Ша вен кечам беш хилла аьлла, Кадыров Рамзана дIакхайкхор, цо шеггара долийна хIума дара, йаздира "Новая газета Европа" зорбано, ФСБ-ра хьостанна тӀе а тевжаш. ТӀаьхьо информаци гучуйелира, йуьхьанца дуьйна а кIело йеш хиларх шайггара кхоьллина дара аьлла даржийнарг "арахьара агентан" статус йолуш волу Пачхьалкхан Думан хилла депутат Гаджиев Мохьмад вара аьлла. ХӀетте а оцу доллучух а бахьана хилира "Вайлдберис" маркетплейсан девна йукъахь хиллачу Кадыровн дуьхьалончашна чӀир кхайкхош, кхерамаш тийса. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хӀунда ду пайден, ша вен кIело кечйан гIоьртинера бохуш дийца, муха дохош ду нохчийн ламасташ, ша уьш лардархо ву бохучу цо, Кавказ Реалиин редакцига дийцира эксперташа.
Дерриг а доладелира кху шеран товбеца-баттахь: хIетахь Wildberries гонах иккхинчу девна а, Russ компаних дIакхета барт барна а йукъагIоьртинчу Кадыровс Бакальчук Владиславан агӀо лецира (компанин долахочун Ким Татьянин хилла цIийнда ву иза). Цунна дош делира цо, шен ницкъ кхочучу кепара гӀортор йийр йу, зуда а, бизнес а йухайерзор а йу, ткъа маркетплейс цхьаьнатохаран бартах "рейдерийн дӀалацар ду" аьлла дIахьедира.
Гезгмашан-беттан 18-чу дийнахь Бакальчук а, цуьнца цхьаьна массех кадыровхо а чу ваха гӀоьртира Кремльна уллохь йолчу маркетплейсан коьртачу офисе. И дерриг а дирзира герзаш детташ, Вайлдберрисан хадархой хилла ГӀалгӀайчуьра шиъ вахархо в вуьйш.
Герзаш диттинчул тӀаьхьа ткъа дийнахь сов вист ца хуьлуш Ӏийра Кадыров. ГIадужу-беттан 9-чохь, шена кIело йан кечлуш хилла аьлла дӀакхайкхийра цо. Кадыровс бехкевира Дагестанера сенатор волу миллиардер Керимов Сулейман а, Пачхьалкхан Думин шиъ депутат а: Дагестанера Курбанов Ризван а, ГӀалгӀайчура Барахоев Бекхан а. Керимов, хаамийн гӀирсаша йаздарехь, Вайлдберрисан а, Russ-ан а цхьанатохарехь коьрта пайдаэцархойх цхьаъ ву. Керимовна а, Курбановна а чIир кхайкхор йу аьлла кхерамаш тийсира Кадыров Рамзана, нагахь санна, ша вен кечам беш хиллачаьрца шаьш дакъалоцуш ца хилла аьлла, тоьшаллаш ца дахь. Ткъа Барахоевна чIир кхайкхийра цхьа а бехкам а боцуш.
И хиллачул тӀаьхьа дукха хан йалале, Курбанов Ризвана шен зорбане йаькхинчу видеохь дIахьедира "лараме Кадыров Рамзан Ахматовична кIело кечъйечаьрца ша декъахь хилла вац" аьлла. Иштта дIахьедар дира Барахоевс а, ша ГIалгIайчохь волчу хенахь "шена хууш хIумма а дац" бохуш. Керимовс кхерамаш тийсарх лаьцна комментари ца йира
Цхьа а тоьшаллаш а ца далош, Кадыров Рамзана ша вен кечам беш хилла аьлла дIакхайкхор, шеггара долийна “хабар” ду, йаздо "Новая газета Европа" газето, ФСБ-н хьостанна тӀе а тевжаш. Нагахь санна, иштта кхерам хилча а, Кадыровн а, цуьнан гонан а реакци кхечу тайпа хуьла, билгалдаьккхира къамелхочо, амма тӀаьххьарчу беттанашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун йа графикехь а, йа цуьнан кхерамазалла чӀагӀъйина а цхьа а хийцам бац.
Путинан стратеги схьэцна Кадыровс
"Тхан карахь цхьа а оперативан информаци йац, и кIело кечъйеш хилла аьлла", - боху зорбанан гӀирсан къамелхочо.
Иза тӀечӀагӀдо Кадыровн графико а. Ша вен гӀортар кечдеш бу бохуш, дӀахьедар динехь а, регионан куьйгалхо кхидӀа а хьалха санна йукъараллин барамашкахь дакъалоцуш вара. ГIадужу-беттан 10-чу дийнахь дуьйна юьртабахаман белхахочун денна леринчу даздаршкахь хилла иза, культуран министраллин белхахошца цхьаьнакхийтира, Шелан-кӀошт кхиоран хьокъехь кхеташо дӀайаьхьира, Соьлж-ГӀаларчу гӀишлошъйархойн объекташка вахара, президентан векал, иштта ФСБ-н урхаллан 25 шо кхачарца доьзна хиллачу церемониалан кхеташонехь а вара. Цул сов, иза дакъалоцуш вара арахьарчу политикан гӀуллакхашкахь а: президентан Путин Владимиран а, ОАЭ-н куьйгалхочун шейх Мохьаммад бин Зайед Аль Нахьянан а дийцаршкахь хилла иза. Кадыровс йиц ца йира спорт а: оцу хеначохь СаӀудийн Ӏаьрбийчохь а, Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь UFC-н латархочун Чимаев Хамзатан а, боксан латархочун Бетербиев Артуран а латаршка хьажа вахара иза.
И хиламаш хиллачул тӀаьхьа бутт баьлча РИА Новости пачхьалкхан агенталлан телеграм-каналехь гучуйелира видео, цу тӀехь Дагестанера шина махкахочо дӀахьедар дира, Кадыров вен дагахь хиларх долийнарг шаьш дара бохуш, ткъа иза кхоьллинарг Оьрсийчуьра дIавахана, "арахьара агент" аьлла дӀакхайкхийна Дагестанан Пачхьалкхан Думан депутат хилла Гаджиев Мохьмад ву. И нах муьлш бу а, Кадыровн вен Iалашо хилла аьлла, Гаджиевс долийна боху хабар цара муха дIакхачийна а- хууш дац.
Йа Гаджиевс, йа оцу конфликтехь дакъалоцучу агӀончаша а цкъачунна комментарий ца йина цу информацина. Аьхка "Проект" зорбано йаздора, депутатан Керимов Сулейманан дехарца "арахьарчу агентийн" тептаре йазвина хиларх Гаджиев. Журналисташа дийцарехь, Гаджиевна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх долорехь а кхиам хилла цуьнан. Цуьнан бахьана хилла боху - коммерцин конфликт.
Кхерам хIинца а бу?
Цуьнца цхьаьна, ша вен дагахь кIело кечъйеш бара аьлла, Кадыровс дIакхайкхийна чIир а, йуха эцна йац. ЧIир хьейечу ламастах Нохчийчоьнан куьйгалхочо пайдаэцна, ша бехкебен нах бехказабийлийта санна, билгалдоккхура нохчийн историко Вачагаев Маирбека.
Оцу кепара шен леларца Кадыровс Путинан стратеги йу лелош, элира оьрсийн политолого, Прагерчу Карлан университетан юкъараллин Ӏилманийн факультетан декъашхочо Дубровский Дмитрийс: "Президенто шен арахьарчу политикан авантюраш а, тIом а [Украинина дуьхьал болу] хьалхатоьтту "кхерамазаллин" лозунгаца. Вуьшта аьлча, цхьа а тоьшаллаш ца оьшу, цхьанна а интересе дац билггал хилларг. Изза ду Кадыровца дерг а".
Ма-дарра аьлча, вай дуьйцург, Кадыровн цӀоган тӀе ког баьккхина, цунна иза ца тов
ЧIир кхайкхор а, стаг вен гӀортар а Вайлдберисс-н гонаха лаьттачу конфликтех дӀатохар – иза дов юридикан декъера ламастан декъе даккха лаам бу, бохуш, дуьйцу Дубровскийс кхидӀа а: "Цкъа делахь, цхьа "дийцар" кхоьллича, тӀаьхьо аьтта хир ду къаьмнашна йукъара конфликт йу ала, бакъдерг аьлча, вай дуьйцург Кадыров эргIад вахийтина, цунна иза ца тов".Кадыровс шена хиллачу кхерамах дийцинарг, цунна "сурт хIоттар" ду боху къамелхочо: "Со цец ца волу, цхьаммо а Кадыровга хӀумма а дӀакхайкхийна ца хиларх (цунна дуьхьал кIело кечйина ца хиларх - Ред.). Иза цхьана Iалашонна лелийна ду, Кремле дIахаийта, кхузахь хьал телхина догIу, йукъагIорта аьлла. Ма-дарра аьлча, хӀара дерриг а кхечу кепара дара аьлла, дIагайта хьийза: Кадыровн бизнес-интересашна вас йар дац хIара, къаьмнийн йукъаметтигаш галъйевлла, федералан центр йукъахьовза йеза аьлла.
Цуьнца цхьаьна, Кремло комментарий ца йира Кадыровс динчу дIахьедаршна. ГIадужу-беттан 16-чохь Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс хьехар дира девнехь дакъалаьцначарна "полице дӀахьедарш йазде" аьлла.
Репрессин гӀирс
Нохчийчохь Ӏедалша дӀакхайкхош ду чIир хьейар сацон хьийза шаьш бохуш – регионехь 2011-чу шарахь дуьйна республикан муфтиятан куьйгакӀел болх беш йу маслаӀатан комисси. Кадыровс дийцарехь, цуьнан тӀедилларца схьайиллина йара иза. Масала, 2023-чу шарахь цара хаам бира 93 чIирца доьзна дов дӀадерзорах лаьцна. Цуьнца цхьаьна, Нохчийчуьрчу бахархоша дӀахьедира, маслаӀате нуьцкъала дуьгу бохуш.
Дахначу шерашкахь а санна, кху шарахь а хаамаш кхочура Нохчийчуьра, мостагIаллехь болу доьзалш берта балош ду шаьш бохуш. Иштта, зазадокху-баттахь Куьрчала кIоштара Майртуьпа эвлара ши доьзал куьйге бахийтира. Диъ шо хьалха дахаран хьелашца доьзначу бахьанаца стаг верна дов лаьттара царна йукъахь. Ши кӀира сов хан йаьлча, комиссино хаам бира, тайпанашна йукъахь кхин цхьа маслаӀат хиларх а лаьцна.
Нохчийчоьнан пачхьалкхан хаамийн гӀирсашкахь кеста -кеста нисло и санна болу хаамаш. Билгалдаккха догӀу, ша Кадыровс чIир кхайкхош кхерамаш тийсинчул тӀаьхьа а, меттигерчу Ӏедалша рогӀера кхин а цхьа маслаӀат дина шаьш бохуш хаам бира. Цу хенахь, Лаха Нойбера чIирхой берта бахийтинера, йаздора "ЧП Грозный" телеграм-канало. "Веллачун доьзало Делан дуьхьа гечдина бехкечунна", - аьлла ду зорбанехь.
Оцу йоллу меттигашкахь буьйцурш бу зуламаш дина байъина нах а, церан гергарнаш а. Оцу йукъанна нохчийн куьйгаллехь чIир кхайкхор, йа конкуренташна, йа Ӏедална критика йеш болчу нахана тӀеӀаткъам бен гIирс санна леладо, боху нохчийн оппозицин жигархочо Янгулбаев Абубакара. Кадыровн чоьхьарчу гонера стага, Нохчийчуьра Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама цуьнан доьзална чIир кхайкхийра.
ЧIир йекъаран ламаст, йа нийса аьлча, Кадыровс а, цуьнан векалша а харца даьккхина ламаст лелийра шайн политикан карьеран юьххьехь
"ЧIир йекъар ламаст, нийса аьлча, Кадыровс а, цуьнан векалша а харца даьккхина ламаст ду, шайн политикан карьера йолалуш дуьйна лелош долу. Кадыров Ахьмад вийначул тӀаьхьа иштта бакъдора цара хӀора бехк боцу стаг вер. Делахь а, тӀаьхьо, и ламаст цара лело долийра, Нохчийчоьнан чоьхьара политикан позицеш чӀагӀъян: иштта тIепаза бан а, байъа а буьйлабелира царна дуьхала болу нах. Кхин дIа а чIиран ламаст, оппозицинна а, диссиденташна а духьал къийсам латтош лелош дара", - комментари йо Янгулбаевс.
Цо дийцарехь, тӀаьхьарчу шерашкахь Кадыров "кхин а генаваьлла", "Вайлдберисан конфликто" гойтуш ма-хиллара: "Цо лелайо ламастан "харц верси", рэкетехула ахча даккха а, бизнес йекъархьама а".
ЧIир йекхар, вуно доккха хӀума ду, билгалдоккху, шен цӀе йовзийта ца луучу Европера нохчийн жигархочо: "Стаг хаа а хууш вийча бен кхайкхош йац чIир. Цунна гечдо, нагахь санна, и стаг вер ларамаза нисделлехь. Амма нохчаша геч ца до цхьана Iалашонца стаг вийнехь, хӀунда аьлча, йерриг а нохчийн менталитет адамна тIехь ницкъ барна дуьхьал йу".
"Масала, Кадыровс ша вен кIело кечъйеш бара бохуш, чӀир кхайкхина. Нийса дац иза: вийна стаг ца хилча, кхайкхош йац иза", - аьлла тӀетуьйхира къамелхочо.
Кадыровс дина дӀахьедарш, Оьрсийчоьнан бахархойн тидам хьалха лаьттачу проблемех дӀаберзо гӀертар ду, аьлла, тешна ву Венерчу Ичкерин культуран центран куьйгалхо Исханов Хьусейн.
"Иза деш ду Путинна тӀера тидам дӀабаккхархьама, Украинехь Оьрсийчоьнан эскарша динчу зуламашна тӀера а. ТӀом бийцахь, тӀаккха бакъдерг гучудолу: толам бац, кхаа дийнахь Киев схьа а ца йаьккхина цара, инзаре, инзаре эшамаш бу, иштта кхин дӀа а", - бохуш, дерзадо цо шен къамел.
- Ша вен дагахь бара аьллачу Кадыровс цхьа а тоьшаллаш пца далийра, кIело кечйарх таллам болийна аьлла а, хаам ца бира, цуьнан дIахьедар Зуламан кодексан стаг вен кхерам тасар аьллачу артиклаца догIуш доллушехь. Набахтехь даккха пхеа шаре гергга хан кхачайо оцу Iедалан кхепехула.
- Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь хилла депутат Гаджиев Магомед бехкевина ХIинжа-ГIалара теологин а, дуьненан йукъаметтигийн а Институтан ректор Садиков Максуд вейтина аьлла, хаамбира "Коммерсанто". 2011-чу шарахь дина зулам итт шо даьллачул тIаьхьа йухаталла долийна- экс-депутат Гаджиев бехкевина оцу гIуллакхна "арахьара агент" иза лерина масех кIира даьллачул тIаьхьа.