Украинин президентан декхарш кхочуш деш волчу Турчинов Александра указ арахецна ГIирмерчу лаккхарчу кхеташоно оцу ахгIайренехь Оьрсийчоьнах дIакхетарх лаьцна референдум дIаяхарх лаьцна сацам юхабоккхуш. Цу указаца а догIуш, иза богIуш бац Украинин конституцица а, Украинин а, ГIирман а низамашца а.
ПIераскана дийнахь Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс дIахьедар дира, шаьш Оьрсийчоьнца дагадовларш дIадахьа кийча ду, амма цул хьалха Москохо арадаха деза шен ГIирмера эскарш, сацо деза сепаратисташна а, террорахошна а гIортор яр аьлла.
Яценюк Арсений: "Оха нисса дIа аьлла Оьрсийчоьнан Iедалшца дийцарш дIадахьа тхайн лаам хиларх лаьцна. Амма иза дан тхан оьрсийн лулахой тхан оьрсийн партнераш хила беза. Цкъа делахь, цара шайн эскарш дIадига деза.
ШолгIа делахь, цара кхочуш дан деза тхан шина пачхьалкхо а, и ши пайчхьалкх юкъахь а йолуш кхечу пачхьалкхашца а бина берташ. КхоалгIа. Цара сацо деза ГIирмехь сепаратисташна а, террористашна а гIортор яр".
ГIирмера парламентан куьйгалхо Константинов Владимир Москох тIеэцна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан а, Федерацин Кхеташонан а куьйгалхоша.
Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан спикеро Нарышкин Сергейс шен цуьнца хилла цхьанакхетар дIадирзича элира, шаьш дагахь ду гIирмахоша бина историн сацам лара аьлла.
Нарышкин Сергей: «Тхо кхеташ ду и сацам Украинехь ира политикан кризис а лаьттташ бина хиларх а, иза бахархойн бакъонаш а, маьршонаш а Iалаш ян дагахь, адамийн дахар Iалаш дан дина хиларх а».
Шен агIора Федерацин кхеташонан гIантда йолчу Матвиенко Валентинас хаам бира, ГIирман парламентан бакъо ю цигахь референдум ян аьлла. ГIирма Оьрсийчоьнах дIакхетахь реза а хир ду шаьш бохуш яра иза.
Матвиенко Валентина: "Нагахь ГIирман халкъо референдумехь Оьрсийчоьнах дIакхета сацам бахь, оха, шеко а йоцуш, цу сацамна гIортор йийр ю».
Еарин дийнахь Украинера хьал дуьйцуш Iамеркан президенто Обама Барака телефонехула къамел дина Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца.
КIайчу ЦIинан векалша бинчу хаамца, Обамас аьлла Путине Оьрсийчоьно ГIирмехь лелош дерг Украинин суверенитет йохош ду аьлла. И бахьана долуш Iамерко а, цуьнан Европерчу бертахоша а санкциш кхайкхош ю Оьрсийчоьнан а, Украинин а Iедалхошна дуьхьал.
Iамеркана хетарехь Оьрсийчоьно дIадига деза шен ГIирмера эскарш, оьрсийн къомах болчу нехан бакъонаш ларъярна терго ян дуьненаюкъара тергамхой а хьовсо а беза цига, Москох реза хила еза Украинин Iедалшца юкъаметтигаш лелон.
Ткъа Кремло бинчу хаамца, Обамица хиллачу къамело гайтина Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а тайп-тайпана хьажар хилар, Украинехь хуьлучуьнга.