ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шаьш дуург диъна девлла шу. Оха шу нохчашка дIалуш ду": муха кхочу Украинан йийсархой Соьлжа-ГӀала


Украинхойн йийсархо дега-нене телефон тухуш ву, ша хийцинчул тIаьхьа, 2024-чу шеран дечкен-беттан 31-ра де/Гайтаман сурт
Украинхойн йийсархо дега-нене телефон тухуш ву, ша хийцинчул тIаьхьа, 2024-чу шеран дечкен-беттан 31-ра де/Гайтаман сурт

2014-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан Ӏедалша Ӏуналла дечу территореш тӀехь болчу бакъо йоцуш лецначу маьршачу бахархошна а, тӀеман йийсархошна а гӀо деш ю Украинерчу бакъонашларъярхойн “Сич” тоба. Кавказ.Реалии сайто къамел дира цу организацин адвокатца Полехина Юлица, муха аьтто хуьлу Нохчийчохь лаьцна латтош болу украинхойн тутмакхаш маьрша баха.

Информаци: “Сич” Днепр гIалахь болха беш ю, амма болх беш йу Украинехь дечу дехаршца. Церан буха тIехь болх беш ю Хельсинкерчу адамийн бакъонашларъярхойн тоба. Полехина 2015-чу шарахь дуьйна цу организацин тайп-тайпанчу проекташна куьйгалла деш ю. Иштта, нах хийзийна меттигаш дIайазабеш а, оцу нехан ЕСПЧ-на дехарш кечдарехь а дакъалоцуш ю иза.

– Маса йийсаре лаьцна украинхо ву карарчу хенахь Нохчийчохь?

- Официалехь тӀечӀагӀдина ма-дарра терахь дац тхан. Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу юкъараллин агӀонашна тӀехь терго латтайо тутмакхийн гергарчара. Цхьаболчарна шайн гергарнаш гира "Ахматан" а, цуьнца уьйр йолчу а каналашкахь. Верриг а хӀинца Нохчичохь 30 сов украинхойн йийсархо ву аьлла хета тхуна.

Полехина Юлия
Полехина Юлия

– Кадыров Рамзана кест-кеста гойту керла тутмакхаш бу бохуш, уьш муьлш бу къасто аьтто болий шун?

- Тхо тхайн ма хьуллу хьийзаш-м ду. Йийсаре лаьцначеран гергара нехан инициативан тоба ю соьца зӀенехь. Тхо мел а кхетта аьлла хета суна, Оьрсийчоьнан эскаршца тутмакхашца йоьзна юкъаметтигаш муха лело йеза бохучух. Амма кхузахь [Кадыровн нахах лаьцна аьлча] хӀинца а дика дац. Мел а кIеда, бакъоларъйаран хьолехь некъаш лаха хьовсу тхо, информаци вуно лерина лелош.

– Дийцахьа стохка Нохчийчуьра кӀелхьарабаха хьан аьтто баьллачу йийсархойх лаций. Муха нисделла и дерриге а?

– Стохка гурахь соьца зӀене йелира цхьа йоӀ, шен тIехьийза кIант лоьхуш йара иза- 35 шо долу Львовера волонтер Роман. Цо дийцира, шена иза видео тӀехь карийна [Кадыровн Telegram-каналехь], цигахь иза Нохчичохь кхечу тутмакхашца вара аьлла. Церан фонехь "Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис хаам бира тӀеман кхиамех лаьцна. Видео тIехь кхи болу тутмакхийн гергарчарна а бевзира шайнаш, тIаккха тхо тхайн болх бан дIадуьйладелира.

ГӀаролхоша варе дира, хи "цIена дац", кхехко деза аьлла

Уггаре хьалха тхо зӀене девлира Украинан массо а Ӏедалшца, царна юкъахь талламан урхаллашка а, и нах тхайна мичахь бу хоуьйтуш. И хIунда оьшуш дара аьлча, цу нахах лаьцна информаци карлайаккха, уьш биц ца балийта. Iедалша тхуна баркалла а аьлла, талламхошкахь йолу информина тIетуьйхира оха шейга дIахаийтинарг а. Амма тхан коьрта Iалашо йара тутмакхаш Нохчийчуьра цIабалор.

– ТӀейогӀучу хенахь оцу нахах лаьцна информаци муха кхаьчна шуьга?

- ХӀинццалц Соьлжа-ГIалахь йийсархо хилла кӀант карийра тхуна. Цо дийцира, Кадырован наха ша тӀеман аренгахь йийсаре лаьцна цахилар, амма хилла Вагнеран эскархошкара эцна. И тайпа йохка-эцар, хетарехь, массо а хенахь хуьлуш ду. И стаг йийсарехь волу а дукха хан йара, вай вийцинчу Романал а хьалха дуьйна.

– Кхин дӀа хIун дира аша?

– Юьхьанца стандартан схемица Оьрсийчоьнан тӀеман министраллица зӀене йала дагахь йара со. Амма цу маьрша ваьккхинчу эскархочо элира, Москвана, хетарехь, Соьлж-ГӀалахь латточу украинхойн тутмакхах лаьцна хӀумма а ца хаьа, вайга кхи хIумма а далур дац, гӀуллакх кхин тIе а гал ца даккхахь. Хууш ду, уьш Оьрсийчухула Нохчийчу кхачийна хилар, блок-посташкахь машен саца ца йойтуш.

Нохчийчохь тутмакхийн "Ӏаьржа базар" хилар а хиъна, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан нохчийн депутате Саралиев Шамсаиле кехат яздан сацам бира ас. Электронан почте хьажийра ас кехат. Цхьа а жоп дацара. Тхоьца зIенехь йолу цхьа латкьамхочунна Саралиевн инстаграм-чохь агIо карийнера, ша цуьнга кхи цхьа хаам бахьийта мегар дуй аьлла хаттар дичи, аса и къобал дира.

Цу зудчо Саралиевн инстаграм -агIоне йаздича, цо сиха жоп делира. Цо яздора, Романца дерриг а дика ду аьлла. Юьхьанца латкъамхочо сацам бира, иза формалан жоп ду аьлла. Амма цхьа ши де даьлча цо цуьнга даийтира Романна уллохь лаьтташ долу сурт. Ша Романа тӀаьхьо дийцира, и депутат шайн подвала чу а веана, шен цIе а йоккхуш тутмакх лоьхуш ву аьлла кхайкхича -ша дуьхьал вистхилира. Саралиевс аьллера цуьнга, хьо лоьхуш гергарнаш бу, дерриг а дика хир ду.

– Муха хилара йийсархой хийцар?

- Ӏуьйранна кхо сахьт даьлча тхан кIентий болчу баьхкинера гӀаролхой, кечам бе аьлла. Царна нохчийн духар а, футболкаш а, кроссовкаш а йелира. Цара ца элира, шаьш уьш мича буьгу. Цул тӀаьхьа Ростов-Дону гӀала доьдучу кеманна тӀе ховшийра уьш. Рейс дӀаяьллачул тӀаьхьа, автобус чу дехьа а даьхна, кортош охьадахийта элира. Иштта масех сахьт даьккхира цара. ТӀаккха цаьрга хаам бира, уьш хийца дӀабуьгуш бу, Белгороде кхаьчна аьлла.

10 стаг юхавирзина Украине, амма цхьаъ йийсархо реза ца хилла хийцавала, жимма хьалхо меже дIайаккхуш операци йина хиллера цунна. Цуьнах кхин хууш хIума дац тхуна.

– Хьаьнца хийцина бара хӀетахь Украинан эскархой?

– ЦӀерийн тептар дац вайгахь. Оьрсийн Iедале хаттар динера оха. Кадыровн эскархой йийсарехь болчу хенахь ду иза, хила тарло, уьш бахьана долуш, йийсаре лаьцнарш хийца аьтто балар. Соьга схьаэлира, дӀадирзинчул тӀаьхьа депутато Саралиевс дIахьедар дина бохуш, украинхой Соьлжа-ГIалахь оьшуш болу кӀенташца хийцина ца хилар. Амма хӀара шолгӀачу куьйгара информаци йу.

Кадыровхара чIогIа сийсаз деш, психологин тӀеӀаткъам а бора

– Видео тIера йийсахойн тIаьхьало муха нисйелира?

– ДӀахецначул тӀаьхьа Романа дийцира, ша йийсаре лаьцна 2023-чу шарахь заздоккху-беттан 4-чу дийнахь Луганскан кӀоштарчу Белогоривкина юртана гергахь. Цкъа хьалха иза Лисичанске дӀавигинера. Цара тхо ирча леладора йетташ, кхача ца луш, хеттарш дан дӀадуьгара. Тутмакхаш шаьш латточу меттехь шайн хьашташ дора. Бехктакхаман гӀуллакхаш а, офисаш а, талламхой а, цхьа -а хIума дацара. Вагнерхоша уьш йоллу лармашкахула лелабора, гIожмаш, когаш бетташ, нах байъуш санна кепаш хIиттайора. ТIаьххаре а элира: "Шайн зурма лекхна девлла шу, оха шу нохчашка дӀалуш ду".

ЦIена духар доьхна, кхача биинчул тIаьха, бӀаьргаш дӀа а къевлина, картолийн галеш санна, машенан чу а боьхкина дIабигинера уьш. Романан тоьшаллашца, царна ца гина шаьш мича дуьгу. Кхин цхьа соцунгӀа хиллачул тӀаьхьа, нохчийн къамел хезира цунна. Бехха а некъ бина, Соьлжа-ГIала дӀаккхачийра уьш. Цигахь церан куьйгаш а, бӀаьргаш а схьадаьстира, иза юхаа ларма яра, амма цигахь кхача лора царна.

Дуккха хьолахь тхуна лора сихонца йеш йолу пюре, сиха кечъйеш йолу гарзанаш, бепиг, хи а. ГӀаролхоша дӀахьедира, хи кхехко дезаш ду, иза "техникан хи" ду аьлла. И бахьана долуш йийсархошна юкъахь чохь-лазарш лаьттира. Нагахь санна лоьрийн гӀо оьшуш хиллехь, иза а деш дара.

Цхьанхьа буьгуш белахь бен бӀаьргаш дихкина ца хуьлара церан. Масийттазза бӀаьргаш дӀа а бихкина, тхан йийсархошна хезира, кадыровхоша шайца тхан суьрташ дохуш, мегий а ца хоьттуш.

Соьлж-ГӀалахь талламан хеттарш ца хилира. Цкъа вайн йийсархошна йиттинера-дийцарехь, царех цхьаммо шех лаьцна харц информаци йелла бохуш.

– Хьан дийцарна тIетоьвжича, кадыровхой йийсархошца дика хилал, вагнерхошца дуьстича. Муха хьесап дийр дара ахь оцу хIумана?

– Уьш шайчаьрца хийца дагахь хиларца доьзна хила а тарло иза. Цундела и нах дикачу хьолехь хила беза. Амма кадыровхоша царна психологин агӀор боккха тӀеӀаткъам бора, сийсазбеш.

– Йийсархой хийцарехь коьрта новкъарлонаш муьлхарш ю?

– Тхо цхьана билггалчу процедуре марзделла, нагахь санна тхан йийсархой кхечу Оьрсинчоьнан меттигашкахь белахь, Нохчичохь а боцуш, Кхин цхьа хIума а ду билгалдаьлла: вай алсам информаци яржош мел хуьлу, вайн эскархошна пайда алсам хуьлу, хийцаран гIуллакх аттох хуьлу. Оьрсийчоьнан Федерацин меттигашкахь хиллачара цӀабирзича дӀахьедира, цхьана муьрехь лецна латторан хьелаш гӀоле хилира аьлла. ХӀун бахьана долуш ду ца хаьара царна, амма цӀеххьана царна кхача бан буьйлабелира йа йеттар сацийра. И хийцамаш нисбелира тхан жигархойн болх хаамийн гӀирсашкахь а, социалан машанашкахь алсам баьлча.

Амма суна хӀинца а ца хаьа, йийсархой Нохчийчохь белахь, къаьстина муха-хIун дан деза. Цигахь кхечу кепара менталитет ю, хӀоразза а хӀун дан деза -те бохуш, ойланаш йо оха. Кхин цхьа хало ю ур-атталла Оьрсийчуьрчу адвокаташна а, Украинин агӀонан векалшца санна, даима а тхоьца зӀене бовла ца лаар. Хала ду зӀене вала стаг каро.

ХӀинца информаци ю, Курскан кӀоштахь алсам кадыровхой вайн эскархоша йийсаре лецна бохуш. Кхин а йийсархой хуьйцур бу аьлла сатийсам бу иза.

– Нохчичохь болу украинхой буй официалан тептарш тӀехь?

– Тайп-тайпанчу кепара хуьлу иза. Уьш, цкъа йийсаре лаьцначул тӀаьхьа, официалан хаамашца [Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан] чекхбовла хила тарло, тӀаккха, нагахь санна, уьш Кадыровн наха эцна белахь, Соьлж-ГӀалахь каро а йиш ю. ЦӀен ЖӀаран тобана хаа тарло цунах лаьцна.

- ДӀалаьцначу меттигашкахь эскархой дакъошна юкъахь йийсархой массийтаза кар-карара дIалуш хила тарлой?

-Нисло, тхо тӀеман йийсархо лоьхуш хуьлу, амма цхьанхьа и хилла аьлла тӀе ца чӀагӀдо. Амма цхьана муьрехь тӀечӀагӀдар догӀу ЦӀен ЖӀарера, иза хила тарло йийсаре лаьцна ахшо даьлчи а.

– Шаьш беш болу болх Украинин Iедалца цхьаьна беш буй аш?

– Юкъараллин организаци хиларе терра, хьаькамашца а, эскархошца а зӀене довла а, кехаташ яздан а бен йиш яц тхан. Суна лаьара, пачхьалкхан тӀегӀанехь и тайпа хаттарш дӀадерзоран агIонаш хилча, нахана хьаьнга хаттар да деза хаийта, цуьнах пайда хилийта. Тхан цхьа а официалан Iедалан бакъонаш йац. Оха яздо Iедале, амма дукхахьолахь схьадогIу жоьпаш: "Баркалла аша лелочунна, шун информаци тидаме оьцур ю оха".

Сан яздан йиш ю координацин штабе массала - схьайиллинчу хьостанаша дийцарехь, Оьрсийчохь бу Украинера йийсархой, вайн агӀор - хийца мегар болу нах. Амма тхан официалан тӀеӀаткъам бац нийсса и оьшуш болу кадыровхой хийца.

– Мичахь хуьлу йийсаре лаьцна украинхой кадыровхошка дӀабалар?

– Хила тарло дӀалаьцначу территорешкахь. Оьрсийчу дӀа ца буьгуш берш, дукха хьолахь, схьа ца карабо. Масала, Энергодарехь, Днепрорудныйхь, Мелитополехь латтош бу цхьаберш. Изза хьал ду йийсаре лаьцначу маьршачу бахархойх а: нагахь санна, уьш Оьрсийчоьнан территори тIе дIа ца бигича, уьш лар йоцуш дӀабовлу. Ши маьрша вахархо карийнера суна, ЦӀен ЖӀарехула тӀечӀагӀвина, лаьцна исс бутт баьлча – карийна уьш Оьрсийчоьнан Федераци дӀабигина хиларна.

– Иштта хьал дарий дӀалаьцначу территорешкахь буьззинчу барамехь тӀом болабалале хьалха а?

- ХӀаъ. Со хIара тайпа гIуллакхаш толлуш ю 2015-чу шарахь дуьйна. Вайна хаьа, дӀалаьцначу территорешкахь йийсархой масийттазза дӀаса бовла йиш юйла дакъошна юкъахь. Адамийн лар йов. Донецкера цхьа бизнесхо, маьрша вахархо, масийттазза юх-юха а воьхкина вара, эххар а герз тоьхна вийнера. Цу меттигашкахь болх беш дуккха а курхалчаш бу.

Украинехь нах реза бу, шайн гергарчарна ахча делла а маьрша баха, амма даима ца болу и аьтто. Дуккха болчу гергарча нехан дог диллина хуьлу, шайн нах схьакарорах, йа уьш маьрша баха аьтто хиларх а.

Оьрсийчоьнан эскарехь гIуллакх деш хилла Нохчийчуьра бахархой йийсаре лецна Курскан кIоштахь украинхойн эскарш чудаьхкинчу хенахь. ТIемаш буьйлабеллачу йуьххьехь "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис а, Кадыров Рамзана а дIахьедира, махкара тIемалой дакъалоцуш бу дозана уллора регион Iалашйарехь аьлла. Оццу заманчохь Оьрсийчоьнан "тIеман корреспонденташа" чIагIдора, кадыровхоша салтийн баккъаш тIехьа а лечкъаш, кепаш хIиттош, видеош йоху аьлла. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу аналитикаша тIечIагIдо: кест-кеста ахматхой билггал буьсу тIамана генарчу хьуьнан асанехь.

Курскан кIоштара Украинан ТIеман ницкъаш аратаса хьийзачу йукъанна Оьрсийчоьнан эскар Харьковн кIошта гIерташ ду. Оцу регионехь денна бохург санна тIелетарш до дронашца а, ракетийн тохаршца а. Оьрсийчоьнан эскарна хьалхатетталучу хенахь дуьхьало йо ишта Нохчийн Ичкерия Республикан леррина декхарш кхочушдечу Къаьстинчу батальоно (ОБОН ВС ЧРИ). Шен белхан башхаллех, Ичкерин хиллачух, хиндолчух, иштта малхбузен пачхьалкхаша нохчашна бехкаш дахкарх а дийцира Кавказ.Реалии сайтан корреспондентана оцу декъан пресс-секретаро Андерсон Микаэла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG