ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Скрынникна дуьхьал дов айдина Швейцарин прокуратуро


Оьрсийчоь -- Юртбахаман министр Скрынник Елена, Охан-бутт 5, 2012
Оьрсийчоь -- Юртбахаман министр Скрынник Елена, Охан-бутт 5, 2012

Оьрсийчоьнан премьер-министран Медведев Дмитрийн чоьхьарчу гуонера стаг ларалуш йолчу Скрынник Еленина дуьхьал Швейцарехь зуламан гIуллакх схьадиллина боху хабар даьржина масех кIира а ду. Амма Кремло иза дацаре дора, бехкталламан гIуллакх Скрынникца доьзна ду бохург.

Оршот дийнахь Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочуо Иванов Сергейс дIахьедар дира, Швейцарерчу прокуратурано толлуш берш Скрынникан гIоьнча хиллачу Бажанов Александран леламаш бу, ткъа ша Оьрсийчоьнан юьртбахаман министр хилла йолчу Скрынник Еленах и талламаш хьакхлуш бац, аьлла. Цул совнаха, Скрынникан шен адвокато Вихляев Александра а чIагIдо, Швейцарехь цхьанна а кепарчу зуламийн гIуллакхийн турпалхо и зуда цкъа а хила а ца хилла, цуьнан цу махкара чоташ гIорийна бохург харцдерг ду, бохуш.

Амма кхаари дийнахь немцойн Дойче Велле радион белхахоша динчу хаттарна Швейцарерчу прокуратурано даийтинчу жоьпехь тIечIагIдеш ду, миллионашкахь ахчанаш диларна шеконе лаьцначу Скрынник Еленина дуьхьал зуламан гIуллакх схьадиллина хилар а, цуьнан долара Швейцарера чоташ цигарчу Iедало гIорийна хилар а.

Журналисташка Швейцарин инарла прокуратурин прессица болхбаран декъан векало Фон Бург Линдас яздарехь, цу пачхьалкхан Iедалхоша Оьрсийчуьрчу куьйгалле официала дехар хьажийна, Скрынник Еленина дуьхьал бечу талламехь гIодахьара, аьлла, амма Кремло и дехар цкъачунна тергал а ца дина.

2009-чу шарера 2012-чу шаре кхаччалца Оьрсийчоьнан юьртабахаман министр хилла йолу Скрынник Елена цу дарже хIетахьлерчу Оьрсийчоьнан президентан Медведевн хIусамнанас Медведева Светланас хIоттае а аьлла, кхьачнера бохуш яздо Википедия сайто. Ткъа Дождь телеканалан хаамашца, Скрынник Елений, Медведевн хIусамнана Светлана вуно гергара ши доттагIа ю.

20I2-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан дарже Путин Владимир юхавирзича, цуо хье ца луш балхара дIаяьккхира Скрынник. Хаамийн гIирсанашкахь баржа болабелира, цу зудчуьнна дуьхьал коррупцица боьзна талламаш бу дIахьош боху хаамаш. Ткъа цул тIаьхьа хье ца луш, Скрынник шен доьзалца Франце дIа а яхана, цигахь масех миллион евро мах болчу виллехь ехаш ю.

Оццу шарахь Оьрсийчурчу талламийн структураша тергоне ийцира Скрынник Еленас куьйгалла деш хилла йолу Росагролизинг цIе йолчу корпорацин белхаш. Ша юьртбахаман министр хилларг цу талламашкахь теш санна бен йоьдуш ца хиллехь а, - коьра бехке веш верг цуьнан гIоьнча хилла Бажанов а волуш, - амма оьрсийн Iедалхошна гучуделира, Скрынникан Швейцарерчу чоташна тIехь шеконечу кепара даккхий ахчанаш хилар.

Кху шеран гIадужу баттахь гIарделира, цуьнан чота тIера 60 миллион франк Швейцарино гIорийнила, ткъа Интерфакс агенталло чIагIдарехь, 2007-чу шарера иза министран даржера йоьхначу 20I2-чу шаре кхаччалца цуьнан чотехула I40 миллион доллар чекхдаьлла хилла.

Амма юьртбахаман министр хилла йолу Скрынник Елена цхьаъ хилла ца Iа, Оьрсийчоьнан лакхарчу хьукматхойх а, политикех а Малхбузерчу пачхьалкхашкахь миллионашкахь ахчанаш лардон чоташ а, баккхий бахамаш а берг.

Цу пачхьалкхан идеологехь патриоталла а, Малхбузено йолу гамо яржор а алсам мел долу а, цигарчу куьйгалхой а, политикийн а дозанал арахьара бахамаш алсамбовлу. Я уьш шаьш шаьш дуьйцучух ца тешахь а, я шайний, шайн берашний бен Малхбузера аьхна дахар хьакъ дац аьлла царна хеталахь а.

Иштта, масала, дукха хан йоцуш РБК агенталло бинчу талламца, уггаре а алсамох дозанал арахь петарш а, бахамаш а оьрсийн хьукматхойн Болгарехь ю. Ю цигахь йоккха петар Федерацин Кхеташонан депутатан Федичев Александран, кест—кеста Малхбузенан телхина хилар телевизионехула критике деш волчу. „Со хIурда йисте сайн бераш ца дига ца волу, тхо долчехь шийла ю, ткъа берийн иммунитет тоьллачу хьолехь латтон еза“ - аьллера цуо цу хьокъехь шега журналисташа хаттар дича.

Болгарера петарш хIуммаъ йоцург ю Испанехь Оьрсийчоьнан лакхарчу хьукматхоша а, политикаша а ийдечу лаьттанашка а, виллашка а диллича. Масала, Пачьалкхан думин депутатан Пономарев Аркадийн цигахь кхо петар ю, царех цхьаъ 260 квадратан метар йолуш, говраш хахкал йоккха ю. Ткъа уггаре а доккха цIа Испанехь оьрсийн политикашна юккъехь ГIалгIайчуьрчу сенаторан Полонкоев Ахьмадниг ларалуш ду – 1000 квадратан метар герга долу.

Мел кIезга а 500 гергарчу федаралан тIегIанерчу оьрсийн хьукматхойн бахамаш а, чоташ а ю цара шайн официалан къамелашкахь телевизионехула сел емал ечу Малхбузехь, РБК агенттало тоьхначу чотаца. Царна и бахамаш дозанал арахь эца а, дебон а таронаш декъа цIена цхьана алапах вовшахкхетта бохучух теша хала ду.

Амма Швейцарехь хIинца шена дуьхьал таллам дIахьочу Скрынник Еленин санна, царех цхьанна Iедалца йолу юкъаметтигийн ког тассабаллалца, цу бахамийн хьостанаш ца толлу Оьрсийчоьнан Iедалша.

XS
SM
MD
LG