Асадан Башаран эскарой, герз карахь летачу гΙаттамхоший вовшашца бен тΙемаш кест-кеста марсабуьйлучу меттигех нисъелла Шемахь алссам чергазий а, суьйлий а, нохчий а беха меттигаш – ХΙомс, ХΙалеб, коьрта шахьар Демаьшк. Иштта а пачхьалкхахь бахамца, дахаран хьелашца билгалбовлуш хилла а боцчу царна алссам кхочу таханлерчу кегарин къаьхьа дакъа.
Хиллачу зенийн статистика ю Шемарчу кавказхоша шайлахь хьош. Ах сов йохийначу ХΙомсарчу ши миллион бахархошлахь велла ларалуш ву бΙе сов чергази, дагестанхо, нохчо. Цигахь дукха хан йоццуш эккхийтира гΙаттамхоша, масала, чергазех волу эпсар-полковник а.
Бакъду, Шемарчу кавказхоша диц ца до шаьш тΙедаьхкина нах хилар, диц ца до иза бухарчу Ιаьрбаша а. Оцу бахьанийца кавказхошна шайн ма-хуьллу юьстаха латта дуьсу бухара къам вовшахлетачохь. Ткъа оцу позицино шеконашка йоху вовшахлета агΙонаш а. Доцца аьлча, кавказхой Шема баьхкича ши бΙе шо гергга хьалха шайн дай санна хьешийн хьолехь бу махкахь.
Демаьшкахь тΙемаш буьйлабеллачу муьрехь дуьйна а бу кавказхой Кавказе дΙакхалха дог-ойла гΙаьттина. Цхьаъ делахь, тΙамах къелхьарабовлархьама, шолгΙа делахь, дайша сатийсамца юьйцуш марзйинчу Декъаста кхачархьама.
Оцу тΙехь комаьршалла гайтарца, я къоман само меттахъяларца къастабелла бац децΙера я нохчий а, я дагестанхой а. Тер-мера хΙума лелочех бу Майкопера адыгаш, Сухумера абхазой, Нальчикера гΙебартой. Мелла а Шемара шайн цΙийнахой тΙеэцна цара.
Шемарчу гΙебартойх, я шуьйрра аьлча, чергазех Нальчике мухΙажир ваьлла веъна Сижаже Шемал. Цо цхьа зама хьалха, Шеманний, Оьрсийчоьнанний юкъаметтигаш дика хилла хиларх пайда а оьцуш, дешна Москохахь, цундела цунна дика хаьа оьрсий мотт. Нальчикехь шайна бинчу аьттонех лаьцна цо иштта дийцира Маршо Радионе.
Сижаже Шемал: «300 стаг хиллал стаг ву цкъачунна веънарг. Нах схьакхаьчча, документашца, аьр вай, ханна кхузахь Ιан бакъо, я вехха Ιан бакъо йоккхуш гΙо до тхуна, я могашаллин анализаш дΙалуш – дерриг а маьхаза ду. Доцца аьлча, мелла а гΙо до.
ХΙусамех дерг. Массо а «Эльбрус» а, «Дружба» а цΙе йолчу санаторешкахь кхобуш бу. Цигахь Ιар а, дийнахь кхузза юург ялар а маьхаза ду. Ткъа болх бан цкъачунна цамагадо – тоъал документаш дац мухIажиршкахь. Цундела и кехаташ хиллалц, болх баларе са а туьйсуш, мукъа Ιаш ду-кх. ХIинца кхин а 1000 стагна кхуза ван магош кехаташ дахьийтина Шема. Иштта, кхин а алсам нах богΙур хир бу-кх».
Сижаже Шемална ша цкъачунна хьаша хета Кавказехь. Цундела цо кIеда дуьйцу шен а, шеца дайн латта тΙехь баха юхабаьхкинчу а нехан Нальчикерчу хьолах лаьцна. Ткъа цо юьйцучу «Эльбрус» а, «Дружба» а санаторешкахь дац доьзалшна тоъал комфортехь баха хьелаш.
Стага хьешацΙа чохь, я санаторехь де-буьйса даккхар цхьаъ ду, ткъа доьзална бахабоьлча гуш хуьлу кхачам бацарш, юург кечъян, я бедар йитта юьстахарчу чоьнаш чу а лелаш, иза юкъарчу меттигаш дан дезаш нисделча. Иштта хьелаш бен дац оцу шина а санаторехь.
Ткъа уггаре декъазниг – Ιедалера бац цΙабаьхкинчу Шемарчу гΙебартошна кхузахь кхочу и гΙийла аьттонаш а. Ιедало, Кремлерчу Ιедало, йоцуш лору Шемара проблемаш, официалехь тΙе ца оьцу цигара мухΙажирш а.
Ιедало дан догΙург цундела бухарчу бахархоша – хуьлда уьш совдегарш, я президентан Каноков Арсенан гонера хьаькамаш – шайн лаамца, шайн генарчу махкахошка болчу безамца деш ду. Оцу тΙехь Ιедало долччохь дитина кхузарчу а, Шемарчу а кавказхоша цхьаьна баха лууш эзарнашкахь дина а, ден а дехарш.
Шаьш шайггара мухΙажирийн дуьхьа бечу балхах лаьцна махкахой тΙеоьцучу юкъарлонехь жигархо волчу Нальчикерчу Хагажей Беслана иштта дуьйцу.
Хагажей Беслан: «Уьш арахьарчу мехкийн бахархой ларало. Советан Ιедал доьхначу мехкашкара баьхкинчу нахе – хуьлда уьш эрмалой, узбекаш, таджикаш, казахаш – алсам бакъонаш йолуш бу, цаьрга ларам бу Ιедалан Малхбалерчу кавказхошкачул.
Федералан программа ю махкахой тΙеэцарх лаьцна. Амма изза иштта тIоьхула дΙа тΙеэцна ю, лелаш яц. Лелахь а кхечу пачхьалкхашкара Оьрсийчу боьрзучу оьрсашна лерина ю, вайн нахана яц. Я демографи телхина, бахархой ледара тΙекхуьучу, я белхалой ца тоьучу меттигашна лерина ю.
Цундела вайн мухΙажирш бац оцу программин декъахь. Иштта нисло хΙара нах цхьана агΙор махкахой а болуш, вукху агΙор хийра нах а болуш. Пачхьалкхан бала бац вайн лазамийн. Ден гΙо а совдегарша а, къоман бала болчу юкъархоша а шайггара деш ду».
Мухха а делахь а, чергазийн а, гΙебартойн а балакхаьчна шайн Шемахь гΙело хьоьгучу вежарийн, йижарийн. Ткъа хьенан бала бу иштта тΙема буха а нисбелла, гIелонехь тахана бехачу цигарчу дагестанхойн я нохчийн?
Кху деношкахь Нохчийчу еъна хьийза Шемара цхьа жима делегаци, шайца цигара Ιилманча-нохчо Вайнах Ахьмад а волуш. Уьш шайн, аьлча а, вайн нахана гΙо деха баьхкина. Цара дийцарехь, Шемарчу нохчаша а сатуьйсу ДегΙаста кхача а, цигахь баха а.
Дийцарш хΙинцца бен дуьйлалуш а дац Кадыровн администрацица. Ткъа Шемахь тΙом боьду а, нах леш болу а-м ю шо сов зама. ТΙеман къахь муьлхачу чомахь хуьлу хууш болчу нохчаша-х кховдо дезарий Шемарчу вайнахана сихха гΙо-накъосталла...
.