Оршот дийнахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентаца Обама Баракца Меркелан хиллачу цхьаmнакхетаран коьрта тема, кхеташ ма-хиллара, Украинера хьал а, цигара тIом берзоран некъаш лахар а ю. Даханчу кIиранахь ша шен Францерчу коллегица Олланд Франсуаца Киевехь а, Москохан а дина долу дагадовларш а, шаьш юккъейиллина йолу керла машаран инициатива а Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентана йовзийтар, ткъа иштта цу хьокъехь юкъара стратеги лахар а ю цуьнан Iалашо.
Меркел Ангела Вашингтоне яхар иза а, Францин президент Олланд Франсуа а даханчу кIиранахь Украиней, Оьрсийчуьй дахарца доьзна скандал яьржачу муьрехь нисделла. Цхьаццаболчу Малхбузерчу хаамийн гIирсаша даржийнера оршот Iуьйранна, Меркел Ангелас Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна шога ултиматум хIоттийна, аьлла.
Масала, Iамеркерчу The Wall Street Journal газетано шайн Европерчу хьосташна тIе а тевжаш язйинчу артиклехь хаам бинера, Германин канцлеро Кремлан куьйгалхочунна кхерам тессина, нагахь санна ша а, Олланд Франсуас а юккъейиллинчу Украинера хьал дерзорах йолчу керлачу планана Путин реза ца хилахь, Малхбузено керла, кхин а шогох йолу санкцеш Оьрсийчоьнна дуьхьал а йохур ю, Малхбузе бахар-бахкар дихкинчу оьрсийн хьукматхойн терахь алсам а доккхур ду, аьлла.
Журналисташа чIагIдарехь, и ултиматум тIедогIучу кхаари дийнахь чекхйолуш ю. ХIунда аьлча кхаари дийнахь, чиллан беттан II-чохь, Минскехь вовшахкхета лерина бу „нормандийн формат“ олучу хьесапехь Германин, Францин, Украинин, Оьрсийчоьнан куьйгалхой. ХIетале цхьа билгал жоп дехна немцойн канцлеро Путинера, бохуш чIагдо газетано.
И тайпа хаамаш баржар Кремлана мел лазаме ду бохург гойту, Путинан пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс оцу сохьта цу артиклан хьокъехь дIахьедар даро. Цхьа могIа оьрсийн хаамийн гIирсашна ша цу хьокъехь еллачу интервьюшкахь Пескова элира: „Цкъа а цхьаммо а иштта ултиматумийн маттахь Оьрсийчоьнан президентаца къамел дина а дац, я далур а дац цхьанге а“.
Амма ултиматумах дерг мухха а делахь, Меркелан, Олландан Путин Владимирца хиллачу цхьаьнакхетаршкара видеогайтамашна а, сарташна тIехь а декъашхойн самукъане йоцу яххьаша а, цул совнаха и цхьаьнакхетар чекхдаьллачу тIаьхьа кхаа агIоно йиначу шийлочу комментареша а гойту, цигахь кхин да воккхавен жамIа царна карийна ца хилар. Иза тамашийна дац аьлла хета Украинера хьал тергал деш волчу стратегикаллин талламийн институтан белхахочунна, политологна Асхабов Хьамзатна, - хIунда аьлча, Оьрсийчоь цкъа а реза хир яц, ша бохучунна тIехь бен Украиница барт бан, цунна Украина маьрша пачхьалкхе ю бохург къобал дан ца лаарна.
Асхабов Хьамзат: „Оьрсий дерриге а дуьне шайна дуьхьал харцо юьйцуш хеташ бу. Украинина шен политика лелон а, шайна лууш долу хьал дIахIоттон а, шена бакъхьара хетачу цхьаьнакхетараллашна юккъе яха а йолу бакъо ца юьту цара. Иза шаьш кхоьллина, шайна декхарийлахь болу мохк санна лору цара. Иллаъ-биллаъ иза шайн дакъа долуш санна лела уьш, иза суверена пачхьалкхе елахь а. Цундела цигахь шаьш билгалйаьхнарш а, кхин а царех сов а территореш схьа а яьхна бен, уьш берта богIур бац“.
Ма-дарра аьлча, ша Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а тахана хIоттаделлачу хьолан закъалт ву, и хьал ше бехкенна хIоттаделлехь а, аьлла хета политологна Асхабов Хьамзатна. ХIунда аьлча, хIинца иза юхавалар оьрсийн юкъаралло эшар санна, гIийлалла санна а тудур хиларна.
Асхабов Хьамзат: „Оьрсийн пачхьалкхана хIинца цу Украинехь тIамца толам баккхар бен кхин гуш некъ бац. Уггаре а гIийла а, къен а, ледара а вехачу оьрсийчуьнга хаьттича, цунна а хетарг иза ду – Путина цигахь толам баккхар, украинхой эшор. Цундела Путинан хIинца кхин некъ бац, толам баккхар бен. Я толам баккха везаш ву иза, я ша эшарна къера а хилла , сий а дайна даржера дIа вала веза цуьнан. ХIунда аьлча цуьнца и дарж къовсар долуш цигахь нах бу, цуьнан шен гуонехь а мостагIий а бу“.
Цу юкъана немцойн канцлера Меркел Ангелас Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентаца Обама Баракца дийцаре дечу мехалчу хеттарех цхьаъ ду, Украинина Оьрсийчоьнехь болчу сепаратисташна дуьхьал тIом бан герзаш даларх долу хаттар. Меркел ша хIинцалца схьа цу хаттарехь герзаш Киевна кхачорна дуьхьал ю.
Ткъа Цхьаьнатоьхначу Штатийн куьйгаллин цунах болу сацам хилла баьлла бац. Президент Обама Киевна герз латтон хьаьгна вацахь а, амма цунна тIеIаткъам бо украинхошна тIеман гIо дан деза аьлла хеташ болчу республиканхойн партерчу цуьнан дуьхьалончаша.
Цу хьокъехь билгал болу сацам Обама Баракъа хIинца Меркелца хиллачу цхьаьнакхаран лорах бан там бу.