Мобилизаци дӀакхайкхийначул тӀаьхьа, нуьцкъаша тӀаме хьийсорах уьдуш болу Нохчийчоьнан бахархой Европе кхача гӀерташ бу Боснехула-Герцеговинехула. Оьрсийчуьра оьхучарна визанаш оьшуш йац цига боьлхуш. ХIора денна иттаннашкахь нахана дуьхьал бовлу дозанхой, цхьа а бахьана а ца дуьйцуш, Евробертан мехкашка дехьа ца бовлуьйту цара уьш. Маршо Радион Балканийн сервисан корреспонденташ хилира Хорватица дозанехь йолчу цхьана блок-постехь, цигахь хиира дозанехь ладоьгIучу мухӀажарша стенга сатуьйсу а, уьш стенах кхоьру а.
Iуьйранна йалх сахьт даьлла хан йу. Температура нолана тIера жимма айъйелла йу. Дохкана йукъара араволу 15 гергга стаг, Къилбаседа Кавказера схьабевлла Оьрсийчоьнан бахархой бу уьш. Цаьрца бераш а ду, къаной а бу. Градишка олучу гIалара кафехь гулло уьш, Боснира-Герцеговинера Хорвати дехьа волучу меттигана уллохь йолчу.
Дукха ца Iаш уьш сатуьйсуш, цул тIаьхьа вовшашна мар-мара а беттало, тIаккха къона нохчо Хорвати йолчу агIор дIавоьду, Евробертаца тоьхначу дозанехула дехьавала дагахь. Бисинарш дегайовхонца лаьтта цунна тIаьхьа хьоьжуш. Иза дехьавалийтаре дог а дохуш.
ХIокху Iуьйранна цуьнан аьтто ца хили: дог доьхна йухавирзира иза шеца болчарна тIе. Вуьйжуш бу кхин а цхьанна дехьавала пурба даларе ладоьгIуш.
Сатийсинчу нахах цхьаберш Украинера тӀом бахьана долуш бевдда бу Оьрсийчуьра, шаьш тIамтIе хьовсорна кхоьруш. Вуьйш политикаца доьзна шаьш лецарна кхоьруш, кхоалгIа дакъа – динца доьзначу бахьанашца йа лоьрийн дарба лаха арабевлла бу.
Цхьаберш дӀабоьлху доьзална гӀо дан. ХӀоранна а шен-шен бохам бу, бохуш дуьйцу дозанехь лаьттачу Оьрсийчоьнан бахархоша. Цара дийцарехь, уьш хӀора Ӏуьйранна гулло, Боснин-Герцеговинан Хорватица долчу дозанах дехьа а бевлла, Евробертана юкъайогӀучу цхьана пачхьалкхехь тховкӀело йеха гӀерташ. Царлахь дукхахберш нохчий бу.
Журналисташца къамелдан реза хилира цхьа нохчо, - Мохьмад. Амма цунна ца лиира, цхьанна а суьрташ даха, йа йаххьаш къайла а йахий даха элира Оьрсийчохь шайна сингаттам хиларна кхоьруш.
Къамелхочо дийцира, шайн тобанехь 80 процент гергга нохчий бу аьлла, амма кхечарна йукъахь бу бохура цо луларчу мехкашкара нах а: ГӀалгӀайчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а, ткъа иштта ГIезалойчуьра массех стаг а. Цо дийцарехь, Къилбаседа Кавказера 170 гергга стаг ву Боснин, Герцеговинин къилбаседа-малхбузехь а, Градишкехь а, Нови-Градехь а (Градишкин малхбузехь) дозанал дехьавала сатуьйсуш.
"Тхо Iедалхойх девдда доьлху"
"Iедалхой тIаьхьабовларна" уьдуш бу массо а бохуш, кхетийра Мохьмада, докхачу декъана политикан а, динан а бахьанашца, йа Украине тIом бан шаьш хьийсорна кхоьруш.
"Карарчу хенахь мобилизаци йу дIахьош, бертаза мобилизаци. Адамаш ницкъбеш дIахьийсабо, лаьа-ца лаьа а ца хоьттуш. Хьоьга цхьаммо а ца хоьтту хIуммаъ а. Цхьацца бахьанаш а хIиттош, нуьцкъаша дIахьийсабо уьш", - боху цо.
Цу Ӏуьйранна дозанал дехьавала аьтто боцуш висина жима стаг, Мохьмада дийцарехь, Нохчийчуьрчу набахтехь латтийна ву, цуьнан политикан хьежамаш бахьана долуш йетташ лелийна иза цу чохь, кхин тайпа къизаллаш а лайна цо. И дуьйцуш Мохьмадна уллохь лаьттара иза, амма ша къамел дан ца лиира цунна, цо дуьйцучунна реза хиларца корта ластор доцург.
Мохьмада иштта билгалдоккху, Градишкехь мел верг кхоьруш хилар Оьрсийчохь шайна дахка тарлучу бехкех, массанхьа а Къилбаседа Кавказера мухӀажирш "кхерамехь бехаш" бу бохура цо.
Цо билгалдоккху, Оьрсийчоьно йерриг а визанаш луш йолу процессаш сацош хилар, цундела уьш Евробертана юкъабаха гӀерта Босни-Герцеговинехула, хIунда аьлча, хӀинца а Оьрсийчоьнца визанаш ца оьшу раж йу цигахь. Гулбеллачех цхьаберш цхьаццанхьа белхаш беш хилла бу, амма дукхахберш болх боцуш бара, билгалдоккху цо.
"Хьан цигахь болх хиллехь а, ахь хьоьгучу къинан дуьхьал луш долу ахча ледара ду. Цундела цхьанхьа а балха баха ца лаьа нахана", - бохура Мохьмада.
Могашалла Ӏалашъяр а ледара хьал долуш хилар билгалдоккху цо, царна юкъахь волчу гIудалкх чохь волчу жимчу стагана тIе пIелг а хьажош. Цо бахарехь, лоьрашкара даьлла гӀалат бахьана долуш висина иза гIудалкх чохь. ЗаьIапхочунна шена ца лиира вистхила.
Иштта Мохьмада дийцира, цигахь мел хилларш терго латтош хиларх Тузлехь лаьцна латточу нохчийн зудчун Хадисова Селимин гӀуллакхна тIехь. Боснин- Герцеговинан Ӏедалша Оьрсийчу дӀайаларе, йа шена оцу махкахь тховкӀело йаларе сатуьйсуш йу иза.
Гезгамашин-бутт чекхболуш шен кхаа бераца Туркойчуьра Сараево йеара иза кеманца. Цул тIаьхьа Интерполан ордерца лаьцна Хадисова – Оьрсийчохь цунна бехке дуьллуш ду "терроризмана" тIехула.
Селимас бехкаш тIе ца дуьту. Даим тIехь ха деш латтош йу иза, цунна экстрдици йан Iалашонца, шен берех а къастийна иза. Босни-Герцеговино луьстуш ду карарчу хенахь, цо шена тховкIело йоьхуш чуделла дехар.
"Хорватино цхьа а хIума ца олу"
ХӀора Ӏуьйранна йалх сахьт даьлча дуьйна дозанехь лаьттачу масех бӀе Оьрсийчоьнан бахархойх цхьаъ ву Мохьмад, дехьавала бакъо йаларе хьоьжуш.
Боснехь-Герцеговинехь а паспортийн контролехула чекхбевллачул тӀаьхьа, кхечу пачхьалкхашкара бахархой дехьабовлу Хорватин агӀор. ХӀора дийнахь цигахула дехьа-сехьа волу 12 гергга кхечу пачхьалкхашкара вахархо. Цкъацкъа, лахьан-беттан 8-чу дийнахь санна, сатуьйсуш болчаьрца журналистийн тоба хилча, уьш берриш а йухаберзабо.
"Дозанхоша тхоьга хӀумма а ца олу, цундела тхо хьалхе схьадахка дезаш хуьлу. Кхузахь божарий цхьаьна боцуш дуккха а зударий бу, цаьрца пхи-ялх бер а ду. Уьш а кхуза схьа а богӀий, шайна дехьадовла аьтто балалц собар деш лаьтта, хӀунда аьлча, цхьаберш чекхбовлуьйту, вуьйш буьсу", - боху Мохьмада.
Тоххара 20-30 стаг чувуьтура цара, амма тӀаьхьарчу хенахь и терахь итт стаг лахдина. Цу хьокъехь цаьрга цхьана а хIуманах уьш кхетош, къамел дина дац Хорватин дозанхойн полицино. Иштта, Балканийн Маршо Радион сервисан журналисташна а жоп ца делира Хорватин чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло цунах догӀуш долу дехар дича.
"Цхьадолу адамаш кхузахь лаьтташ долу ши кIира а ду, кхин а сов долуш берш а бу. Оха дозанхошка хеттарш до, амма цара тхоьца къамел ца до. Iуьйрре схьадахка декхаре до тхо: уллохь Iаш берш а, генара бахка безарш а цхьаьна. Ишта дехьадовларе сатуьйсуш лаьтта тхо", - боху Мохьмада.
Шайх цхьа а Хорватихь виса дагахь вац бохуш, билгалдоккху цо, хIунда аьлча, цигахь "шеконашца хьоьжу" кхаьрга. Церан Iалашо йу – Франци, Германи, Бельги, Нидерландаш.
"Тхуна хаьа, оцу пачхьалкхашкахь тхо Iалашдийр ду", - аьлла хета цунна.
Дика адамаш а, лакхара мехаш а
Мохьмада билгалдоккху, Боснехь-Герцеговинехь а, тӀех лакхара мехаш хилар доцург, башха проблемаш ца хуьлу цигахь аьлла. Йа меттигерчу бахархошца а, йа полицица а.
"Боснехь болчу тхан наха дийцарехь, йукъаметтигаш дика йу, нах а тхоьца дика бу. Цхьа томехь бу уьш, массарна а къежна хуьлу: ресторанаш чохь, такси чохь, новкъахь милла а дуьхьалкхетча а", - билгалдоккху Мохьмада.
Делахь а, ахчанца долу гIуллакх чолхе ду. Цхьаберш йукъарчу Iойлешкахь дIатарбелла, вукхара хIусамаш лоьцу чохь хан йаккха, бохура цо.
"Хала ду, къаьсттина бершца болчу зударшна. Кегий нах а, баккхий божарий а мел а ларабо. Бере а, зудчуьнга а муха эр ду ахь, йуург йац, туьканахь йеза йу, вайн кхузахь кхин а латта дезаш ду, доза къевлина ду. ХIора дийнахь хало Iийша деза Боснихь хIора доьзалан", - бохура Мохьмада.
ХIун боху полицино?
Градишерчу полицин урхалло дӀахьедар дина, тӀаьххьарчу шина баттахь алсам Оьрсийчоьнан бахархой дозана гергахь гучубовла буьйлабелла аьлла. Церан массеран а лелаш долу паспорташ а ду, низамца махка баьхкина а бу уьш, цигахь биса бакъо а йелла царна.
Цара билгалдоккху, Босни-Герцеговино а, Оьрсийчоьно а бинчу берто бакъо ло царна "30 дийне кхаччалц виза йоцуш дӀасалела", цул тӀаьхьа низамца кхин дӀа цу махкахь совца йиш йац церан, цундела полисхоша уьш кест-кеста тергонехь латтабо.
Градишкехь, полицино дийцарехь, кху шарахь тIебаьхкинчу наха масийттаза къола дира, цхьа зуда Интерполон ордерца лаьцна, кхеле дIайелла йу.
Ишта ца боху, дIасалеларна доза тоха тарло, йукъараллин кхерамзаллица хьал доьзна хилахь. Оцу йукъанна Градишкера Оьрсийчоьнан бахархошна "пурба делла дIасалела, нагахь санна, цара адаман коьрта бакъонаш йохор йацахь".
Украинехь тӀом болабелчхьана дуьйна, Босне-Герцеговине Нохчийчуьра дуккха а бахархой эха боьлла, цара ма-аллара, шайн махкахь шаьш хьийзорна кхоьруш, йа нуьцкъала Украинерчу тӀаме хьажорах уьдуш болу нохчийн бахархой.
Оьрсийчоьнан бахархошна виза оьшуш йац махка баха, хӀунда аьлча, Боснино-Герцеговинехь а 2013-чу шарахь бинчу бертаца а догIуш, визанаш йоцу раж лелаш хиларна.
2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Украинина тӀелатар дар бахьана долуш Европан Берто дӀадаьккхира 2007-чу шарахь дуьйна лелаш йолу Оьрсийчоьнан бахархошна визанаш йахар аттачу дакккхар.
Оцу йукъанна Евроберто масийттазза дехар дира Боснин-Герцеговинан а Ӏедалшка, низамаш Евробертан визан политикаца догӀуш хилийтар доьхуш. Амма Оьрсийчоьнца йолу виза йоцу раж цкъачунна юкъах ца йаьккхина, Оьрсийчоьнехьа волу Додик Милорад коьртехь волчу Сербскан Республикан Iедалхоша дуьхьало йарна.
- Хадисова Селима дIайоьхуш Москвано динчу дехарехь билгалдаьккхина ду, иза 2015-чу шарахь Шема дӀайахана иза, цигахь террорхойн лагерехь тIамана Ӏамийна йу, цул тӀаьхьа кхечу пачхьалкхан йолахо санна «Исламан пачхьалкх» тобанах дӀакхетта, тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалаьцна йу аьлла. Ша Хадисовас массо а бехкаш харцдо, 2015-чу шарера 2024-чу шаре кхаччалц ша Туркойчохь йехаш йара, ткъа Шемахь цкъа а хилла а йац ша бохура цо.
- ГIадужу-беттан 29-чу дийнахь сарахь Венерчу Босни-Герцеговинан векалтна хьалха митинг дӀайаьхьира Нохчийчуьра схьайаьлла Хадисова Селима Оьрсийчоьне дӀайаларна дуьхьал. Лахьан-беттан 8-чу дийнахь цу кепара акци хIоттийнера Брюсселехь Боснин-Герцеговинан а векалтна хьалха.
- 2024-чу шеран дечкен-баттахь бакъонашларъяран Amnesty International организацино кхайкхам бира Евробертан пачхьалкхашка, Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчу дӀа ма ло аьлла, хӀунда аьлча, царна тIехь гӀело хьегийта тарло, йа бертаза Украинерчу тӀаме хьийсон кхерам бу аьлла.