«Тхо тIаьхьадисна. Цуьнан (Клинтонан) жимма тоьлла хьал ду», - аьлла NBC-на интервью луш Трампан харжамийн штабан куьйгалхочо Конвей Келлиэнна. - Амма шаьш юхадевлла дац, шаьш тола мегаш хилар хаьа шайна," боху цо.
ДIадаханчу ПIераскан дийнахь Трамп Доналда даре дира, ша эша мегаш хилар. ТIаьххьарчу талламаша гайтарехь, Клинтон ХIиллари ерриг а пачхьалкхехь а, харжамийн кхоллам билгалбоккхучу масийтта штатехь а хьалхаяьлла йоьдуш хилар.
Цуьнан харжамашна кечам барехула штабан куьйгалхочо Мук Роббис дIахьедар дина, тIобогIурш «уггаре а мехала харжамаш хир бу Iамеркин исторехь» аьлла.
- «Харжамийн каппашка цкъа а ца хиллачу кепара дукха адам догIур ду», - эира цо Fox News телеканалана интервью луш.
Даиман а Республикан партина шайн кхаьжнаш дIалуш Iедал долуш ю Юта а, Аризона а штаташ. Цигахь хаттар дича гучудаьлларг ду дуккха а шерашкахь дуьххьара и штаташ Демократин партин кандидатана гIортор ян мегаш хилар.
Аризонехь бина таллам нийса цахила а мега, амма иза нийса белахь, цо Клинтон президентан гIаьнта хаор ю алссам кхаьжнашца, бохуш яздо ББС-но. Цо далочу терахьашца, ГIадужу-беттан 23-чу дийнахь лаьрча Iамеркехь бинчу беа талламо гойту Клинтонехьа кхаж таса кечбелла 47 процент харжамхой хилар. Трампана шайн кхаьжнаш дIадала дагахь бу 43 процент Iамеркин харжамхой.
Iамеркин президентан харжамаш хир бу Лахьан-беттан 8-чу дийнахь.Керла хаьржина президент цу дарже дIахIуттур ву 2017-чу шеран Дечкен-беттан 20-чу дийнаххь.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832