ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дебальцево дIалаца гIерта сепаратисташ


Украина -- Яккхийн тоьпаш а йолуш, Дебальцевона уллехь лаьтташ болу Украинин эскархой. 17Чилл2015
Украина -- Яккхийн тоьпаш а йолуш, Дебальцевона уллехь лаьтташ болу Украинин эскархой. 17Чилл2015

Дебальцево гIала цкъачунна Украинин эскархойн Iуналлехь ю. Цунах лаьцна дIахьедар дина Донецк махкахь терроратан дуьхьал операци дIахьочу Укрианин тIеман министраллан векалша.

Дебальцево гIалахь дIабоьхуш бу луьра тIемаш. Оьрсашкахьара болу сепаратисташа тIелетарш деш бу Украинин эскархойн позицешна. Цу кепара хаам бина БИ БИ СИ корреспонденте антитерроран операцин штабан хьехамчо Стельмах Анатолийс.

«Дебальцевона герзаш детташ ду. Террорхой штурм ян гIерташ бу гIаланна. Карарчу хенахь оха Iуналла деш ю иза», - боху Стельмаха.

Украинин инарлан штабан векло Селезнев Владислава дийцарехь, Дебальцевона гонах доьлхуш хилла тIеман тасадаларш гIалан урамашка дирзина. Цо дийцарехь, яккхийн тоьпаш а етташ, сепаратисташ чубаьржина Дебальцевона. Цигахь урамашкахь леташ бу уьш Украинин эскархошца.

Цхьаболчу хаамашца, сепаратисташа дIалаьцна аьчканекъан станци а, гIалин милицин дакъа а. Амма Селезневс журналисташка бинчу хаамца, цкъачунна иза бакъ ду я дац ала аьтто бац Украинин эскаран векалийн.

Донецкан халкъан республика олучу тобан куьйгалхочо Захарченко Александра дийцарехь, Дебальцево ерриг а дIалаьцна ю церан ницкъаша. Сеператисташ дIахьедарш до 100 сов Украинин эскархо йийсаре лаьцна шаьш бохуш. Амма иза бакъ ду-дац ала аьтто бац. Украинин эскаран векалша юх-юха а дIахьедарш до шаьш гIала дIацаелла бохуш.

Цул сов, цара чIагIдарехь, Украинин ницкъийн аьтто баьлла юха а шайн караэца Артемовск а, Дебальцево а хуттуш болу некъ.

Цу хеннахь, Луганскера сепаратисташа чIагIдо шаьш деза герзаш юхадаха дуьйладелла бохуш. Цу кепара шаьш кхочуш беш ду Минскехь даханчу Еарин дийнахь бина барт аьлла дIахьедар дина Луганскан халкъан республика олучу тобан куьйгалхочо Плотницкий Игора.

Ша Оршот дийнахь тIемаш хиллачу меттехь хилла, шайн танканаш а, артиллери а арайолуш яра аьлла дIахьедар дина цо ТАСС агенталле. Амма Укрианин эскаран веклаша дIахьедарш до цхьана а кепара еза техника юхайоккхуш ца го шайна бохуш.

Минскехь хиллачу бертаца а догIуш, деза герзаш юхадахар дIадоладала дезаш дара и тIом сацийна шолагIчу дийнахь дуьйна. Цу гIуллакхо буферан зона кхолла езаш ю шина агIонна юкъахь 50-140 киллиметр шуьйра йолу.

Амма Украини армин векло Лысенко Андрейс дийцарехь, деза герзаш юхадохуш дац сепаратисташа, геразаш деттар сацорца боьзна билламаш а бохош.

XS
SM
MD
LG