ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенна кечдо Кадыровс шен бераш? Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентийн, йоIарийн даржаш


Кадыровн бераш: Эли,Адам, Ахьмад (хьалхарчу планехь аьрру агIора схьа), Iайшат, Табарик, Хутмат (аьтто агIора схьа шолгIачу планехь) – архивера сурт
Кадыровн бераш: Эли,Адам, Ахьмад (хьалхарчу планехь аьрру агIора схьа), Iайшат, Табарик, Хутмат (аьтто агIора схьа шолгIачу планехь) – архивера сурт

2023 шо доладелчхьана, Кадыров Рамзанан могушалла эшна бохучу хаамашца цхьаьна, цуьнан йоIарий, кIентий Нохчийчоьнан политикан декъехь жигара болх беш санна гойтуш бу. Цуьнан 24 долчу йоIе регионан урхаллин вице-премьеран дарж кховдочу йукъанна цуьнан 15 шо долчу кIанта, меттигерчу телехьожийло бахарехь, "Ахмат" спецназехь буьйранчаш хIиттабо, царна тIеман барзакъ а латтадо.

Путин Владимиро Кремлехь тIелацар, КъурIан дагорна бехкевечунна йеттар, лаккхара чинаш, орденаш, даржаш – хIорш Кадыровн берийн дахарехь хиллачун цхьа дакъа бен дац, церан хенарчара хIинца а шайн карьера йолийна йоцучу йукъанна.

Кавказ.Реалиин корреспондентаца къамел динчу политологаша, йукъараллин гIуллакххоша а билгалдоккху, Нохчийчохь династи кхоллархьама Кремло къобалдеш долийна хIума ду жима КадыровгIар хьалхатеттар. Амма церан куьйгалла даран говзаллаш тидаме оьцуш дац – карьерин некъ церан метта хаьржина.

Доьзалера интересийн конфликт

ТIаьххьара бутт баккъала а хилира КадыровгIеран доьзална дуккха а хиламаш болуш: гIадужу-беттан 2-хь республикан куьйгалхочо хаам бира, шен йоккхахйолу йоI Кадыров Iайшат урхаллин вице-премьер хир йу аьлла. Республикан правительстван куьйгалхочо динера оцу кепара дехар, цо бахарехь. 24 шолчу шен йоьIа "регионерчу культурин министраллин болх кхиорехь доккха дакъа лаьцна", йаздира политико.

ШолгIачу дийнахь цо дIахьедира, "Нохчийн республикан кхоман артистан" совгIат делла ша шен йоIана – цул хьалха луш долу "хьакъйолчу" артистан совгIат делира хIетахь 22 шо долчу Iайшатна цуьнан дас 2021 шарахь. Амма Кадыровс забар йира, шен йоI артист йац аьлла, тIаккха цунна совгIат далар кхетийра, шен кхелхинчу дас, оьрсашкхьа хилла волчу республикан президента Кадыров Ахьмада иза артист хир йу аьлла дIахьедар дарца.

Оцу чинан чулацамехь дуьйцу, и совгIат шена кхаьчнарг "Нохчийн республикан исбаьхьалла кхиорехь шен кхоллараллица дакъа лаьцна хила веза, цул сов, къомана вевзаш, Нохчийн республикан исбаьхьалла цуьнан дозанал арахьа доьналлица дIагайта" дезаш ву.

ГIадужу-беттан 5-хь регионан куьйгалхочо "социалан сферин хьакъволу белхахо" чин делла шен шолгIачу йоIанна – Соьлжа-ГIалин школе даханза долчу берийн дешаран департаментан куьйгаллехь йолчу 23 шо долчу Хадижатна (Каринина). Иштта Соьлжа-ГIалин мэран даржехь волчу шен гергарчу стагна Кадыров Хас-Мохьмадна а йелла цо "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" боху II-чу тIегIанера мидал.

Нохчийчоьнан Конституцехь йаздеш ма-хиллара, регионан урхалла республикан хьалханчан куьйга кIелахь йу, аьлча а, министарш, хьалханчан гIовсаш Кадыров Рамзанан куьйга кIелахь бу. Амма регионан низамашкахь шен гергарстаг куьйга кIелахь долчу даржехь хилар доьхкуш дац, дуьйцу Кавказ.Реалиин редакцига йеллачу комментарехь курхаллина дуьхьало латторан юристо Машанов Григорийс.

"Гуш ду, республикан куьйгалхочун министр, йа вице-премьер – иза цуьнан доьзалхо валахь, церан долара интересаш белхан интересашца ца йан тарло, – билгалдоккху эксперто. – Оцу хьолехь Оьрсийчоьнан президентан аьтто бу и стаг балхара дIаваккха, интересийн конфликт цо дIа ца йаккхарна".

Амма и ца хуьлу, Кадыров Iайшатан белхийн биографи йерриг цуьнан лаккхарчу даржашкарчу гергарчу нахаца йоьзна йалахь а. Цуьнан ден да Оьрсийчоьнехьа йолчу Нохчийчоьнан президент хIоьттича диъ шо дара Iайшатан, цуьнан дас и дарж дIалаьцча – бархI шо. Школера йаьлча меттигерчу университетан экономикан факультет чекхйаьккхира цо. Шен 22 шо долуш Нохчийчоьнан культурин министр хIоттайо иза.

Пачхьалкхан болх бизнесца цхьаьна лелабо цо – Москвахь, Парижехь бусулбачу духарна презентацеш йеш йолчу Firdaws модан хIусаман куьйгаллехь йу иза. 2018 шарахь дуьйна оцу компанин цхьаъ бен йолчу хьалханча а йу. Бакъду, административан ресурс йалахь а, меттигерчу зорбанаша пиар йахь а, компанин кхиамаш цунах тера йолчу компанел а гIийла бу, цул сов, хеттарш кхоллало цуьнга.

Говзаллин декъадалар

Зазадоккху-баттахь президента Путина Кремлехь тIелецира 17 шо долу Кадыров Ахьмад, тIаккха масех кIира даьлча Азербайджанехь официалан хьаькамашца цхьанакхийтира иза. ГIадужу-беттан 5-хь хиира, Кадыровн кIантана "Нохчийн республикан кегийрхойн политикан сферин хьакъволу белхахо" чин делла хиларх. Берийн, кегийрхойн боламан регионерчу декъан Кхеташонан хьалханча хIоттийра иза шо хьалха.

Кадыровн кхин кIант, 15 шо долу Адам, иштта ца волура хаамийн ленташкара. Марсхьокху-баттахь иза шен деца хилира СИЗО чохь – низамца дуьстича, рожан объекте кхача бакъо йацара кхиазхочун. КъурIан дагорна бехкаш дехкина лаьцна волчу волгоградхочунна Журавель Никитина йиттира цо. Оцу хаамо федералан резонанс гIаттийча, Нохчийчуьрчу полицино таллам болийра, амма дукха сиха дIаберзийра иза – Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант жоьпалле озон йиш йац иза дукха жима хиларна.

ТIаккха дукха хан йалале Кадыров шен кIентаршца Нохчийчухула йолчу Росгвардин "Ахмат" СОБР-н базе веара. Цигарчу буьйранчо Эдилов Тимура дийцира, 15 шо долчу Дустума (Кадыров Адамах олу иза. – Билг.) спортан зал, казармаш тайайтина, ур-атталла кхиазхочо Рахьман цIе йолу "керла буьйранча хIоттийна" батальонехь.

Кадыров Адам
Кадыров Адам

Дустум – иза афганхойн инарлан цIе йу, 1990 шерашкахь хIетахь нохчийн гIаттамхойн рогIехь хилла волчу Кадыров Рамзана лелийна боху и цIе. Хетарехь, цуьнгара цуьнан кIанте кхаьчна иза.

Коьрте ца догIу, низамаш лелаш, Iедал хийцалуш йолчу пачхьалкхехь кхиазхочо ницкъаллин хьукматан буьйранчаш хIиттор, йа куьйгалхочун зенделларг доцучу йоьIа лаккхара пачхьалкхан пост дIалаьцна бохург, дуьйцу Кавказ.Реалига оьрсийн репрессийн низамаш бахьанехь шен цIе йаккха ца лиъначу оьрсийн политолого.

Росгвардин бакъболчу эпсаршна а тIе леррина туй кхоссар ду иза

"Амма Путинан Оьрсийчоьнан уггар гайтаме йолчу Кадыровн Нохчийчохь иза хила йиш йу. Росгвардин бакъболчу эпсаршна, оцу хьукматан куьйгаллина а тIе леррина туй кхоссар ду иза. ТIаккха федералан центр бIаьргаш хьаббина Iаш йу, цул сов, цо иза къобал до", – дийцина цо.

Къамелдечо тIетоьхна, Кадыровн бераш масех агIонехула кечдеш ду: спортехь шен кхиамаш ца баьлла волу Адам эскархо хила мега. Iайшата, хетарехь, Нохчийчохь дIалелор бу шен болх, тIаккха формалан кепехь доьшийла чекхйаккхарх кехат даьккхина волчу Ахьмадна, хетарехь, федеран тIегIанера цхьа дарж кечдеш ду, президентан Путинан хьехамчан Эдельгериев Русланна санна.

"Амма и дерриге а цхьана бехкамца бен хила йиш йац – Путин Iедалехь виссарца, хIунда аьлча, цо а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо а бинчу барта тIехь лаьтташ ду дерриге а", – дерзийна политолого.

Кремлана пайде йолу династи

СовгIаташ даларан инициатива президентан администрацера схьа йу аьлла хета Кавказан къаьмнийн Ассамблейн куьйгалхочунна Кутаев Русланна.

"Оцуул сайн ресурсаш хилча, аса, Кадыровн метта со хилча, цкъа а сайн бераш Iедална улле дуьтур дацара: республикин бахархойн хIаллакбинчу кхолламашца а, церан синошца а бехво стаг оцу Iедало. Кремло леррина хаьржина Кадыровн бераш, царах уггар говзаниг лоьхуш, шайн ден метта дIахIотта кийча муьлхаргниг ву хьожуш", – аьлла Кутаевс.

Цунна хетарехь, шо долалуш бен ца хиина журналисташна Кадыровн хьолаца дерг, амма президентан администрацехь цунах лаьцна хьалххе дуьйна девза. "Нохчий куьйг кIелахь латторан" модель ларйан гIерташ болу царна оьшуш бац цIаьххьана хийцамаш, тIетуху къамелахочо: "Паритет ларйархьама Москва кийча йу, зенделларг доцу кхиазхо, йа къона йоI харжа".

Авторитаран пачхьалкх хилла йолчу Нохчийчоьнах Кадыровхойн доьзалан клан хуьлуш лаьтта

Цо бохучуьнца реза ву Карлован университетан социалан факультетан белхахо, Украинера тIом болабалале – НИУ "Лаккхара экономикан школан" публикан политикан кафедран доцент Дубровской Дмитрий.

"Кадыровх хьоьгийла дац – шайн ка ма-йаллара иза вовшахвоккхур вара ах республико, йа федералан Iедалерчу наха а, – хета экспертна. – Кремлера Iедал хийцаделла, йа могушалла эшна иза балхара дIаваьлча иза ларвийр берш цуьнан политикан йозалла гулйина бераш ду, царах баккъала а теша йиш хир йу цуьнан".

Дубровскийс мах хадорца, чолхе хьал нисделча шайх кадыровхой олучех теша йиш йу Кремлан – "нехан цIийца, къоланаш лелорца вовшашца бихкина болу Нохчийчуьра эскархойх". Иштта, цунна хетарехь, авторитаран пачхьалкх хилла йолчу Нохчийчоьнах Кадыровхойн доьзалан клан хуьлуш лаьтта.

"Росгвардин, тIеман министраллин пачхьалкхан куьйгалхочун Iедал лардан аьтто ца балахь, царах теша йиш йу аьлла хетачух тера ду Москвахь", – дерзийна политолого.

  • Пачхьалкхан даржаш тайп-тайпанчу хенашкахь дIалаьцнера Кадыров Рамзанан 100 гергарчу наха. Нохчийчохь иттаннашкахь мехкан урхалхочун гергарнаш хIиттабо регионехь куьйгаллин лаккхарчу даржашка. Шен цIийнах болу нах хьалхатеттарехь, къийса хIума ца го цунна шена. "Сайн тешам берриг хIоттаво", - элира Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG