2022-чу шеран чиллан-баттера схьа дуьйна болийначу тIемашкахь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашлахь могIарерчу эскархошлахь эшамаш хилла ца Iаш, лаккхарчу тIеман буьйранчашлахь а цхьаьна бу. Беллачу лаккхарчу даржхошлахь – иттех сов ву Нохчийчохь тIемашкахь дакъалаьцна хиларца бевзаш. Кавказ.Реалиин редакцино дуьйцу, Украинехь байъинчех муьлха инарла вара Нохчийчохь хиллачу тIемашца воьзна.
Украине тIамаца чугIоьртинчу оцу шина шарчохь Оьрсийчоьнан армин куьйгаллехь хилла нах уггар а хьалха гIарабевлира Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь. Оьрсийчоьнан эскаран Украинехь тIаьхьий-хьалхий аьтто боьхначул тIаьхьа 2022-чу шеран гурахь тIеман министро Шойгу Сергейс армин инарла Суровикин Сергей хIоттийра Украинерчу тIамехь дакъалоцучу Вовшахтоьхначу эскархойн тобанан буьйралла дан.
Нохчийчохь тIамех чекхваьлла ву Суровикин. 2004-чу шарахь Нохчийчуьра Ханкалахь куп тоьхначу 42-чу гвардин дивизин командир хIоттийра иза. Суровикинан цIе массарна а гIарайелира 2005-чу шеран мангал-баттахь нохчийн Бороздиновская олучу станицехь маьрша нах лечкъийначул тIаьхьа. ХIетахь Ямадаев Сулимас куьйгалла дечу "Восток" батальонан спецназан тобано зачисткаш йира станицехь, цу хенахь цхьа стаг вийра, меттигера 11 вахархо лачкъийна вигира. Тахана а цхьаьна тIепаза байна лоруш бу уьш. Бехкаш дехкира ГРУ-н "Восток" батальонан командирана Азиев Мухьадина – кхо шо хан кхайкхийра цунна арахь такха: цхьана а кепара таIзар ца деш витира хIетахь Суровикин.
Билгала ду, Украине хьажийначу тобанан урхалле Суровикин хIотторна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан тIетар.
Цул тIахьа дечкен-баттахь оцу даржехь Суровикин хийцира кхечу "нохчийн инарлас" – Герасимов Валерийс. Цуьнан биографи а цхьаьна йу Нохчийчохь хиллачу шолгIачу тIамаца йоьзна. 1998-чу шеран чиллан-баттера схьа дуьйна цо гIуллакх дина Къилбаседа Кавказан тIеман гонера 58-чу армин, цуьнан дакъош Нохчийчохь тIемаш беш дара 1999-чу шеран марсхьокху-баттера дуьйна. Оьрсийн-нохчийн шолгIа тIом баьлла ши шо даьлча Герасимовс куьйгалла дира 58-чу армин, ткъа 2006-чу шеран гIуран-баттахь, и чекх а балале, Къилбаседа Кавказан тIеман гонашкара штабана урхалла дан хIоттийра. 2000-чу шеран зазадокху-баттахь нохчийн БердакIела эвла схьайоккхучу хенахь маьршачу бахархошлахь дуккха а баларш хиларна бехке лору иза къаьстинчу аналитикаша
Украинана долийначу тIелатаре йукъаозийна инарла-лейтенант Матовников Александр гIуллакх деш вара 1980-чу шерашкара схьа дуьйна "А" КГБ СССР-н антитерроран декъехь (хIинца – Оьрсийчоьнан ФСБ-н "А" ЦСН-н олу цунах, "Альфа" леррина дакъа). Цо дакъалаьцна Къилбаседа Кавказехь гIарайийлинчу операцешкахь, царлахь ду 1995-чу шарахь Буденновскехь дарбанан цIенна а, 2002-чу шарахь Дубровкера театрана а дина тIелатарш. ТIаьхьо "Альфан" хьаькаман хьалхара гIовс Матовников Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн лерринчу операцийн Ницкъашкахьа (ССО) дехьаваьккхира. Карарчу хенахь Лаьттахула лелачу эскарийн Коьрта буьйранча ву иза, цундела Украинерчу тIамца иза воьзна ца хуьлийла дац.
"Кадрийн пхьалгIа"
Адамийн бакъонашкахула йолчу "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочунна Черкасов Александрна хетарехь, Нохчийчохь тIемаш бина инарлийн зеделларг хиларо а гойту, оцу регионехь хилла ший а тIом кадраш кхион пхьалгIа хилар.
"Вукху агIор, Нохчийчуьра ца бевлла кхузаманан Оьрсийчохь стенгара бевр бара тIамехь дакъалаьцна зеделларг долу инарлаш? ХIаъ, церан хенашка хьаьжча олийла ду вай, салти, йа лахара командир санна Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу тIамехь цара дакъалаьцна хилар. Амма шолгIачу тIамехь уьш сиха даржашкахь лакхабевлира, шо шаре мел долу тIамехь дакъалацаре хьаьжна ирх боьлхуш", - билгалдоккху къамелдечо.
Оьрсийчоьнан инарлаша шайн карьера йина тIамера кхечу тIаме а боьлхуш, царах цхьаммо а жоп делла дац
Ца дуьйцуш дуьтийла йац Украинал хьалха Шема а хилла хилар, цигахь а шайн тIеман зеделларг дахчийна цара, тIеман карьерехь лакха а бовлуш, кхин дIа дийцира цо.
Кеп-кепара оцу тIемашкара арабуьйлура инарлаш, билгалдоккху Черкасовс: цхьаболчийн ларам хуьлу эскархошлахь, масала, инарла-полковник Теплицкий Михаил санна, цхьаболчарна ца хиира шаьш нийса дIагайта Пригожина бунт гIаттийначу хенахь, Евкуров Юнус-Бекана санна. Улло охьахиъна, бунтхойн хьаькамца къамелдира цо, оцу тIехула Африке хьажийра иза.
"И бохург хIун ду, Оьрсийчочьнан инарлаша шайн карьера йира цхьана тIамтIера кхечу тIаме а боьлхуш, оцу йукъанна цхьа а жоьпаллехь ца хилла шайн куьйгакIел болчара динчу зуламашна. Тахана Оьрсийчоьнан тIеман инарла хуьлийла дацара нохчийн-оьрсийн тIемаш ца хиллехь. Нохчийчохь хиллачу тIемийн тIаьхье йу таханалера Украинехь болу тIом", - аьлла хета Черкасовна.
Украинех тасабелларш
Мухха делахь а, Нохчийчохь хилла тIеман зеделлачух гIо ца хилира Оьрсийчоьнан иттех инарлина, 2022-чу шеран чиллан-баттахь Оьрсийчоьно Украинехь болийначу керлачу тIамехь Iалашбала. Йилллинчу хьасташкара хаамашца, ши шо сов заманчохь Оьрсийчоьнан эпсаршлахь лаккхарчу чIагарца болчу нахалахь велла Нохчийчохь тIемаш бина мел лахара а кхойтта инарла
Украинехь байъинчашлахь къаьстина билгалваккха вогIу Суховецкий Андрей, Мариуполь гIалин кIоштахь иза валарх хаамбира 2022-чу шеран зазадокху-беттан йуьххьехь. Оьрсийчоьнан Коьртачу тIеман гонийн 41-чу йукъарчу армин командиран гIовс вара иза лечу хенахь. Уггар а титулаш йолчу Оьрсийчоьнан инарлех ву иза, Нохчийчохь, Абхазихь, Шемахь, иштта аннекси йинчу ГIирмехь а цхьаьна дакъалаьцна.
РогIера билгалваккха вогIу инарла-майор Герасимов Виталий а, штабан хьаькам – Коьртачу тIеман гонийн йукъарчу 41-чу эскаран буьйралла дечун гIовс. Танкан взводан командир волуш йолийра цо шен карьера Нохчийчохь шолгIа тIом болуш, тIаьхьо Къилбаседа Кавказан а, Генарчу Малхбален тIеман гонашкахь а дешаран танкан батальонан штабан куьйгалла дира цо (1999-2005-чу шерашкахь). Оьрсийчоьна хьасташа тIе ца чIагIдира иза валар, ткъа украинхойн хьасташа чIагIдора, Харьковна гергахь инарла валар 2022-чу ушеран зазадокху-беттан йуьххьехь.
Инарлин погонашца болчу эпсаршлахь Украинехь беллачарлахь билгалбаха богIу Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а хиллачу тIеман конфликташкахь дакъалаьцнарш:
- Инарла-майор Митяев Олег Юрьевич, 1995-чу шарера схьа 2007-чу шаре кхаччалц гIуллакх дина ву иза къаьстинчу хIаваан-десантан бригадехь (СКВО), вийна иза Мариуполь схьайоккхучу тIамехь 2022-чу шеран зазадокху-беттан 15-чохь. Оьрсийчоьнан хьасташа и тIе ца чIагIдо;
- Инарла-майор Мордвичев Андрей, Къилбан тIеман гонийн 8-гIа йукъарчу армин куьйгалла дина, Къилбаседа Кавказера хиламашкахь дакъалаьцна, хаамбора, 2022-чу шеран зазадокху-баттахь иза Мариупольна гергахь вийна бохуш – Оьрсийчохь иза валар бакъдина дац;
- Инарла-лейтенан Кутузов Роман, штабан куьйгалхо – Къилбан тIеман гонашкара 8-чу гвардин армин командиран гIовс, Нохчийчуьра хиллачу шолгIачу тIамехь дакъалаьцна ву, велла 2022-чу шеран аьхка Украинера Попасная эвлан гонашкахь, Оьрсийчохь тIечIагIдира цуьнан валар.
- Инарла-майор Рязанцев Яков, Къилбан тIеман гонашкара 49-чу йукъарчу армин буьйранча, Нохчийчохь тIамехь дакъалаьцна ву. Вийна иза Чернобаевкехь 2022-чу шеран зазадокху-беттан 24-чохь, Оьрсийчоьнан куьйгалло иза валар бакъ ца дира;
- Инарла-майор Завадский Владимир, Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийна 14-чу армин корпусан командиран гIовс, 2023-чу шеран лахьан-баттахь велла иза украинхойн Изюм гIалина гергахь. Нохчийчохь тIемаш барна дина совгIаташ а дара цуьнан.
- Инарла-лейтенант Ульянов Дмитрий, 98-чу хIаваан-десантан дивизин хилла командир, Нохчийчохь тIамехь хилла ву, 2023-чу шеран чиллан-баттахь вийна Изюм гIалана гергахь;
- Инарла-лейтенан Цоков Олег, Къилбан тIеман гонашкара эскарийн куьйгалхочун гIовс хилла ву, Нохчийчохь тIамехь дакъа а лаьцна цо, 2023-чу шеран товбеца-беттан 11-чохь Запорожьен кIоштара Бердянскехь ракеташца тохарш динчу хенахь велла;
- инарла-майор Ульянов Дмитрий, хIаван-десантан дивизин хилла командир, Нохчийчухула чекхваьлла ву, велла 2023-чу шеран чиллан-беттан 6-чохь украинхойн Изюм гIалина уллохь;
- инарла-майор Горячев Сергей, дакъалаьцна цо Нохчийчохь хиллачу шина а тIамехь, йукъарчу 35-чу армин штабан хьаькам вара иза. Велла 2023-чу шеран товбеца-беттан 12-чохь.
Украинана тIамца тIелеттачул тIаьхьа пайден цахиларна масех Оьрсийчоьнан инарла дIаваьккхира эскарийн куьйгалла дечуьра, уьш хIун бахьанашца дIабаьхнера даржашкара редакцина хууш дац. Делахь а оцу цIерашлахь бу Нохчийчохь тIамехь дакъалаьцнарш а:
- инарла-полковник Лапин Александр, Нохчийчуьра шолгIачу тIеман декъашхо, БуьритIера йукъарчу 58-чу армин командиран гIовс лаьттина иза, ишта 429-чу полкан командир а хилла (Моздок Къилбаседа ХIирийчоь);
- армин инарла Двоников Александр, Нохчийчохь шолгIачу тIамехь хилла, дакъалаьцна цо Соьлжа-ГIала йоккхуш (1999-2000-чу шерашкахь), 2022-чу шеран оханан-беттан 8-чохь Украинехь тIемаш бечу ницкъийн командир хIоттийра Дворников;
- инарла-полковник Жидко Геннадий, 2007-чу шарера 2009-чу шаре кхаччалц командир лаьттина Къилбаседа Кавказан тIеман гонийн гвардин 20-чу дивизин;
- инарла-полковник Журавлев Александр, штабан хьаькам хилла – Къилбаседа Кавказан тIеман гонийн 58-чу армин куьйгалхочун хьалхара гIовс лаьттина;
- инарла-майор Попов Иван, 58-чу армин командир хилла, Запорожьен (Украина) агIор долчу Оьрсийчоьнан эскарех жоп луш хилла ву, Нохчийчуьра шолгIачу тIамехь хилла, лаьцна ву карарчу хенахь.
Украинхойн стратегин коммуникацийн а, информационан кхерамзаллин а Центран эксперто Майоров Максима билгалдоккху, Оьрсийчоьнан Нохчийчоьнца хиллачу тIамера зеделларг ду мостагIаллин инарлаша шаца Укриане деанарг, - таIзардоцу зеделларг.
"Нохчийчоьнна дуьхьал лелийна агресси, гIаттамхой хIаллакбар тIеман зуламашца дина ду – комбатанташна а, иштта могIарерчу бахархошна а дуьхьал. Оьрсийчоьнан инарлаша схьаэцна, нах бехачу йарташна а, мухIажарийн коврашна а бомбанаш йетта мегаш хилар, цIий Iенош зачисткаш дIайахьар, бахьана доцуш нах лоьцуш, уьш фильтрацин каппашкахь латтор, иштта дуккха а кхиндерг а", - охьадагардира цо.
Къамелдечо бахарехь, Оьрсийчоьнан армино хIетахь а, хIинца а пайдаоьцу "тIамо дерриг а дойъур ду", "толам баьккхинчара йазъйеш йу истори" бохучу принципех. Ишта дара Соьлжа-ГIалица а: шаьш этира, шаьш меттахIоттийра, ткъа бохамах лаьцна дицдайтира, изза ду тахана Мариуполехь дийриг а: "керла хIусамаш йийр йу, керла бахархой чубалор бу, тоххарчул а дикох хир ду" бохуш.
- Оьрсийн эскарна хилла зенах лаьцна олучу хенахь Кремло уьш "тоъал" дара олий дерзадо – байъинчу нехан баккъала долу терахь ца девза. Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Гезгамашин-беттан 21-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.
- Кавказ.Реалиино хIоттийначу тептаро дерриг хьал ма-дарра ца гойту. Цкъа-делахь, Iедало ца лууш дуьйцу беллачех лаьцна, иштта хаамаш гулбан, цхьанатоха дуьхьало йо. ШолгIа-делахь, байъиначийн гергарчу наха массара ца лелайо социалан машанаш, йа вуьшта ца дуьйцу шайх лаьцна. КхозлагIа-делахь, арахецначу хаамаша аьтто ца ло вийнарг а, цуьнан статус а йовза, масала, и веха меттиг ца йуьйцу, йа цуьнан фамили дукха йаьржина хуьлу – тIаккха иза хьалхо тептарехь вазвина хила тарло, йа цунах лаьцна хаамаш чухIоттийначу кошера чурта тIехь гуш ца хуьлу. ДоьалгIа-делахь, тIемаш боьдучера схьадеана дерриг декъий билгалдаьхна дац.
- Къилбаседа Кавказехь доккхачу декъана 1992-чу шарера 2009-чу шаре кхаччалц хиллачу эшамашкахь 18 инарла вара, царех 15 инарла-майоран чин долуш вара лечу хенахь, 3 - инарла-лейтенантан.