ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьаммо динчу зуламах массарна а дакъа кхочу": Европера нохчийн диаспора а, "цIийнах мел верг бехкевар" а


Немцойн полицин машенаш, гайтаман сурт
Немцойн полицин машенаш, гайтаман сурт

Дахаран хьелашца доьзна бахьанашца дов иккхинчохь нах байъарна Нохчийчуьра бахархой Германихь бехкебина кху шарахь масех бехкзуламан гIуллакхашна. Цуьнан чIогIа карзахе тидам бина оцу диаспорийн векалша, махкахошкара даьллачунна шаьш жоьпехь хиларна а, и гIуллакх нахалахь дийцадаккхарна а. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа билгалдоккху, и хиламаш а, тIелеттачийн къам а цхьаьна доза мегар дац аьлла.

Немцойн Магдебургехь бехкево 18 шо долу Нохчийчуьра вахархо уьрсаца шен доьзална тIелатарна: цо йинчу чевнех йелла цуьнан нана а, исс шо долу ваша а, кхин цхьа ваша а, ши йиша а дарбанан цIийнехь ду. ТIаьххьарнаш кIелхьарабаха аьтто баьлла, сатосуш доьалгIачух ах даьллачу хенахь гIо доьхуш маьхьарий хезначу лулахочух бахьана даьлла.

Талламан версица, тIелеттарг ша зулам динчу меттиге йухавеана хиллера, цигахь лаца а лаьцна иза. Ша дийриг ца хууш адамаш дайъарна бехкевина, дIавигина иза лаьцна. Полицин хаамашца, азербайджанхойн, туркойн, Оьрсийчоьнан а кехаташ долу и доьзал чоьте эцна ца хилла, цара цхьана а кепара низамаш дохийна меттиг а хаабелла бацара. Европера нохчийн Ассамблейн хаамашца, ненаца дара бераш – церан ден аьтто ца баьллера Украинера Германи сехьавала. Ишта жигархоша хаамбо, дийна диссина кхо бер нохчийн доьзалашка схьалахьара аьлла, дехар деш Iедалхошца дийцарш ду дIахьош аьлла.

Байъинчийн гергарчеран лаам хилла нана а, кIант а Туркойчохь дIадолла. Европехь бехачу нохчаша масех сахьтехь бархI эзар сов еврошкахь ахча вовшахтуьйхира декъий дIадахьийта а, уьш дIабохкийта а.

ХIара ирча бохам бу, хIокху гIуллакхца къам доьзна ду аьлла, суна ца хета

Оцу хиллачо Iадийна нохчий, цунах лаьцна дийцира редакцица къамелаш динчу диаспорин векалша. Социалан гIодаран тIегIа Оьрсийчохьчул а лакхара йолчу пачхьалкхашкахь иштаниг муха нислур ду, бохуш хеттаршка буьйлура респонденташ.

Нийса хир дац, нохчаша зуламаш кест-кеста до, йа наггахь бен ца до, кхечу къаьмнашка хьаьжча бохуш, чIагIдар, боху Францера диаспорин жигархочо Муртазалиева Зараа: "Шен нана а, ваша а дийна, кхин а кхаанна чевнаш йина стаг лартIахь вац. Кхело а, психиатрин экспертизо а къастон деза цуьнгара хьал, сацамбан беза, стенгахь йоккхуьйтур йу цуьнга хан а. ХIара ирча бохам бу, къомаца и доьзна ду аьлла, суна ца хета".

Хилларг – доьзалехь ницкъбар ду, нохчийн йукъараллехь хила йиш йоцург а ду, хуьлийла и Германихь, йа Нохчийчохь, тешна ву гуьржийн Рондели Фондан Iилманан белхахо, Къилбаседа Кавказехула эксперт волу Квахадзе Александр: "Йоллу нохчийн диаспораца доьзна сихаллехь хьесапаш аса дийр дацара".

Цо бохучунна тIетов иштта Прагера Карловн университетан политологин факультетан прфессор Аслан Эмиль а. Оцу бехкевечун могушалле а хьаьжна, листа деза хIара хилларг, Нохчийчуьра схьабевллачара европахойн йукъараллехь интеграци йарехь зен ца деза аьлла, тIетуьйхира цо.

"ЖамI дойла йац"

Дахаран хьелашца доьзна кхин а оцу кепара хIума нисделира кху шеран дечкен-баттахь. Шен махкахо верна шеконашца Нохчийчуьра кхин цхьа стаг а лецира Германихь. Кавказ.Реалии сайтан хьасташа дийцарехь, цуьнан доьзална хьалхха урс диттинера цунна.

Кхин истори - 2018-чу шеран гIуран-баттахь Венера кхело набахтехь даккха 13 шо хан туьйхира 16 шо долчу нохчочунна К.Робертана. Иза бехке лерира ворхI шо долу йоI йерна, иза вехачу цIа чохь Iаш хиллера иза а. Талламан а, кхелан а версица, морожни йаа шайн петар чу а кхайкхина, ванни чохь урс хьаькхна хиллера цо цунна. ТIаьхьо Роберта дIахьедора, "аз хезира" шена, и зулам де бохуш аьлла.

Оьрсийчохь йоллу йукъараллин стигматизацих доьлла тхо

Ишта тIаьххьарчу шерашкахь Францихь хилира масех адамашна кхераме тIелатар. Масала, 2018-чу шеран стигалкъекъа-баттахь нохчех схьаваьллачу Францин вахархо Азимов Хьамзат уьрсаца тIелетира Парижан йуккъехула дIасалелачу нахана. Киншкаш йухкучу туьканан белхахо Гоне Ронан вийра цигахь, кхин а масех стагана чевнаш йира. Азимов вийра лоцучу хенахь. Оцу тIелатарх жоьпалла шайна тIехь ду аьлла, дIакхайкхийра "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано.

Парижана чувуллучохь 2020-чу шарахь 18 шо долчу нохчийн кIанта Анзоров IабдуллахIа вийра школера хьехархо Пати Самюэль. Йуьхьанца дуьйцура, Патис йоьдучу урокехь Мухьаммад пайхамарна йехкина карикатураш гайтина хиллера, оцу тIехула вийна иза бохуш. Амма тIаьхьо къаьстира, хьехархо харцвеш, цунах лаьцна дийцинчу йоIа шеггара кхоьллина хилар и. Европера нохчийн Ассамблейно дIахьедар дина, оцу зуламо шаьш "Iадийна", и тIелатар шаьш йемалдо аьлла.

Оцу хиламашна тIе а тийжаш, мегар дац нохчашна тIетийтта леларан цхьа къастийна васташ, боху Къилбаседа Кавказехула экспер волчу Квахадзе Александра: "Иштта ирча зуламаш а луьстийла ду динан-идеологин таронийн контекстехь, амма мегар дац уьш диаспораца доза".

Нохчийн кегийрхойн цхьана декъана "товш" хила а тарло динера цхьайолу агIонаш, тIетуьйхира политолого Аслан Эмиля, делахь а цо билгал ца доккху адамийн интеграцица проблемаш хилар – цунах лаьцна нийса хаамаш бац.

Шайн махкахоша дечун чIогIа терго йо нохчийн диаспоро, комментари йора цунах лаьцна Муртазалиева Зараа: "Вай дIадоьлла Оьрсийчохь йоллу йукъараллин стигматизацих, хIунда аьлча, цхьана нохчочо дина зулам доллу махкана тIетоьттучу пачхьалкхехь кхиъна хиларна. Доллу къам дуьйцура зорбанан гIирсашкахь, террорхой, бандиташ бу уьш бохуш".

Герз караоьцур йа киншка, набахте гIор, йа университете – харжам хIораммо а ша-ша беш бу

Къамелдинчо тIетуьйхира, оцу доллучо а шен махкахошкара даьллачунна хIора а бехке хоьтуьйту: "Европехь итт шо доккхучу заманчохь суна гина бац кхечу къаьмнийн векалш, шайн махкарчу стага динчух гечдар доьхуш. Зулам дина стаг зуламхо ву, мичча къомах иза велахь а. ПохIма долуш, кеп-кепара говзаллаш карайерзийна дуккха а адамаш ду вайн. Амма бакъ ду, герз караоьцур йа киншка, набахте гIор, йа университете – и харжам хIораммо а ша-ша беш бу".

  • 21 шо долчу нохчочунна А.Нурадина депортаци ца йан бина бехкам йухабаьккхира немцойн Мюнстерера кхело гIуран-баттахь. 2022-чу шарахь гей-парадехь транс-стагана лечу хьоле валлалц йиттинера цо. Оцу зуламна набахтехь даккха пхи шо туьйхира Нурадина, иштта тIедожийра реабилитацих чекхвалар, наркотикашца а, маларца а цуьнан проблемаш хиларна. Нурадин адвокато чIагIдо, нохчо ша а вара гомосексуал, кхечу нохчашкара кхерамаш кхаьчнера цуьнан гергарчаьрга, цуьнан ориентацина тIехула бохуш.
  • Францихь марсхьокху-баттахь стаг вийна цо аьлла, шеконаш хилла лецира Нохчийчуьра 23 шо долу Мохьмад цIе йолу стаг. Байонн гIалин вахархочунна йиттинера кхаа стага, шайгара бехкбаьккхича - хIусамна чувоьддучохь хьаткъа детташ хиллера уьш. ШолгIачу дийнахь Мохьмад дIахийцира, бехказа а ваьккхина – шен алиби тIечIагIдан аьтто хиллера цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG