ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украине Нохчийчуьра эскархой бахийтарх лач тоьшалла дина Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Инстаграмерчу шен официалехь йоцчу агIонерчу сторисехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана суьрташ хIиттийна, Украинерчу Мариуполе операцехь дакъалаца нохчийн эскархой хьажорах лач тоьшалла деш. ТIаьхьо пачхьалкхан "Чечня Сегодня" агенталло зорбане дехира и кадраш, "Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга комментарий ехархьама цуьнан гIоьнчаца Даудов Iумарца зIене довла аьтто ца хилира" аьлла, билгалдоккхуш.

Цхьахйолчу сторисехь гойту видео яьккхина кеманан корехала, ткъа тIехьа, Кадыровх тера долчу озаца, цхьаммо еш комментарий ю. "Делан пурбанца, цхьа ши минот яьлча, дIакхочур ду тхо", - боху видео тIехь. Цул тIаьхьа Кадыровн сторисехь кхин сурт гайтира, хьуьнчохь адамийн йоккхачу тобано ламаз деш.

"ТIечIагIбазчу хаамашца, Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурин векалш карарчу хенахь, Оьрсийчоьнан цхьаалла Iалашъеш, оьрсийн эскарша тIеман операци дIахьочу Украинан а, Донбассан а дозанаш тIехь бу", - аьлла ду "Грозный" телеканалан хаамехь.

Цхьа маьIна доцуш, кхетаме йоцчу мехкан куьйгалхочун публикацеша дуккха а дийцарш даржийна интернетехь. "Кавказский узел" ресурсан зерашца, социалан машанашкахь негативе тIеэцна меттигера тIеман дакъош Украинерчу операци хьийсор.

Conflict Intelligence Team талламхойн тоба ккхоьллинчу Левиев Руслана дIахьедира Кавказ.Реалиина еллачу интервьюх, "Дечкен-беттан юккъехь уьш (Нохчийчуьра тIемалой. – Редакцин билгалдаккхар.) дозане кхечира, Чиллан-беттан юьххьехь, дуккхаъ "кадыровхой" дIатарбинчу казармаш чохь яьхна видеош яьржира. Цо билгалдира, информаци теллина хилар а, цул тIаьхьа и яржийна видео "билггал Донбассехь яьккхина цахилар", Оьрсийчоьнан территори тIехь яккхарх (юьйцу видеош яц Кадыровн инстаграмера).

ТIеман дакъойх дукхахдолу Къилбаседа Кавказехь куп тоьхна 58-гIа а, 49-гIа а юкъарчу тIеман армеш дакъалоцуш ю эскарш тIеозорехь, боху Левиев Руслана.

  • Чиллан-беттан 24-чу буса Оьрсийчоь чугIоьртина Украинан дозана. Чиллан-беттан 24-чохь сатосуш йоллу Украинан территори тIерачу гIишлошна – Донецкан кIоштан малхбалера Ивано-Франковскан малхбузене кхаччалц- ракеташ а, бомбанаш а йиттира. Украинан президентан Офисан куьйгалхочун хьехамчас Арестович Алексейс хаамбира, Оьрсийчоь тIелетчхьана 40 стаг вийна, масех иттаннашкахь [бу] лазийнарш а.
  • Украине чугIортарна дуьхьал акцеш хIиттийра йоллу Оьрсийчохь. Дуккхаъчу гIаланашкахь декъашхой лоьцуш бу. Ростов-ГIалахь тIамна дуьхьал хIоттийначу акцехь кхо стаг лецира. Волгоградехь цхьааллин пикет дIаяьхьира жигархочо тIамна дуьхьал, Iедалша новкъарло ца йира цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG