ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британех дIакъаьсташ референдум хир ю Шотландехь


Британи -- Шотланди йозуш йоцуш хиларан, тIехь "ХIаъ" яздинчу, байракхца ловзуш ю жима йоI Шотландерчу Абердин гIалахь. Гезг 15, 2014
Британи -- Шотланди йозуш йоцуш хиларан, тIехь "ХIаъ" яздинчу, байракхца ловзуш ю жима йоI Шотландерчу Абердин гIалахь. Гезг 15, 2014

Гезгмашин-беттан 18-чу дийнахь Шотландерчу харжамхойн сацам бан безар бу буьсур бу церан мохк Британина юкъахь, я маьрша пачхьалкх хир ю цунах бохучу хаттарехь. Цу хьокъехь 9 хIума ду хаа дезаш хир йолчу референдумах лаьцна. Маршо Радион корреспонденто Мур Кэтлина кечйина цу хьокъехь материал.

ХIун хаттарш ду харжамхошна луш дерш?

Цхьа хаттар ду: «Хила езий Шотланди йозуш йоцу пачхьалкх»?


http://www.aboutmyvote.co.uk/the_independence_referendum/guide_to_voting.aspx

Муха ю цу референдуман истори?

1707-чу шарахь, Юккъерчу Америкехь йохка-эцаран колони кхолла, финансаш тоьаш а ца хилла, аьтто ца баьлча, Шотландино политикан барт бира Ингалс-пачхьалкхаца. ХХ-чу бIешарахь шотландхоша кхайкхамаш бора, Эдинбургана (Шотландин коьрта гIала) цхьайолу бакъонаш юхаерзхо еза бохуш.

1979 шарахь цу махкахь дуьххьарлера референдум хилира Шотландина зил тоьхна автономин статус ялар хьокъехь. Амма харжамхоша дукха ледар дакъалецира цу кхаж тасарехь. Цундела из цхьа а жамI доцуш дIайирзира.

Амма кхин а 20 шо даьлча хилла референдум дIайирзира Шотландехь парламент а кхуллуш. Цуьнан бакъо яра цхьацца сацамаш тIеэца могашалла ларъярца а, дешарца а, меттигерчу Iедалийн органаш болх барх а лаьцначу хаттаршкахь.

http://www.scottish.parliament.uk/visitandlearn/25488.aspx

2011-чу шарахь сепаратистех лаьттачу Шотландин къоман партино толам баьккхира цигахь хиллачу харжамашкахь. Цул тIаьхьа Британин а, Шотландин а Iедалша барт бира, цунах йозуш йоцу пачхьалкх хилар къастош референдум дIахьура ю аьлла.

http://www.scotland.gov.uk/About/Government/concordats/Referendum-on-independence

Хьан дакъалоцур ду кхаж тасарехь?

Коьрта биллам бу ваха бакъо хилар. Кхаж тасарехь дакъалаца йиш ю Шотландехь вехачу муьлххачу а Британин, Евробертана юкъайогIучу муьлхха а пачхьалкхан а махкачуьнан. Шотландехь бина, амма махкал арахьа бехачу махкахойн бакъо яц референдумехь дакъалаца.

Британехь харжамашкахь дакъалаца бакъо ю 18-тта шо кхаьчначу махкахойн. Амма кху референдумехь кхаж таса бакъо хир ю 16, 17 шо кхаьчначу шотландхойн а. Референдуман жамIаш тIеоьцур ду дакъалаьцначу нехан терахье хьажна доцуш.

Мухха нислахь а, цу референдуме баха дагахь бу дуккха а нах. Референдумехь дакъалаца бакъо йолуш ву 4 миллион 400 эзар Шотландера харжамхо. Кху беттан 2-чу дийнахь льарча, царах 97 процент харжамхоша регистраци йина, шаьш референдумехь дакъалоцур ду аьлла. Цу тайпаниг хилла дацара цкъа а. Толам боккхур бу дукха кхаьжнаш гулдинчара.

http://www.aboutmyvote.co.uk/the_independence_referendum/guide_to_voting.aspx

Нагахь жоп «хIаъ» хилахь, маца хир ю Шотландех йозуш йоцу пачхьалкх?

2016-чу шарахь Зазадоккху-беттан 24-чу дийнахь. Лондонца дийцарш дIадахьа а, дIакъаьсташ билгалдаха деза хаттарш дийцаре дан а оьшур бу 18 бутт.

Зазадоккху-беттан 24-гIа де харжар а дац ларамаза. Оцу дийнахь 1603-чу шарахь Ингалсан а, Шотландин а паччахьалла цхьаьнакхетта. Вуьшта аьлча, Шотландин паччахь Джеймс VI, Ингалсан паччахь а хIоьттина, Джеймс Хьалхара цIе а эцна.

http://www.bbc.co.uk/history/historic_figures/james_i_vi.shtml

Британин паччахьна (карарчу хенахь Элизабет ШолагIчунна) муьтахь юьсур юй Шотланди?

ХIаъ, Британин паччахь юьсур ю пачхьалкхан коьртехь. Кху беттан 18-чу дийнахь хир йолу референдум 1707-чу шарахь хиллачу политикан бертах хьакхалуш ю, кхин 100 шо хьалха шина паччахьалла цхьаьнакхетарх хьакхалуш яц. Амма йозуш йоцучу Шотландино тIаьхьо керла референдум дIаяхьа мега, паччахьан Iедалх лаьцна.

Цхьаболчу эксперташна хетарехь, йозуш йоцучу Шотландехь паччахьан цIарах Iедал дIакхоьхьуш хила мега инарла-губернатор, кхечу пачхьалкхашкахь иза ма хиллара, масала, Канадехь а, Австралехь а. Цигахь пачхьалкхан куьйгалхо ю Британин паччахь.

Британин ахча стерлингийн фунт дуьсур дуй Шотландехь?

Фунтах лаьцна проблема уггаре а халаниг ю, цу референдумах хьакхалучарах. Шотланди йозуш йоцуш хиларан агIончашна хетарехь, иза диса деза керлачу пачхьалкхехь. Британин коьрта банк лоручу Ингалс-пачхьалкхан банкан куьйгалхочунна хетарехь, и ахча лелар догIуш дац суверенитетца.

Амма цунна хетарг бух болуш дац аьлла хета Шотланди йозуш йоцу пачхьалкх хила еза аьлла хетачу нахана. Цара дийцарехь, валютан барт богIуш бу Британин пайденна долучуьнца.

Шотланди юкъагIур юй Евробертана?

Яха а мега. И хаттар цкъачунна дуьсуш ду жоп доцуш. Амма Шотланди Евробертана юкъаяхарна дуьхьал хила мега цхьойлу пачхьалкхаш, масала, Испани а, Белги а. Цу шина пачхьалкхехь а бу дуккха а сепаратистийн ойланаш йолу нах.

http://www.ft.com/cms/s/0/977a39ea-8c26-IIe3-9bId-00I44feab7de.html#axzz3DEjGhjQA

http://www.dw.de/independent-scotland-footloose-but-not-eu-free/a-17912094

НАТО-н декъашхо хилар.

Референдум дIаяхьа еза аьлла хетарг ю коьртачу декъана Шотландехь Iедалехь йолу Шотландин къоман парти (SNP). Цу партин декъашхошна лаьа Шотланди НАТО-на юкъахь хилийта. Амма уьш дуьхьал бу шайн махкахь «Трайдент» олу Британин зарратан ракетийн системаш дIахIитторна. НАТО-н инарлан секретаро Фог Расмуссен Андерса дийцарехь, йозуш йоцучу Шотландино НАТО-на юкъаяха реза хилийта безар бу цу альянсан берриг а декъашхой.

http://www.bbc.co.uk/news/uk-scotland-scotland-politics-28853275

ХIун хир ду, нагахь дукхах болу харжамхой Шотланди дIакъастарна дуьхьал хилахь?

Шотланди йозуш йоцу пачхьалкх хиларна дуьхьал ю кхо парти – Консерваторш а, Лейбористаш а, Либералан демократаш а. Нагахь харжамхоша дуьхьал кхаж тасахь Шотландин парламентана алсам бакъонаш лур ю боху цара. И бакъонаш йоьзна хир ю ял яккхарца а, социалан хаттаршца а, мехкан хазнера ахча дайарца а.

Шотландерчу референдумо Iаткъам бан мега ерриг а пачхьалкхана. Кху беттан 12-чу дийнахь Британин вице-премьеро Клегг Ника кхайкхам бира, Ингалс-махкахь Iедал регионашца декъа деза аьлла. Цо дийцарехь, цхьайолу бакъонаш дIасаяла еза регионашна.

http://uk.reuters.com/article/2014/09/07/uk-scotland-independence-osborne-idUKKBN0H207C20140907
1http://news.sky.com/story/1334354/clegg-pushing-for-more-devolution-in-england

XS
SM
MD
LG