ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIамехь дакъалоцучу нохчийн терахь дестор, Кадыровн кIенташна совгIаташ дар. КIиранан жамIаш


Ramzan Kadyrov,
Ramzan Kadyrov,

Килсана тIелатар дан кечам барна шеконаш йолу нах лецна ГIалгIайчохь, Кадыров Рамзанан кIенташна совгIаташ дина - цунах а, и доцчух а Маршо Радион 78-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Килсана тIелатар кечдийрш лецна ФСБ-но

ГIалгIайчуьра Наьсара гIалахь а, Кантышево эвлахь а къайлахчу сервисийн белхахоша йалх стаг лаьцна. Уьш бехкебо Сунжера йезачу Покрова Богородица килсана тIелатар кечдарна а, дуьненайукъарчу террорхойн организаци йукъахь дакъалацарна а. Дуьйцуш дац, муьлха организаци йу иза.

Лецначара "диверсин-терроран акцеш" кечъйеш хилла боху бакъоларйаран органийн белхахошна а, динан объекташна а дуьхьал. Шаьш карадаьхкинчул тIаьхьа ишта мукIарло дина цара бохуш хаамбо пачхьалкхан ТАСС агенталло ФСБ-на тIетовжуш.

Лецначийн петарш теллина. Ницкъахойн дIахьедарца, цара кечйинчу къайленехь карийна куьйга йина оьккхуьйтург, герзаш, цIе йаккхазчу террорхойн организацин билгалонаш а, ткъа церан телефонаш чохь гIаланийн а, хьаннийн а хьелашкахь тIом муха бо, лоьлхуьйтурш муха кечйо а хьоьхуш материлаш хилла боху.

Террорхойн организацихь дакъалацар, теракт йан кечамбар аьллачу артиклашкахула бехкаш дехкина лаьцначех кхаанна. Вукху кхааннах шеконаш йу бакъо йоцуш герз лелорнаа, тIелетарш кечдарна а йукъахь хилла аьлла, и бакъ дуй хьовсуш, зераш деш бу талламхой.

Мангал-баттахь Дагестанерчу килсашна а, синагогашна а динчу тӀелатаран кепехь дан Iалашо хилла церан рогIера теракт а, тIаьхьо дIахьедира республикан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Ӏалис. Лецначийн дагахь хиллачух дуьйцуш, цо элира, цитата йалайо, "кегирхой атта Iехало радикалан исламан идеологийнмашанехь".

Карладоккху шуна, мангал-беттан 23-чу сарахь ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а килсашна а, синагогашна а цхьана хенахь тӀелатар динера масех герзаца волчу стага. И бахьана долуш вийна 22 стаг, шайна юкъахь 16 ницкъаллин белхахо а, масех маьрша вахархо а волуш, царна йукъахь вара 66 шодолу килсан мозгIар Николай (Котельников) а. ТӀелеттачу пхеа стагана герз диттира. ТӀом толлучу Американ институто (ISW), ма-дарра долчу тоьшаллашна тӀе а тевжаш, хьесап дира, цунна бехке хила тарло "Исламан пачхьалкхан" Къилбаседа Кавказера гара – "Вилаят Кавказ" олу террорхойн тоба аьлла.

Оцу йукъанна ГӀалгӀайчохь тӀаьххьарчу шерашкахь цхьа могӀа тӀелатарш дира полицин белхахошна. Ницкъахоша иттаннашкахь нах лецарх хаам бира – масала, кху шеран зазадокху-баттахь Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша тӀом бира Карабулакерчу нах бехачу секторехь.

Сулеманован доттагIчо полисхой кхеле озор дехна

Кадыровхой йуккъехь болуш Санкт-Петербургехь лачкъийначу Нохчийчуьра йахархочун Сулейманова Седин доттагIчо, гIалара нуьцкъаша йоI дIайигинчу полисхошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доладе аьлла тIедожийна. Талламан комитете динчу дIахьедарехь Патяева Ленас билгалдоккху полисхой шайн йолчу бакъонел а тIехбевлла хилар.

Патяевас хаам бина, шега хеттарш дечу заманчохь аьтто белира шен таллам бар тIедилларх лаьцна хаа, цу тIехь мукIарло до цо Сулейманова бертаза Санкт-Петербургера дIайигарах, хаам бо "СК SOS" бакъоларъйаран проекто. Патяевас тIетоьхна ишта, ша полисхошна дуьхьал дIахьедар чудаларх а, хIунда аьлча, цуьнан доттагI харц бахьанашца дIалаьцна йолу дела.

"Полисхошна дукха дика хаьара, шаьш лелориг. Амма хIете а лецира иза, адвокатца цхьаьна а ца кхоьтуьйтуш, сихонца Нохчийчу дIайигира. Иза зуламан кеп йу, оцу схеман декъашхошна дика хаьара шаьш дийриг зулам дуй. Оцу харцонна гунахь мел волчунна таIзар дан лаьа суна", элира "СК SOS" проекте Патяевас.

Нохчийчуьра талламан комитето Сулейманова "доьза" йарах долчу гIуллакхехь таллам ца бен масех бутт бу аьлла дагадаийтира товбеца-баттахь, бакъонашларъярхоша. Бехкзуламан гIуллакх долийра зазадоккху-бутт бовш эзарнашкахь бахархоша кхайкхамаш бинчул тIаьхьа – Сулейманова лачкъийра 2023 шеран марсхьокху-баттахь. ГIуллакхан йуккъехь дIахьедар динарг йу аьлла билгалъйаьккхина йу Патяева Елена, стигалкъекъа-баттахь хеттарш дира цуьнга Нохчийчохь, мангал-баттахь – Сулейманова маре йига дагахь хиллачу Кудрявцев Станиславе а.

2022-чу шарахь Сулейманова Седа шен доьзалера йедира, ца везачу стаге маре йаха дуьхьал хиларна а, доьзалехь хаддаза девнаш латтарна а. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь. Петербургехь лачкъийра йоӀ, цигахь дакъалоцуш йара метигера полици а, маьршачу нехан духар дуьйхина нохчийн ницкъахой а. Седа дӀайигира Нохчийчуьра гергара нах болче, ткъа гезгамашин-беттан 4-хь дуьйна цунах хууш хIумма а дац.

Украинхойн докъар арадаккхар а, нохчийн хьаькаман доьзал а

Украинан Херсонан кIоштара дIалецначу дозанаш тIера докъар аракхехьа долийна Оьрсийчоьнан масех компанино: Беларуссина латтадо цара докъар, ткъа цигахь цунах йалта а дой, экспорт йо кхоалгIачу пачхьалкхашка. Иштта йаздина ду Беларуссин талламан центро а, украинхойн KibOrg хакерийн вовшахтохаралло а, оьрсийн Маршо Радион "Схема" проекто а йукъахь бинчу талламехь. Цхьахйолу фирма йоьзна йу Кадыров Рамзанна гергарчу ИсаевгIеран доьзалх.

Соьлжа-ГIалахь регистраци йинчу "Торгтрейд" компанино оккупаци йинчу Херсонщинера арабаьккхина шарахь лучу боллу бараман ах – 2,6 эзар тонн. Нохчийчуьра 77 шо долчу Моллаева Розин долахь йу и компани. Цуьнан цIарах йолчу номерца телефон тоьхча жоп делла, Соьлжа-ГIалара финансийн департаментан администрацихь болх беш волчу Берикханов Тамерлана. Моллаева йоцург а, Берикханов воьзна хилла Исаев Зурабца а, Исаев Хьусейнан вешин кIантаца.

Исаев Хьесейн вара Нохчийчуьра Пачхьалкхан Кхеташонан куьйгаллехь, Кадыров Ахьмадца цхьана вийра иза 2004-чу шарахь стигалкъекъа-беттан 9-чохь "Динамо" стадионехь динчу эккхийтарехь.

"Торгтрейдан" долахочуьнца Исаев Зураба болх бина финасийн департаментехь, цхьана Мекка ХьаьжцIа а вахана и шиъ. Кадыров Рамзанна гергара доьзал бевзинчул тIаьхьа, цуьнан бизнесо алсам пайда бан болийра. 2023-чу шарахь регистраци йинчу компанина тIебогIу пайда 50 эзар соьмана тIера 200 миллион соьме гIоьртира.

Талламчашка дийцинера Берикхановс, шен компанино оккупаци йинчу территореш тIера йалта Беларуссира "Триал Эксперт" заводана латтош ду аьлла. Цигахь оцу рапсах даьтта доккху, цул тIаьхьа "кеп-кепарчу пачхьалкхашка" кхачадо, йу царлахь Израиль а, Малайзи а.

Оцу йуккхехула, Нохчийчоьнан Ӏедалша кест-кеста дIахьедо Оьрсийчоьнан Украинана дуьззина тӀелатар дарехь дакъалаца хьежош болчу нехан терахьах лаьцна. "Новая газета Европа" зорбанан гӀирсо дийцарехь, и терахьаш дестийна ду, лараран методика лелорца.

Шаьш эскархой бац багарбеш, тӀеман зоне дIахьежийначу эскархойн хилла "командировкаш" йу дIалоруш йерш. Массо а регионашкара вербовка йинчу "лаамхоша" беа баттана доцца контракташ до, цул тӀаьхьа уьш карладоху. Масалла, эскархо шен доьалгIачу контрактехула гIуллакх деш велахь, доьазза лорур ду и.

Нохчийчуьра эскархойх дерг аьлча, царна лерина "ротацин" система йу – хӀора ахшо мел долу хийцалуш бу уьш. Иштта, хӀора "командировка" а йуха лоруш йу церан.

Билггала хууш дац, Нохчийчуьра тӀаме хьажийначу эскархойн бакъдолу терахь мел ду. Иштта хууш дац царех муьлха дакъа ду Нохчийчуьра а, маса вахархо ву царлахь кхечу регионашкара.

Кадырова Адамна - Кадыровн орден

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16 шо долучу кIантана Кадыров Адамна республикан лаккхара совгIат дина – Кадыровн цIарах орден. Дахначу шарахь Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь КъорIан дагорна бехке вина лаьцначу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа, хIара цунна делла иттолгIа совгIат ду. ХIетахь 15 шо бен дацара Кадыровн-жимахволчун, полици дуьхьал хилира йеттарца доьзна цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доло.

Цул тIаьхьа цунна йелира "Нохчийчоьнан турпалхо" цIе а, республикан куьйгалхочун кхерамзаллин декъан куьйгалхочун дарж а, лаккхара орденаш йелира ГIиргIазойнчоьна а, Кхарачой-Чергазийчоьна а, ГIебарта-Балкхаройчоьна а беркате гIуллакхаш дарна аьлла. Ишта йелира цунна "Даймехкан Сий" орден а, бусалба умматана гIуллакхаш дарна мидалш а. "Спезназан университетан" куратор а, шен ден кхерамзаллин сервисан куьйгалхо а хIоттийра Кадыров Адам.

Нохчийчьонан куьйгалхочун 17 шо долу кIантана Кадыров Элина (цунах Зелимха а, Iела а олу) мидал йелира "Нохчийн Республикина гIуллакхаш дарна" аьлла, марсхьокху -бутт бовш.

Мидал йелла, цо "спорт кхиорна а, йукъараллехь гIарадевлла гIуллакхаш дарна а" аьлла билгалдоккхуш.

Кху шеран зазадокху- баттахь республикерчу боксан федерацин президент а, "Ахмат" спортан клубан коьрта директор а хилира Кадыров Iели. Амма цу даржашкахь муьлха белхан Iалашонаш кхочушйо цо, билггал хууш дац.

Цу йуккъехь шайн йоцчу цIерашца Париже дахана даьхкина хилла Кадыров Рамзанан зудабераш. И гучудаьлла "Агентство" гIирсана. Церан документаш тIехь "Мусаева" аьлла фамили хилла йазйина. Ала дашна, оцу фамилица Кадыровн хIусамненан Меднин Москвахь чу-ара ца баккхалун бахам бу.

Кадыровн йоьIарий Париже бахарх хиъна Оьрсийчоьнан доза хийцарх базера хаамаш машанехь нахалабовларца. 2017-чу шеран товбеца-беттан 12-чохь Соьлжа-ГIалахь гIаьттина Париже дахначу Кадыровн Рамзанан кеманахь хиллачу пассажирех информаци йу цу тIехь. Мича Iалашонца уьш цига баханера а, цигахь цара мел хан йьаккхина а - хууш дац.

Пассажирашна йукъахь бу Кадырова Хедин а, Каринин а, Табарикан а бакъйолу цӀераш а, ден цӀераш а, уьш дуьненчу бевлла денош а тIехь йаздина паспорташ долу нах. Амма документаш "Мусаева" фамилица делла ду царна. Кхуьй а йоӀ хӀетахь берхIийтта шаре а йалаза йара. Агенталло дийцарехь, хӀинца а лелаш ду и паспорташ.

Ишта кеман тIехь йара Кадыров Рамзанан шолгIа зуда лору Хазуева Фатима а, цу хенахь пхиъ шо долуш хилла Кадыровн йоI Iашура а. Цуьнан паспорт "Хазуева" фамилица делла ду, официалехь иза Кадырова Меднин йоI йу аьлла ду, амма фамили дениг йу лелош. Кадыровх талламаш бинчу "Проект" зорбано чIагIо йо, Iашуран бакъ йолу нана Хазуева Фатима йу бохуш.

Кадырова Медни а, Хазуева Фатима а, КадыровгIар Табарик а, Хадижат а цхьа могIа пачхьалийн санкцийн тептарешкахь бу- доккхачу декъана, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн, Японин а, Евробертан а, Украинан а.

Якутера зуламхо кхайкхийна нохчийн дешархошца цхьанакхета

Нохчийчохь хьалхарчу классан дешархошца цхьаьнакхетаре кхайкхинера якутхойн ахчанаш дохучу тобанан хьалханча. Украинерчу тIамехь дакъалаьцна, цигахь беллачийн берашна лерина Нохчийчохь вовшахтоьхнера "Къилбаседера Къилбе кхаччалц" аьлла акци. Оцу цхьаьнакхетарехь вистхиллачех цхьаъ вара Якутехь бехкевина Ким Евгений. Масийтта шарахь нахана кхерамаш а туьйсуш, цаьргара бертаза бахам схьабоккхуш леллачу зуламхойн тобанан куьйгаллехь хилла ву иза.

Акци хIоттош харж йинарг Кадыров Ахьмадан фонд йу, цунах лаьцна кӀорггера информаци зорбане йаьккхира "Даймохк ларбархой" пачхьалкхан фондан социалан машанашкахь.

2018-чу шарахь мангал-баттахь Ким Евгенийна 12 шо хан кхайкхийра Якутехь уггаре а лакхара кхерамазалла латточу набахтехь такха. 2013-чу шарера 2015-чу шаре кхаччалц цо, шен вешица а, вевзаш волчу кхин цхьана накъостаца а цхьаьна 18 сов низамехь йоцу транзакци йина нехан бахам бохкарца. Цара зенаш дина хилла цхьаллехь болчу баккхий нахана а, кхаа буоберана а. Динчу зенан барам 21 миллион сом бу аьлла.

Хенал а хьалха ша Iехийна хилар гучудаьллачу эцархочунна кхерамаш туьйсуш хилла Кима немцойн жен жIаьлица а, арбалетца а.

Кхелан сацамера хаамца, 2030-гӀа шо тӀекхаччалц набахтехь Ӏен везаш вара Ким Евгений. Украинерчу тӀаме иза муха кхаьчна а, ма-дарра хууш дац. "Даймохк ларбархой" цӀе йолчу фондо билгал ца йоккху цо тIеман гӀуллакх дина меттиг, амма меттигерчу телеграм-каналаша йаздо, йийсархо ЧВК "Вагнеран" декъахь тӀаме вахана бохуш.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
  • Audio

XS
SM
MD
LG