ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Уггар а эккха кхераме регион": стенна оьшу Нохчийчоьнна электронан къажтасар


Нохчийчоьнан Iедалхоша Орсийчоьнан президентехьа вовшахтоьхна барам. Соьлжа-ГIала, зазадокху-беттан 10-гIа де. Гайтаман сурт
Нохчийчоьнан Iедалхоша Орсийчоьнан президентехьа вовшахтоьхна барам. Соьлжа-ГIала, зазадокху-беттан 10-гIа де. Гайтаман сурт

Орсийчоьнан Коьртачу харжамийн комиссига кехаташ чуделла Нохчийчоьно дистанцин электронан кхаьжнаш (ДЭГ) тосуш дакъалаца Iалашонца. Делахь а, харжамхойн бакъонаш Iалашъйечу "Аз" ("Голос") боламна хетарехь, ДЭГ-хь дакъалаца лаам хиларх кехаташ чудаларх кхета тарло махкахь мел а "баккхийчу" харжамашна кечам беш хиларца. Кавказ.Реалии сайто листира, стенна оьшу регионна электронан кхажтасар.

Оьрсийчохь 2024-чу шеран гурахь лерина йу шуьйра харжамийн кампани, доккхачу декъанна, 16 регионашкахь дIахьур бу куьйгалхой хоржуш дIуьххьалдIа харжамаш – къилбехь йу и ГIалмакхойчоь, Астраханан, Волгоградан кIошташ. Кхин а шина регионехь куьйгалхой хоржур бу парламенташа – ГIалгIайчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь; оцу кепаниг хир ду аннекси йинчу ГIирмехь а.

ХIинца волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун хан официалехь чекхйолуш йу 2026-чу шеран гезгамашин-баттахь. Амма тIаьххьарчу заманчохь, тIечIагIбазчу хаамашца, Кремлехь Кадыров Рамзанан метта хIоттон кандидат лоьху, цуьнан могушалла иэгIарна. Цхьана версица, электронан кхажтасаран системехь дакъалаца кехаташ чудалар оьшуш ду къаьсттина рогIехь боцчу республикин куьйгалхочун харжамашна.

Iедал билггал йухадоькъуш делахь, ДЭГ-о царна гIо дийр дац

Редакцино хеттарш динчу харжамашкахула болчу политологаша а, говзанчаша а билгалдоккху, Нохчийчоь – "харжамийн аномали" йолуш регион йу, цигахь кхаьжнийн жамIаш шайна хеттачу агIор хийцар – Iедалхошна проблема йац ДЭГ йацахь а. Делахь а, жамIаш муха хир ду хуучу субъектехь а рогIера боцчу харжамаша дагахь доццург хилийта йиш йу.

Кхул а йоккха регионалан проект йац Кремльна, республикера Кадыровн Iедал доцург, боху дозанал арахьа вехачу нохчийн политолого Кутаев Руслана: "ХIара уггар а эккха кхерам болу регион йу. Халкъалахь протесте бовла потенциал йолу нах бу. Хьал маьрша а, паргIат ду моттийтархьама, бюджетан белхахошка кеп хIиттайойту къаж тосуш санна, "буьнжолгаш" хIиттайо харжамашкахь. И оьшуш дац электронан форматана – ДЭГ-на. Эрна хан йайъа дезар дац Iедалхойн, Москвано билгалдоккху жамI хилийта".

Къамелдечунна хетарехь, мехкан урхалхо билггал цомгаш ву, амма цуьнан шеко йу, цу тIехула хан йоцу харжамаш цара хIиттор бу аьлча: "Нахана моьтту, Кадыров Рамзан хIинцца-хIинцца лийр ву. Со цунах тешаш вац. Цуьнан могушалла шайн тергоне эцна лоьраша. ХIаъ, хьалха санна вац иза, амма цкъачунна дийна а ву, оцу хьолехь дикка ваха тарлуш а ву".

Кутаевс бахарехь, Нохчийчохь масех ницкъе политикан тоба йу, уьш цхьатерра герггара йу Кадыровна, амма царех цхьа а регионан коьрте хIоттор вац.

"Пачхьалкхан гIуллакха йукъаийзош бу тIетаьIIина Кадыровн доьзалхой, урхаллп дар хьалха а санна, оцу доьзалан карахь хир ду, - кхин дIа дуьйцу политолого. - Нагахь санна Рамзан лахь а, республикин куьйгалла дойла йу цуьнан девешин, Кадыров Мохьмадан, веллачу Кадыров Ахьмадан вешин. Бераш дукха кегий ду, ткъа деваша гIеметтахIоьттина ву, йоллу тобанийн таронаш, синхIоттам а, леларш а девзаш ву иза. Билггал хила йиш йолу кандидат ву иза".

"Аз" (Голос) проектан хиллачу куьйгалхочо, электоралан эксперта Удот Романа дагадаийтира: тIаьххьара Кадыров Нохчийчоьнан урхалле 2021-чу шарахь хаьржина хилар, хIетахь дуьйна Оьрсийчохь а, республикехь а хьал чIогIа хийцаделла. Делахь а, иза а шек ву рогIехь боцу харжамаш хIиттор бу аьлча.

"Кху шарахь президент хоржучу заманчохь тхоьга хаамаш кхочура, Нохчийчуьра бюджетан белхахой йух-йуха кхаьжнаш тийса дIасалелийра аьлла. Хила тарлора цо хьал чолхе даьккхина а, хIунда аьлча, мел а муьтIахь йоцу регион ма йуй и. Цигара мел хуьлуш дерг цхьана клано шен карахьлаттош делахь а, кхинйолчу кланаша цунна дуьхьало латтайо. Билггал Iедал йухадоькъуш хIума хилахь а, ДЭГ-о цунна гIоле йийр йац", - элира Удота.

Цунна хетарехь, Нохчийчоь ДЭГ-н системи йукъатохар федералан центрера схьа ду, цуьнан бахьана хила тарло, регионехь къевлина дIахьочу социологин хеттамийн жамIаш Кремльна товш цахиларца.

"Суна моьтту, дустаро товш доцу зераш гайтина, даим санна шайна хетта терахьаш "хIиттор" а хIинца башха тешаме а ца лору. ДЭГ йукъайалийча Iедалхоша эр ду, массо а наха чохь Iашшехь кхаьжнаш тийсина, йуьстахчу эвлашкара бежан Iуйша а цхьаьна. Терахьаллин харжамашкахь адамаш виртуалехь хуьлу, вайна уьш гуш ца хуьлу", - дуьйцу шен къамелехь электоралан эксперто.

Электронан харжамашна тIехь терго латтон аьтто хир бу бохуш, пропагандо дIахьедахь а, и дерриг а доцург ду

Оццу хеначохь, кхин дIа дуьйцу къамелдечо, электронан кхаж тасарца фальсификацеш лелор, хуьлийла и муниципалан харжамийн тIегIанехь, кхин тIе а кхерам хилар ду Нохчийчуьра хIинцалерачу Iедалхошна.

"Муниципалан Iедал чIогIа герга ду, эр ду вай, волайнхошна, - кхетадо Удота. – Харжамхошкара Iедал лачкъийнехь, церан интересашкахьа йоцу кхин муниципалан кхеташо царна йеллехь, къепедацарш лелах тарло. Нийсачу харжамаша резацахилар дIадоккху, бахархошлара тIемаш йукъахбоху. Ткъа виртуалехь кхаьжнаш тIекхийсахь, гамонаш гIовттур йу. Элиташ хуьйцуш прблема кхин а тIе чIагIлур йу…ДЭГ-ца лелон ловзарш вон доьрзур ду, йукъараллехь хьал талхахь".

Харжамхойн бакъонехула волчу эксперто, юридикан Iилманийн кандидато Бузин Андрейс билгалдоккху, Нохчийчохь, йоллу Къилбаседа Кавказехь а цхьаьна тоъал гIирсаш а, ахча а ду кхаьжнийн жамIаш хийца. ДЭГ система – царех цхьа гIирс бу.

"Тергамчийн агIор электронан къаьжатасарна тIехь Iуналла латтон таро йу бохуш, пропагандо дIахьедарш дахь а, и дерриг а доцург ду. Цу тIе цаторийла йац лаамехь дIахьош буй кхаьжнаш хьовсуш, контроль латтор", - билгалдоккху къамелдечо.

Цо билгалдоккху, ДЭГ-н урхалла дар федералан тIегIанехь хилар: формалехь харжамхойн Коьрта Центр йу и лелош йерг, амма билггал системех пайдаэцар, хетарехь, президентан администрацин карахь ду.

"Оцу системехь Нохчийчоьнан куьйгаллин регистраци йан лаарх башха кхеташ дац, - кхин дIа дуьйцу Бузина. – Шеконаш йу сан, Нохчийчохь ДЭГ-х дIоггара жигара а, массара а пайдаоьцург цахиларх, масала, Москвахь санна".

Электронан кхаьжнашкахь дакъалаца йиш хир йу, "Госуслуги" порталехь кабинет йолчийн, ткъа Нохчийчохь и сервис лелор жигара дац, билгалдоккху эксперто. Хила йиш йерг ду бохура цо, харжамхойх лаьцна йоллу информаци хуучу республикера хьаькамаша портале шаьш регистраци а йеш, церан цIарах кхаьжнаш тийсар, низам а дохош.

РагI кхачале регионан куьйгалхо хоржуш кхаьжнаш хIиттон тарло бохура Бузина – хIинца лелаш долчу Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, кхьажнаш дIахьур хиларх Iедалхоша дIахьедан деза кхаж тасале ши бутт хьалха.

  • Нохчийчохь хиллачу харжамашкахь наха кхаьжнаш тасар рекорде хилла ца Iаш – 97% сов, жамIаш а цхьаьна хилла. Iедалхоша чIагIдарехь, кхузахь Путинна 98,99% харжамхойн кхаьжнаш кхаьчна. Кавказ.Реалиин редакцино дуьйцу, республикин бахархоша 2000-чу шарера схьа дуьйна кхаьжнаш муха тийсира а, фальсификацеш лелор билггал Соьлжа-ГIалара схьадеана Оьрсийчохь даьржина дуй а.
  • Кху шарахь Нохчийчуьра бахархошка кхаьжнаш тийса бохуш, жигара кхайкхамаш бора динан урхалло. Кавказ.Реалиино дуьйцу, динан факторх муха пайдаийцира регионехь.
  • Дуьххьара кхаа дийнахь дIабаьхьна Оьрсийчоьнан президентан харжамаш дагахьбиссина бозуш боцу кандидаташ йукъа ца битарца а, фальсификацеш лелорца а, жигархой лецарца а. Оцу йукъанна, репрессеш лелош, нахана кхерамаш тийсинашшехь, йаккхийчу гIаланашкахь, иштта Красндарехь а, Ростовехь, а Волгоградехь а оппозицино дIакхайкхийна "Делкъе Путинна дуьхьал" акцеш хIитттийра.
  • Кху шеран гIадужу-баттахь 20 шо кхечира Оьрсийчоьнан куьйгакIел а йолуш, Нохчийчоьнан президентан харжамаш дIабаьхьна. Харжамхойн херцарш тIехь, хи а доцуш кампани, ницкъахой тIе а хьуьйсуш, журналисташна лерина концерт, Кремльна товш боцчу кандидаташна Iаткъамбар, диллина бюллетенеш тийсар, йух-йуха цхьана нахе кхаьжнаш тийсийтар, федералаша къевлинчу гIишло чохь кхаьжнаш дагарлар – оцу хьелашкахь 2003-чу шарахь мехкан президент хIоьттира Ичкерин заманахь хилла муфтий, хIинца Нохчийчоьнан куьйгалхо волчун да Кадыров Ахьмад.
  • ТIеман журналисташа муха болх бира Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш? Иштта сиха хIунда чекхбелира йозуш йоцчу зорбанийн маршонан мур? Билггал Оьрсийчоь ийшира-те информацин тIамехь Ичкерица, тахана Орсийчоьнна тIехь и муха хаало? Кавказ.Реалии сайто хIара хеттарш делира, цу заманахь Соьлжа-ГIалахь хиллачу, шайн болх бахьана долуш лоьцуш, тIелетарш деш леллачу Оьрсийчоьнан а, архьарачу а репортерашка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG