккха эшамаш кхачийна. Пандемин шолгIа шо дара иза, иттаннаш эзарнашкахь дахарш дIадаьхьна вайн махкахойн, юха ца яьлла вирус хIинца а, шен хьелаш тIетуьйсуш ю вайна. ГIалгIачуьрчу 20I8 шеран гуьйренан акцин жигархошна луьра кхел йинчу хаькамийн куралла йистина шо ду дIадаханарг, Iедалх йоцу цхьанакхетараллаш хьашна шо ду. Иза дагалецамашкахь дуьсур ду Пачхьалкхан Думе хиллачу харжамех уггаре харц харжамаш дIабаьхьна шо санна. Оцу шаро шеца доь ца дуьтуш дIахьо маршонах йисина лар, могIарчу нехан аьттонаш, цхьа хан йогур ю вай иза дагалоьцуш, цкъачунна ойла ца яхь а.

ХIун дохьу вайна керлачу шаро? Вайн пачхьалкхехь хиндерг тидарал ирча хIума дац, эрна ду. Делахь а сатийса дуьсу дикане, иза тIедан меттиг гуш яцахь а. Суна хетарехь, тоделла хир дац цхьа хIума, эшаххьий бен. Вайна собар оьшу, хийцамашка ладегIа деза. Йиш яц дог мустдалийта, дикане сатийсар дIатасар ца деза, Дала аьлла: "Бакъ ма ду, хIора халонна тIаьхьа йогIуш атто а хилар".

Долиев Михаил, политолог (Астрахань):

202I шарахь уггаре а бIаьрланиг дара Оьрсийчоьнан бахархой Навальный Алексейн кхайкхамца Дечкен-баттахь протесташка арабовлар, Астраханехь а дара и хьал, ерриг а Оьрсийчоьнан Къилбехь а дара. Навальныйе агIончаш хилла ца Iара протестхойн могIашкахь: массо а вара репрессешна дуьхьал. "Политикан тутмакхашна - марш!" кхайкхамо цхьанатоьхнера кеп-кепара политикан хьежамаш болу нах.

Путинна ша бекхамбо Малхбузенна аьлла хета оцу гIулчашца

"Мемориал" хIаллакьяр ду чIогIа дагахкхетта, кхелан и сацам Iедало юхабаккха а мега. Путинна ша бекхамбо Малхбузенна аьлла хета оцу гIулчашца, Американна тохар до ша аьлла хета. Амма дац иза иштта, "Мемориало" гIодора таханлерчу политикан тутмакхашна, дийна латтабора Советан Iеадалан репрессех болу дагалецамаш. Оьрсийчьурчу бакъонашларъяран берриг а боламна дина тохар ду иза.

2022 шарахь, хетарехь, репрессеш кхин а луьра хир ю, боьхкур бу некъаш юстицин министралло магойш йоцчу юкъараллашна, боламашна. "Халкъан маршонан парти" а къовла мега дIа. Хир бац шуьйра тIом Украинаца, кхечу мехкашца, хила тарло гибридан кепехь, Европехь сепратизм гIатторца латто а мега и тIом. Шуьйрра тIом стенна хир бац? Путин хулиган санна лела. Ткъа хулиганаш кхоьру боккхачу ницкъах, НАТО – боккха ницкъ бу. Багахь кхийссарш ярца доьрзур ду, "мера кIел урс лесторца", дехкинчу суьрташкахь левзор ду герз.

Оцу хьолехь муха сацо еза шегахь оптимизм? Таро елахь, Оьрсийчуьра дIавахарца. Иштта ларъялур ю оптимизм, дика дог-ойла, жигаралла.

1ADAT боламан куьйгалхо:

Историн гойту массо а зуламечу режиман чаккхе тIекхойчуш хилар. Кхушеран хиламаша гайтира Путинан режимо шен зумаш аласамдохуш. "Мемориал" хьашар – иза ду уггаре ирчаниг кхушеран. Кхеташ ду, кхийолу Iедалан куьйга кIелахь йцу юкъараллаш а ю дIакъовла кечъеш. Амма иза лелашдерг ду, Кадыровн режимо лелориг а санна. Хууш дара Путинан го цхьаьнхьа ша дIакхетталц Iедал къуьйсуш хьийзар буйла, иза цIи Iано а кийча буйла. Иштачу режимийн цхьа некъ хуьлу – дуьнентIехь а йоцу къизаллий, цIеххьана йожаррий.

Ши куьг охаьоллор – ша-шен дахар эшор, тIекхуьу чкъор халонга даккхар, лолле дIахьажор ду

2022 шарах дерг аьлча, шеко яц, корта боцу къизалла естар ю, Оьрсийчоь 30-чу шерашка а кхачош, Нохчийчоь хилла а ца Iа оцу декъахь.

