ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Осмаев Оьрсийчоьне дIавалар цунна кхераме ду аьлла, хета адвокаташна


Украина -- Осмаев Адам Украинан кхерамазаллин сервисийн белхахоша дIалаьцначул тIаьхьа, Чил2012
Украина -- Осмаев Адам Украинан кхерамазаллин сервисийн белхахоша дIалаьцначул тIаьхьа, Чил2012

Кху шеран Чилан-баттахь дуьйна Украинерчу Одесса-гIалахь дIалаьцна латтош ву Нохчийчохь вина а, кхиина а волу Осмаев Адам. Цунна бехке дуьллуш ду терроран организацина юкъахь дакъа лацар а, теракт кечъяр а. Цул сов Путин Владимирна а, Кадыров Рамзанна а, и шиъ вен дагахь, тIелатар дан дагахь хилла аьлла, Оьрсийчоь а ю Осмаев Адам дIавоьхуш. Цу хьокъехь Шинарийн дийнахь сацам бан безаш ю Одесса-коштIан аппеляцин кхел.

Кху шеран Чилан-баттахь Украинерчу Одесса-гIалахь дIалаьцна латтош ву Нохчийчохь вина а, кхиина а волу Осмаев Адам. Цунна бехке дуьллуш ду терроран организацина юкъахь дакъа лацар а, теракт кечъяр а.

Цул сов, Путин Владимирна а, Кадыров Рамзанна а и шиъ вен дагахь тIелатар дан дагахь хилла аьлла, Оьрсийчоь а ю Осмаев Адам дIавоьхуш. Цу хьокъехь Шинарийн дийнахь сацам бан безаш ю Одесса-коштIан аппеляцин кхел. Кхин дIа дуьйцу Шамаев Руслан.

Нохчийчура вахархо Осмаев Адам а, Казахстанера Пьянзин Илья а дIалецира Украинан кхерамазаллан сервисан белхахоша Чиллан-беттан 4-чу дийнахь. Дуьххьара цаьршинна бехке диллинарг дара, бакъо а йоцуш, герз а, саьмгар а лелор.

Амма оццу Чиллан-беттан 27-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Хьалхарчу телеканало сюжет гайтира Украинехь дIалаьцна волу и ши стаг Оьрсийчоьнан куьйгалхошна тIелатар кечдеш хилла, ткъа коьрта церан Iалашо хилла цу деношкахь Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь кандидат санна дакъа лоцуш волу Путин Владимир вен аьлла. Оьрсийн пачхьалкхан телевизионо чIагIдарехь, эккхийтар кечдеш хилла зуламдайша Москох Iедалхойн ковраш дIасалелачу Кутузовн проспектехь.

Товбеца-беттан I8-чу дийнахь Украинан инарлан прокуратуро сацам бира Осмаев Адам Оьрсийчоьне дIавала веза аьлла.

Оццу беттан 20-чу дийнахь Украинан Кхерамазаллин сервисо хаам бира Оьрсийчоьнан ФСБ-н куьйгалхошка, Оьрсийчоьнан лаккхарчу куьйгалхошна тIелатар дан кечлуш хиллачу Осмаев Адаман а, Пьянзин Ильян а бехк-такхаман гIуллакх теллина доьвлла шаьш аьлла.

Цкъачунна Осмаевна Оьрсийчу экстради ярх лаьцна долу гIуллкха къаьстина дац. Кху беттан I0-чу дийнахь Украинерчу Одесса-кIоштан Аппеляцин кхелан аьтто ца белира и гIуллакх листа. Суьдан кхеташо хила еазш ю Шинарийн дийнахь Марсхьокху ьеттан I4-чу дийнахь.

Осмаевн гIуллакх листа буьйлабелча суьдхошна гучудаьлларг ду иза Оьрсийчура хилар а, цуьнан цIе Осмаев Адам хилар а цхьаммо а кехаташ тIечIагIдина ца хилар. Цу стага Украине вогIуш лелийнарг ду кхечу стеган цIарах долу паспорт. Шен агIора Оьрсийчоьно а ца дахьийтина Украине и стаг шайн махкахо хиларна тоьшаллаш деш долу кехаташ.

Амма мухха а далахь а, Оьрсийчоьнан Iедалийн кара Осмаев Адам дIалахь, нийсоне сатуьйсила дац цуьнан бохуш, дуьйцу Маршо Радион дехарца цу гIуллакхана комментари йинчу вевзаш волчу Оьрсийчурча адвокато Мусаев Мурада.

Мусаев Мурад: «Украинера кху Оьрсийчу иза схьалахь, кхел-м йийра хир ю цунна, амма нийсоне сатуьйсийла дац цуьнан кхузахь. ХIунда аьлча, Осмаевн фамили а йоккхуш, цхьа дов хаьттира кхузахь 5 шо хьалха. Батукаев Iумар, Мусаев Руслан, Хамиев Лорс цIе йолчу кхаанан дов дара иза. Цу доьвнан юкъахь дакъа лаьцна аса. Ерриг а цхьа йоккху ФСБ-н питана дара иза сан хьекъалехь. ХIинца цара оцу Осмаев Адамна дуьхьала лелош дерг а иштта цхьа питана хила тарло».

Осмаевн адвокташна хетарехь Украинерчу ницкъаллин структурийн куьйгалхой катоьхна Осмаев Оьрсийчоьне дIавала лууш бу. Уьш коьрург ду, шаьш вовшахтоьхна долу массанхьа а дIакхайкхийна долу террорахойн гIуллакх доьхна дIадаха мегаш хилар ду.

Билггала Осмаев Адамна дуьхьала Оьрсийчоьнан хIумма а дац, цуьнан метта милла а хила там бара, иза политикан гIуллакх долун дела аьлла, хета Мусаев Мурадана.

Мусаев Мурад: «Юккъера цуьнан цIе а хаьржина дина аьлла ца хета суна. Царна башхалла а вац млла а хича а, тIаьххьара дIахIуттуш дерг шайн лаам болу сурт хилчхьана».

Цундела хIуъа дина а и стаг Оьрсийчоьнан низамашлардон системе кара ца вохуьйтуш хIума дан дезара аьлла хета Мусаев Мурадана.

Мусаев Мурад: «Европан а, кхин йолчу пачхьалкхийн а и къант кху Оьрсийчу схьа ца валийта ницкъ балахь, схьа ца валийтар а бен дарба доций хаа суна»,

ТIаьххьара болчу хаамашца, Осмаев Адама юхаэцна ша хьалха бехк шена тIелоцуш дина долу дIахьедарш. Украинехь цуьнца дIалаьцна вара цуьнан да Осмаев Асланбек. Шена ницкъ бича, изза ницкъ беш хьийза ца войтуш шен да къелхьара ваккха гIерташ, ша бехвина хилла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG