Нохчийчуьра схьаваьлла 2й шо долу Стигал Амин волу меттигах лаьцна информаци йеллачунна совгIатан 10 миллион доллар лур ду аьлла, дӀакхайкхийна Америкехь. Украинан а, кхийолу пачхьалкхийн системашна хакерийн тӀелатарш дарна бехкевинчул совнаха, курхалла лелорна аьлла, кхин цхьа бехк а тӀетоьхна. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу Стигалх а, цо Европехь диверсеш йеш йолчу Коьртачу къайлахчу сервисан тӀеман декъехь бичу балхах лаьцна хууш дерг.
Амин Стигална дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх толлуш ду, цу компьютерийн системашна тӀелатар диначу меттехь - Мэриленд штатерчу кхелехь. Официалан талламан жамӀашца, 2020-чу шеран гIура-баттахь Стигал массийта пачхьалкхан хьукматийн ларъеш йолчу компьютершкахь ледарлонаш лаха йолийна боху, ткъа 2021-чу шеран марсхьокху-баттахь цо скан йина Украинан 2 эзар сов Ӏедалан сайтийн.
2022-чу шеран дечкен-баттахь, буьззина тӀом болабала бутт хьалха, Стигала дакъалаьцна Украинан Ӏедалан 20 сайтана хакерийн тӀелатарехь. Царна юкъахь хилла чоьхьарчу гӀуллакхийн а, финансийн а, юстицин а, арахьарчу гӀуллакхийн а, энергетикан а министраллаш, Украинан Чоьтан палата а. Сайташ тIехь хаам гучубелира украинхойн а, оьрсийн а, полякийн а меттанашкахь, украинхойн персоналан хаамаш лачкъорх а, зорбане бахарх а лаьцна дуьйцуш. "Хьох лаьцна йерриге а информаци публикаци йина, кхера уггаре а вочух. ХӀара хиллачунна а, долчунна а, хиндолчунна а дуьхьал ду шуна. Волынь эвлах, УПА-х (Украинан националистийн вовшахтохаралла.- Билгалдаккхар), Галицинах а, Полесьех а, историн латтанашна а бекхам бу хIара ", - аьлла ду хаамехь.
Украинин Ӏедалша харцдира и информаци дӀасайаржар, амма бехктакхаман гӀуллакхехь йаздина ду, лачкъийна хаамаш боданечу интернет машfнехь йохка дӀахӀоттийна йара массехь а сахьт далале. Царна юкъахь дара 13,5 миллион украинхочун бехктакхаман гӀуллакхаш а, медицинан а, страхованин а информаци. Стигала а, цуьнан накъосташа а 80 эзар доллар даьхьна хилла оцу информацехь, боху Мэрилендан кхелан кехаташ тIехь.
Информаци Украинан сайташ тIера съаэца аьтто баьлла церан WhisperGate олучу зуламе программан гIоьнца: арахьара, ахча-доккху программа санна болх беш йу иза, амма зен хиллачара оьшуш долу 10 эзар доллар биткоинца дӀаделча а, цуьнан буьззина аьтто бу компьютере кхача а, файлаш дӀаяха. 2022-чу шеран чиллин-баттахь Украинина тӀелатар динчул тӀаьхьа Юккъерчу Европан транспортан системина а дина цу кепара тӀелатар, царна юкъахь хилла Украинина гуманитаран а, тӀеман а гӀо кхачош йолу сайташ.
Талламна хетарехь, Стигала дакъа лаьцна - Америкехь дӀаязйинчу компанин серверш тӀехь, цуьнан цIе йоккхуш йац, пхи аккаунт кхуллуш. И йерриге а аккаунташ нохчийн хакеро Ӏуналла деш хилла бохуш дуьйцу.
Доьзалан уьйраш
ФБР-о бинчу хаамца, Стигал Амин вина ву Нохчичохь 2002-чу шарахь гIадужу-беттан 1-чу дийнахь, амма харц кехаташ тIехь билгалдаьккхинарг - 1996-гӀа шо ду. Амин оьрсийн а, ингалсан а, Ӏаьрбийн а меттанаш хууш ву, "Дагестанан Республикаца зӀенаш йу" бохуш дуьйцу. Кавказ.Реалиина карийна, хетарехь, Стигалан интернет агӀонехь ( цӀе а, хан а цхьанайогIаша йу) "Сан дуьне", иза вехаш волу гӀала дӀаязйина Хасавюрт аьлла.
Хетарехь, Дагестанехь зӀенаш йу бохург, Американ Ӏедало Аминан да - Стигал Тим хьехочех тера ду. ХӀара шо долалуш иза а Америкехь лоьхучу тептаре дIайазвира, амма цуьнах лаьцна информаци хаийтарна - совгӀатан дуккха а кӀезиг хир ду аьлла – цхьа миллион доллар ца кхоччуш.
Воккхачу Стигална дуьхьал 23 бехк кховдийна, лахара а 4 гIулкхан юкъехь, ахчан карташ тIера информаци лачкъо дагахь хиларна а, 2014-чу шарера 2016-чу шаре кхаччалц Американ лаххара а кхаа компанехь ахчанаш дахарна а. Цо харцдо и дерриге а бехкаш.
Ша Стигал Тимас "Американ аз" сайте дийцира, шен цӀе хийцина йу 2006-чу шарахь. Дуьненчу волуш цуьнан цӀе Магомадов Тимур хилла. Нохчи1чуьра схьаваьлла 46-шо долу стаг, дукха а шерашкахь Дагестанехь вехаш хилла, цул тӀаьхьа шен доьзалца - Саратовехь, хӀинца Хасав-Юьртахь вехаш ву боху.
Стигал финансийн рынкашкахь совдегар ву, цуьнан социалан машанашкахь тӀечӀагӀдина ма-хиллара. Иштта а шен интернет агIонехь Стигала дIахIоттийра Дагестанехь, ша дакъалаьцна пачхьалкхан хиламашкара суьрташ. Шен коьрта болх бина ца Ӏаш, йохк-эцархочо жайнаш яздо, масала, Къуръанна а, Суннатана а тӀе а тевжаш, финансийн рынкан таллам беш. Хьалхо, Стигал жигархо вара Кремлехьа болчу "Вайнаш" (Наши) боламехь юкъехь, иштта а 2011-чу шарахь Дагестанехь "Наркотикаш йоцу аптекаш" цӀе йолчу Ӏедалан программин куьйгалхо а. "Американ аз" олучу зорбанан гӀирсан аьтто белира Стигал цу даржехь волчу хенахь, дакъалоцуш йаьккхина керланаш видео-кийсагаш каро.
Амин Стигала, шен дас санна, харцдо Америкехь хакерийн тӀелатарш дина аьлла, бехкаш дахкар. Цо дийцира журналисташка 2020-чу шарахь коронавирусан пандеми йаьржинчул тӀаьхьа, Саратоверчу юьртбахаман академи деша вахарх, цул тӀаьхьа Саратоверчу политехникан институтан информацин кхерамзаллин декъе дехьаваларх а. Амма, масех кӀира даьлча, дӀатесира, кхин бала а ца хилла. ХIинца, видеоловзарех ловзар бен, кхи хIумма а деш вац, бохуш дийцира цо.
Амма иза харц хилар каро йиш ю Аминан ден инстаграмехь: 2020-чу шарахь Тим Стигал коронавирусца дарбан цӀийне кхачийна. Инстаграммехь, шен бераша дайитина кехатан сурт хIоттийра цо, цул сов Амина йаздира, ша университетехь хьалхара модуль чекхъйаьккхина, программировани Iамо волавелла, С++ мотт. "Insider" зорбана хиъна, школехь волуш дуьйна, "Ватикано" а, "Маьрша" вахархо а никашца, Стигал Амин зIене вийла волавелла хакершца а, ахчанан картанийн информаци лачкъоран говзанчашца а. ТӀаьхьо Ватикано украинхойн лачкъийна информаци сайтан RaidForum-ехь йохка дӀахӀоттийра.
Хакерхо хила барт бина?
Американ Ӏедалхоша ца чӀагӀдо, СтигалгIеран да а, кӀант а, царна бехке дохкучу гӀуллакхехь йукъархой хилла бохуш. Цара дийцарехь, Стигал Амин тайп-тайпанчу пачхьалкхийн системашна тӀелатар дарехь дакъалоцуш хилла, Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн 4 белхахочуьнца цхьаьна: Боровков Владиславца а, Денисенко Денисца а, Денисов Юрийца а, Корчагин Николайца а. Дийцарехь, уьш берриш а ГРУ-н 29155-чу тӀеман декъехь гIуллакх деш бу, ишта кхинйолчу цIерашца йевзаш йолчу "къайлахь элитан" декъхь а, 161-гIа Ӏаморан центрехь а. Оцу декъан белхахой кест-кеста бехке бо дозанал арахьа дӀовшан а, кхи йолу а диверсеш йарна.
Билггала, муха зӀене ваьлла Стигал Амин къайлахчу сервисашца, дуьйцуш дац, цунна дуьхьал кховдийначу бехкашкахь. Амма цунах тера масех гӀуллакхехь дийцира "Медузан" журналист хиллачу Туровский Даниила, Оьрсийчуьрчу хакерийн историх лаьцна "ТӀелатар" цӀе йолчу книги тӀехь. Хьалха хиллачу хакершца а, хӀинцалерчу а – массийта иттанашкахь интервью тӀе а тевжаш, Туровскийн жамӀ дина, цхьаберш къайлахчу сервисашца болх бан буьйлало "патриотикан" Iалашонца, ткъа кхин болчара, Оьрсийчохь дина зуламашна жоьпалле ца озор доьху. Стигал Аминан гIуллакх муьлхачу категорина юкъадогӀу хууш дац.
Ростоверчу йоккхачу компанин декъан информацин кхерамзаллин говзанчо, шен цӀе йовзийта а ца лууш, дийцира редакцига, къайлахчу сервисаша, лерина тидам тӀебохуьйту информаци лачкъош а, ахчанаш дохуш хакершна.
"Суна вевзаш ву цхьа стаг, ФСБ тIекхечира цуьнна, амма чу ца воьллира иза. Хетарехь, иза хӀинца цаьрца болх беш ву. Ма -дарра дийцича, уьш зуламхошна тIехьбоьвлла ца Iаш, хIуманах дика кхеташ болу нах лоьхаш бу, цара кест-кеста компанешкара шейн болх бан дӀабуьгу дика кхеташ болу нах." - элира хьостано.
Стигал Тим а цуьнан кIант Амин Оьрсийчохь бехаш мел бу, Америко кховдийначу бехкаша царна бан цхьа а кхерам бац, боху Оьрсийчоьнан репрессиван низамаш бахьанадолуш шен цӀе йаккха ца луучу дуьненаюкъарчу бакъонан эксперто. Америко дукхаха йолчу пачхьалкхашца барт бина белахь а, зулам дарна шеко йолу нах талла а, дӀабала а гӀо дан, амма СтигалгIеран аьтто бу маьрша лела.
"Масала, Къилба Корейца а, Сенегалаца а, Ӏаьрбийн Эмираташца а чIагIам бац бина– вуьшта аьлча, цхьайолу пачхьакхашка лела аьтто бу, амма бац НАТО-н пачхьалкхашкахь ", - бохуш, кхетадо цо.
Юристо СтигалгIеран гIуллакх дусту ЦРУ-ца, Американ Къоман Кхерамзаллин Агентстван белхахо хиллачу Сноуден Эдвардан гӀуллакхца, ма-хаъара цо Американ электронан терго латточу программех лаьцна къайлаха информаци зорбане йаккхинера. Сноуден вехаш ву Оьрсийчохь – мичахь а, муьлхачу цӀарца а къайладаьхкхина: "Политикан хьал хийцадаллалц, иза дIавала шейна пайдехьа а, мехал хIума тIекхаччалц, оьрсиша экстрадици йийр йац цунна. Амма кхерам буьсуш бу. Карарчу хенахь политикан хьоле хьаьжча, хила йиш йолуш ду иза".
"Американ Аз" телехьожийлаца хиллачу къамелехь Амина а, цуьнан дас Тимас а дӀахьедира, ФБР-ца къамел хиллачул тIаьхьа Оьрсийчохь шайна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх долорна кхерам бу. Цундела бехке цахиларх Американа хьалха тоьшаллаш дан лагахь дац шатш аьлла.
"Хьал муьлххачу а минотехь 180-хь градусехь хийцадала тарло. Вайна гуш ду, лаккхарчу даржашкахь хилла болу тӀеман министран Шойгун гӀовсаш хӀинца набахтехь хилар. Оьрсийчоьнан Ӏедалш массо а хӀуманах кхоьру, ткъа оцу тӀегӀанехь йолчу контрагенташца зӀенаш, къаьстина Америкехь, кхерамазаллина кхерам латтош санна лору. Цундела, цу нехан цхьа а лаам бац Оьрсийчохь шейн дахарна кхерамаш кхолла, ама цкъачунна цхьа а кхера хIумма а дац церан". – дерзадо цо шен къамел.
Американ Iедало бехк кховдийна нохчийн цхьаъ бен боцу хакерш хилла ца Iа СтигалгIар. ДIадаханчу шарахь, аьхка лаьцна 20 -шо долу Астамиров Руслан, LockBit програмица, Американ компьютерийн системашна тӀелатарш дарна шеко а кхолайелла. Къайлахчу сервисийн версица, Астамировс, кхин а шина Оьрсийчоьнан вахархочуьнца цхьаьна (царех цхьаъ Канадин вахархо ву), лаххара а 5 тӀелатар дина, шаьш лачкъийначу информацина дуьхьала ахча даккхархьама. Хакерна набахтехь йаккха 20 шаре кхаччалца хан тоха мегаш йу.