Кемеровехь садаIаран кхерчахь хиллачу бохамо юха а гIаттийна Оьрсийчуьрчу гIишлошкахь а, садоIаран центрашкахь а, школашкахь а цIеяларан я кхечу кхерамазалийца долчу хьолах хаттар. Гарехь, Кемероверчу „IаьнатIера баьл“ садаIаран кхерчахь чул башха гIолехь доцучух тера ду и хьал.
Ткъа муха ду те алссам адамаш гуллучу меттигашкахь Малхбузерчу пачхьалкхашкахь цу адамийн кхерамазалла Iалашъярца хьал? Цу хаттарна мелла а жоп луш ду Германерчу некъашна тIехь Iедало бечу талламашца дерг.
Дийнахь эзарнаш машенаш дIасалелачу автобанашна тIехь, церан кхачам вуно лакхара болшехь, хIетте а низамца тIедожийна ду шопаршна некъан цхьа дакъа маьрша дитар. Авари йича орца кхачо йоьду лоьрийн машен я цIейайъархойнарг сихха маьрша дIасаяха таро хилийтархьама тIеэцна ду и низам масех шо хьалха.
Австрехь вехачу Никархо ИбрахIима Маршо Радиога дийцира, цIе яьлча цIейайъархой масех минот ялале схьакхочуш хилар шен тергал дан дийзира ша, бохуш: „Сайна а нисделла суна и цIейайъархой минот ялале схьакхочуш хьал. Кхузахьий, Оьрсийчохьий кхерамазаллин техникца долу хьал вовшашца дуста а ца ло. Кхузахь ишколашкахь кегий долуш дуьйна Iамадо бераш цIе яьлча муха хIун дан деза.
Оцу Кемеровехь хилла бохам и пачхьалкхе лортIехь ца хиларан тоьшалла ду. Ур-атталла шаьш кху Европе кхаьчча а шайн цIахь санна ледар ларйо оьрсаша берийн кхерамазалла. ХьастагIа Германехь автобана тIехь сацийна Оьрсийчуьра бераш дахкош йогIу автобус. Яхка а елла хилла иза. Ткъа оьрсийн хьехархо еза а еш хилла шаьш совцийна бохуш“.
Никархо ИбрахIима хьахийна ма хиллара, кхо де хьалха Оьрсийчуьра дешархой Германе садоIа бахкош еана йолу автобус сацийнераавтобан тIехь терго еш йолчу немцойн полицино. Цу автобусан тишаллех цецбевллачу полисхоша цуьнан техникан хьал теллича, царна гучудаьллера муьлхачу а мIаьргонехь я авари ян я цIелетта яга и автобус йиш йолуш хилар.
Берлинерчу полицин векало бинчу хаамца, 40 бер чохь долчу автобусан хьалхара а, аьтто агIора а ши тормоз болх беш ца хилла. Цуьнан бензин чохь долу бак малйелла лесташ хилла, муьлхачу а мIаьргонехь охьайожа йиш йолуш. Тормазийн дискаш даадела кхачаделла хилла.
Ткъа оьрсийн маттахь „глушител“ олуш йолу, машено аратоьссучу газийн гIовгIа лахъяран гIирс дукха боьхна болу цунах хIинца –хIинца цIеяла йиш йолушхилла. Цу суьртах цецъяллачу немцойн полицино оцу сохьта автобан тIера араяьккхина оьрсийн бераш чохь долу автобус. Иза тояйта хьажийна цара. Ткъа бераш хьешийн цIийнахь дIатардина, автобус тойина яллалца.
Бакъду, цу берийн кхерамазаллех жоп луш йолу цаьрца хилла церан хьехархо иштта шайна баьллачу некъахьовзамна вуно оьгIазъяхана хилла. Немцойн полицино пайдабоцучу хIуманна тIехула совца а дина шайна хьем бина аьлла хеташ, царна тIечехаш, латкъамаш беш хилла иза.