Коронавирусца йоьзначу гаттонашца цхьаьна дIадахначу 2020-чу шаро гайтина хIаваъ цIена латторах йолу статистика, дог лозучаьрга сагатдойтуш, кеп-кепара юйла, хаам бо дуьненаюкъарчу аудит-консалтинган FinExpertiza цхьаьанкхетаралло. Технологин гIирсаша даржош долу дIаьвше даххаш лахделлехь а, кхуьуш ю оцу Оьрсийчохь маьIнехь зуме йолу индустри. ХIаваъ а, дерриг жил-Iалам а бехдарца лидерашлахь ю Къилба а, Къилбаседа Кавказан а регионаш. Ткъа стенна гойту экологин статистика кеп-кепарчу хьукмташа вовшашца догIуш доцчу терахьашца? Мел тоьшийла ду жил-Iаламан хьал довзуьйтуш Iедало яржочу информацех? Оцу хьокъехь къамел дира Кавказ.Реалиино экологашца.
Росстатан информацин буха тIехь динчу зераша гайтарехь, 2020-чу шарахь Оьрсийчохь аренашка а, хIаваэ а дIакхийсина дIаьвше даххаш ду 17 миллион тонна гергга – шо хьалхачул 2% кIезиг. Оцо таро ло терго ечарна коронавирусца доьзна хIиттийна дехкарш бахьанехь жил-Iалам бехдар лахделла ала. Амма тIаьххьарчу 17 шера чохь ца кхийссинчул а дукха зуламе даххаш хIаваэхула даржийна Оьрсийчохь кхушеран ялх баттахь – 181 меттиг ю дIаьвше даххаш мегачул 10-зза а, сов а дIасадаржийна.
2020-чу шарахь даххаш дIаьвше хуьлу индустри кхиина 25% гергга – и тайпа меттигаш ю 113,8 эзар. Боьха даххаш чехка кхиарца лидер яьлла Ставрополь (+258%), шолгIачу меттехь ю Нохчийчоь – цигахь хIаваъ бехдечех ю 65 индустрин хьукмат (стохка иштанаш 3,5-зза кIезиг хиллехь а). Талламан авторшна хетарехь, дIаьвше нехаш совйовлар дозу регионашкара экономика ледара кхуьуш хиларца.
Зене даххаш уггаре дукха дIасадаржочу мехкийн хьалханчашлахь экономика гIолехьа йолу Краснодар-мохк бу. Шера чохь боьха даххаш даржош йолу меттигаш цигахь 1984 дебна (Москвахь дац и тайпа индустри тIекхиар 1218 бен. КхоалгIачу меттехь бу Ростов-мохк – 772.
Краснодар-мохк оцу маьIнехь гергакхаьчна даима а дIаьвше даххаш алссам даржочу Сибрехарчу, къилбаседанерчу регионашна. Краснорск-махко, масала, шарахь хIаваэхула даржийна 415 эзар тонна даххаш.
ДIаьвше даххашца хIаваъ бехдарца шолгIачу меттехь ю Нохчийчоь – цигахь экологин тIедахкарш дохош ю 65 индустрин хьукмат
Сагатдойтуш хьал ду Къилбаседа ХIирийчохь даххаш даржорца – цигахь и тайпа терахь кхиина 40%. 77,5% лахделла зене даххаш даржор ГIалгIайчохь (1,8 тонна). КIезиг зуламе коьчалш яржайо жил-Iаламехула ГIалмакхойчоьно а – лахеделла терахь 61 процентна, 2,5 тонна. Даххаш даржоран терахьаш дацдарца борхIалгIачу меььехь ю Дагестан – 24%. Делахь а, Къилбаседа Кавказан регион сов йоккха а яц, цундела тIех зуламе а ца го цо хIаваъ бехдаран барам говзанчашна.
FinExpertiza Global цхьаьнакхетараллин президента Трубникова Еленас гучудоху Оьрсийчуьрчу официалан статистикан гIалаташ, цо бахарехь, "хьалха экологица дозу терахьаш Iора дохуш хилла доцу индустрин дакъош доьлла хIинца шаьш Iаламна ден зенаш довзийта".
"Зене даххаш даржош йолу меттигаш кхин а сов хила а тарло, кхушара экологин инспекторша Iораяьхна дуккха а и тайпа меттигаш", – боху цо.
Кавказ.Реалиица къамелаш динчу экологаша бахарехь, теша хала ду офциалехь довзуьйтуш долчу эко-зуламийн терахьех.
"Легарш даран методика хийцало – хийцало терахьаш а, и истори даима а лаьтта. Цу тIе, статистикан терахьаш индустрин хьукматаша шаьш чуделлачу терахьех вовшахтухуш ду, ткъа бозбуанчаллаш лело хьукматашна дуккха а некъаш бу. Терахьашна бухара тоьшаллаш схьакаро а ду хала. Билгалдаккха торуш дерг цхьаъ бен ца хуьлу – мел дукха ю даххаш даржош йолу компанеш", - элира "Жил-Iаламна зуламаш дарна дуьхьал йолу бахархойн инициатива" цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Шевченко Дмитрийс.
ГIалгIайчохь экологина ден зуламаш лахделла, цигахь шиъ-кхоъ бен индустрин хьукматаш яцарна ду иза
Краснодар-мохк а, Ростов-мохк а зене даххаш кхиочу лидерийн могIара кхачар дозу цигахь сурсаташ, маьIданаш дIасахьийсорхьама кечдеш, цIандеш хиларца , боху Шевченкос.
"ГIалгIайчохь экологина ден зуламаш лахделла, суна хетарехь, цигахь шиъ-кхоъ бен индустрин хьукматаш яцарна. Пандеми лаьттачу юкъанна царехь цхьаерш дIакъовлаеллачу тера ду. Иза хийцалур долуш хьал ду. Нохчийчохь, тешна а, къайлах болх беш яьхначу цхьайолчу хьукматаша гайта болийна шайн болх, хьалха чулуш ца хилла даххех дерг, хIинца иза гайта долийна Iедалан лаамца", – аьлла хета "Жил-Iаламна зуламаш дарна дуьхьал йолу бахархойн инициатива" цхьаьнакхетараллин куьйгалхочунна.
Эксперта бахарехь, пандемин муьрехь цIандала доьлла жил-Iалам – масала, лахделла хIаваъ дагор. Амма даиманенна хилла бац и хийцам. Экономика меттахIуттушехь. Деста долалур ду даххаш даржоран ирча терахьаш.
"Ткъа официалан статистико ца лоьру вуно зене долу дукха хIуманаш. Вай дуьйцу индустрин хьукматашкара экологина дуьхьал дуьйлу зуламаш, амма къилберчу мехкашкахь изза боьха даххаш дIасадаржош хьийза юьртабахамаш а. Краснодар-махкахь дуга чудерзийча ягайо бухаюьсу яраш – ткъа иза индустрино дечул а доккха зулам ду хIаваъна. Амма и сурт дац статисташа тидаме оьцуш а", – боху Шевченкос.
Цо бохучунна тIетайра Кавзаз.Реалиин шеца къамел хилла Ростов-махкара Iедалан хьукматхо а (шен цIе цаяккхар дехна цо).
Iаьржа хIордан йистошца бархI химин индустрин хьукмат хIотто дагахь ду Iедал – кхераме ду иза санаторешна, курорташна
Цо бахарехь: "Хала ду зуламе даххаш стигалхула даржор цхьана регионехь терахьашка даккха а, хIора регионан шайн башхаллаш йолу меттигаш ю Iалам бехдеш. Халахеташ делахь а, хIора кIиранах нисло хьаьттанашкахь цIерш йийлар а, ягор а", – элира цо.
Экологна Чеченко Никина гарехь, жил-Iалам бехдарна бехке пачхьалкхан корпорацеш а, Iедал а ду – ца тоьу экологаша-жигархоша къийсам латторах.
"Iаьржа хIордан йистошца бархI химин индустрин хьукмат хIотто дагахь ду Iедал. Оцу Iалашонаша сийлалле йохур яц цигара санатореш, курорташ. Кавказан минералийн регионехь хIинца ю болх беш нехаш ягош йолу меттиг, дуьцийла дуй тIаккха Iалам Iалашдарх лаьцна? Оцу тIе, Iедална ца тов оцу меттигна духьал наха ден аьрзнаш. Пачхьалкхехь дуьйцуш а дац энергетика кIур гIаттош, нехаш яржош. ДIаьвше даххаш луш йоцчу хьесапашка ерзор. Вайн хьолах доьлхур-м ду, амма хийцадала дац хIума", – аьлла го хьал Чеченкона.
***
Росстато бахарехь, 2020-чу шарахь ерриг а пачхьалкхехь стигал хецна 22,2 миллион тонна зуламе даххаш, царех 5,3 млн тонна йиллина цхьана меттехь лаьттачу хьукматаша даржош а дац.
2020-чу шарахь Оьрсийчоьно хIаваъ Iалашдан къастийра 63,9 миллиард сом, цунна хьажош долу ахча ду совдохуш 2012-чу шарахь дуьйна. Ткъа йолуш йолу техника яц сахьтехь 1,9 эзар куб-метр хIаваъ зен таро луш бен – кху тIаьххьарчу 20 шера чохь дац хьал оццул ледара хилла. Бакъду, 2016-чу шарахь хIаваъ зуьйш йолчу технико талла таро ца лора 1,5 эзар куб-метр бен.