ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сепаратистийн турпалхо. Стенна оьшу Кадыровна "ЛНР-н" седа?


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, сепаратистийн "Луганскан Халкъан Республикан" куьйгалхочо Пасечник Леонида а дIасахийцина лаккхара совгIаташ: нохчийн политиках "ЛНР-н турпалхо" хилла, ткъа Пасечникан накха къагийна деших а, рубинех а, сапфирех а, бриллиантех а йинчу Кадыров Ахмадан мидало. СовгIаташ дIасахуьйцуш барам хIоттийнера Соьлжа-ГIалахь. Оьрсийчоь Украине гIоьртинчул тIаьхьа Кадыровх цхьахволу коьрта тIеман спикер хилла, цундела башха цецволу хIума а дацара Оьрсийчоьнехь болчу сепаратисташа цунна совгIатдар.

"Тахана Соьлжа-ГIалахь Кадыров Рамзанна Луганскан Халкъан Республикан Седа белира. Тхан мохк кIелхьарабоккхуш, нохчийн бIахоша лоцучу декъан мах а бац!",- яздина Пасечника шен телеграм-каналехь.

"Суна чIогIа тайра ЛНР-н куьйгалхочун карара мехкан лаккхара совгIат – ЛНР-н Турпалхо – схьаоьцуш. Соьца цхьаьна и лаккхара совгIат кхачийра Леонид Ивановича хьомсарчу вежаршна – Алаудинов Аптина а, Оьрсийчоьнан Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу, МВД-н лерринчу полицин полкан командирана Чалаев Замидана а", - дIахьедина жоп луш постехь Кадыровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо лечкъа ца до кеп-кепарчу, иштта, шеконечу а совгIаташка а, статусашка а шен безам хилар. 1990-чу а, 2000-чу шерийн юьххьехь а дуккхаъчу губернаторшна а, федералан хьаькамашна а дозалла хетара юкъараллийн организацийн "академик" боху цIе лело, хаза а хеташ "Оьрсийчоьнан тоьлла нах" аьллачу брошюри юккъерчу шайн биографина юкъа язйойтура цара и цIераш. Амма тахана оцу кепарчу пиарех пайдаоьцуш цхьа Кадыров бен вац.

Цкъа академик, йа турпалхо, йа "кхокха"

Нохчийчоьнан куьйгалхочун мидалийн а, орденийн а, сийлахьчу цIерийн а терахь бIеннал совдаьлла догIу. Уьш дукха хиларца хIинцале а тIехъиккхина иза Брежнев Леонидана а, цуьнан яра уьш советан а, арахьарчу пачхьалкхаша а елла 11.

2004-чу шарахь Нохчийчоьнан хинволчу куьйгалхочунна Оьрсийчоьнан Федерацин Турпалхо аьлла, цIе елира. Президенто Путин Владимира куьйгъяздинчу омри тIехь билгалдаьккхинера, гIаттамхошца къийсам латтош Кадыровс гайтина доьналла а, майралла а аьлла.

ТIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочунна делира 30 гергга пачхьалкхан а, урхаллийн а совгIат. Ду царлахь "Юкъара къепе Iалашъярехь дикалла гайтарна" а, "Пурстоьпийн Федералан урхалла кхиорехь дакъалацарна" а, "Йоллу Оьрсийчохь бахархой юха язбеш дакъалацарна" а, "Зуламан-кхочушдаран системан чIагIъярна" а, "Агрокомплекс кхиорехь дакъалацарна" а аьлла, делларш.

ХIара совгIат чIогIа тов Кадыровна, дуьнено къобалвар санна луш ду и

Уггар а скандале йолчех яра- 29 шо долуш цунна елла Оьрсийчоьнан Iилманийн академин декъашхочун статус. Академи юкъараллин организаци ю, бакъболу Iилманчаш (РАН-н академикаш а цхьаьна) цу юкъахь хилла ца Iаш, уфологи а, астрологи а "Iамош" болу, квазиIилманан юкъараллин векалш а цхьаьна бу.

Кадыровх академик вира, РАЕН-н вице-президенто Лагуткин Александра кхеторехь, вукхо "хIора денна, шена кхерам лаьтташехь баларх кIелхьарбоху бIеннашкахь, бIеннашкахь бIахой а, могIарера нохчий а".

2016-чу шарахь академикан статусна йинчу критикана жоп лучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIечIагIдира, шена и цIе ялар, билгалдаьккхира "РАЕН-н куьйгалло цкъа а ца аьлла, и цIе Iилманан белхаш барна елла ю" (иштта комментарий зорбане яьккхира цо шен, карарчу хенахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа тоьхна санкцеш бахьанехь блок тоьхначу инстаграмерчу агIонехь).

Шеконе го, Нохчийчоьнан кутйгалхочо тIеэцна кхин цхьайолу цIераш а. Масала, академик цIе лушшехь, Кхузаманан гуманитаран академин сийлахь профессор а хилира Кадыровх. Долара, и дешаран хIукмат масийттазза критике ерзийра зорбанан гIирсашкахь, "дикка тамашен" советан техникумийн а, ПТУ-н а, лакхарчу доьшийлийн а "лалам" бу аьлла. 2016-чу шарахь Рособрнадзоро Iилманан болх бан лицензи схьаяьккхира лакхарчу доьшийлера

Инаугураци йоьдучу 2007-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дашо седа белира "Сий, доьналла" а аьлла, "Хьакъволу адамаийн бакъоларъярхо" аьлла, цIе а туьллуш. Украинерчу "Адамийн бакъонаш Iалашъечу Дуьненаюкъарчу комитето" иштта билгалваьккхира иза. Хаамбора, комитетан декъашхой Кравчук Леонид а Путин Владимир а, Черномырдин Виктор а, Якубович Леонид а, Жириновский Владимир а, Софи Лорен а, Жванецкий Михаил а вара бохуш. "Керла газето" къастийра, оцу организацино кхин дIоггара шуьйра болх беш цахилар, ткъа цхьа могIа кхайкхийначу, декъашхой бара аьллачу нахана дуьххьара хезаш дара цунах лаьцна. Кадыровх бакъоларъярхо винчу организацин сайтехь карарчу хенахь онлайн-казинона йина реклама ю.

Цхьана "Евразин къаьмнийн Ассамблейно" -юкъараллин организаци ю, цуьнан куьйгаллехь ву дуккхаъ миллионаш ловзийна контрабандех долчу гIуллакхехь бехкевина, скандале шех талламаш бинчул тIаьхьа даржера дIаваьлла хилла дозанал арахьа йоккхучу тӀера ял йоккху Федералан организацин (2006-2016) урхалхо Бельянинов Андрей,- Кадыров Рамзанах "ДоттагIаллин посол" аьллачу дипломатин декъехь премин лауреат вира.

Цуьнца цхьаьна лауреаташ хилира Якутин куьйгалхо, карарчу хенахь сенатор волу Борисов Егор а, Оьрсийчоьнца тIехкдика юкъаметтигаш хиларца вевзаш волу сербийн политик Джорджевич Младжан а, кинорежиссер Кустурица Эмиль а, иштта Оьрсийчоьнца а, цуьнан олигархашца а воьзна францхойн бизнесхо Лозе Бернар а, хаамийн гIирсашкахь "Путинан Италера стаг" олу совдегар Фаллико Антонио а.

Оцу тIехула тIе Кадыров ву "Оьрсийчоьнан бизнесан а, йохка-эцар лелоран а академи" аьллачу организацин "Шеран Оьрсийчочьнан вахархо" аьллачу премин лауреат а. Цул совнах, деза совгIат дина цунна "Харжамаш вовшахтохарехь доккха дакъалацарна", "Общественное признание" къоман фондо алмазан орден елла а, Дуьненаюкъарчу ФИЛА латаран федерацин дашо кочар делла, "Доьналла а, майралла а" мидал елла, ву иза Оьрсийчоьнан Пенсин фондан а, кегийрхойн политикан а сийлахь белхахо, билгалваьккхина юкъараллехь тIеэцаран дуьненаюкъара "Машаран кхокха" премица а. ХIара-м цунна деллачу совгIватийн цхьа дакъа бен дац.

Сеца ца лун дегалла

Кадыровн оьгIазе репутаци хиларна, Кавказ.Реалиига шен цIе цаяккхар дехначу Оьрсийчоьнан политолого билгалдоккху, яккхийчу цIерашка безам хилар кхузаманан Оьрсийчоьнан политикан элитина атавизм ю аьлла. Амма, боху цо, 1990-чу шерашкахь шуьйра яьржина яра, цунах жигара пайдаоьцура кеп-кепарчу наха. Цара совгIаташ дора авторитет йолчу нахана, ткъа бисинчарна хьоьхура цаьрца цхьана могIаршкахь хилархьама даккхий кхаьънаш далар.

"Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгара дIадаккхалур доцург ду, цуьнан пиар а, массара а вуьйцуш хила лаар а дезар. Цуьнца дIанисдан гIерта иза ша дешна цахилар а, урхалхочун говзаллаш а шегахь цахилар. Дагадоуьйту, зеделларг доцуш, йоккхачу политике некъ болочу хенахь, Нохчийчохь кест-кеста хьеший лаьттара Оьрсийнчуьра а, арахьарчу мехкашкара а – Майк Тайсонна а, Киркоров Филлипна а тIера Марадонана а Жан-Клод Ван Даммна а, Зверев Сергейна а текхаччалц. Регионан куьйгалхо дIаволалучу заманчохь церан бевзаш хиларх пайдаэца волавелира, ша а цаьрца воьзна хилар дIагайта а гIерташ. Гуш дара, кхоа ца деш, бюджетера ахча дара оцу гIуллакхашна дIахьежош",- дагадоуьйту къамелдечо.

Кадыровхой – украинхойн къомана геноцидан жигара дакъалацархой бу, оцу тIамехь царна делла чалтачийн дакъа

Шаьш гоьбовла лаарна политикаш керла совгIаташ даха хьалхатеттало. Цундела даггарчу воккхаверца схьаоьцу "декоративе" урхаллийн цIераш, цхьана а кепара пайда ца бохьу юбилейн мидалш а масала, "Астанан 10 шо" йа "Санкт-Петерьурган 300 шо", кхин дIа дуьйцу политолого.

"Амма "ЛНР-н Турпалхо" седа балар цхьа политикан маьIна долуш бу. Кадыров Рамзана дIагойту,– Кремлан а, президентан Путинан ботт юкъахь а ша хьалхара губернатор хилар. Оцу совгIато гойту кадыровхойн Луганскан агIор а, Мариуполь схьайоккхуш а дакъалацар. Биллам боллуш, и совгIат чIогIа товш ду Кадыровна, дуьненан юкъаралло ша тIеэцча санна хета цунна",- билгалдаьккхира къамелдечо.

Коррупцица барт хир боцу а, шога а къийсам латтош ву аьлла, зорбанашкахь васт кхуллу "ЛНР-н" куьйгалхо Пасечник Леонид -украинхойн къайлахчу сервисашкара схьаваьлла ву.

Политолого бахарехь, урхалле хIоттийра иза, кхул хьалха хиллачу Плотницкий Игорян уллорчу гонашка кхачийна коррупцин гIуллакх гIарадаьллачул тIаьхьа. Цо бахарехь, Пасечник – ницкъаллин блокан креатура ю. Украинехь тIом болабелчхьана ницкъахошца ша уллора хилар гойту Кадыровс а, цундела Оьрсийчоьнан президентан администрацихь дийцина ца Iаш, ФСБ-н куьйгаллехь а цхьана дийцаредина орденаш дIасаяларан гIуллакх.

"ЛНР-н" седа балар Нохчийчоьнан куьйгалхочунна оьшуш дац, "ЛНР-н" урхаллина оьшу, тешан ву украинхойн политикан талламийн «Пента» Центран куьйгалхо Фесенко Владимир. "Дош лелаш Оьрсийчуьра бартхо оьшу царна", - дIахьедира политолого Кавказ.Реалицца хиллачу къамелехь.

МуьтIахь хиларан культ

Оьрсийчохь, йа цо кхоьллинчу "ЛНР-ехь" "Турпалхо" цIе тилларо гойту, оцу совгIатийн дай цхьа боьха хIуманаш хилар, нах бойурш, рецидивисташ, аьлла хета къобалъязчу Нохчийн Ичкерия Республикан Украинерчу консулна, оьрсийн, украинхойн юрситана, "Дозанал арахьа муха нах бойу Путина" монографин авторна Шулипа Юрийна.

"Кадыровхой" - украинхойн къоман геноцидан жигара декъашхой бу, оцу тIамехь чалтачийн дакъа делла царна, - тешна ву къамелдийриг. – Ханна шаьш дIалецначу Североденецкера а, Лисичанскера а, кхечу дозанаш тIера а маьрша нах лаххьийна шайн чуьра ара а бохуш, дуьненаюкъарчу гуманитаран бакъоно йихкинчу фильтрацин каппашка уьш дIа а хьежош, царна тIехь къизаллаш лелийна, уьш сийсазбина, байина, нуьцкъаша доьзалаш вовшахбаьхна меттигаш бу билгалбевлла".

Цул совнах, кхечу Оьрсийчоьнан эскаран дакъошна тIехьа латтош, кадыровхойх жигара пайдаоьцу заградотрядех санна. Къаьсстина инзаре и зуламаш бахьана ду Нохчийчоьнан куьйгалхочунна марионетийн республикан лаккхара цIе яларан, аьлла хета Ичкерин Украинерчу векална.

"И шеконе совгIат доллушехь, стенна тIеэцна и Кадыровс? Путинна муьтIахь хилар дIагайтаран кхин а цхьа акт ю и. Оцу зуламийн цIийца ша Путинца а вузуш, къиза дуккха а зуламаш кхин дIа а лелочу Кадыровс тIечIагIдо, верриг а ша цунна муьтIахь хилар",- аьлла хета Шулипана.

Оцу мах хадорна тIетов иштта Украинан агIор тIемаш бечу нохчийн Шейх Мансуран цIарахчу батальонан пресс-секретарь Белокиев Ислам а. Цунна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кремло шена тIебуьллу муьлхха а болх кхочушбо, шена елла бакъонаш карара ца йовлийтархьама, даим а ша президентана Путинна муьтIахь хиларх тоьшаллаш дан дезаш ву иза.

Оцу тIе, Белокиев тешна ву, дегалла йолуш хиларе терра, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хазахета, гуттар ша вуьйцуш, шен терго йеш, ша хестош вазвеш, къастош, ткъа кху тIамо чIогIа оьшуш ву аьлла а хетийтина цунна.

"Оцу «ЛНР-н» Iедалхолйх дерг аьлча, тамашен хетар дара, Кадыров цара тергамза витинехь. Цаьргахьа кхин мила хир вара и санна? Терго яйша, машар мел цаоьшург ву цара къобалвеш. Шайх тера бу церан доттагIий а. Цундела карийна царна Кадыровца бийца юкъара мотт а. Уьш дика кхета, Кадыров мила ву а, цуьнан амал муха ю а, оцу тIера ду хьалхе дуьйна цхьана ойланца долийна хIара хIума. Регалиш дукхаеза Кадыровна, цундела "Сийдолу фермер" а, "Стоматологина гIуллакхаш дарна" а аьллачу цIерашна тIекхетта "ЛНР-н" харц "турпалхочун" цIе а", - дерзийра шен къамел Шейх Мансуран цIарахчу батальонан векало..

  • Украинана дуьхьал тIемаш бечу Оьрсийчоьнан дакъошна юкъахь къаьсттина гIарабевлира, мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанан куьйгакIел болу нохчийн ницкъахой а, иштта «лаамхой» олучийн тобанаш, йа регионера йолахой. Маьршачу нахаца а, йийсархошца а, шайца вовшашца а цара къизаллаш лелош хиларх украинхойн къайлахчу сервсиаша дийцина ца Iаш, Европерчу пачхьалкхийн парламентийн векалша а цхьаьна дуьйцу.
  • Украинана гергарчу Гостомель гIалахь хилира Кадыров бохуш, видеош яьржира телеграм-каналашкахь. Делахь а, Кадыровс лелочу телефонан геолокацина тIетевжина, украинхьойн хьасташа дийцарехь, и дуьйцург бакъ дац. Кремло а тIе ца чIагIдира, цуьнан цига вахар, ткъа нохчийн оппозиционераша фейк ю элира, Украинехь яьккхина ю боху видео.
  • Хеттарш кхуллу Нохчийчуьрчу дакъойн тIемаш бан пайден хиларо а. Машанашкахь "тик-ток-эскарш" аьлла, цIе яхна церан, хIунда аьлча, кадыровхоша социалан машанашкахь дуккха а Украинехь яьхна видеош хIитторна. Амма тIемаш бо цара, мостагI гуш воцчу яьссачу гIишлошца, йа хьуьнан асаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG