Украинан агIор тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу Ичкерин батальонан хиллачу пресс-секретарера схьайаккха тарло "кхин тIе иза Iалашваран" статус – цунах гIуллакх айдина арахьара тIебаьхкинчу нехан гIуллакхашкахула йолчу Польшера урхалло. Кхаьчначу официалан хаамех лаьцна Кавказ.Реалии сайтана хаийтина Белокиевс.
Миграцин статусах ваккхаран бахьанаш ду аьлла Оьрсийчоьнан арахьарчу пачхьалкхашкахь лелачу паспортах пайдаэцар а, шозза Украине вахар а. Оцу кепара сацам тIеэцахь, блогер Оьрсийчу дIахьажон тарло, ткъа цигахь цунна дуьхьал долийна лаьтташ ду масех бухкузаламан гIуллакх.
Польшин пачхьалкхашка ваьлла Белокиев, Оьрсийчоьнан паспорт ша стенна эцна дуьйцуш. ТIебаьхкинчу нехан гIуллакхаш луьстучу урхалле вистхилла ишта Шейх Мансуран цIарахчу батальонан командир ЧIебарлойн Муслим. Цо хаийтина полшхойн Iедалхошна, Белокиев Украине варан Iалашонех - Оьрсийчоьнна дуьхьал батальоно бечу тIамах лаьцна шуьйра довзийта, Запорожьен, Авдеевскан агIор, Бахмутехь дIайаьхьначу операцешкахь дакъалаца а. 2022-чу шеран товбеца-баттера схьа дуьйна батальонан пресс-секретарь вара иза, билгалдаьккхина ЧIебарлойн Муслима.
Белокиев Ислама Кавказ.Реалии сайте ма-дийццара, 2014-чу шарахь Варшаверчу векалтехь Оьрсийчоьнан паспорт схьаэцнера. Цул хьалха Польшера арахьарчу бахархойн гIуллакхашкахула йолчу урхаллера кхин тIе а иза ларвеш делла кехат а дара цуьнгахь. МухӀажаран статусах къаьсташ, стаг кхин тIе а ларвеш велахь, цунна кхечу мехкашкахь дIасалела некъан паспорт луш дац, цундела блогеро шен пачхьалкхалла долчу мехкан паспорт схьаэцна. Оьрсийчоьнан арахьарчу паспортца Франце а, Норвеге а вахана иза, ткъа 2022-чу шеран охан-баттахь а, 2023-чу шеран чиллан-баттахь а – Украине.
"Польшин низамашца а догIуш, нагахь санна "кхин тIе а ларвеш" кехат делахь, сан йерриг а бакъо йу, Оьрсийчоь йоцчахь массо а меттахь лела. Цундела со ца кхета, и кехат соьгара схьадоккхуш гIуллакх стенна айдина ду. Политикан бух болуш хила мегаш ду", - билгалдоккху цо.
- Оппозицин жигархойн гергарнаш Нохчийчохь лечкъорна дуьхьал блогеро Белокиев Ислама Страсбургехь а, Ослохь а дӀайаьхьначу митингашкахь дакъалецира.
- Хьалхо ГӀалгӀайчуьра Оьрсийчоьнан Талламан комитетан урхалло Белокиевна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх долийнера "нацизмана реабилитаци" йар аьллачу артиклаца. Сийлахьчу Даймехкан тIом берзарна лерина йаьккхинчу видеона тIехула дара и. Цу тIехь цо дуьйцу: "Бусулбачу наха, йа кавказхоша Толаман Де даздан ца деза, хIунда аьлча, тIеман истори "дайшна депортаци йарца, уьш кхалхарца а йоьзна йу" царна.
- Нохчийн Iедалхошна дуьхьал блог лелочу Белокиевна дуьхьал ишта айдира терроризм бакъйар аьлла гIуллакх а. Цунах лаьцна 2022-чу шеран йуьххьехь хаамбира цхьа могIа Къилбаседа Кавказан телеграм-каналаш.