ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Турпалхошна тIера йамартхошна тIекхаччалц: "Вагнеран" йолахой 2023-чу шарахь къилбехь а, Кавказехь а


Краснодар-кIоштара ЧВК "Вагнеран" кешнаш
Краснодар-кIоштара ЧВК "Вагнеран" кешнаш

Кху шеран уггар а коьртачу сюжетах хилира "Вагнер" ЧВК-н айайалар а, йожар а. ТIаьххьарчу масех шарчохь, и тоба хилар бакъ ца деш хиллехь а, йиллина вербовка йан йолийра цо тутмакхашна а, Украинана дуьхьал тIом бан баха луучарна а. Цуьнан куьйгалхочо Пригожин Евгенийс берзийра шен дахаран а, карьеран а некъ тIеман министраллина критика йина ца Iаш, Роствов гIалара Къилба тIеман гонашкара штаб дIа а лоцуш. Болх сацийнашшехь, "Вагнеро" хIинца а Iаткъам бо Къилбаседа Кавказан а, къилбан а регионашна.

Вербовка

Кху шеран хьалхарчу йалх баттахь ЧВК "Вагнер" айайеллера, цо Iаткъамбар даьржира – шайн могIаршка колонишкара тутмакхаш ийзон йуьйлайелла Пригожин Евгенийн структураш йаккхийчу гIаланашкара могIарера бахархошна вербовка йан хIиттира. Масала, "музыканташна", йолахоша ишта йоккхура шайн цIе, реклама йен билбордаш гучуйийлира Волгоградехь.

Вербовка йора Ростовра спортан клубехь, иштта Краснодаран, Тихорецкан, Геленджикан бахархошна шайн почтин йаьшканаш чохь керийначу кехаташца а.

Вербовка йинчийн гергарчара цхьа наггахь хаамаш бора ЧВК-хь бертаза дIайаздина олий. Масала, охан-баттахь Томскан пачхьалкхан университетан студентан нанас – казахех йолчу Бекенова Альмирас дийцира шен кIант цIеххьана Краснодаран кIошта дIавахарх- шен йезар йолчу воьду аьлла.

Ма-дарра цунна вербовка йинийла хиъча, Альмирин аьтто белира Молькинера йолахойн базехь цуьнца цхьанакхета. Цуьнга чомахь йистхила а ца йитира иза, цуьнан дешнашца, делахь а, иза ларийра кхуьнга хаийта, ша цхьана а контрактана куьг йаздина дац аьлла. Вочу хьолехь хиллера иза, йуург а, ахча а доьхура, дийцинера зудчо.

Шо долалуш хиира, Краснодаран а, Ростовн а мехкашкара а, Къилбаседа Кавказан мехкашкара а колонишкара ЧВК дIайазбала дуьхьал болчу тутмакхашна кхерамаш тийсарх.

Царех цхьаьнга аьлла хиллера къайлахчу сервисийн а, чоьхьарчу гIуллакхийн а министраллин белхахоша, шаьш бехкзуламан керла гIуллакх дуьхьал доккхур ду масех шо хьалха цо динчу зуламна аьлла, нагахь санна, вербовкина дуьхьал валахь. Цунах лаьцна шаьш тутмакхаша дийцинера бакъоларйархочуьнга Гельмель Яне. Дуьхьало йинчарна чолхе даьккхинера телефонаш лелор, цаьрга журналисташца а, бакъоларйархошца а къамелаш ца дайтархьама.

Кху шеран йуьххьехь йолийначу вербовкин шолгIачу тулгIено гайтира, Украинера тIамтIе баха луу тутмакхаш кIезиг хиларх, хьалхарчу кампанихьчул а. Цундела тIеман рекрутийн дийзира шайн тактика хийца, йаздора "Медиазонас". Ахшо даьллачул тIаьхьа дийна бисинчу а, гечдинчу а тутмакхийн исторешка хьуьйсура уьш. Царе цхьаболчийн биографица, ЧВК-н куьйгаллина бен-башха ца хетара, оцу нахана таIзар стенна динехь а.

Масала, колонихь даккха 17 шо долчу тутмакхо Лазарук Романа 2014-чу шарахь шен нана а, йиша а йийнера. Официалехь йолчу версица, мелла а волуш, зударшна тIе бензин доьттинера цо, цуьнах ах пеша тIе кхеттера- цунах цIе а йаьлла, ший а зуда йелира. 2034-чу шарахь набахтера аравала везаш вара Лазарук, делахь а, дахначу шеран дечкен-баттахь дийца даьккхира Украинерчу тIамехь иза вийна аьлла.

Циггахь вийра Ростовн махкара Грибков Владимир а. 2023-гIа шо чекхдаллалц колонихь хила везаш вара иза, ши зуда йерна – аьчкан вал йиттинера цо цу шинна. Царех цхьахйолчо шен цицигашна дIовш деллера аьлла, шен шеконаш хиларх дIахаийтинера Грибковс кхелехь.

Украинерчу тIамехь иштта нисвеллера Кубанера гIалгIаскхи Ситавичус Александр – дов иккхинчул тIаьхьа кафехь кхо стаг вийнера цо; Краснодар-махкара Миргородский Николай бехкевинера бакъо йоцуш герз лелорна, стаг верна, талораш лелорна, стаг вен кIело йарна, стаг лачкъорна; Волгоградан вахархочунна Нарцев Маркна 14 шо тоьхнера колонихь даккха тIеман иччархо верна а, бакъо йоцуш герз лелорна а, къола дарна а, мотоцикл йадорна а; шен заьIапхо йолу нана йийнера Майкопехь Тощаков Валентина. ЧВК "Вагнеран" декъехь Астраханера тIамтIе бигира пхоьазза а, йалхозза а таIзар дина тутмакхаш, амма Украинехь вийначу кубанхочунна Копайгорода Валерийна тIехь йисира рекорд къилбехь – иссозза таIзар дина ву иза.

ТIамера йуха ца веара Ямадаев Сайд-Хьусейн а – 2008-чу шарахь Москвахь вийначу нохчийн хиллачу тIемалойн командиран, Оьрсийчоьнан депутатан, Кадыров Рамзанан конкурентан Ямадаев Русланан кIант

2016-чу шарахь Сайд-Хьусайнна итт шо туьйхира шогачу хьелашкара колонихь даккха. Иза бехкевира могушаллина дайн зен дарна а, машен лачкъорна а, полисхочунна ницкъбарна а, баккхийчу барамашкахь талораш лелорна а, паспорт лачкъорна а.

ЧВК "Вагнеран" могIаршкахь баккхий эшамаш бу бохуш, дийца даьккхинчу йукъанна хиира, Краснодаран кIоштахь царна аьлла кешнаш билгалдахарх. Меттигерчу жигархочо, тIеман пенсхочо Вотановский Виталийс бина болх бахьана долуш, кест-кеста хаам бора цо нах дIабохкарх лаьцна, къаьстира Бакинскехь йуккъерчу барамехь 100 гергга каш баттахь гучуделира цигахь. Охан-баттахь Пригожин Евгенийс шен компанина лерина Горячий Ключ олучу меттигехь къастийна кешнашкахь дакъа даларх дийццалц.

Йолахойн къаьстинчу кешнех лаьцна информаци массарна а гIарайаьлча, Iедалхой гIоьртира журналистийн тергонех уьш хьулдан. Массарна а гергахь дов хилира цунах Горячий Ключ гIалин администрацина а, Пригожинна а йуккъехь, цул тIаьхьа дихкира цигахь йолахой дIабохкар.

ХIетахь ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо кхерамаш тийсира куьйгалхочунна Белопольский Сергейна, цуьнан цIа хьур ду ша декъий аьлла, журналисташ кхайкхира цо рогIера нах дIабухкучу церемони. Эххар а кхо де даьлча меттигерчу администрацино дина дехкар йухаийцира мехкан губернаторо Кондратьев Вениамина.

Меттигерчу жигархошна Iаткъам а беш новкъарло йан гIиртира йолахошлахь белларш лара. Цкъа хьалха лакхахь хьахийначу Вотановский Виталийна а, цуьнан коллега волчу Чириков Викторна а кхерамаш туьйсура телефонаш йетташ, кешнашкахь шайна меттигаш билгалбаха бохуш. Цул тIаьхьа ФСБ-н белхахоша хеттарш дан тIекхайкхира Вотановский. Терроризм къобалйар аьллачу гIуллакхехула теш санна тIеозийнера иза, "Путин воцу Оьрсийчоь" тIейазйина цуьнан майка бахьана долуш. Бехке леринера «Одноклассники» социалан машанера цхьа накъост, шен агIонехь сурт хIоттийнера цо оцу духарца Вотановскийца цхьаьна даьккхина.

Цул тIаьхьа ши бутт гергга хан йаьлча, жигархо дIавахара пачхьалкхера. ТIаьхьо Вотановскийна хиира, Оьрсийчохь шена 10 эзар соьмана гIуда тоьхний, "товш йоцчу" организацешца цхьаьна болх бина аьлла. Ша ца ваьллачу денна дIавахнехь а, волонтерийн гIоьнца кхин дIа а болх беш ву Вотановский.

Хьалхара гечдинарш

2023-чу шеран гIуран-баттахь тIамера цIа эха буьйлира гечдина хилла хьалхара тутмакхаш, ЧВК-н могIарехь шайн эхашарна куьйгйаздина хилла контракт чекхдаьллера церан. Йолахой маьршабахарх лаьцна муьлххачу а хеттаршна жоп луш Кремлехь билгалдоккхура, гечдарх лаьцна доллу омранаш къайладаьхьна ду, амма уьш дерриш а низаман гурашкахь ду бохуш.

Зазадокху-бутт бовш Пригожина дийцира пхи эзар тутмакх хилларг тIамтIера ца варах. Марсхьокху-баттахь церан терахь 32 эзаре делира. ЧВК-н куьйгалхочо чIагIо йира, оцу гечдина хиллачу массара а цIа бирзинчул тIаьхьа 83 зулам дарх лаьцна, ЧВК-ца контракт доцуш арабевллачара динчел а 80-зза лахара ду уьш бохура. И хаамаш стенгара бара хууш дац. Оцу йукъанна къилбехь а, Кавказехь а гечдинчу йолахойн рецидивех кест-кеста керлачу хаамашкахь дуьйцура.

Масала, охан-баттахь Волгограде йухавеара Мелкоян Арсен – 2022-чу шарахь цунна 11 шо тоьхнера шогачу рожера колонихь даккха, риелтор Гребенюк Роман цо верна. Дайн-нанойн чатехь Мелкоянан йишица дов даьллера цуьнан. Оццул шогачу артиклехула таIзар дина стаг ахшо даьллачул тIаьхьа маьрша муха воккхур ву аьлла кхеле меттигерчу жигархоша хаьттича, царна жоп ца делира.

Делахь а кIира бен ца даьккхира Мелкояна цIахь – бутт баьлча йуха а лецира иза. Шен хилла хIусамнана а, вийначу риелторан йоIана а, шена таIзар дина суьдхо а йуьйр йу ша бохуш, кхерамаш тийсинера цо.

Мелкоянан дов хIинца а хоттуш ду, амма къевлинчу рожехь. Цхьахйолчу кхеташонехь цо дIахьединера, ша йуха а тIамтIе гIур ву аьлла. Оцу йукъанна цуьнца цхьана кхечу кхело йухалистина Мелкоянан хьалхара гIуллакх – таIзар кIад дина цуьнан- 11 шарна тIера 8,5 шаре а далош.

БIаьста лецира тIамтIера цIа веана хилла кхин а цхьа йолахо – Краснодар-махкара Кеворкьян Демьян. Къола дарна а, стаг верна а бехкевина иза чохь латтон везаш вара мел лахара а 2032-гIа шо тIедаллалц. Амма цунна а гечдира, ЧВК-н йолахо хиллачул тIаьхьа. ЦIа веанчу цо дакъалецира ивент-агенталлин долахо Чубков Кирилл а, 19 шо долу барамаш дIакхоьхьуш хилла Мостыко Татьяна а дуьйш.

Талламан версица, Чубкон а, Мостыкон а машен йоьхнера Березанская станицина гергахь. Бехкевинчу кхааннан, Кеворкьян а вара царлахь, бIаьрг кхеттера царех. И шиъ ден а дийна, церан декъий къайладаьхьнера цара, машенах цIе теснера, ткъа церан карти тIера 200 эзар сом схьаэцнера.

ТIаьхьо Кеворкьянах шеко хилира, цо 2013-чу шарахь кхин а цхьа адам дийна аьлла. Хьастийн хаамашца, йолахо хилларг лаьцна ву таллам бина баллалц, амма цуьнан а дегайовхо йу, ша хьалха хиллачу колони хьажор ву, цигара дIа йуха а Украинана дуьхьал тIом бан гIур ву ша аьлла.

Тутмакхех хилла кхин а кхо йолахо – 28 шо долу Жарков Иван а, 34 шо долу Сагарь Александр, 40 шаре ваьлла Руссков Денис а - лецира стигалкъекъа-баттахь Волгоградан кIоштахь. ГIишлошйаран гIирс бухкучу туьканан долахочунна динчу тIелатарна гунахь бу бохуш шеконаш йу царах. Талламан версица, цIа чу а лилхина, уьрсаца кхерамаш а туьйсуш, машенан долахочуьнга шайн цIартIе йаккхийтира машен. 155 эзар сом хиллал церан лачкъийначу ахчанца а, дещица а дIабаханера уьш оцу машенахь.

Волгорадан кIоштара кхин цхьа йолахо федералан лехамашка велира, важа лецира жима йоI цо хьийзорна. Цунна а биллира бехк къола дарна.

Ростовхь ЧВК "Вагнеран" хиллачу йолахочунна Руденко Сергейна керла таIзар кхайкхийна хIинцале а – 11,5 шо тоьхна цунна шогачу хьелашкара колонихь даккха, ша ханна лаьцначу петаран долахо йерна. Цул а хьалха колони кхаьчнера иза, шеца Iаш йолу зуда йийна, цигара – гечдина, тIаме хьажийнера иза.

Цкъацкъа тутмакхна гечдечу хенахь тидаме ца оьцура, иза маьрша ваккхале хьалха цуьнгара къиза зуламаш дийлина хилар. Масала, наркотикаш латторна Украинехь лаьцначу Къилбаседа ХIирийчуьра полисхо хилла Техов Вадим Буьри-ГIала йухавеара. Шен эхашарна колонихь ЧВК "Вагнерца" йина контракт йерзийра цо. Техов набахтехь латтон везаш вара 2035-чу шаре кхаччалц, шен хилла хIусамнана Гагиева Регина къизаллица йерна.

Бунт а, чакхе а

Кху шеран мангал-бутт бовш Пригожин Евгенийс куьйгалла деш хиллачу ЧВК "Вагнеран" истори йирзира герзашца бунт гIаттош, Ростов-на-Дону гIалара Къилбан тIеман гонашкара штаб дIа а лоцуш.

Оцу заманчохь уггар а медийхь гоьваьллачу шен бIанакъостан гIоьналлех ваьллера иза – Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан. Цу шиммо цхьаний критика йора тIеман министраллин инарлаша бечу сацамашна тIехула, йа тIеман гIирсан къоьлла латтарна. Делахь а, Кадыров Путин волчу вахначул тIаьхьа, цо цIеххьана хийцира шена хетарг – Пригожинна лен волавелира иза. Массарна а гуш-хезаш йукъаметтигаш къестор а, къамел дан "йуьстах вала" бохучу тIе а делира гIуллакх. Шена тIеман гIирс ца лахь, украинхойн Бахмутана гергара йолахой арабаха чIагIо йинчу Пригожина мангал-беттан 23-чу буса дIахьедира, Оьрсийчоьнан тIеман министраллин ницкъаша ЧВК йолчу тохар дина аьлла.

Цунна дуьхьал жоп лун уьш цкъа хьалха Ростов-на-Дону гIала баха новкъабевлира, цул тIаьхьа Москва кхача ойланца. Цуьнан аьтто белира Ростовра ницкъахой а санна, штаб а дIатейан – ишта ЧВК-н куьйгалхочо тIедожийра тIеман министрца Шойгу Сергейца а, коьртачу штабан хьаькамца Герасимов Валерийца а ша цхьанакхетийта аьлла.

Йолайалар санна, бунт сихха йирзира – Пригожина шен дакъош йухадерзийра. Бехкзуламан гIуллакх ца долош цунна бакъо йелира Беларуси дIаваха. Вербовка сацийра, ткъа Краснодарера полигон а къевлина йу.

Путин Владимира баркалла элира Ростовера ницкъахошна гIала Iалашйарна. Кавказ.Реалиин редакцино къасторца, бунт гIатточу дийнахь меттигерчу талламхошна дихкинера шайн чуьра арабовлар. Оцу бунтан дуккхаъчу тешаша хаамбира, Ростовхь ницкъахой тIехь болуш патрулан ши машен бен шайна хаайелла йацара, уьш а цхьана а хIумана йукъагIерташ а бацара.

Суьйранна, йолахой гIалара арабовлуш, меттигерчу бахархоша го бинера проспектехь гучуйевллачу полисхойн машенийн. "Эхь ду шуна" бохуш, маьхьарий деттара цара.

Ростовн мехкан губернаторо Голубев Василийс бехкебира йолахой харцонна тIехь – могIарерчу нехан духар а доьхна, шаьш цигара ду бохуш йолахой дика тIеэцарна.

ГIалин инфраструктурина цара дина зен 92,5 миллион соьмана ду аьлла, хьесап дира меттигерчу Iедалхоша, амма и меттахIоттор тIе ца дожийра Пригожинна.

2023-чу шеран марсхьокху-беттан 23-чохь Пригожин тIехь хилла кема чудеара Тверскойн кIоштахь. Цуьнца цхьана кеманахь хиллера цуьнан уллора бIанакъостий а, экипажан бригада а. Уьш берриш а белира. Таллам хIинца а дIахьош бу, делахь а президенто Путина хIинцале а дIахьедина, хетарехь, борт тIехь куьга лелон граната иккхина аьлла. The Wall Street гIирсо элира, Пригожин вер тIедиллинарг Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретарь Патрушев Николай ву аьлла.

Пригожин Евгений а, ЧВК "Вагнер" а йоццушехь, компанино хIинца а дахарна Iаткъам бо Оьрсийчоьнан регионашкахь, аьлла хета политологна Преображенский Иванна.

"Пригожинан куьгакIел тIемаш бина дуккха а тутмакхаш хIинца а маршонехь бу, ткъа лелийначу зуламех "цIийца цIанбалар" боху тIамера практика йаха йисина, и массанхьа а лелош йу. ТIеман йолахойн класс а, йолахошна деллачу ахчанех беха доьзалийн дийнна экономика а кхоллайелла, - охьадагардо эксперто. – Цхьацца йолчу регионашкахь, масала, Курскан кIоштахь, ЧВК-ца йукъахь кхоьллина инфраструктура йисина".

ТIаьхье

Преображенскийна хеттарг хета жигархочунна Вотановский Виталийна а. Цунна моьтту, доларчу тIеман компанин историно шех лаьцна хоуьйту Оьрсийчохь шайн гIуллакх сецна ахшо даьлча а.

"ТIаме ийзон "Вагнеран" технологех кхин дIа а пайдаоьцуш бу, амма кхечу цIерашца а, кхечу куьйгаллица а", - чIагIдо Вотановскийс.

Билггал, колонихь вербовка кхин дIа лелош йу тIеман министралло, ткъа Пригожинан йолахой хилларш дехьабуьйлуш бу Кадыров Рамзаннна муьтIахь долчу дакъошка.

Делахь а байинчу вагнеровхойн сий до Оьрсийчохь: масала, къилбан, Кавказан гIаланашкахь кест-кеста мемориалаш а, хIолламаш а хIиттабо церан сийна. Цкъацкъа девнаш доцуш а ца нисло.

Масала, Ставрополехь МВД-н ветеранаша тIедожийра иэсан уьнтIера вагнеровхчун Гизатуллин Надиран сурт дIадаккхар. Полисхо верна хан токхуш хиллера иза. Ницкъахойн а, вийначун доьзалан а реза цахиларо цкъачунна цхьана а хIумана бина Iаткъам бац: йолахочун сурт дIадаьккхира, хIунда аьлча, бевзаш боцчу наха талхийнера и, амма сурт йуха а дIатоха дагахь бу.

"ГIуллакх дина" тутмакхаш хIинца а маьрша бохуш бу, делахь а, цара цIа бирзича динчу зуламашна дуьхьал дохучу керла бехкзуламан гIуллакхаш луьстучу хенахь кхело тидаме ца оьцу царна гечдина хилар.

Цхьаболчу эксперташна бехира, аьтто боцуш гIаттийна бунт йирзинчул тIаьхьа Оьрсийчохь леца а лоьцуш, кест-кеста таIзарш дийр ду хиллачу йолахошна, хIунда аьлча, царна "тIехIотта" кхин стаг а ца хиларна. Ишта статистика йац цкъачунна, амма тIаьххьарчу эхашарчохь вагнеровхой лецарх, царна тIаьхьабийларх хаамаш кест-кеста гучубуьйлу.

ТIаьххьарчу шина баттахь дийца даьккхира уьш лецарх. Йолахой хилларш бехкебо Дагестанехь бизнесхо лачкъорна а, Волгоградан кIоштара шайца тIом бинарг верна а.

Вагнеровхочунна Николин Павелна 6 шо а, 11 бутт а тоьхна тIамтIера вадарна а, Ростовн кIоштара полисхошна герз деттарна а. Диъ шо хан тоьхна Соколов Александрна талораш лелорна, ши шой, ахшой тоьхна бертаза ахчанаш дахарна Малых Виталийна (ший а Волгоградера ву)

ТIамтIера цIа баьхкинчу йолахошна а тIелетарш до. Лахьан-баттахь Ростовн кIоштахь тапча туьйхира 58 шо долчу Борисенко Владимирна. 2020-чу шарахь 16 шо тоьхнера цунна бизнесхо Пятибратов Илья верна – Ростов гIалин думин депутатан, регионера ЛДПР-н координаторан Пятибратов Петран ваша вара иза. Цул а хьалха, марсхьокху-баттахь, Кубанера ши йолахо вийра тIе тIулгаш диттина, ткъа Батайскехь 12-зза герз диттира вагнеровхочунна травматикан тапчаца, хетарехь, цо тIамехь дакъалацарна.

  • Кавказ.Реалии сайто кхин дIа а лелош ду, Украинана дуьхьл тIемаш бечу хенахь къилбера а, Къилбаседа Кавказера а белллачех шен тептар. ГIуран-беттан 22-чу дийнахь долчу лараршца, церан аьтто баьлла 5796 цIе къастон. Царех мел лахара а 446 стаг – йолахой бу, Бакинскера кешнашкахь дIавоьллина 850 стаг а ца лерича. Йиллинчу хьасташкахула лехьийна терахьаш ду уьш, билггал аьлча, кхин а дуккха а сов хила тарло уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG