ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

" МоттаргIа бен яц Президентан гонера Бакъонийн Кхеташо"


Вевзаш волчу журналисто Шевченко Максима дуьйцу Оьрсийчоьнан Адамийн Бакъонийн Кхеташонах лаьцна

Шевченко Максима ша президентан гонерчу Адамийн Бакъонийн Кхеташонера араволу, аьлла, дIахьедина. Кху беттан 5-чохь (Путина президентан дарж караоьцуш) гIалгIазакхаша Москох протестхошна еттийтар, Iедало иза тергамза дитар цатайна шена, боху цо.

Шен гIулчах лаьцна Шевченкос дийцира "Кавказ.Реалиига".

"Кавказ.Реалии": Стигалкъекъа-беттан 5-чохь хиллачу, гIалгIазакхашца йоьзначу инцидентаца а дузуш, хьо стенна араваьлла Адамийн Бакъонийн Кхеташонера (СПЧ)? 2012-чу шарахь дуьйна вара хьо цигахь, оцу шарахь а ма хилира и саннарг – етташ дIасалаьхкира президентна резабоцчийн гулам, массех жигархо хьажийра набахте.

Шевченко Максим: ХIан-хIа, иштаниг ца хиллера хьалха. ХIетахь, Зазадоккху-беттан 6-чохь (2012-гIа шо), нах дIасалаьхкира, амма иза динарг Iедалан ницкъаш бара. Амма иштта, муьлш бу а цахуучу ЧОП-хоша (Iедалх боцчу хехоша) полицин гIоьнца Москох юккъехь бахархошна оццул къиза йиттина яцара. Iедало Iаьржа ницкъ (черносотенцаш), тIелатархой юкъабаьхна - иза харцхьа гIулч ю.

- Цундела ваьлла хьо Кхеташонера ара?

- Иза хилла ца Iа бахьана, IаьIна, ткъа оцо сакхачийна. Хиллачунна цхьа а реакци яцар, цу тIе. Кхеташоно, даима а санна, ша нахана еттарх лаьцна хаттар дахьийтина, жоп лардеш ю, элира. И санначунна дуьхьал иштта хила ца еза терго. Омбудсмено хатта деза Iедале, Кхеташоно жоп далийта деза.

- Хьуна хIун жоп дезара?

- Со Кхеташонан декъашхой гулбаларе хьоьжура. Москох мэр волу Собянин кхайкха везара цига, Росгвардин буьйранча Золотов везара кхайкха, митинг айина волу Навальный кхайкха везара. Стенна ца кхойкху? Иза а вац Оьрсийчоьнан вахархо? Етташ, хьийзийна журналисташ, гIалгIазакхийн хьалханчаш кхойкхур бара-кх. Халкъана иштта луьстийла лаьа. ХIан-хIа, кехаташ дIасакхехьийтича, шен сайта тIехь рогIера дIахьедар дича тоьу Кхеташонна.

"Iазапна духьалоечу комитетан" куьйгалхочунна, Адамийн Бакъонийн Кхеташонан декъашхочунна тIе баьццара кочалла ("зелёнка") Iанайо – цхьа а реакци яц, Кхеташонан декъашхочо, "Голос" ассоциацин директоро Шибанова Лилияс телефонехула дина конфедициалан къамелаш НТВ-каналехула даржадо – цхьа а реакци яц. Кхеташонан декъашхошна тIе мийраш бетта мега, караIамо мега. Ца лаьа суна цигахь Iан…

- Ахь боху, Кхеташо адамийн бакъонашна дуьхьалъяьккхина пароди ю, спектакл ю. Даима а дара ишта? Я цхьана муьрехь талхадоьлла хьал?

- Массех шо хьалха дуьйна, тхоьгара бакъонаш, таронаш дIаяха йолийчхьана схьа. Юьхьанца набахтеш талла ца дахийтира, тIаккха царна тIехьожучу юкъараллин Комиссера аракхийсира Кхеташонан декъашхой, масала, журналист Масюк Елена, бакъоларъярхо Бабушкин Андрей – набахтешкара хьал мелла а тергалдора цара. Бакъоларъярхойн метте набахтийн системехь болхбина нах ховшийна – эхь ду иза.

ТIаьххьарчу заманахь тхо диттане а ца дуьтура набахтешка, веккъа цхьа Кхеташонан куьйгалхо Федотов воцург, тхуна боберийн хIусамаш талла дуьсура, тхо гучудовлале, сихха, гайта кечйора уьш а.

- Къилбаседа Кавказехь ницкъхошкара юьйлу харцонаш елхайора ахь, журналисташ, Iеламнах байар далхадора, масала, Нальчикерчу ГIаттамехь дакъалаьцна аьлла, лецна кхобучарна тIехIуьттура… Аьтто белирий хьал мелла а хийца?

- ХIан-хIа, ца белира. Цхьаъ ду дан делларг, иза а со бахьанехь а дац – Дагестанера вице-премьер Исаев Шемал коррупцица доьзна лацар. Таллам хьочара журналист Камалов Хьаьжмурд верна а во иза бехке. Ткъа ас-м кхо шо хьалха, Володин Вячеславехула (президентан администрацин куьйгалхочун гIовс вара иза хIетахь) дIакхачийра президенте Исаев бехке хиларх айса гулдина тоьшаллаш. ХIетахь сан къамел лораза дисира, Путине айсса шозза аьлча, кхозлагIа ца элира ас цунах лаьцна– президент холчухIотто эхь хийтира.

Цул совнаха, айса президенте дIаделира оьмар кхачаяллалц набахтехь кхаба Нальчикерчу кхело хан тоьхначу Кудаев Расулах лаьцна кехат. Путина хаьттира соьга: иза ларамза нисвелла гIаттамехь? Ларамза ца нисвелла хила а тарло, амма тоьллачу юристо Маысловский Евгенийс хан тухуш хIоттийна сацам абсурд ю, элира ас. Иза дан а ду ишта.

Масала, Кудаевс полисхо вуьйш дакъалаьцна боху сацамо, амма цо вийна бохучу Iедалхочун цIе йоккхуш а яц. Ша Кудаев ваьхначу Хасанья юьртахь а, гонах а вийна вац стагга а. Ткъа валлалц кхаба набахте хьажийна иза мотт бетта реза цахиларна, тутмакхийн бакъонашкахьа латтарна. Ас ах шо даьлча хаьттира, сан кехатах хIун хилла, ца хаьа, жоп делира суна.

Цундела сан догдаьлла, со ца теша. Суна гарехь, президент Iехаво, цунна ма-дарра ца девза хьал, цуьнан омранаш кхочуш ца до.

- Аьлча а, Бакъонийн Кхеташоно хьуна пайда ца беъна-кх?

- Оцо суна проблемаш бен ца еъна. Карьера лохуш со леллехь, соьга иза ялур яра: хьаькамна бIаьргашчу хьежа, дерриг дика хир ду. Бакъонийн Кхеташонехь хьо велахь, бакъдерг дийца деза, Iедална товш дацара аьлла ца Iаш, хетара суна. МоттаргIа бен яц Президентан гонера Бакъонийн Кхеташо, суна иза ресурс ю моьттура.

Хетарехь, еккъа цхьа медиа ю мелла а ницкъ болуш. Ас Youtube-хь лелочу блоге кхаа беттачохь гулвелла 162 эзар хьажархо. ХIинца со сийсазван гIерта, яц и дийриг ЦРУ, чоьхьара ницкъаш бу. Ас керла видео ешшехь, иза топ-статусе цакхачийта, ца яржийта 7-8 эзар дислайк ("ца тов") хIоттайо.

- Адамийн бакъонаш талхош юйла президентна дIахоуьйтийла а доцуш, ахь хIун лелор ду? Кавказера хьал тергалдарца беш хилла болх дIахьор буй ахь?

- Суна хаийтина, Къилбаседа Кавказ кхидIа ас хьеяхь, со лоцур вуйла. ГIур ву со цига леррина, хьовсур вай муха лоцу. Сол а тоьлла нах бу цигахь лецна, чубоьхкина, хIумма а дац со лацарх. Кепаш лело ца воллу со, суо верриг вуьсур ву.

-Хьо Бакъонийн Кхеташонера араваьллачул тIаьхьа тийсира хьуна кхерамаш?

- Аравалале дара иза, сайцца хиллачу къамелехь. Со кхеро гIоьртина хила а мега. Вайн-м хIун бала бара царна хетачун! Хьанах кхоьру вай, Дела воцчух, кху Лаьтта тIехь?

- Кхеташонехь висиний Къилбаседа Кавказера проблемаш гIитто стаг: динца доьзна гIелояр, кхел йоцуш нах байар, лечкъор?

- И хеттарш массара а санна гIиттадора цигахь, масала, тоьллачу юристаша Полякова Марас, Мысловский Евгенийс.

Сан метте, аьр вай, Курбанов Руслан вахийта мегар ду. Вевзаш журналист, юкъаралхо, дагестанхо, бусалба стаг. Бакъонийн Кхеташонехь цхьа а бусалба стаг вац, Оьрсийчохь уьш 20 миллион белахь а. Мега сан метте гIалгIайн бакъоларъярхо Муцольгов Мохьмад, я Дагестанера журналист-юрист Кадиев Расул, я юкъараллахо Уладиев Сулиман хIотто.

- Ткъа гуш ма ду Бакъонийн Кхеташо цIарна латтош юйла…

- Иза-м со ца ларийна хила а тарлой. Ас яз ма дина, хьаьнга и болх бала тарло. Ткъа суна ца лаьа системица болхбан, со саьрмикна тIех герга вахана - иза дан мегаш ца хилла. Я соьга ца далуш хила а мега. Асчул дика и болх бийриг а вала тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG