Ницкъаллин сервисашкахь болх бан луучу нахах резерв кхолла аьлла тIедиллина Нохчийчоьнан куьйгалхочо кIошташкарчу а, гIаланашкарчу а МВД-н дакъошна. Амма резервисташ божарех бина ца Iаш, зударех бийр бу. Цул сов, суфийн вежараллашка а кхайкхам бина цо, Украине йахийта цхьацца батальон кхолла аьлла. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа бахарехь, тIаьххьара нохчо кхаваллалц тIом бан ша кийча хилар Кадыров Рамзана Кремлана дIагайта гIертарца йоьзна ю цуьнан инициатива.
"ХIинца штат йерриг а йуьзна йу, и резерв тIаьхьалонна хир йу. Массо а кийча хила веза. Бен дац божарий, зударий – берриш резерве кхайкха беза. Уьш балха хIиттор бу, белхан меттиг ма-белли. Йуьхьанца 20 эзар лур ду. ХIора кIиранах схьаоьхур бу уьш, Iаморашкахула чекхбевр бу, царна лаахь, пачхьалкхан структурашка балха хьийсор бу", - дIахьедина Кадыров Рамзана. Иштта суфийн вежараллашка а шайн батальонаш кхолларе кхайкхина цо.
Нохчийчохь ницкъаллин хьукматашкахь белхахойн къоьлла хилар аьхка гучуделира. Ур-атталла республикехь официалехь йоцу, амма ца йелча йиш йоцу балха эцаран "йал" дIайаьккхира. "Беккъа нохчех лаьтташ йолу" керла полк а, кхо батальон а кхолларца доьзна ду и: болх беш болу эскархой лаххьийна дехьабехира цига.
ТIеман министраллин "БАРС-аш" (тIеман эскаран леррина резерв) кхолларан инициативех тера йу Кадыровн идей. И экспериментале проект кхоьллина масех шо ду, амма йахна йолу гуьйре тIекхачалц декларативе йара и. Масала, Къилбан тIеман гонехь масех шарахь резервисташ 400 стаг бен ца хилира, амма 2021-чу шарахь Iедало дIахьедира, мобилизацин резерв 38 эзар стаге кхачалц шорйарх.
ТIеман министраллин медиагруппана йукъайогIучу "Звезда" зорбано резервехь латтар дуьстира "ах "ставкаца" тIеман гIуллакх дарца". Стаг шен коьрта йолчу белхан меттигехь виссар ду цуьнан маьIна, амма хIора баттахь йоццачу хеначохь кечамаш дIахьо цо, гуламашкахь дакъа а лоцу. Бохамийн тIаьхьалонаш дIайохуш а, тIеман тийсдаларшкахь а резервхоша дакъалоцур ду бохура юьхьанца. Церан чине, дарже хьаьжна хIора баттахь пхи эзарна тIера итт эзар соьме кхачалц ахча лора царна. Масала, 2020-чу шарахь майоран чинехь волчу тобанан буьйранчана шарахь тIеман резервехь лаьттича 90 эзар сов ахча лора, лакхарчу лейтенантан чинехь волчу взводан буьйранчана – 85 эзар, сержантан чинерчу взводан буьйранчана – 61 эзар, рогIерчу чинехь волчу пулеметхочунна – 46 эзар.
Ресурс чекхйаьлла?
"Кху шеран аьхка оьрсийн эскаре нах балоран ресурс санна лелош йара "БАРС". Шаьш башха дика ца гайтина цара, амма цхьаберш хIинца а тIемаш деш бу, масала, БАРС-13 олург йу хIинца Луганскан кIоштан Кременная эвла ларъеш", - билгалдоккху йозуш йоцчу талламийн Conflict Intellegence Team тобанан аналитико Михайлов Кирилло.
Украинехь тIом беш йолу масех тобанаш кхоьллина "БАРСийн" бух тIехь, масала, казакийн "Кубань" тоба, амма царах фронтехь эзар стаг бен вац. Гуш ду, эскаран резерван система вуно чIогIа ледара йу, ур-атталла оцу нехан низамехь йолу статус кхоччуш билгалйаьккхина йац, дуьйцу Кавказ.Реалиин редакцига кхинволчу тIеман аналитико, низамо тухучу дозанаш бахьанехь шен цIе ца йаккхар дехна цо.
Цо билгалдаьккхина, тIом боьдучу беттанашкахь кеп-кепарчу хьукматашкахула – тIеман министраллица нисса дIа официалан контракт йаздарца, Нохчийчуьра йерриг пачхьалкхера дIагулйеш йолу тобанашкахула, регионашкара "цIеран" батальонашкахула, йиллина реклама йеш йолчу долара тIеман компанешкахула – тIамехь дакъалацийта иркархIитто йиш йолу оьрсех лаьтта резерв хаьржина йу хIинцале а. Ахча, социалан гарантеш, ур-атталла колонешкара араваккхар – дерриг леладора.
Республикехь тоъал резерв кхолла аьтто хир бац
"Кадыров Рамзана масийттаза шога критика йора Украинехь кхалха лаам ца гойтучу Къилбаседа Кавказерчу божаршна. Официалехь терахьаш дац тхан, амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо ишта эмоционале дIахьедарш даро, "йерриг Оьрсийчуьра лаамхойх лаьцна" къамелаша а, жигархойн аналитико а гойту, нохчийн доккхахдолу дакъа кийча дац военкоматашна хьалха рагIнашка дIахIитта. Ахчанна, йа балхахь кхиамаш хилийтархьама и дан луурш ницкъаллин хьукматашка бахара тIом болабалале. Цундела республикехь тоъал резерв кхолла аьтто хир бац", - тешна ву къамелдийриг.
Бух боцу гIортор
Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а дукхахболу бахархой суфизман тIаьхьбозуш бу, - исламан эзотерическан дакъанна. Хьехарш устазера (хьехархочуьнгара) дешархочуьнга (мюриде) дIакхочу цигахь. Хьехархочо шен мюридашна вирд ло – хIора дийнаш йеш йолу Iамалан кеп. И лелоран кепашна тIетевжа и хьоьхучу хенахь, цунахь тарикъат олу, Iаьрбойн маттара гочдича некъ бу иза. Вайнахийн республикашкахь ши тарикъат ду лелаш – Накъшбандин, Къадирин. Дуьхььарчун хьалханча Къилбаседа Кавказера къоман-кIелхьарадаккхаран боламан куьйгалхо имам Шемал ву, шолгIачун хьалханча – динан гIуллакххо Кишиев Кунта-хьаьжа.
Ша Кадыров Рамзан ву Шейхан Кунта-хьажин вежараллина юкъавогIуш, цуьнан сий республикехь саццанза пропагандица ойъуш ду. Амма, цул сов, республикехь къадирин кхин а йалх а, накъшбандийн 16 а суфийн тарикъатан вежараллаш йу. Царна хIоранна шайн шайх веза хета биссинчарал а.
Баккъалла а гIуллакхаш лелорна меттана, Путино а, цо Нохчийчохь хIоттийначо а гуттара популизм лелайо, тIаккха Кадыровс республикехь резерв кхуллу боху дIахьедарш оцу йукъара ду, аьлла хета Европехь йолчу нохчийн пачхьалкхан хьалхенан Комитетан "Толам" куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатна.
Мелла а дукха божарий тIаме хьажо схьаийзабо
"Нохчийчохь гIаттам хиларна кхерарца доьзна ду вирдийн батальонаш кхоллар. КадыровгIера идеологин бух суфистийн исламана тIехь бу, 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь хиллачу динан гIаттамна дуьхьал болийна болу. Цуьнан дас (Нохчийчоьнан президента Кадыров Ахьмада. – Ред. билг.) Путинан Iедалца юкъаметтигаш лелор – иза коллабарционизман акт йу, шайн пачхьалкх йозуш цахилар къуьйсуш болчу наха нохчашна "герга доцу" Iаьрбойн ислам дахьа бохуш кхетадора цара и", - боху эксперта.
Шен идеологин бухах тешна Iаш волу Кадыров Рамзан шен хьал куьйгкIелара даларх кхера а велла, "цхьана агIора тобанаш гулош ву, вукху агIора - мелла а дукха божарий тIаме хьажорхьама схьаийзош ву, шайн лаамца лелаш болу гIора долу божарий ца биссийта", дуьйцу Сулеймановс.
Вирдашкахула батальонаш кхолларан идей тIеман гIуллакхехь эвсаралла йоцуш хир ю, тешна ву къамелдийриг.
"Паччахь волчу заманахь санна гIаттамаш гуло вирдашкахь энерги а, хийцамаш бан лаар ца диссина хIинца. Цундела Нохчийчохь 90-чу шерашкахь исламан кхиар хилира, цунах зорбанашкахь "ваххабизм" элира. Тахана вирдаш бух боцу гIорторца латтош ду, административан гIирсашца а, бюджетера ахчанца а", - дерзадо Сулеймановс.
2000-чу шерийн юьххьехь Оьрсийчоьнан агIонехьа дехьаваьллачу Ичкерин хиллачу муфтис Кадыров Ахьмада "ваххабизм" ца магор тIедожийнера, цунна тIаьхьбаьзна лорура федералхошна дуьхьал мел берш. Амма Басаев Шемало ша суфизман агIонча лорура.
ТIом болорна, иза агрессица дIабахьарна а, Украинан дозанаш хийца Iалашонца, шена хаа а хууш, гIуллакхаш лелорна а, конституцин къепе йохорна а, дуккха а нах хIаллакбеш, кхиндолу чолхе зуламаш бахьанехь СБУ-но лехамашка велла Кадыров Рамзан. Кадыровн леларна таллам беш хиларх д1ахьедора марсхьокху-беттан 26-хь дуьйна. Урхалло къастийна, "2022-чу шеран чиллан а, зазадоккху а беттанашкахь Кадыровс ша куьйгалла а деш, къаьстина тIеман операциш кечйина хилар" Нохчийчуьрчу дакъошца, "буьйраш деш, церан куьйгалхойн рапорташка ла а доьгIуш". Украинхойн къайлахчу сервсиашна жоп делла Кадыровс шен телеграм-каналехь шина аудиоца. Цо дIакхайкхийна, кхин дIа а леррина операци олучун юкъахь ша дакъалоцург хиларх. Ша Украинан дуьхьал зуламаш лелийна хилар харц ца дира Кадыровс.
- Украинера тIом болабелчхьана Кадыровс гуттара а "дахмехкан гIароле дIахIитта" кийча дуккха а нохчий хиларх дIахьедеш хиллехь, амма хIинца бIостнехьа къамел до цо, амма иза нохчийн маттахь хуьлу. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гонарчу наха а агрессиве медиакампани йолийна лаамхойн кепехь Украинерчу тIаме баха ца луучу республикан бахархошна дуьхьал, - тоъал доьналла а, иман а ца хиларна бехкебо уьш.
- Къен нах а, балхахь боцурш а царна пачхьалкхера догIучу гIоьнах дIахедабе, аьлла тIедожийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ницкъаллин хьукматашкахь болх бан уьш реза бацахь. Нохчийн парламентан куьйгалхочо дIахьехьедарца, Устрада-ГIаларчу 188 божарех кхо стаг виссалц дуьхьал хилла ницкъахо хила. Оцу терахьаша дарвинчу Кадыровс махкахойх "тунеядцаш" элира.
- Товбеца-баттахь дийцадаьккхира, Нохчийчохь ницкъаллин структурашкахь къоьлла хIоттарх, республикехь юкъара даьккхира, балха оьцуш къайлах болу, амма ца белча йиш йоцу "кхаъ" баккхар а. И доьзнера, "беккъа нохчех" лаьтта керла полк а, цIерашца кхо батальон а кхолла Iалашо хиларца: царех дIатоьхнера структурашкахь белхаш беш хилларш.