Хууш ма-хиллара, шина агIоно шайн даккхий герзаш тIемаш болчу меттигашкара юхадаха кхоччучу барамехь еари дийнахь бен ца долийна. Цуьнца цхьаьна тергамхоша чIагIдарехь Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа шайн герзаш масех чакхарма бен юха даьхна дац, оьшшучу хенахь эха сохьтана уьш юхадахко аьтто хилийтархьама.
Шен агIор Украинин президента Порошенко Петрос а дина пIераскан дийнахь дIахьедар, нагахь санна Минскера барт сепаратисташа кхин дIа а бохош хилахь, ша эскарш муьлхачу а мIаьргонехь юхадерзор ду аьлла. Харковерчу тIеман университетан студенташна хьалха ша къамел деш цуо билгаладаьккхира, тIеман техника Донбассехь тийсадаларш долчу меттера юхаяккхар – иза ша башха тест яран дуьхьара гIулч ю аьлла. „Мичча хенахь а вайн тIемлой кийча бу хьалхалерчу метте техника юхаерзо а, йоццачу хенахь мостагIчунна дуьхьало ян а“, - элира цуо.
ХIинцалера герз сацорца а, тIеман техника юхаяккхарца а долу хьал, иза машарна мел гена делахь а, хIетте а шина а агIонна санехь ду аьлла хеташ ву Европерчу стратегикаллин талламийн институтан Iилман белхахо политолог Асхабов Хьамзат. Цунна хетарехь, мелла а хенаца шайн позицеш чIагIйан аьтто болу Киеверчу Iедална а, сепаратисташна а.
Асхабов Хьамзат: „Цу юкъана Цхьаьнатоьхначу Штатийн леринчу сервисан куьйгалхочуо Клэппер Джеймса пIераскан дийнахь дIахьедар дина, Украинина Вашингтоно герз кхачон хьашт хета шена аьлла. Iамеркерчу конгрессехь ша динчу къамелехь цуо элира, жимма йох а ялийтина, бIаьста Мариупол гIалина сепаратисташа тIелетар бу аьлла хета шена, Оьрсийчоьно гIо а деш, аьлла. ХIунда аьлча, Клэппер Джеймса дийцарехь, иза Путинан планан цхьа дакъа ду, цу кепара Мариупол Украинера схьа а яьккхина, цигахула ГIирма ахгIайрене лаьттахула некъ баккхархьама.
Оьрсийчоьнний, Украинин юккъера тIеман конфликтан йилбаз мохь цу юкъана Европерчу урамашкахь тIаьхь-тIаьхьа зевнеха а хезаш, бека болабелла. Кху деношкахь цхьа могIа Малхбузерчу яккхийчу гIаланашкахь митингаш а, демонстрацеш а дIаяхьира меттигерчу бахархоша а, Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьал. Цара кхайкхамаш бора Кремле а, цуьнан гIентан дега Путин Владимире а шен тIеман ницкъийн тIод Украинина латта тIера дIаайдаре.
Кхин цхьаъ гIовгIане коста даьржина Европехь Оьрсийчоьнехьарчу сепаратисташа Украинехь бечу тIамца доьзна. Испанехь 8 стаг лаьцна, Донбассехь террорхойн агIор тIом бина юхабирзинчул тIаьхьа. Испанин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло чIагIдарехь, уьш бехке беш бу нах байъарна а, герз а, оьккхуьйтургаш а лелорна а. ПIераска Iуьйранна сахуьлучу хенахь Мадридехь а, Каталонехь а, Наваррехь а лерина операцеш а йина, лийцина болчу цу зуламхойн талорш Испанин пачхьалкан интересашна даккхий зенаш деш хилар билгалдаьккхира цу махкарчу Iедалхоша.