ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIекхайкхале дIаваха лаьа суна". Нохчийчохь паспорт даккха атта дац


Соьлжа-ГIалар аэропорт
Соьлжа-ГIалар аэропорт

Мангал-беттан 1-чу дийнахь биометрикан паспорташ дала долийна Оьрсийчохь. Кхечу пачхьалкхашка лела оьшу и паспорташ далар (10 шарана) чиллин-баттахь сацийра. Иза доьзна дара дуккхачарна уьш эшарца, лерринчу микросхемийн дефицитца а. Кавказ.Реалии редакцица къамеле бевллачара дийцира Нохчийчуьра паспортийн-визийн урхаллерчу ажиотажах, цигахь хIоттийначу хьолах, пачхьалкхан пошлина хьалайаккхарах, коррупцех.

Мангал-беттан 1-хь Нохчийчоьнан бахархой дIагулбелира Соьлжа-гIалахь йолчу миграцин гIуллакхийн урхаллин неIаре. Белхан де чекхдалале цигахь шайн рагI лацархьама, биометрикан паспортана кехаташ чудалархьама. Царех цхьаъ йара Веданан-кIоштарчу Сирж-эвлара йахархо Алема. Иза тешна йу, Оьрсийчуьра аравала дохучу паспорташна гондхьа гIаттийна гIовгIа белхалоша шаьш йаьккхина хиларах.

"КхозлагIа йеъча аьтто белира сан кехаташ чудала. Цхьаберш шайн рагI тIекхаччалц са ца тохалуш, дIабахара. Цигахь девнаш девлира, адам дукха долуш, латта ца лора... Нахана йуккъехула волавелла лелаш цхьа стаг вара, цхьа а хало йоцуш, шена ахча лахь, ша гIуллакхе хьожур ву бохуш. Цуьнан гIоьнна резаберш хуьлура. Амма сан алапа I6 эзар сом бен дац, со ши бер кхобуш йу, ахча совдаьлла меттиг бац сан. Цундела массийтта дийнахь цу рогIехь садетташ латта йийзира сан. Собаре хиларца чекхйала хьаьжира со. Йухайалан дагахь йацара, наггахь гIуллакх хуьлу и санна долчух. Со тешна йу цу паспорташна гондхьара и гIовгIа леррина йаккхийтина йу аьлла, нахера шайна ахчанаш дахархьама. ГIорадайна вайн къам реза ду тIаьххьарниг дIаделла а, и паспорт схьа а эцна, ма-хуьллу кху меттигна генадала",- аьлла хета къамелахочунна.

Хьалха-МартантIерчу Селимас миграцин урхаллехь цадогIу ахча делира - биометрикан паспорташ цунна оьшура шен исс шо долу кIант Европерчу цхьана клинике могушаллина талламаш бан вига. КIантана лоьраша рак цамгаран диагноз хIоттийнера.

Hагахь ахьа и 500-700 доллар делла паспорт даккхийтахь а, хьо пачхьалкхера араволуьйтур ву аьлла цхьа а тоьшалла дац

"Суна ца моьттура цигахь сайна цу кепара йеха рагI гур йу. Де чакхдаллац лаьттира со, белхан хан дIайелира, со кехаташ чудала ца кхиира. Миграцин урхаллин уьйтIахь массийтта дийнахь латта хан йацара сан, гергарчу зудчо цхьана белхалочун телефонан номер йелира, цунна йала йезарг дIайелла, рогIехь латта ца дезаш, гIуллакх чекхдаьккхира аса. Кхаа баттахь кийча хир ду боху паспорташ, хьоьжуш-м йу со",- боху Селимас.

Кавказ.Реалии сайтан кхин къамелахо кхоьруш шен цIийнда Оьрсийчоьно Украинехь баьккхинчу тIаме вигарна. Цундела лаьа цунна дIайаха, доьзалехь кхо бер ду. Церан йуьртара цхьаболчарна тIекхойкхуш кехаташ дахкийтина.

Соьлжа-ГIалийна миграцин урхаллина
Соьлжа-ГIалийна миграцин урхаллина

"Миграцин урхаллина тIекхечи тхо, цигахь 80 гергга адам гича, со Iадийнера. Масех сохьтехь йа масех дийнахь а и адам чекхдер ду аьлла цхьа а дегайовхо йацара сан. РагI кIазглуш ца гора. Со лаьттинчу цу кхаа сохьтехь цхьа 15 стаг бен чекх ца велира. РогIехь болучеран къийсабалар, къеггина тIехьоьжу малх - сайга сатохалур доцийла кхийтира со. ЦIийндена вевзачу стагехула тхо рогIера дехьадаьхна, чекхдехира. Сан а, берийн а кехаташ кечдира, царех соьгара даьккхира 27 500 сом",- даредира къамелахочо.

Цунна а хета, миграцин гIуллакхоша шайна ахчанаш дахархьама и гIовгIа гIаттийна аьлла.

Соьлжа-гIалин вахархо Аслан цу рогIехь лаьтта а ду масех де. Дог ца дуьллу цо а, сихха паспорт схьа а эцна, дIаварах, - иза а ву Оьрсийчоьнан эскаре кхайкхарах вада лерина.

"ТIекхойкхуш кехат сайга даийтале, кхузара дIаваха лаьа суна... Биометрикан паспортана хIоьттийначу рогIехь куьйга йаздинчу тептарехь со 300 терахьца билгалваьккхина вара. ЦIераш йохучу хенахь дIанехьавалар бахьана долуш рогIера араваьккхира со. Тахана кхозлагIа веана вара, йуха а аьтто ца белира. Суна уллохь нисвеллачу кIанта ша бархIолгIа веана ву элира. Кегийрхойшна кехаташ ца кечдо, нагахь уьш хьаьжин цIа боьлхуш бацахь бохуш хабарш ду схьахезаш",- дийцира Аслана.

Кадыровн фондана лерина ахчанаш дахар

Нохчийчоьнан бахархошца къамелаш деш гучуделира, миграцин урхаллехь шатайпа прескурант хилар, паспортах далан догIучул цхьаъ ах сов ахча далан дезийла. Нагахь пачхьалкхера сихха дIаваха везаш хилахь, масала, цамгар бахьана долуш, йа гергара стаг кхелхина, йа кхечу бахьанашца, миграцин гIуллакхоша паспорт далар сихдо. Амма цунах балан безаш хуьлу дикка лакхара мах.

Нохчийчохь бисар, дуккхачу нахана кхераме хила тарло. Iедалхошна цатовчарна хилла ца Iаш, церан гергарчарна а

Iусманан хан йацара паспорте хьоьжуш Iен, "сихаллина" дикка ахча делла, иза пачхьалкхера аравелира.

"Европехь хьалха дуьйна Iашволу сан цхьаъ бен воцу ваша некъа тIехь бохам хилла, лазартне кхечира. Сан сихха Польше вахан дийзира, паспорт дацара. Биометрикан паспорт йоццачу хеначохь, цадогIу ахча делла, даккхийтира аса - цхьа кIира дара иза. Миграцин урхаллехь дерригенах соьгара 500 доллар дийхира (40 эзар гергга сом,- билг.). Иза ца делча, сан кхин агIо йанне йацара, ахча дIаделира, со кеманца дIавахара",- дийцира къамелахочо.

Хетарехь, пачхьалкхера арабовлу паспорташ божаршна ма ло аьлла долу омра хIинца а лелаш ду республикехь, дуьйцу Нохчийчуьра кхечу вахархочо Шамхана.

"Цу хьолехь, нагахь ахьа и 500-700 доллар делла паспорт даккхийтахь а, хьо пачхьалкхера араволуьйтур ву аьлла цхьа а тоьшалла дац. Сан гергара стаг - пенсехь волу дикка хан йолу хилла эскархо, кIира хьалха шен накъосташца ша дуьненчу ваьлла де даздан Стамбуле вахан ваьллера. Соьлжа-гIаларчу аэропортехь паспортийн зераш дечара паспорт дIадаккхар бахьана долуш, йухавирзира",- масал далийра Соьлжа-гIалин вахархочо.

"Кхечу пачхьалкхашка" баха луучийн раьгIнийн йохалла миграцин урхаллин белхалошна болх бан цахаарца а, ток сих-сиха дIайаккхарна компьютераш совцарца а йоьзна йу, билгалдоккху редакцин къамелахоша.

Шен цIе йаккхийта цалиинчу миграцин гIуллакхочо бакъдира, биометрикан паспорташ дахаран гIуллакх Оьрсийчоь 2022-чу шарахь Украине боккхачу тIамаца чуйахчахьана ду аьлла. Президенто Путин Владимира мобилизаци кхайкхинчул тIаьхьа, паспорташ дезачеран терахь шозза-кхузза лакхадаьлла. Редакцин хьостано коррупци хиларна даредира, амма ахча махкарчу Кадыров Ахьматан цIарахчу фонде дIалуш ду элира.

15 шо кхаьчначу божаршна биометрикан паспорташ далар доьхкуш Нохчийчохь къайлах омра лелаш хиларна даредира къамелахочо. Иштта, тIаме кхайкха хан тIекхаьчначарна а. Хьалхо и тайпа хаамаш бира оппозицхойн телеграм-каналаша а. Мобилизаци кхайкхинчул тIаьхьа паспорташ даха кехаташ чуделла божарий лечкъор а гIараделира стохкалерчу гурахь.

Нохчийчуьра паспортийн-визийн урхаллехь
Нохчийчуьра паспортийн-визийн урхаллехь

ТIом бан цалаар а, къоьлла а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан, ЧВК "Вагнер" куьйгалхочун Пригожин Евгенийн дов бахьана долуш махкахь бертаза нах тIаме ийзор карладелира. Адамаш муьлхха мах белла, цигара дIадаха лууш ду, тIечIагIдо Европерчу нохчийн "Единая сила" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

Сулейманов Джамбулат
Сулейманов Джамбулат

"Дукха хан йоццуш хаам хилира, Кадыровс, Пригожина вовшашлахь баганаш йеттар бахьанехь йуха а нохчийн божарий бертаза тIекхайкха болийна аьлла. ТIамехула доцуш, ахча даккха цхьа некъ бен ца бисна церан - нехан долара такси. Кадыровхоша цхьацца бахьанаш лоьхуш, шайн долахь такси йолучаьргара машенаш дIайехира. Уьш тIаме бахийтархьама. Вайна дагадогIу хьалхо Кадыровс баьхнарг а. "ТIаме бахан ца лууш, шайна зударшна тIехьа левчкъина Iийриш - къонахий бац" аьлла, дIахьедира цо. Цу дерригено гойту, нахана республикера дIабаха хIунда лаьа, - элира къамелахочо.

ТIаме баха цалаар хилла ца Ia бахьана.

"РогIехь лаьттачу зударшца къамел дира аса. Цхьаболчара мобилизацех довда лерина ду шаьш элира, вукхара, куьг ластош: хилча новкъа дац паспорт, сискал ца йоьху цо, олура. Баккхий доьзалш берш бара. Цхьана зудчо ма-аллара, "къоьллех бевдда" бахнарш", -дуьйцу Нохчийчуьра йахархочо Лианас.

Нохчийчуьрчу Iедало республикехь социал-экономикан халонаш хиларна даре ца до. Масала, зазадоккху-баттахь Кадыровс Путине дийцира, регионехь "дерриге вон доцуш ду" аьлла. Нохчийчоь дуккхачу хIуманна тIехь "тоьлла меттигашкахь" йу а бехира цо.

Адаман бакъоларйаран "Мемориал" цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Орлов Олега Нохчийчохь паспорташ даларан ажиотаж республикехь "бакъо хиллане цахиларца" доьзна ду элира.

Орлов Олег
Орлов Олег

"Массарна хууш ду, дукхахболу нохчий Европе дIабахана, цигахь шайна гIо доьхуш буйла...Нохчийчохь бисар, дуккхачу нахана кхераме хила тарло. Iедалхошна цатовчарна хилла ца Iаш, церан гергарчарна а",- билгалдаьккхира редакцица къамеле ваьллачо.

2013-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо балхара дIаваьккхира республикин миграцин урхаллин хьалхалера куьйгалхо Дудуркаев Асу. Цунна бахьана лерира меттигерчу бахархоша коррупцина дина аьрзнаш. Кадыров "реза вацара" УФМС-гIуллакхойн балхана - уьш, цо дийцарехь, "кIоршаме а, гIиллакхах боьхна лела", цара паспорташ кечдаран гIуллакх хьедо, "махкахошкара совгIаташ дезарна лелош а ду дукхахдерш".

Цул тIаьхьа цигахь хийцаделла цхьа хIума бен дац. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь йолчу миграцин урхаллин куьйгаллехь республикин куьйгалхочун йоьIан Кадырова Iайшатан цIийнда ву. Иза ву полицин 27 шо долу эпсар Мацуев Висхан. Ткъа и "совгIаташ" хетарехь, Кадыров Ахьматан цIарахчу йукъараллин фонде дIало. И фонд Кадыровн "альтернативан бахам" лерина йу.

Республикерчу (УФМС) миграцин урхаллехь биометрикан паспорташ даларан гIуллакхах дерг хоттуш, зIене йелира Кавказ.Реалии редакци. Амма комментарех дерг жоьпаза дисира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG