ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Террорхойн банданашна» дуьхьал латтарна эскархошна баркалла аьлла Асада


Шема -- Шемара гIаттамхой кеманашна тоха герз кечдеш бу Алеппо гIалин йистехь, 31Товб2012
Шема -- Шемара гIаттамхой кеманашна тоха герз кечдеш бу Алеппо гIалин йистехь, 31Товб2012

Шеман тIеман ницкъаш кхоьллина 67 шо кхачар даздеш, йозанца дIахьедар дина президенто Асад Башара. Цо баркала аьлла эскарехь гIуллакх деш болчу нахана, герз карахь лелачу террорхойн банданашна дуьхьал латтарна. Шеман кхоллам бозуш бу гIаттамхошна а, Iедалан ницкъашна а юкъахь доьдучу тасадаларх, аьлла хета цунна.


Кху тIаьхьтарчу масийтта къирнах совцуш дац цу мехкан уггара йоккхачу шина гIалахь Димашкъехь а, Алеппохь а урамашкахь дIадоьлхуш долу тасадаларш.

Оппозицин жигархоша дийцарехь, стохка Зазадоккху-баттахь дуьйна,Iедалшна дуьхьал бахархой гIоьвттинчул тIаьхьа, Шемахь вийна 20 эзар гергга стаг. ТIаьххьара болчу хаамашца, тIематасадаларш дуьйладелла Димашкъан Баб Тума а, Баб Шарки а олучу керстан нах бехачу шина кIоштахь.

Лондонехь туп тоьхна болчу Шемарчу бакъонашларъярхоша дийцарехь, цхьа салтти вийна церах цхьана кIоштахь. Цул сов, герзаш деттар хезаш ду Димашкъан юккъехь болчу БагIдадан цIарахчу урамехь.

Ши къира а дара Шеман президент Асад Башар махкахошка вист хиланза. Малхабузерчу зорбанан гIирсаш билгалдоккху тIеман ницкъаш кхоллар де даздеш эскархой декъалбар кехат тIехь дина хилар.

Цу хеннахь Amnesty International олучу дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашкахула йолчу вовшахтохаралло бехке бина Iедалан ницкъаш Алеппо-гIалахь тIемаш доьлхуш адамаллина дуьхьал зуламаш дарна.

ПхоьалгIа де ду цу гIалахь тIематасадаларш доьлху. Iедалан ницкъаш пайда оьцуш бу тIеман кеманех а, яккхийчу тоьпех а. ТIеман кеманаш бомбанаш йиттина Алеппо-гIала Кхаарийн дийнахь а. Цхьаболчу хаамашца, танкийн ковр ю цу гIалана тIе йоьдуш Къилбехьара.

Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохаралло дагадарца, мел-лаххара а 200 эзар стаг дIавахана Алеппора, цигахь тIемаш дуьйладелчхьана. Верриг а цу гIалахь вехаш ву 2 миллион стаг.

Цул сов, тIематасадаларш доьлхуш ду кхечу Шемарчу гIаланашкахь а. Дуьненаюкъаралла цкъачунна гIорасиз хилла ююсуш ю Шемара хьал дIадерхо гIертарехь.

Iамеркан тIеман министр Панетта Леон Шинарийн дийнахь КъахIире кхаьчна. Кхечу хаттаршна юкъахь цу мехкан куьйгалхошца цо дийцаре дира Шемара хьал а.

Цул тIаьхьа хиллачу зорбан-конференцехь Панеттас элира Вашингтон дуьненаюкъараллица цхьаьна шега долуш дерг деш ю Асаде Iедалан мукъ битийта аьлла.

Панетта Леон: «Карарчу хенахь хьал муха ду аьлча, Цхьаьнатоьхна Штаташ дуьненаюкъарчу шен бертахошца болх дIахьуш ю, Асадан режим Iедалера дIаяккхар Iалашонца, мелла а цунна тIеIаткъам беш, ткъа оппозице - демократин реформаш дIаяхьийта а, Шеман халкъ Iалаш дан а, цуьнан дахаран аьттонаш бан а».

Кхаарийн дийнахь Iамеркан тIеман министр Панетта Леон хилира Израилехь. Цигахь а хьехош дара Шемара хьал.
XS
SM
MD
LG