ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

США-н пачхьалкхан департаменто тидамбина UFC-н латархой Нохчийчу бахарна


UFC-н латархой Генри Сехудо, Джастин Гейджи а, Камару Iусман а. Нохчийчоь, лахьан-бутту, 2022 шо ЧГТРК "Грозный" телеканалан сюжетера скриншот
UFC-н латархой Генри Сехудо, Джастин Гейджи а, Камару Iусман а. Нохчийчоь, лахьан-бутту, 2022 шо ЧГТРК "Грозный" телеканалан сюжетера скриншот

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто тидамбина америкахойн UFC-н кхо латархо Нохчийчу вахарх. Карладоккху, лахьан-баттахь Нохчийчохь мехкан урхалхочун воIаршца цхьана а кхетта, Гуьмсера Оьрсийчоьнан спецназан университетан полигоне вахара Гейджи Джастин а, Iусман Камаруца а, Сехудов Генрица а. Цигахь йоккха топ а, гранатомет а йеттийтинера цаьрга.

MMA Junkie портална йеллачу комментарихь Пачхьалкхан департаментан пресс-гIуллакххоша дIахьедина, США-н бахархошна Оьрсийчу ма гIо аьлла, хьехнера.

"Оьрсийчу кхерстарх тхан рекомендаци юьсуш ю "Ма эха цига" аьллачу тIегIанехь цхьа могIа бахьанашца, иштта Укриане гIортарна а, Американ бахархошна Оьрсийчоьнан къайлаха сервисийн белхахой тIаьхьабийларна а…", - аьлла Пачхьалкхан департаментан векало.

UFC-н спортхойн хьокъехь цхьана а кепара барамаш тIеоьцур буй, ца дийцина спикеро. Лигин куьйгалло а йеш комментарий йац цунах лаьцна.

Нохчийчу шаьш дахарх дийцинарг цхьа Гейджи бен вац. Твиттерехь хиллачу къовсамехь цо дIахьедина, берийн дезачу денна (хетарехь Кадыровн кIентан Адаман вина де) кхайкхина вара ша, мехкан куьйгалхочуьнца цхьанакхетта вац аьлла. Украинана дуьхьал тIемаш бан бохуьйту "лаамхой" кечбечу полигоне вахарх дуьйцуш, герз кхусуш хазахета шена аьлла кхетийна спортхочо. Хьалхо спортхой Нохчийчу богIуш бу аьлла, хьахийра Кадыров Рамзана а. "ВКонтактерчу" шен агIонехь полигонехь яьккхина видео зорбане хIоттийра цо, Оьрсийчоьнан спецназан университетехь хила лууш бу спортхой аьлла, тIе а тухуш.

  • Дуьххьара веана Нохчийчу Гейджи а, Сехудо а, Iусман хилла республикехь 2020-чу шеран лахьан-баттахь – оцу тIехула малхбузерчу журналисташа емалвира иза
  • 2018-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьанакхетар бахьана долуш критика йира Мисарарчу футболан спортхочунна Салахь Мохьаммадна.
  • Кху шеран аьхка The Guardian ресурсан журналисташа бехкбаьккхира нохчийн боксерера Бетербтиев Артурера Кадыров Рамзанца доттагIалла лелорна. ГIирсо дагадаийтира, 37 шо долу спортхо Канадин вахархо хилар, цигахь тренировкаш йеш, турнирашкахь дакъа а лоцуш, амма Нохчийчу леста урхалхо волчу, цуьнца суьрташ дохуьйту, цуьнгара совгIаташ схьаоьцу аьлла. Доккхачу декъана, стохка Бетербиевна республикан цIарах "Мерседес-Бенц" машен а, "Соьлжа-ГIалин сийлахь вахархо" аьлла цIе а луш, совгIат дира.
  • Хьалхо США-н арахьарчу активашна тIехь Iуналла латточу финансийн министраллин урхалло "Iаьржачу тептаре" язбира шайн бахархошна а, резиденташна а бизнес лелон дихкина нах, Кадыров Рамзан а, цуьнан доьзалхой а бара цу юкъахь. Украинера тIом бахьана долу санкцеш яьхна Кадыровна а, цуьнан гергарчарна а дуьхьал.
  • 2017-чу шеран гIуран-баттахь США-н финансийн министралло "Магнитскийн тептаре" вазвира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Кхел йоцуш нах байарна а, Iазапаш хьегийтарна а, кхин долчу адамийн бакъонаш талхорца доьзначу зуламашна а бехкевинера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG