Шемара баьхкина мухIажираш коьртачу декъана дIатарбина бу ГIебртойн-Балкхаройчоьнан коьртачу гIалахь Нальчикехь. Масала, Терек олучу снаторехь бехаш бу 15 доьзал. Церан дахарх лаьцна оха дийцира стохка аьхrа.
Кху деношкахь Маршо Радион корреспондент хилира и нах бехачу меттехь. Сурт хийцаделла дац. Уьш беха меттиг ю яккхийн тоьпаш йиттинча санна.
Хьалха санна ченалахь баха безаш бу уьш, кхача а кечбеш, бераш а кхобуш.
Эфендиева Ольга ГIебартойн Балкхаройчу Шемара баьхкинчу мухIажиршна шен лаамехь гIо деш ю.
Цу нахах къахеташ араяьлла ю иза. Коьртачу декъана цара Iуналла деш бу Шемара чергазий. Ткъа уьш 2000 гергга стаг ву бохуш дийцира цо Маршо Радионе.
Эфендиевас билгалдаккхерехь, Шемара чергазойх цхьаберш санаторешкахь бехаш бу. Налчикехь цхьацца хIусам карийна дIатарвелла ву 221 стаг, царах 46 бер ду.
Амма шаьш мухIажирш дийцарехь, церан коьртачу халонех дерг ду бан болх цахилар. Уьш хенах бовлуш бу наггахь ахча даккха аьтто хилар бахьана долуш а, меттигерчу юкъараллан жигархоша сагIа далар бахьана долуш а.
Дуьйцу Тленкопачев Хани.
Тленкопачев Хани: "Со Шемара веана ву ГIебартойн-Балкхаройчу. ЧIогIа хазахеташ ву со сайн дай баьхначу махка ваха хаарна. Кхузахь дIабоьхкина бу тхан дай. Меттигерчу бахархоша доладо тхан.
Уьш гIо дан гIерта тхуна. Цхьаболчу мухIажирашна баха хIусамаш эцна Анзорей а, Благовещенка а олучу ярташкахь. Хала ду болх каро. Шемахь оха караерзийна говзаллаш кхузахь оьшуш яц».
Ворокова Самира а ю Шемара махIажир. Цо дуьйцу.
Ворокова Самира: "Тхо кхуза кхайкханарг Шемара мухIажирашна накъосталла дон вовшахтохаралла ю. Тхан дай баьхначу махкахь мехах хIусамаш чохь Iаш дара тхо. Амма таронаш чекхевллача тхо "Эльбрус" олучу санаторийчу дехьа дехира.
Цигахь бехаш бара кхин болу а Шемара мухIажираш. Цхьана хенахь цигахь Iийра тхо а. Цигахь ремонт ян еза аьлла "Терек" санаторе дехьа дехира тхо. Цхьаболчарна хIусамаш йелла. Уьш дIабахана. Кху санаторехь бехаш бисина 15 доьзал".
Уджуху Адель Шемара мухIажир ву. Реза дуй шу Оьрсийчохь шайна бинчу аьттонашна аьлла хаьттича, иштта жоп делира цо.
Уджуху Адель: "Хьалхо тхо виъ вара цхьана чоьна чохь вехаш. Со а, сан зуда а, воккха ши кIант а. Зудчуьнан шекаран лазар ду. Ас дехха дийхира гIо дар. Тхо дехьа даьхча хьал мелла а тоделира".
МухIажиран кхоллам дукха декъаза бу. Дахар хьовха, дерриг а дуьне доьхна арваьлла ву иза. Цундела кхеташ ду цара, Iедалийн оьгIазаллах озалуш, шайн хьал мел ледар делахь а латкъамаш ца бар. ТIеххьара болчу хаамашца, Iедалш юха а дош делла мухIажирашна гIо дан.