ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу тIамехь Нохчийчуьра дакъош хьалхатоьтту


Нохчийчуьра Гуьмсера скархой кечбен база
Нохчийчуьра Гуьмсера скархой кечбен база

Оьрсийчоьнан эскарна йукъадогIу нохчийн дакъош Украинера тIамехь хьалхатоьтту, иштта Оьрсийчоьнан салтий Iама а бойту цаьрга. ТIеман ницкъашкахь ресурсаш цатоарца доьзна ду и, хаамбина Британин тIеман министралло. Хьахо изза дакъош гIарадевлира "тикток-эскарш" санна – социалан машанашка йахка видеош а йохуш, тылехь латторна йеллера царна и цIе.

ТIом боьдучу меттигашка йухабуьгу Нохчийчуьра эскархой тIема йукъара ЧВК "Вагнеран" йолахой арабаьхна, долара тIеман компани дIайохийначул тIаьхьа, аьлла ду хаамехь. Верриг а "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" тIеман кечамаш бина ву 42 эзар гергга стаг, билгалдоккху Британин тIеман урхалло. Iаморашкахь итт де бен даьккхина цахиларо шеконаш кхуллу уьш тIамехь эвсара хир бу аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кест-кеста дIакхийкхадо Гуьмсехь тIеман Iаморашкахула чекхъйевлла республикера тIаме керла тобанаш хьийсорах. ТIаьххьара ишта хаам бира цо шен телеграм-каналехь товбеца-бетан 10-чохь. Стигалкъекъа-баттахь кхаа дийнахь шозза дIахьедира цо Нохчийчуьра керла тоба тIаме хьажийна аьлла, цуьнан бахьана ца дийцира цо.

Кавказ.Реалиин редакцина хууш ду Украинера тIамехь Нохчийчуьра вийначу 274 вахархочух лаьцна – и терахь масийттаза алсам ду, официалехь дIакхайкхийначул а.

  • Нохчийчохь куп тоьхна Росгвардин дакъош формалехь федералан урхаллина йукъадогIуш ду, амма ма-дарра аьлча, уьш Кадыровна муьтIахь ду. Кадыровхой Украинехь гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тешашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу территореш тIехь бу. Цигахь цара роликаш йоху йохийначу гIишлошна йукъахула герзаш детташ а лелаш, маьрша нах "кIелхьарбоху" шаьш бохуш. Америкахойн "ТIом зуьйчу Институто"(ISW) чIагIдора, нохчийн тобанаша тIемашкахь башха дакъалоцуш дац, дукха хьолхаь уьш тылехь Iа аьлла. Цунах лацна дуьйцура иштта Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а.
  • Орсийн маттера "Википедира" Оьрсийчоьнан парламентан депутатах Делимханов Адамах лаьцна артикл "нисйан" гIиртинера анониман редакторш. Цунах лаьцна дуьйцура "Важные истории" гIирсо а, Wikiganda проекто а йукъахь бинчу талламехь. Церан хаамашца, мел кIезиг а кхузза гIоьртина уьш текстера Делимхановс "кест-кеста дIайазйора эскархошца хIиттийна видеош, цара тIамехь дакъа лоцу бохуш кеп хIиттош" аьлла йоза дIадаккха. Оцу тIехула "тикток-эскарш" аьлла цIейахна церан Украинехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG