ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахметов Рашит: "Демократи йоцучу Оьрсийчоьнна юкъахь яхалур яц ГIезалойчоь"


ГIезалойчоь -- ГIезалойчоь маьрша хилар доьхуш акци дIахьош бу меттигера юкъараллин жигархой, 30Марс2010
ГIезалойчоь -- ГIезалойчоь маьрша хилар доьхуш акци дIахьош бу меттигера юкъараллин жигархой, 30Марс2010
Тахана юха а жигаралла гойтуш бу ГIезалойчоь Оьрсийчоьнан Федерацех дIакъаста еза аьлла хета нах. Царах ву «Поволжъен седа» газетан коьрта редактор, гIезалойн юкъараллин вевзаш волу жигархо Ахметов Рашит.

Кху деношкахь, Казанехь йоьдуш Универсиада а йолуш, «Поволжъен седа» олучу интернет агIон тIехь ГIезалойчоьнан кхолламах лаьцна материал зорбане яьккхина Ахметов Рашита. Истори соцуш яц, цуьнан шен кепаш ю, иза сацалур яц. Олуш ма хиллара, тIахьарнаш а хир бу хьалхара. 500 гергга шо ду гIезалойн къам гаттонехь латтош долу, цуьнан аьтто бацара маьршша кхиа», - бохуш яздо Ахметовс шен артиклехь.

Ша санна ойланаш йолу нах кху тIаьхьарчу хенахь алсамбевлла шайн къоман юкъахь бохуш вара иза Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь. Шаьш кхеташ ду гIезалошна цхьана а агIор таханлерчу Оьрсийоьнах йозуш хилар пайденна доций бохуш дуьйцу цо.


ГIезалойчоь -- "Приволжъен седа" олучу дозуш доцучу газетан коьрта редактор,18Марс2011
ГIезалойчоь -- "Приволжъен седа" олучу дозуш доцучу газетан коьрта редактор,18Марс2011


Ахметов Рашит: «Экономикан агIор пайдехь дац Оьрсийчоьнан Федерацина юкъахь хилар. 85 % рицкъ арадоккхуш хилча, ца хаа суна, суперколонеш а ца хилла реза. Иза XIX бIешарахь хилла система хила а мега, хьул а ца деш, адамаш дацош хилла йолу.

Цундела къоман а, културан а башхаллаш бахьана долуш нехан лаам бац иза. Эр вай, оьрсий а бу кхузахь ГIезалойчура Москох дIахьажош долчу рицкъан терахь шозза, кхузза лахдан лууш».

ГIезалойчоьнера республикан статус дIаяккха гIертар а, иза кхиар сацо гIертар а шен Iалашоне кхочур дац аьлла тешна ву Ахметов Рашит. Ма дарра аьлла, цхьа ларамаза йисина ю ГIезалочоь Советан пачхьалкх юхуш йозуш йоцу пачхьалкх ца хьулуш. Республикан КПСС комитет а кхоьллина союзан республика санна ехаш яра ГIезалойчоь.

Керла Союзан барт тIеоьцуш керла союзан республика санна дакъалаца кечлуш яра ГIезалойчоь. Цул сов, Советан пачхьалкх йоьхча шаьш тIеэцна йолу Конституци а яра иза йозуш йоцу пачхьалкх йолуш санна бохуш дуьйцу Ахметовс.

Ахметов Рашит: «1990-чу шарахь Марсхьокху-беттан 30-чу дийнахь ГIезалойчоь йозуш йоцуш хиларан деклараци тIеоьцуш цу тIехь яздина дара ГIезалойн Республикан низамаш лакхара ду Оьрсийчоьнан Федерацин низамелла а аьлла. Цу хенахь, 5 шарахь оха ял ца лора Оьрсийчоьнна, оха урхалла дора тхан республиканна.

Цу хенахь мехкадаьттан мах дукха лахара бара, экономика ледара яра, экономикан уьйраш хедаш яра, амма... 1995-чу шарахь Оьрсийчоьнан Федерацица барт бечу хенахь тхан Конституцина тIехь яздина дара, республикан маьIданаш халкъан ду аьлла.

Ткъа тхан цхьа миллиард тонн мехдаьтта ду хIинца а схьадккха таро йолуш. Тхан адамаш къахьегарх къехкаш дац, тхо аьтто болуш ду тхаьш даха».

ТIехула тIе Москох дIахьош йолу политика кхеташ яц аьлла хета гIезалойн къоман жигархочунна Ахметов Рашитан. Кхетам болуш яц иза бохуш дуьйцу цо.

Ахметов Рашит: «Путин веара тхо долчу оха «сабантуй» дIахьош. Цу даздарехь дакъалаца лууш вара иза. Амма иза цIеххьана дIавахара, Малхбален тIеман гонехь тIеман Iамораш дIахьош куьйгалла дан. Герз дегор универсиада дIайоьдуш а йолуш дика дац. Олимпиада дIахьош Грецехь дерриг а тIемаш совцош хилла».

Шайна товр дара Оьрсийчоьнах конфедератиаван пачхьалкх хилча бохуш, кхин дIа а дуьйцу Ахметов Рашита. Оьрсийчоь таханлера чулацам болуш а йолуш, шайна цу пачхьалкхана юкъахь меттиг ца го гIезалошна бохуш дуьйцу цо.

Ахметов Рашит: «Москох демократин пачхьалкх а хилла дIахIотта езаш ю. Гiезалойчоь Оьрсийчоьнан Федерацина юкъахь хилалур ю, нагахь иза демократин пачхьалкх хилахь. Амма иза яц цу кепара».

Кху тIаьхьарчу хенахь дуккха а низамаш ду Оьрсийчохь тIеэцна адамийн бакъонаш хедош. Царна юкъахь ду экстремизмаца кIийсам латтор хьокъехь дерш а. Ахьа дуьйцург экстремизм а, сепаратизм а яржор ду аьлла, хьайна таIзар дарна ца кхоьру хьо?

Ахметов Рашит: «Дуккха а Iовдал низамаш ду тIеэцна махкахь. Цхьа тIеIаткъам беш бу, амма иза а бу Iовдала, ала мегар долуш. Цу гIуллакхо ларам бойъу шен Iедалан».

Тахана Оьрсийчура телевизионе хьожуш а, цигара зорбанан гIирсаш яздийриг доьшуш а сурт кхоллало Оьрсийчоьнан Федерацехь дехаш шайн мотт а, шайн кхетам а, шайн култура а йолуш кхин къаьмнаш доцуш санна. Мел ахьна ду цу къаьмнашна Оьрсийчохь даха аьлла, шега хаьттича гIезалойн къоман жигархочо элира цу къаьмнин векалш кхечу сортах болуш санна сурт ду махкахь аьлла.

Ахметов Рашит: «Дера психологин цатам хилар хаалуш ма ду. ХIунда аьлча, «Оьрсийн пачхьалкх», «пачхьалкх кхуллуш долу къам» бохуш хилча... Путина ша а элира-кх «оьрсийн цхьаьнатухуш йолу култура» аьлла.

Иза хIун ду? Кхечера култураш мичахь ю? Советан зама йолуш лелийнарг а дац лелош. Гайтархьамма яьхна а, цу хенахь цхьацца гIулчаш яхара. Амма тхан кхечу къаьмнех болчу нахах кхечу сортах болу нах хуьлуш бу».
XS
SM
MD
LG