Полшин сенато низаман проект тIеэцна, ХIолокостехь полякаш дакъалаьцна бохуш дуьйцучу нахана таIзар дарх лаьцна долу, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Цу низаман Iалашо ю Полшин имидж Iалашъяр. Цу кепара, Полшин Сенатан декъашхоша тидаме ца оьцуш дитина Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Израилан а Iедалан векалша дина дIахьедарш.
Чиллан-беттан 1-чу дийнахь Полшин парламентан лакхарчу чоьнан 57 сенаторо, дуьхьал 23 а волуш, 2 кхаж тасарна юкъара а волуш, тIечIагIйина цу хьокъехь долчу низаман проект. Цу низамца а догIуш, Iедалша гIуда а тухур ду, набахтехь яккха хан а тухур ю немцойн нацистийн концлагерех "полякийн Iожаллин лагерш" аьллачу, Полша нацисташа динчу зуламашна юкъара ю аьллачу а нахана.
ХIинца и цу низаман проект тIечIагIъян езаш ю Полшин президенто.
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Израилан а векалша кхайкхам бинера Полше, и низам тIе ца оьцуш дитахьара аьлла. Царна хетарехь, цо доза туху дешан маршонна.
Иштта Iамеркан пачхьалкхан департаментан зорбанан секретаро Нойерт ХIизера дIахьедар динера "вай массо а ларлуш хила деза, ХIолокост йийцаре еш новкъарло ца хилийта" аьлла.
Нойерта дийцарехь, "ХIолокостан истори лазаме а, хала а ю". Цо билгалдаккхарехь, Iамерка кхеташ ю "полякийн Iожаллин лагерш" санна йолу фразаш нийса ца хиларх а, нах Iехош а, зуламе хиларх а.
Шаьш кхайкхам бо Полше и низам тIеэца йолу ойла хийцахьара аьлла, бохуш яра Нойерт.
Полшехь Iедалехь йолчу "Бакъо а, нийсо а" партино дIахьедар дина, шаьш тIеоьцу низам дуьхьал хир ду цхьайолчу яьржинчу фразашна аьлла. Царна юкъахь ду ШолгIа Дуьненера тIом боьдуш немцойн нацисташ шаьш Полша дIалаьцначул тIаьхьа цигахь кхоьллинчу концлагерех "полякийн Iожаллин лагерш" алар.
Израилан премьер-министро Нетаньяху Биньямина декхарелахь винера шайн Варшавехь волу векал, Полшин премьер-министрца Моравецкий Матеушца цхьана а кхетий, цу низаман проектана шаьш реза ца хилар дIахаийта.
"Низам бух болуш дац, со сецна дуьхьал ву цунна", - элира Нетаньяхус Дечкен-баттахь 27-чу дийнахь.
Дуккха а шераш дара полякийн Iедалш Полша, лаххара а цхьанадекъана жоьпаллехь ю цуьнан территори тIехь нацистийн Германино адамаш, коьртачу декъана жуьгтий, байина лагерш кхолларна, аьлла чулацам болу "полякийн Iожаллин лагерш" фраза лелорна.
И лагерш кхоьллинарш а, уьш лелош берш а нацисташ бара 1939-чу шрахь Полша шаьш дIалаьцначул тIаьхьа.
ХIинца, Полшин Сенато къобулдинчул тIаьхьа, низаман проект дIакхочор йолуш ю президенте цунна тIе куьг таIадайта. Цу мехкан парламентан лахарчу чоьно иза къобул йинера Дечкен-беттан 26-чу дийнахь.