Вай кхета, вай сагатдо хиндолчух. Хьераваьлларг бен тешар вац кхидIа маршонаш схьайоьллур ю, нийсо хIуттур ю бохучух. Кхушаренна вайна оьшург оптимизм ю, айн къийсам чIагIлуш бу, керлачу тIегIанна тIе кхочуш лаьтта. Security Turkey-н толамашка хьажча кхета, сагатдан, куьйгаш охьадахийта ца дезийла. Къийсам латто беза, ца латтабахь низамаш данне а доцчу кхочур ду, харцо, аьшпаш тIетевIар бу. Кху хьелашкахь ши куьг охаьоллор – ша-шен дахар эшор, тIекхуьу чкъор халонга даккхар, лолле дIахьажор ду.

Антонова Яна, дIакъевлинчу "Йиллина Оьрсийчоь" боламан Краснодар-махкара экс-координатор:

Сан бIаьргашна хьалха 202I шо – иза Пачхьалкхан Думин харжамашкахь демократаш эшар, цул тIаьхьа репрессеш чIагIъялар, "Мемориал" дIакъовлар ду. Низамаш девза тергамхой каппашкахь иллехь, со тешна ю, эшам хир бацара харжамашкахь, "Цхьааллин Оьрсийчоь" оьшур яра, таханлерчу Думехь кхин нах хир бара. Оцо гойту халкъ харжамех, нийсонан гIирсах санна, пайдаэца кийча дацар. Амма Iама-м дезар ду цуьнан. 2022 шарахь Краснодар-махкахь хинболу низамашкхоллархойн харжамаш ларбо ас, сатуьйсу губернатор Кондратьев Вениамин даржера дIаваккхаре.

Эседов Альберт, Дагестанерчу "Яблоко" патин декъан кьуйгалхо:

Бакъдерг аьлча, хиламаш оццул къорза боллушехь, ГIура-бут цхьа шатайпа, вон гира суна. Харжамаш хилира ерриг а пачхьалкхехь, регионашкахь парламенташ кхоьллира. Айхьа дакъа а лоцу ахь цигахь, амма чам ца кхета лелачу боламех, даима санна дуьсу дерриг а.т ЦIе - яра, хийцамаш – бацара.

Дешан бакъо лакъийна, амма бестийна низам лардечу урхаллашкара ницкъ

Дестийна довзуьйтура ОвхIанистанера хьал, Оьрсийчоьно къобалбеш боцчу тIалибаша Iедал дIалацар. Кхин хIун дуьйцур ду махкахойш дог хьостуш, Америкехь а Оьрсийчоьнна мега президент хийцина хилча! Далла бу хастам ОвхIанистанера керла Iедал цкъачунна Оьрсийчоьно къобал ца дина!

ДIадахначу шаро коьртах йоьзна "арахьара агент" термин. Массарна а хаьа мила ву иза, амма массарна а ца хаьа, стенна аьлла цунах иштта. Дешан бакъо лакъийна, амма бестийна низам лардечу урхаллашкара ницкъ.

Дерриг а дуьне санна, пандемих тийсалуш ю Оьрсийчоь. Ца хаьадозанал арахьа муха ду, ткъа вайн пачхьалкхехь-м бу и къовсам цхьа тамашена. Вакцинаци яйтар тIехь ду хьо мехий деттачу дарбан цIийне кхаьчча, ян резахиларх долу кехат а тIечIагIдаллалц. QR-кодаш, интернет-паспорташ, хин а дуккха а баккхийчара кхетош доцу ниIматаш.

Дикане кхачор дац вай тIедеъначу шаро а. Амма дерриг а дика хир ду вайн! Вай хIаллакдан ара мел доккучо чIагIдо вай – иштта олу-кх цамгар билгалъялла а ца хилча, цунна рецепт йоцуш а нисделча.

***

Москварчу гIалин кхело сацамбина Орсийчохь арахьара агентан статус лелош йолу "Мемориал" дIакъовла. Юстицин министралло а, Инарла прокуратуро бехкейира цхьанакхетаралла шаьш "арахьарчу агентан" статус луш тIедехкинат декахрш кхочушдеш яц, ша информаци яржош, цо ца гойтку шен статус, аьлла.

Цхьанакхетаралла дIакъовларна резавоцуш вистхилла масех Нобелан премин лауреат, протестан дIахьедарш дина Америкерчу, Европерчу яздархоша, музыканташа, Европан Кхеташоно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG